Кадыров, Рамзан Ахматович
Рамзан Кадыров | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
![]() | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Доку Завгаев | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ӏали Дадашевич Алханов | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Сергей Абрамов | ||||||
Когаметтаниг | Одес Байсултанов | ||||||
|
|||||||
Дин | суннизм, Суфизм, кадирия[d] | ||||||
Вина терахь | 1976 шеран 5 октябрь (45 шо) | ||||||
Вина меттиг | Хоси-Юрт, Курчалойн кӀошт | ||||||
Тайпа | бено, нохчи | ||||||
Да | Ахьмад-Хьаьжа Кадыров | ||||||
Нана | Аймани Кадырова | ||||||
Зуда | Медни Кадырова | ||||||
Бераш | Ахьмад, Адам, Зелимхан, Ӏайшат, Карина, Хеди, Табарик, Ӏашураъ | ||||||
Парти | Юкъара Росси | ||||||
Дешар | |||||||
Динлелор |
![]() |
||||||
Автограф |
![]() |
||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | ramzan-kadyrov.ru | ||||||
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
||||||
ЦӀе | инарла-майор[d], инарла-лейтенант[d] | ||||||
Латар | |||||||
![]() |
Рамза́н Ахма́тович Кады́ров (5 октябрь 1976, Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а ву.
2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 2007—2011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Юкъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн кӀант ву иза.
Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.
Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[1].
Биографи
Къоналла
Кадыров Ахьмадан воӀ Рамзан вина 1976 шеран 5 октябрехь Центарой эвлахь (оцу хенахь яра — Нохч-ГӀалгӀайн АССР).
Иза вара шолгӀа кӀант Ахмада Кадыровн а, Аймани Кадырован а доьзалехь[2], жимаха волу кӀант а вар, цуьнан воккхах волу ваша вар Зелимхан (1974 — 2004 шеран 31 майхь кхелхина), кхин баккхий йижарий а бу: Зарган (1971) а, Зулай (1972) а. Кадыров бенойн тайпанах ву.
Кадыровхой уггаре а доккхачу Бенойн тайпанах бу[3]. Динца йолу юкъаметтигашца Кадыровхой Кунта-Хьаьжин Шайхан вирдехь бу[3], суфийн исламан къадирийн гара дозуш бу уьш.
1992-чу шарахь Рамзана шен эвлахь чекхъяьккхина юккъера дешеран школа[4][5].
Нохчийн Хьалхара тӀом болчу хенахь шен деца нохчийн сепаратистийн (дӀасакъасторан) могӀаршкахь вара иза, Российн Герзан ницкъийн дуьхьал тӀом а бина[4].
Хьалхара тӀом чекхбаьлча, 1996-чу шарахь иза накъост а, шен да ларвархо а хилла, оцу хенахь Нохчийн Республикин Ичкерин муфти вара Ахьмад-Хьаьжа[4][5][6][7].
Рамзана Кадыровн цӀе йолу бешаш а, урамаш а
- Рамзана Кадыровн урамаш
- Гуьмсе
- Цоци-Эвла
- ЧӀулга-Юрт
- БӀачи-Юрт
- Хоси-Йурт
- Керла-Энгана
- Энгель-Юрт
- Ӏаларой-Эвла
- Энакхаьлла
- Ӏамман (Урдан)[8]
- Кхидерш
- Рамзана Кадыровн урамалг (ЧӀулга-Юрт)
Билгалдахарш
- ↑ Кадыров, Рамзан
- ↑ Речкалов, В. Умер старший сын Ахмата Кадырова Зелимхан. Известия (1 июня 2004). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 11 мартехь. Теллина 2013 шеран 9 мартехь.
- ↑ 1 2 Алленова, О. Завари потихоньку калитку // Коммерсантъ-Власть. — 2007. — № 27(731).
- ↑ 1 2 3 Рамзан Кадыров в Лентапедии
- ↑ 1 2 Рамзан Кадыров. Биография // РИА Новости, 16 февраля 2007
- ↑ Рамзан Кадыров назначен премьером Чечни(ТӀе цакхочу хьажорг) // Интерфакс, 4 марта 2006
- ↑ Чечня: Кадыров - кандидат на пост председателя правительства. РИА Новости (4 марта 2006). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 28 апрелехь. Теллина 2013 шеран 20 апрелехь.
- ↑ В столице Иордании появилась улица Рамзана Кадырова Архивйина 2011-04-01 — Wayback Machine
Хьажоргаш
- Бинарш 5 октябрехь
- Бинарш 1976 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Хоси-Юртахь
- РФ Президентан ПГӀРА чекхъяьккхинарш
- Къаьмнийн доттагӀаллийн орден кавалераш (Белорусси)
- Российн Федерацин Турпалхой
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалераш
- Стогаллин орденан кавалераш
- Сийлаллин орден елла нах
- Жуковн мидал елларш
- «Юкъараллин низам лардарехь билгалваларан» мидалца совгӀат динарш
- 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баьккхина 50 шо кхачарна мидалца совгӀат динарш
- Астанан 10 шо кхачарна мидалца совгӀат динарш
- Москохан 850 шо кхачарна иэсан мидалца совгӀат динарш
- «Ерригроссийн бахархой багарбар дӀадахьаран хокъан» мидалца совгӀат динарш
- «Петарбухан 300 бӀешо кхачарна иэсан» мидалца совгӀат динарш
- «Российн МВД-н 200 шо» мидал елларш
- Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь