Ислам

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Ислам
بسم الله الرحمن الرحيم
تخطيط كلمة الإسلام.png
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Ислам (Ӏаьр. إسلام‎‎) — монотеизман ИбраьхӀиман дуьненан динех цхьаъ ду. «Ислам» боху дашо гочдо «Ша Делан каравалар» аьлла, «муьтӀахьалла» а, «карадерзар» а (АллахӀан законашна). Ӏаьрбийн маттахь «ислам» боху дош — хандошан цӀердош ду, سلمхандошах кхолла делла ду, цуьнан маьӀна ду «аьтту болуш хилар» а, «кӀелхьарвалар» а, «латтар» а, «маьрша хилар» а.

ШариӀатан терминологех ислам дуьззина ду, цхьаъ бен Дела цахилар а, АллахӀан муьтӀахь хилар а, Далла бохучун а, АллахӀ-дала цамагорг цадар а; дуккха а делой хиларх а ширках а дӀакъастар.

Amzil Basmalah.png

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалха заманахь 570 шерашкахь, Маккахь болу Ӏаьрбий цӀунашна ламазаш деш бара. АллахӀ-дала воссийна царна тӀе шен элча Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg, шовзткъа шо кхаьчча 610-чу шарахь цуьнга доссийна — аль-Ӏалакъ олу сурат, Джибриль маликехула.

ИбраьхӀиман дин юха дендала дезаш хилла Маккахь, цундела АллахӀ ваийтина хилла Мухьаммад пайхамар. Ислам дин къайлах лелош хилла Мухьаммада а, цуьнан накъосташа а. АллахӀ-дала бакъо еллачу хенахь, цара кхайкхош хилла шайн дин довзуьйтуш. Дуккха а таӀзар дина хилла бусалбан нахана.

Дуьххьара бусалбан дин тӀеэцнарг а, Мухьаммад бакъ винарг а хилла цуьнан зуда Хувайлидан йоӀ Хадижат. ТӀаккха Абу Бакр Сиддикъ, Имам Ӏали, Билал, Хьамзат, Хьузайфат и. дӀ.кх. Мухьаммадан луьйра мостагӀ хилла волу ХаттӀабан воӀ Ӏумарас а иман диллина хилла, масийтта хан яьлча. Исламан дуьхьала бара къурайшин куьйгалхой, уггаре а чӀогӀа дуьхьала ваьлларг вара Абу ДжаьхӀль.

Мухьаммад даиман ларвеш хилларг цуьнан деваша Абу ТӀелип вара, иза кхелхича Мухьаммад ларван цхьа а вацара. Маккара арабаьхна хилла уьш. Бусалбан нах тӀелаца кийча хилла Мадинатехь болу бахархой. ТӀаккха Маккара Мадинате бахана хилла бусалбан наха, уьш Мадинате дӀакхалхарх — ХӀиджрат олу.

Жайна[нисъе | нисъе чухулара]

Исламан деза жайна Къуръан.

Хьалха бахкийтина пайхамарш болчу хенахь, АллахӀ-дала цаьрга доссийна хилла масех жайнаш. ТӀаккха керстан Ӏеламнаха оцу инжилан а, товратан а жайнийн дешнаш дӀа а дохуш, шайгара тӀе а детташ яздеш хилла. Оцу цара кхоьллинчу жайнах — Библи олу. Оцу хенахь болу нах тилабелла хилла. Цундела АллахӀ-дала шен бакъ долу жайна доссийна хилла Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg. Оцу жайнах — Къуръан олу. Къуръан тӀехь АллахӀ-дала ша хилар гойтуш дуьйцу. Массо Ӏалам а, дуьне а кхоьллинарг ву ша боху АллахӀ-дала.

Исламан нах[нисъе | нисъе чухулара]

Исламан календарь
  1. Мухьаррам
  2. Сафар
  3. РабиӀуль-авваль
  4. РабиӀус-сани
  5. Джумада аль-ула
  6. Джумада ас-сани
  7. Раджаб
  8. ШаӀбан
  9. Рамадан
  10. Шавваль
  11. Зуль-КаӀдат
  12. Зуль-Хьиджат

Тахана: пӀераска
25 Джумада ас-сани 1438 г. х.

ВикицитатникТерахь дехьадаккхар

Ислам динехь болчарех бусалба нах олу. Бусалба нах шина декъе бекъалуш бу: сунниташ а, шиӀиташ а. Дуьненахь дукхах берш сунниташ бу. Суннизмехь болчу наха массо а Ӏеламнах а, эвлаяаш а къобалбо. Сунниташ баьржина бу: СаӀудийн Ӏаьрбийчохь, ӀЦЭ-хь, Кувейтехь, Кавказехь, и.дӀ.кх. ШиӀизмехь болчу наха къобал цабо эвлаяаш а, пайхамаран беза халифаташ а. ШиӀиташ баьржина бу: Иранехь, Азербайджанехь, Ӏиракъехь а и.дӀ.кх.

Маьждигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Исламехь дуьххьарлера АллахӀ-делан маьждиг ду Маккахь долу КаӀбат (ХьаьжцӀа), шолгӀаниг ду Мадинатехь долу Пайхамаран маьждиг (Масджиду-н-Набави). Оцу маьждигийн лардархо ву таханлерачу дийнахь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд.

ТӀулгах дина зезаг санна, стаг цецвоккхуш, хаза ду ХьаьжцӀа. Юккъехь лаьтташ ю, массо а агӀор шена тӀебирзина ламазаш деш йолу КаӀбат. Цуьнан пена чубиллина бу АллахӀ-дала ялсамани чуьра баийтина болу Ӏаьржа тӀулг. Хьалха-м иза шура санна, кӀайн хилла боху, тӀаьхьо адамийн къинош дӀахуьйдина, кӀора санна, Ӏаржбелла. Мичча хена вахча а, оцу КаӀбатан гонаш дохуш эзарнаш хьаьжой хуьлу: Америкера, Африкера, Азера, Европера, Австралера — Ӏаьржанаш, кӀайнаш, можанаш, цӀенаш. Исс момсар йолчу маьждиг чу а, цунна гонах а ламазана дӀахӀутту 300-500 эзар стаг.

КаӀбат лаьттачу маьждиган майданахь йистехьуо лаьтта буха воьссича, Замзам хи ду. Цхьана хенахь кхузахь кӀорга Ӏин хилла. ИсмаьӀил карахь шен хӀусамнана йитина, хи лаха вахана хилла боху кхузахь ИбраьхӀим пайхамар (салам-маршалла хуьлда цунна). Иза схьавогӀург а ца хилла, хьогалла леш доллучу берана орца доьхуш, цигарчу лома тӀера вукху лома тӀе дӀасаидда боху беран нана. Кхин хи ца карош, дог а диллина, юхаеанчу нанна ИсмаьӀилна уллехь лаьтта бухара хьаладетташ хи гина.

— Зим-зим, зим-зим, - аьлла цо, оцу хино ИсмаьӀил верна кхераелла. Ӏаьрбашна «Замзам» бохург хӀун ду ца хаьа. Церан маттахь цуьнан маьӀна дан а ца ло. ХӀора хьаьжочунна парз хилла дӀахӀоьттина Сафа лам тӀера Марват лома тӀе дӀа а, юха схьа а ворхӀазза вахар.

Кхин хьажа[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]