ГӀалгӀайчоь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Российн Федерацин регион

Республика ГӀалгӀайчоь
гӀалгӀ. ГӀалгӏай Мохк
ГӀалгӏайче

Flag of Ingushetia.svg Coat of Arms of Ingushetia.svg
Байракх ХӀост

Республика ГӀалгӀайчоь Российн картан тӀехь

Коьрта гӀала

МагӀас

Майда

81-гӀа

- Массо
- хина тӀехуле %.

3200 км²

Бахархой

72-гӀа

- Массо
- Луьсталла

507 061[1] (2020)

152/км²

ДЧС

79-гӀа

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

21,5 млрд. сом. (2010)

38,1 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилбаседа-Кавказан

Экономикин кӀошт

Къилбаседа-Кавказан

Пачхьалкхан мотт

гӀалгӀайн, оьрсийн[2]

Корта

Калиматов Махьмуд-Ӏали

Правительствон председатель

Сластёнин Владимир

Халкъан Гуламан председатель

Яндиев Мохьмад
ХӀост Гимн Ингушетии

РФ регионан код

06
ISO 3166-2 код RU-IN

Сахьтан аса

Москохан хан[d]
Марка «Нохч-ГӀалгӀайн АССР 50 шо». ССРС пошт 1972 шо
Россин Банкан мах 10 сом болу иэсан нахарт (2014)

Респу́блика ГӀалгӀа́йчоь (гӀалгӀ. ГӀалгӏай Мохк; йоцца цӀе: ГӀалгӀайчоь гӀалгӀ. ГӀалгӏайче) — Российн Федерацин субъект, Российн Федерацин юкъара республика[3]. Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан юкъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.

Коьрта шахьар — МагӀас гӀала.

Малхбузехьа доза ду Къилбаседа ХӀирийчоьнца, малхбалехьа — Нохчийн Республикица, къилбехьа — Республика Гуьржийчоьнан Мцхета-Мтианети, мехкаца, циггахь ду Российн Федерацин Российн пачхьалкхан дозанан дакъа.

Кхоьллина 1992 шеран 4 июнехь.

Майданца Российн Федерацин уггаре жима регион, Федералан маьӀна долу гӀаланаш ца лаьрчи.

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Республикин цӀе схьайолу нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашкара къоман гӀалгӀай цӀарах (ткъа оьрсийн цӀе схьаяьлла гӀалгӀайн Ангушт эвлан тӀе гуьржийн суффикса -ети тоьхна, тӀаккха нисло «гӀалгӀай беха меттиг»). И этноним яьржина XVIII бӀешарахь. Къомо шайх ГӀалгӀай олу (ГӀалгӏай)[4]. Цхьацца талламчаша боху гӏалгӏай дешан маьӀна «гӀаланашъярхо/бӀаьвнийн бахархой» ду, и версии юзуш, кхечу талламхоша термин гӀалгӀа йоьхку шумерийн меттара Шумеран бахархой билгалбохучу этнонимца[5][6]. Иштта хьахайо ойла делаллера шира гӀалгӀайн делан Гела я Гала цӀе а[7].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀалгӀайчоь лаьтта Йоккха Кавказан дукъан (цуьнан юккъерачу декъехь) къилбаседа басешкахь а, цунах кхетначу кегийра даккъаш тӀехь а, Теркан, Соьлжин, Тархийн. Къилбаседера къилбехьа яхъелла 144 км, малхбузера малхбалехьа — 72 км.

Рельеф[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къилбаседа кӀошташкахь рельеф буц-аренийн ю, къилбехахь — ламанийн, иза лаьтта атагӀиша а, чӀажаша а декъна даккъех. Къилбаседа кӀошташкахь лаьтта Соьлжин а, Ӏалханчуртан атагӀин дакъа, юккъерачу кӀошташкахь — Соьлжа а, Ӏаьсса а эркийн тогӀенаш ю, республикин къилба декъехь Кавказан лаьмнаш ду.

Уггаре лекха лам — Шан-лам (4451 м). Ламанан ГӀалгӀайчоьнан кхин лекха лаьмнаш: ЦӀен-лам (3171 м), Цхьорой-лам (3000 м)[8]. ГӀалгӀайчуьра Кавказан лаьмний дохалла — 150 км.

Сахьтан аса[нисйе бӀаьра | нисйе]

МСК (москохан хан)

ГӀалгӀайчоь лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[9].

Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Климат континенталан, лекха лаьмнийн; йоьзна хӀордан тӀегӀанал локхаллех. Январан юккъера температураш — +3 …+10 °C, июлан — +21…+23 °C. Атмосферин йочанаш — шарахь 1200 мм гергга[10].

Гидрографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Furtoug.jpg
Чухчари Фуртоуг
Sunja (river).jpg
Соьлжа эрк
Nazranka.jpg
Назранка эрк

Юьззина я дакхошкахь Республика ГӀалгӀайчоьнан махкахь йолу гидрографин объекташ, цхьаьнаэшшара екъна яц, дикка къаьсташ ю шен физикин-географин хьолашца, иза доьзна ду ГӀалгӀайчоьнан рельеф чолхе хиларца — республикин цхьа дакъа дӀалоцу лаьмнаша а, гунаша а, ткъа цхьа дакъа — аренаша а, чутаӀенаша. Рельефо билгалйоккху ГӀалгӀайчоьнан Ӏаламан областаш — къилбехьара къилбаседехьа уьш хийцало лекха ламанан тӀера бай-аренан тӀекхаччалц. Республикин хинан ресурсаш жигара лелайо адаман бахамехь, ткъа иштта гидротехникица тойо — ГӀалгӀайчоьнан къилбаседехьа ю кхиина хиш дохку система.

РФ Пачхьалкхан хинан реестрца ГӀалгӀайчоьнан дерриг эркаш юкъадогӀу Каспий-хӀордан шина эркан юкъан Теркан а, Ийдалан а эркан майданан (терхьийн код — 02), иза юкъайоьду Малхбузен-Каспийн майданан гуонан (терхьийн код — 07). ГӀалгӀайчоьнан правительствон хаамашца, республикин махкахь ю юккъера а, кегийра а эркийн 720 майда, дерриг эркийн цхьаьнатоьхна дохалла 1350 километр сов хуьлу, хӀора квадратан майданна юккъера барам 590 м эркан маша кхочу. И гидрографин гайтам бу РФ Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан масштабехь уггаре лакхарчех цхьаъ [11].

Къилбаседа-Малхбален Кавказан уггаре доккха эрк ду Терк, амма, ГӀалгӀайчухула эрк чекхдолу къилбехьахула жимачу декъехь Къилбаседа ХӀирийчоьнан дозанца (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; ЖӀайрахан кӀошт). ГӀалгӀайчоьнан корта эркаш — Теркан га Соьлжа (коьрта хинан бахаман объект; охьадогӀу малхбузера малхбалехьа; Несаран а, Соьлжин кӀошташ, ткъа иштта гӀалин гуонаш МагӀасан, Несаран, Эльдархан-ГӀалин), Соьлжин га — Ӏаьс-хи (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; Соьлжин а, ЖӀайрахан а кӀошта)[12][11]. ОхьадогӀу кхин а эркаш: Марта, Армхи, Ачалкха, Жол, ГӀулой-хи, ХӀутта, ЧемалгӀа, ГӀалми. Эркийн юкъара майда ю 3073 км²[13].

Пайден маьӀданаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Республика ГӀалгӀайчоьнан латтанаш Ӏаьржа, хьена ду. Климат континенталан ю. Ӏаламан-климатан хьолаш дика ду юьртан бахам кхиорна. Юьртабахаман латтанаш дӀалоцу 60 % мохк, царех ах латта охана ду[14].

Минералан-аьргаллин база лаьтта мехкдаьтта долу меттигех (теллина промышленностан мехкдаьттан резерв ю 11 млн тонн гергга, прогнозан резерв — 60 млн тонн сов), Ӏаламан газ, мармар, доломиташ, кир-маьӀда-лахьорч, лакхара дикаллин кибирчиган сацкъар-латта, «Боржомин» тайпана термалан дарбанан а, минералан а хиш[10][15] долу меттигех, цӀена ламанан шовданийн хиш. ГӀалгӀайчоьнан лаьттах дохкуш геологашна карийна наггахьлера металлаш. Дагардина минералан аьргаллин тайпанийн балансан резерван юккъера барам, 100—150 шо[14] ду.

