ЧӀаьнтий

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шира тайпа
ЧӀаьнтий
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам ЧӀаьнтий
Юкъара хаамаш
Мотт чӀаьнтийн диалект
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
ГӀалгӀайчоьFlag of Ingushetia.svg ГӀалгӀайчоь: хууш дац
ГуьржийчоьFlag of Georgia.svg Гуьржийчоь: хууш дац
ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк ЧӀаьнтий мохк

ЧӀаьнтий тукхум кхуллу нохчийн шира, J1 гаплотобанера[1] тайпа ду. ЧӀаьнташа а, Зумсойша а, Борзойша, Тумсойша а шеш кхаа вешийн тӀаьхье лору. Ткъа тайпанаш БугӀарой, Доьрахой, Кхуокхадой, Хьачарой, Хилдехьарой ЧӀаьнтийн тӀаьхье лору. Шайн синмехаллин эвла ЧӀаьнташа лору Итон-Кхаьлла, хӀунда аьлчи оцу эвлан меттигехь хилла шира шиъ ЧӀаьнтийн эвла Шулкаг а, Пхакхоча а. Пхакхоча ЧӀаьнтан юкъ хилла. А.Сулеймановс «ЧӀаьнтий» дешан маьӀна иштта даладо – «чӀогӀа антий» олий[2].

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЧӀаьнтий мохк бу хӀинцалерачу Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кӀоштехь, ЧӀантий-эркан а, Доьрахойн-эркан а бассейнехь. Доьрахойн-эркан хьост ду Кхаъ-Куьртий олучу меттигехь, охьадоьду къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, кхета ЧӀаьнтийн Органах.

ЧӀаьнтан доза ду: къилбехахь - Хьачараца, малхбалехь - Шикъараца, къилбаседехь - Зумсаца, ЧӀиннахца, малхбузехь - Дишница[2].

Тайпанан лам бу ЧӀаьнтийн лам. ЧӀаьнтийн лам бахбелла ЧӀаьнта-Орган[3] аьтту ген Доьрахойн эркан аьрру бердаца, малхбуза агӀора. Пайда эцара даьхний дажош, йол хьокхуш ЧӀаьнтан берриг бахархоша[4].

ЧӀаьнтан эвланаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЧӀаьнтан юкъахь ю эвланаш: Басара Доьра, Бобаш-ГутӀа, Борза хьалха, Бургул-Бийра, БӀаз-Кхелли, Гоьргача-ара, Гелин эвла, ГӀач-Кхелли, ГӀул-Кхелли, Дакна-Ара, Данкхелли, Дийхьа Доьра, Доьра, ДоьрхӀа, Дурзули, Жиелие, ЖӀараш-Йистие, ЗагӀаг эвла, Заза-Мерка, Итт-Куьллишка, Иэт-Кхелли, Йоховчу гути, КӀахий эвла, КӀел-ЦӀуьника, КӀогура-Доьра, Лакха Кхуокхада, Лаха Кхуокхада, Марашка, Мух-Мерка, ПхьаттӀа, Сакъаш ден гу, СелитӀа, Сехьа-Доьра, Тас гутӀа, Точин эвла, ТӀал-Кхелли, ТӀера-ЦӀуьника, УргӀала, Хаз-Кхелли, Хатта-эркие, Хьелди, Хуча-ара, Хьиерах, Хьуьрика, Цовханан корта, ЦӀагие, ЦӀамада (тера цӀе йолуш эвла ДегӀастанахь а ю), ЦӀанара, ЦӀег-гутӀа, ЦӀуьника, Чаначу, ЧӀагӀие, Шула, Юккъерчу ЦӀамада, Юьрда-ара, Ӏахин гутӀа.

Мехкара шира эвла ю Доьра, шена юкъахь КӀел ЦӀуьника, ТӀера ЦӀуьника, ЦӀагӀие, Дийхьа Доьра, Сехьа Доьра (Басара Доьра, КӀогура Доьра) йолу[2].

Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • ЧӀаьнта – БуланхитӀан къилбаседа йисттера меттиг[5].
  • ЧӀаьнта-Юрт – Теркайисттера эвла.
  • ЧӀаьнти эвла – ХӀХ бӀешарахь ГӀойтӀа хин лакхенашкахь хилла эвла, бахархой оьрсийн эскарша кхалхийна Гелен-ГӀойтӀа.
  • ЧӀаьнта-Орга - оцу хинан бердашца ехачу заманахь ЧӀаьнташа коьрта роль ловзийна юкъараллин дахарехь. Иштта бен кхета ца ло оцу меттигера Органах ЧӀаьнта-Орга алар[2].
  • ЧӀаьнтийн пхоннашта – Кирин къилба-малхбузера Кири ломан басе[6].
  • ЧӀантио - Гуьржийчура (ЦӀов-Тушетера) эвла ю, тарло ЧӀаьнтий оцу эвлара схьабевлла хила[2].
  • ЧӀента атагӀа – Орган аьрру бердан тӀиера Уш-Кхеллин къилбехьара меттиг. Хьалха лаьттинчу кӀотаран цӀе.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тайпа хьахадо 1621 шеран документехь: «гӀумкийн а, мержойн а, шотойн а, чӀаьнтийн а, гӀалгӀайн а, мулкъойн а, кхин шортта ломан мехканийн нах кийча бу цхьаьна НогӀийн нахана дуьхьала бовла», «гӀо доьху Теркан тӀийрачу оьрсийн воеводашка»[7].

