Шоной
Шоной | |
Кхин цӀерш | Шоьной |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() ![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Шоной[1] — нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайп. Тайпанан мохк бу Нажи-Юьртан кӀоштан Шоьна[2].Тайпа юкъадогӀу Q1 гаплотобан. Декъало некъашка: ИсмаӀал-некъе (Q1a), МокӀи-некъе (Q1a)[3].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Шоьна лаьтта Нажи-Юьртан кӀоштахь, Коьжалг-дукъ тӀехь. Доза ду: Ӏаларца а, Сесанца а – малхбалехь, ГӀоьрдалца – къилбехахь, Эна-Кхаьллаца а, Ялхой-Мохкца а малхбузехь.
Шоьнахь Шоной боцурш кхин а беха: БелгӀатой, Зилой, ЖӀай[4].
Шоной беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бехаш бу Гумс а, Мичик а хишна йисттерачу эвланашкахь.
Шьоной беха меттигаш: Акхболт-Юрт (Хаси-Эвлан кӀошт), Бена-Юрт, Гелдаган[5], Гуьмсе, Керл-Шоьна, Дубовски[6], Курдюковски, Къедин-Юрт[7], 1елин Юртахь, Лаха Невре[8], Новр-ГӀала, Нойбоьра[9], Хьаьнгиш-Юрт, ЧӀулга-Юрт, Шела[10], Шелковски, Энгель-Юрт, Ӏазамат-Юрт[11], кхин а беха Урданехь[12].
Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Шоьна цӀе йолуш эвланаш ю Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Кхарачайхь а, Гуьржийчохь а[4]:
- Шоана – ГӀалгӀайчуьра Армхин аьтту бердаца йолу эвла. Шоанара акъари тӀе кхелхина ШанхоевгӀеран фамилеш.
- ТӀерча Шоьна – Шоьнан къилбаседехьара меттиг – «Шоьнан турс» я «Лакхара Шоьна». Оцу меттиган кхин цӀе ю – Наьрташ дяхнача. Цигахь карадо шира мелхан кешнаш, гӀирсан оьздангаллин хӀуманаш, эчиган тарраш, борзанан а, цӀестан а хӀуманаш, тӀулган кохьарш, мокхаз уьрсаш[13].
- ТӀера Шоьна – Шоьнан малхбален йист[13].
- Шуона эвла – Ишхой-Юртан къилбаседа йистехь 1845 шо кхачале лаьттина эвла[14].
- Шоной эвла – 1845 шарахь Яьссин аьрру агӀора керла йиллина эвла.
- Шона Ӏола – ЧӀуорчу Бассахьан къилба-малхбузера меттиг.
Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вайнехан меттанийн материалашца этноним йогӀу Гуьржийчуьра Шоной (Сваны) къомаца (гӀалгӀай - «шоьй», бацой - «шуоно//суоно, свано»), оцу дашехь «шу//шоь» гу, айаелла меттиг ю (дуста «шуьто» – Нохчийчоьнан ломан кӀоштан вахархо, «шу тӀе» - лам тӀе, гу тӀе).
Кхин а варианташ ялайо талламхоша, масала, «шоьнарг» нохчийн маттахь олу стечу шоьх, этнониман кхин вариант, «шун» – пхьегӀа, текхь; «шуоной» – пхьегӀаш йийриш.
ГӀарабевлла тайпанан нах[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Шамилев Моца — Кавказера тӀаьххьара (1932 шо) имам[15], Беркхана некъехь хилла.
- Кусаев, Ӏадиз Джабраилович — нохчийн поэт, яздархо, журналист. ССРС журналистийн бертан декъашхо (1970), Российн журналистийн Союзан декъашхо (1995), ССРС яздархойн бертан декъашхо (1990), Российн яздархойн бертан декъашхо (1990), Нохч-ГӀалгӀайн АССР оьздангаллин хьакъдолу белхало (1990). 2003 шарахь РФ оьздангаллин министралло совгӀат дина «Оьздангаллера кхиамашна» цӀе йолу къастаман хьаьркаца.
Силсил[нисъе бӀаьра | нисъе]
Беркхана некъийн силсил: Жанхот – Хоша (1830 шарахь гергга чӀиран вийна ДегӀастанахь лечкъина Ӏаш) – кӀентий БецӀи, Олхазур, Шемал – Шемалан кӀентий МоьцӀа (МацаевгӀар, Нойбоьрахь беха), Моцу, Джамал, Якъуб, Хасал – Моцун кӀентий ИбрахӀим, ИсмаӀил, Абубакар.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 317.
- ↑ Наталия Георгиевна Волкова — Етнический состав населения Северного Кавказа: в ХӀХ-начале XX века
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 304.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 497.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 643.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 541.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 559.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 510.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 487.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 551.
- ↑ История села Шуани и шуанинцев
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 305.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 514.
- ↑ В. В. Марущенко - Сверный Кавказ: трудный путь к миру - Страница 33
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни : топоним. слов. — Нальчик : «Эль-Фа», 1997. — 685 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2
- Убушаев В. Б. Национальная политика советского государства: репрессии против народов и проблемы их возрождения : материалы международной научной конференции. — Элиста : Кальмгу, 2003. — 257 с. — ISBN 5-230-20177-0.