Ага

Рисс Ф.Н. 1886 ш. хьалха
А́га — хьалауллу йа цӀенкъахь тахкош болу жимачу берийн маьнга.
Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьалха ага пхьеро дечу хенахь, дечиг огуш деш хилла. Ага дош "агар" бохучу дашах схьадаьлла.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дайн ага дуцура сетташ йолчу дечигах, хьалауллура тхьовха мушца йа тӀийригца. Дуьнен тӀе даьлчи хенара дуьйна тахкош долу бера, тӀаьхьа гаьнгали тӀехь техкош, ша-кепара бер чӀагӀдора: техкийначу берех хилла овхӀошна хӀордан цамгар ца кхетара. ТӀаьхьуо хьалауллуш пуржен лелон йолийра. ХӀинцалера аганаш до таьллангех, дечигах, пластмассашха.
Дешийн хи диллина цӀестах дина тахкош долу ага. XV бӀешо. (Берлинера музей)
Сикачи-Алян юьртара музейра хьалауллу ага[1][2]
ДӀасатахкош долу ага. XVIII бӀешо. (Краковера музей)
Бер доьхкуш долу ага. (Словени)
Пурженан тӀеоьллина дечиган ага (Клушинера Ю. Гагаринан музей-цӀа)
Конструкци[нисйе бӀаьра | нисйе]
XIX бӀешарахь ага хуьлура: маьӀгаш тӀиера хьалаоьллина гата тоьхна гуранаш; хьалаоьллина тускар[3][4][5]), когаца тахкадойла а долуш; гоьрга гӀоьнаш тӀиера ага[6].
Аганийн кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ага девза массо а къаьмнашна. Ага до тайп-тайпана гӀирсах: дечигах (аьгна, аннийн аганаш), дакан серех, цӀуоканах, чкъоьрех, муьшех (гаьнгалин-ага). Аганаш хуьлу тахкош а, хьалауллуш а.
Бер тахкадар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ламастехь Ӏадат хилла долу бераш тахкадар, уьш совцорхьама а, набкхетийтархьама а, цхьаболчу талламхоша а, лоьраш а (масала Спок Бенджамин) лору, бер тахкадар, дукха а, чехка а хӀетте, берийн могашаллин зулам до, ма-дарра аьлчи цуьнан вестибуляран аппаратан а, психологин кхиаран а[7][8], ткъа иштта доьзалера юкъаметтигашна а[9][тешам боцу хьост?][10][11].
Ага исбаьхьаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]
- В живописи
Жима Сийлахь доьзал
Рафаэль Санти. 1518—1519Оьрсийн ага
Лепренс Ж.Б. 1764Бераш хӀусамехь
Савицкий К.А. 1860-еАган уллохь (Цомгуш бер)
Лемох К.В. 1875
Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ага Викидошам чохь |
---|---|
![]() |
Ага Викиларма чохь |
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Фотогалерея музея и петроглифов Архивйина 2016-04-19 — Wayback Machine .
- ↑ Традиции и обычаи нанайцев Архивйина 2017-08-23 — Wayback Machine, Информационный портал о России «СТРАНА ТЫСЯЧИ НАРОДНОСТЕЙ».
- ↑ Кузовок, Малый академический словарь. — М.: Институт русского языка Академии наук СССР Евгеньева А. П. 1957—1984.
- ↑ Кузов, Малый академический словарь. — М.: Институт русского языка Академии наук СССР Евгеньева А. П. 1957—1984.
- ↑ Кузов, Толковый словарь Ушакова.
- ↑ КОЛЫБАТЬ, Толковый словарь Даля. В. И. Даль. 1863—1866.
- ↑ Кроватка-качалка вредна для малыша?, 10.06.2009 г., Анна ГЕРАСИМЕНКО, «Комсомольская правда» (Интервью с Еленой Мяукиной, неврологом Детской поликлиники Управления делами президента России).
- ↑ Спорный вопрос: полезны ли качания для детей и взрослых?(ТӀе цакхочу хьажорг), 13.03.2016 г., Юлия Кабанова, «mamochki.by».
- ↑ Как приучить ребенка засыпать без укачивания. Качать или не качать?, Статья с видеосюжетом из передачи Комаровского Е. О. (детский врач, кандидат медицинских наук, врач высшей категории и телеведущий) «Школа доктора Комаровского».
- ↑ Укачивание все-таки вредно или не вредно? Архивйина 2016-04-10 — Wayback Machine, Комаровский Е. О., 05.02.2014 г.
- ↑ Укачивание. Архивйина 2016-04-19 — Wayback Machine, Комаровский Е. О., 26.02.2010 г.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Шангина И.И. Люлька // Русский традиционный быт : Энциклопедический словарь. — СПб.: Азбука-классика, 2003. — С. 419—420. — 688 с.
- Колыбель / Толстая С. М. // Славянские древности: Этнолингвистийн дошам : в 5 т. / под общ. ред. Н. И. Толстого; Институт славяноведения РАН. — М. : Межд. отношения, 1999. — Т. 2: Д (Давать) — К (Крошки). — С. 559–562. — ISBN 5-7133-0982-7.
- Забелин Иван Домашний быт русских царей в XVI и XVII столетиях — М.: Издательство Транзиткнига, 2005. — с. 555—558. ISBN 5-9578-2773-8
- Листова Т. Л. Обряды и обычаи, связанные с рождением детей. Первый год жизни // Русские / Отв. ред. В. А. Александров, И. В. Власова, Н. С. Полищук. — М.: Наука, 1999. — ISBN 5-88590-309-3.
- Шабурова О. А. Воспитание в нанайской семье середины XIX — начала XX вв. Монография /Комсомольск-на-Амуре : Изд-во Комсом.-н/А гос. пед. ун-та, 2004. — 198 с.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Колыбель — родом из детства. История детской кроватки // Оглянись вперёд