Я.З.Ахмадовн белхашкахь хаам бо, теркан воеводас 1651 шарахь дӀахаийтина: «ЧӀаьнтийн, ЧӀинхойн, Зумсойн, Вашандаройн тайпанаш барт а бина шотойца цхьаьна» Теркан гӀалин аманаташ белла церан куьйга кӀелахь хилар къобалдеш[8].

Императоран омарца арахоьцучу, 1859 шеран сентябрь беттан № 9 йолчу тӀеман гуламехь, чулацаман иссалгӀачу жайнахь (том ӀХ) яздо: «Нохчийн къоман юкъадогӀу бухара цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ӏаьндийн а даккъийн къилбаседа агӀон тӀехь тӀеман хийцамашка а, оьрсийн герзан аьттонга а хьаьжжина Российца хӀинца а тайп-тайпана юкъаметтигаш йолу, хӀинца Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа дерриг а Кавказера оьрсийн мехкаш тӀехь Российн куьйгакӀела даьхкина тайпанаш: Шотой беха Орган Ӏинан лакхенашкахь, 15000 са, оцу тайпано 1858 шарахь къобалдина Российн Ӏедал (Шотой, ЧӀаьнтий, Зумсой, кхин а тайпанаш)»[9].

Культан меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЧӀаьнтахь цӀуйн динан культан меттигаш ю: СелитӀа, ЦӀуьника, Хуча-ара, ЧӀагӀие, ЦӀамада, ЦӀег-гутӀа, Юьрда-ара, Гоьргача-ара, ЦӀовхьанан корта, Сакъаш ден гу, ЖӀараш йистие, Ӏо ховчу гутӀи, Хатта эркие, кхин а[2].

Тайпа декъадалар[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЧӀаьнтий бекъало гарашка: Борза-гар (J1), ГӀулккхаьллой, Пхьадухарой, Тичахой, Хьелдахой, Иди, Хаси-гар (J1), Эжи.

ГӀарабевлла тайпанан нах[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Исаев, Ӏела Абубакарович (вина 1964 шо) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо; Российн Федерацин 2-гӀа классан боккъала волу пачхьалкхан хьехамча, экономикийн Ӏилманийн доктор[10]. Нохчийн Республикан финансийн министр.
  • Мохьаммад-шайх – Накшбандин тӀарикъатера шайх. Кхелхина 1910 шарахь. Зийарат Итон-Кхаьллан кӀоштера Хьелди-юртахь ду.
  • ЧӀаьнтийн Алдам – ЧӀаьнтийн тайпанан наиб.
  • ЧӀаьнтийн Хьамзат – Итон-Кхеллин вахархо, имам Шемалан наиб. 1858 шарахь гӀевттинчу ЧӀаьнташца кхийсарш йолуш чов йича каравахар паччахьан эскаршна.

Беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ЧӀаьнтий беха меттигаш: Бена-Юрт[11], ВаларгтӀе[12], Махьмад-ХитӀе, Горагорск, Гребенски, ГӀойтӀа, Девкар-Эвла[13], Доьлаке, Зонах[14], Дуй-Юрт, Гал-ГӀала, Котар-Юрт[15], Лакха Невре, Пхьарчхошка, Маьлхбик, Новр-ГӀала[16], Нурадилово, Олхазар-КӀотар, Соьлжа-Юрт[17], Хьач-ХитIе, Эна-Хишка, ТӀехьа-Марта, Хаси-Эвл, Хьалха-Марта, Хаьмбин-Ирзе, ЧӀаьнти-Юрт[18], Шелковски, Аки-Юрт, Ӏалхан-ГӀала.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  2. 1 2 3 4 5 6 Сулейманов, 1997, с. 160.
  3. Сулейманов, 1997, с. 427.
  4. Сулейманов, 1997, с. 167.
  5. Сулейманов, 1997, с. 327.
  6. Сулейманов, 1997, с. 234.
  7. Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
  8. Ахмадов Я.З., Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀ веках.
  9. Военный сборник. Содержание девятой книги. Сентябрь № 9. Том IX. Издаваемый по Высочайшему повелению. САНКТ-ПЕТЕРБУГ в типографии Карла Вульфа, 1859.
  10. Исаев Эли Абубакарович
  11. Сулейманов, 1997, с. 554.
  12. Сулейманов, 1997, с. 388.
  13. Сулейманов, 1997, с. 568.
  14. Сулейманов, 1997, с. 417.
  15. Сулейманов, 1997, с. 292.
  16. Сулейманов, 1997, с. 594.
  17. Сулейманов, 1997, с. 466.
  18. Сулейманов, 1997, с. 563.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]