Вагапов, Ӏарби Джамалайлан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Вагапов, Iарби Джамалайлович тӀера хьажжина кхуза)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Вагапов Iарби Джамалайлан воӀ
Вина терахь 1951 шеран 28 январь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (70 шо)
Вина меттиг Аягоз, Кхазакхстан
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Ӏилманан кхоче Меттан Iилма
Белхан меттиг НПУ
Ӏилманан дарж Филологин Iилманийн кандидат
Альма-матер РПУ

Вагапов Iарби Джамалайлан воӀ (оьрс. Вагапов Арби Джамалайлович; 1951 шеран 28 январь, Аягоз, Малхбален-Кхазакхстан область, КхССР, ССРС) — нохчийн Iилманча-лингвист, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан практикуман кафедрин куьйгалхо. Тайпа — гендаргной

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вагапов Iарби вина 1951 шеран 28 январехь Кхазакхстанан Семипалатинскан областера Аягуз гIалахь, ВагаповгIеран доьзал цига арабаьккхинера 1944 шеран Iай.

1950-гIа шерашкахь Аягузан цхьаьна ишколе лела волавелира, амма чекхъяккха ца кхиира, хIунда аьлча церан доьзал даймахка цIа бирзира. Iарбис тIех дика чекхъяьккхира Хьалха-Мартара № 1 йолу ишкол.

Цул тIаьхьа деша хIоьттира Ростовн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультете, иза а иштта тIех дика чекхъяьккхира.

1979 шарахь инженеран даржехь вара, дакъалецира Соьлжа-ГIалин радиотехникин заводан студийн кечамашкахь, иза хилира дуьххьарлера а, цхьаъ бен воцу а нохчо оцу балхахь.

1994-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет кхиамца чекх а йоккхий, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте балха хӀутту. Иштта дӀаболабо цуо хьехархочун-Ӏилманчин болх. ХӀетахь дуьйна, нохчийн мотт талларх шен дахаран къилба дина, къахьоьгуш схьавогӀу Ӏарби.

1994-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Славяно-нахские лексические параллели» монографи. Цу тӀехь цуо чӀагӀдо нохчийн мотт индоевропейски меттанашца кӀорггера уьйраш йолуш хилар.

Цул тӀаьхьа цуо арахецна Ӏилманан иттаннаш белхаш, шайна юкъахь дешнийн тайп-тайпана дошамаш, методикин пособеш йолуш. Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин кафедрин доцент а, лексикографин лабораторин куьйгалхо а ву Вагапов Ӏарби[1].

НГӏПУн филологин факультет нохчийн мотт а, литература а говзаллица чекх а яьккхина, шолгӏа говзалла хилира цуьнан.

ӏарбис ишколехь ненан мотт ца ӏамийнехь а, амма дуьххьара цуо дешна жайна дара нохчийн маттахь, цуьнан цӏе «Дохк» яра.

Хӏинца ву Нохчийн Республикин коьртачех ӏилманча-лингвист, автор ву дуккха а ӏилманан белхийн а, масех нохчийн дошамийн а, царна юкъахь шен тайпана цхьаъ бен йоцу «Нохчийн-ингалсан дошам», иза арахецна 2004 шарахь Нью-Йоркехт а, Лондонехь а. 2005 шарахь кандидатан диссертации чекхдаьккхира тема «Славянийн-Нахийн лексикин параллелаш», иза бу НПУ исторехь оцу агӏонера цхьаъ бен боцу болх[2].

Схьавалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вагапов ӏарби Гендаргной тайпанан Iаппаз-некъех ву, церан векалш беха Хьалха-Мартахь.

Зорбанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Квалификацин белхаш
  • Вагапов А. Д. Нахско-славянские лексические изоглоссы : диссертация … кандидата филологических наук : 10.02.02. — Грозный, 2005. — 245 с.
Йаззамаш
  • Вагапов А. Лексика цветообозначения в нахских языках. // Материалы Всероссийской научной конференции «Интеграция науки образования и производства — решающий фактор возрождения экономики и социальной сферы в посткризисный период». — Грозный, 2003. — С. 452—459.
  • Вагапов А. Д. Краткий этимологический словарь чеченского языка. Буквы А—Аь // Вайнах, 2003. — № 11. — Грозный, 2003.
  • Вагапов А. Д. Учебный этимологический словарь чеченского языка. Буквы А—Д. // Вестник Чеченского института повышения квалификации работников образования «Геланча», 2004. — № 1—3 (5—7). — Грозный, 2004. — С. 161—192
    • Вагапов А. Д. Учебный этимологический словарь чеченского языка. Буквы Ж—КЪ. // Вестник Чеченского института повышения квалификации работников образования «Геланча», 2005. — № 2 (9). — Грозный, 2005. — С. 161—192
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка (Продолжение). КI. // Lingua-universum, 2008. — № 3. — Назрань: «Пилигрим», 2008. — С. 63—69. — ISSN 1819-3110
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка (Продолжение). Л—М. // Lingua-universum, 2008. — № 4. — Назрань: «Пилигрим», 2008. — С. 30—58. — ISSN 1819-3110
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка (Продолжение). Н—Р. // Lingua-universum, 2008. — № 5. — Назрань: «Пилигрим», 2008. — С. 68—83. — ISSN 1819-3110
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка (Продолжение). С—Р. // Lingua-universum, 2008. — № 6 (ноябрь-декабрь). — Назрань: «Пилигрим», 2008. — С. 22—46. — ISSN 1819-3110
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка /продолжение/. ТI—Хь. // Lingua-universum, 2009. — № 2 (март-апрель). — Назрань: «Пилигрим», 2009. — С. 47—72. — ISSN 1819-3110
    • Вагапов А. Этимологический словарь чеченского языка /продолжение/. XI—I. // Lingua-universum, 2009. — № 3 (май-июнь). — Назрань: «Пилигрим», 2009. — С. 18—53. — ISSN 1819-3110
  • Вагапов А. Д. Происхождение названий металлов и веществ в чеченском языке (часть 1). // Вайнах, 2010, июнь. — № 6.
  • Вагапов А. Д. К происхождению этнонимов алан и асс. // Аланы и асы в этнической истории регионов Евразии / Материалы Всероссийской научной конференции с международным участием. — Карачаевск: КЧГУ, 2010. — С. 76-81. — 324 с. — ISBN 978-5-8307-0201-0
Монографеш
  • Славяно-нахские лексические параллели. — Грозный, 1994. — 192 с.
  • Оьрсийн-нохчийн физикин терминийн дошам. / Вагапов А. Д., Дадашев Р. Х. — Соьлжа-гIала, 1999. — 82 с.
  • Chechen-English and English-Chechen dictionary = Noxchiin-ingals, ingals-noxchiin deshnizhaina = Нохчий-ингалс, ингалс-нохчий дешнижайна / Johanna Nichols a. Arbi Vagapov; technical director: Ronald L. Sprouse. — London ; New York : RoutledgeCurzon, 2004. — 692 с. — ISBN 0-415-31594-8
  • Словарь народных географических терминов чеченского языка. / А. Д. Вагапов, А. А. Абумуслимов ; Акад. наук Чеченской Респ., Комплексный науч.-исслед. ин-т РАН. — Назрань : Пилигрим, 2008. — 87 с. — ISBN 978-5-98993-067-8
  • Этимологический словарь чеченского языка. / cост. А. Д. Вагапов, науч. ред. М. Р. Овхадов, реценз. И. Ю. Алироев, Х. Б. Навразова; Чеченский государственный университет; Изд. при фин. поддержке «Фонда Кавказа» (Грузия). — Кеп:Тб. : «Меридиани», 2011. — 734 с. — ISBN 978-9941-10-439-8.
  • От прошлого к настоящему: очерки по чеченской этимологии. / А. Д. Вагапов, Х. Б. Навразова ; Федеральное государственное бюджетное образовательное учреждение высшего образования Чеченский государственный педагогический университет. — Назрань : КЕП, 2017. — 567 с. — ISBN 978-5-4482-0020-5
  • Словарь строительных терминов чеченского языка. / Вагапов А. Д., Батаев Д. К.-С., Мажиев Х. Н. ; Комплексный научно-исследовательский институт им. Х. И. Ибрагимова Российской академии наук [и др.]. — Грозный : Бисултанова П. Ш., 2018. — 104 с. — ISBN 978-5-604-11220-5

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Нохчийн маттаца шайн дахар доьзнарш
  2. «Биография Арби Вагапова» // «Вайнах (журнал)», № 6 июнь 2010 год.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]