Анастой
Анастой | |
Этноиерархи | |
---|---|
Раса | Кавказан |
Тукхам | Орстхой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | Нохчийн меттан (Галайн-ЧIожан) диалект |
Дин | Ислам (суннизм) |
Къам | Нохчий |
Тайпан юкъа догӀу | ЦӀечой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Аьршта |
Анастой - Орстхойн тукхумара, ЦӀечойн тайпанах даьлла гара(некъ).
Курбанов Ӏумаран а, Ганжуев Зеламхин а, Темиров Зеламхин а, еллачу ДНК-тесто гайтина уьш J1[1] гаплотобан юкъа богӀуш хилар. Ткъа церан тайпа ду ЦӀечой.
Чулацам
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Схьабевлла меттиг - ГаланчӀожан кӀоштара ЦIечу аьхкие энайистер (ЦӀий янийнчу аьхке), Аьрштан мохк. Анастой, кхин нохчийн тайпанаш санна, шуьйра охьаховша буьйлабелла XVӀ бӀешарахь дуьйна Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а аренан эвланашкахь.
Теркйисте ховшар[нисъе бӀаьра | нисъе]
- 1795 шарахь хӀинца НогӀамирза-Юрт лаьттачу меттигехь юьрт йиллира ЦӀечой тайпанарчу, Анастой-некъи волчу Саитов ГӀоьнжас.
- 1840 шарахь Теркйисттера нохчий гӀевттина шайн ярташ а ягийна кхелхира ГихтӀан хьаннашка.
- 1848 шарахь юхайиллира эвла, цунна ГӀоьнжийн къентан - ГӀарчханан цӀарах ГӀарчханан-юрт цӀе тиллира[2]. И юрт НогӀамирза-Юртана герга, малхбалехьа яра.
ГӀоьнжин тӀаьхьенаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
ГӀоьнжийн тӀаьхьенаш Ганжуевы, Саитовы,Гарчхановы, Денисултановы фамилеш лелайо. Кхин а ярташ ехкина ГӀоьнжин тӀаьхьенаш - ГӀоьнжин кӀотар (ГӀойтӀан гергахь а, Шуьйтахь а), Хьалха-Мартан кӀоштахь Олхазар-КӀотар (Ганжуев Олхазаран цӀарах тиллина ю).
Силсил[нисъе бӀаьра | нисъе]
Анасти тӀаьхьенаш, цун къенти - Буьрта, Хьусейн, ЗиркӀа... Буьрти тӀаьхьенаш СаӀид - Мудрукъ... ГӀоьнжа, ГӀобанча - вежарийй... ГӀоьнжин тӀаьхьенаш - ГӀарчхан, Гада, Митраг - вежарий... Куьйра, Олхазар - вежарий ГӀарчх, Ахьматхан, Денисолта - вежарий ... ЗиркӀин тӀаьхьенаш - Лабаз - Къурба... ГӀобанчин тӀаьхьенаш, Каса - Иляс... Тумкъал, Абу, Тимар, Тима - вежарий...
Фамилеш лелайо[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Анастоевы
- Амиевы
- Басхановы
- Букаевы
- Виситаевы
- Ганжуевы
- Горчхановы
- Гарчихановы
- Денисултановы
- Саитовы
- Курбановы
- Кубаевы
- Лабазановы
- Разанов
- Арцуевы
- Орцуевы
- Орзимовы
- Алимхановы
- Альбековы
- Ахмаровы
- Астамировы
- Абубакаровы
- Берснукаевы
- Буркаевы
- Бурухановы
- Полтаговы
- Истамбуловы
- Сайдулаевы
- Нанаевы
- Харихановы
- Хасаевы
- Гайсуевы
- Дадаевы
- Даудовы
- Дибировы
- Магомадовы
- Магомаевы
- Мальцаговы
- Мурадовы
- Рамазановы
- Бурзиевы
- Госеновы
- Ибрагимовы
- Исалаевы
- Насибовы
- Хасильбиевы
- Янудовы
- Чалхаевы
Беха эвланаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Анастой беха эвланаш: Анасти, Аьчка-ХитӀе, Бена-Юрт, ВаларгтӀе, Ведана, Иласхан-Юрт, Ишоре, Катыр-Юрт, Мескар-Эвла, Маьлхбига, НогӀамирзин-Юрт, Соьлжа-ГӀала, ЧӀулга-Юрт, Эна-Хишка, Элин-Юрт, Амберг -Герман падчхьалкъ (нем. и бав. Amberg)
ГӀарабевлла Анастой[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Денисолта Орзимов (1924 шарахь Илисхан-Юрт Гуьмсе район). ГӀараваьлла нохчийн а халкъан сказитель-илланча https://www.grozny-inform.ru/news/review/21147/
- Буркаев Мовлад (1937 шарахь. Ломаз-Юрт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР - 1995 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь) — гӀараваьлла нохчийн а, советан пачхьалкхан а артист, эшархо, солист. Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист.
- Курбанов, Сайд-ИбрахӀим (1933 шарахь, ССРС, Нохчийн автономин область, Теркан кӀошт, Банкин кӀотар) – Нохчийн Республикан Ичкерин финансийн министр (1997-1999 шераш)[3], НГӀАССР юьртабахаман министран гӀовс, НГӀАССР Республикан хьашташкхочушдаран юкъараллин председателан гӀовс.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
- ↑ Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001