Мехкдаьтта а, газ а, ладаме пайден маьӀданаш ду, республикин ягорган-энергетикин комплексан бух бу. Республика ГӀалгӀайчохь мехкдаьтта доккху 1915 шарахь дуьйна, оцу хенахь карийра мехкдаьтта Маьлхбикан кӀоштахь. 1950—60-гӀа шерашкахь мехкдаьтта даккхар цӀеххьана тӀекхийтира лакхара сурсаталлин мехкдаьтта кардар бахьнехь. Мехкдаьтта а, газ а лахаран-талламан, мехкдаьтта доллу меттиг кечъяран белхаш дӀахьо ПУП «ГО Ингушнефтегазпром»[14].

Республикин махкахула чекхйолу магистралан мехкдаьттан биргӀа Бакох-Новороссийск Махьмад-ХитӀера мехкдаьтта тотту станцехула (ММТС), ГӀалгӀайн махкара биргӀан йохалла 12,7 км, d = 700 мм. ММТС чухула мехкдаьтта таттаран барам бу 3 млн тонн[14] гергга.

Флора[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ораматаш: къилбаседехь — хьуьнан а, хьун-аренан а, къилбехьа лаьмнийн (1800 метр локхалле кхачар)[16] — шуьйра гӀа долу хьаннаш, лакхахь ду лаьмнийн цанаш. Лаьмнийн басешкахь башха, цигахь бен йоцу микроклимат йолуш ю. Къилбаседа Кавказехь дукха меттигаш яц лулахь оццул дукха ораматийн тайпанаш долуш[17]. Ламанан кӀажошкахь (2200 метр кхаччалц) яьржина ю шуьйра гӀа долу а, баганан а дитташ долу хьийкъина хьаннаш[18].

Хьаннийн фондан лаьттан ерриг майда 84,4 эзар гектар ю, цунна юкъахь, хьаннийн орамаш долуш — 75,6 эзар гектар[19]. Ийна шуьйра гӀа долу хьаннаша (поп, наж]]) дӀалоцу 140 эзар гектар майда[10]. Ерриг дечиган резерв ю 11 млн м³[20].

ГӀалгӀайчоьнан географи
Caucasus topographic map-ru.svg
Caucasus Mountains Ingushetia.jpg
Физическая карта Ингушетии.svg
Кавказан карта Кавказан лаьмнаш ГӀалгӀайчохь ГӀалгӀайчоьнан физикин карта
ГӀалгӀайчоьнан пейзажаш
Gorge of Dzheyrakh.jpg
Assa Ingushetia.jpg
New Redant.JPG
Tsei-loam.jpg
Ingushetia, Закатный золотой свет на склонах долины Армхи, горы Ингушетии, Кавказ.jpg
ГӀалгӀайчоьнан ламанан пейзаж Ӏаьс-хин чӀаж Буц-аренан пейзаж, Керла Редант эвла ЦӀен-ламанан дукъ Армхи эркан тогӀи

Фауна[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀалгӀайчохь еха 60 гергга тайпана декха дийнаташ, 150 тайпана олхазарш, 24 тайпана амфибеш, 8 кепара рептилеш. Уьш ерриш лулахь еха лаьмнашкахь а аренашкахь а[17]. Текхаргаш а, цоьстурш а ю. Олхазарш — дарта, акха бедаш а, гӀезаш а, эркийн тогӀенашкахь — кавказан акха котам, ламанан цанашкахь — тилла гӀиргӀа, кавказан ламанан москал, кавказан сарсал. Лаьмнашкахь меттигаш ю тӀулгийн а, хьаннийн а салораш, боьра ча, нал, лу, хьуьнан цициг, безоаран бож, лайн цӀокъ, кхин а дийнаташ дехаш меттигаш[10][17]. 2008 шарахь хӀоттийна ГӀалгӀайчоьнан ЦӀен жайна[21]. Она содержит 136 видов исчезающих животных и 89 видов растений, которые находятся под охраной[17].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вайн эрал I эзар шо хьалха дуьйна ГӀалгӀай хӀинца бехачу махкахь яьржинера шен цӀе Кобан эвланах схьаяьлла йолу Кобанан оьздангалла, цигахь карийна ширачу заманара археологин иэсах[22].

Антропологица кобанан оьздангалла лелориш кавказан тайпанан носители векалш бу[23].

Юккъера бӀешерийн муьрехь дара цхьаьнакхетта тайпанаш — дзурдзукаш[24]. Дуьххьара хьахабо IX-X бӀешерашкара Ӏаьрбийн географаша[24].

XV—XVIII бӀешераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

XV бӀешарахь Нохчийчухула а, ДегӀастанахула а чудан доладелира ислам, амма чеккхенца иза чӀагӀ ца делира XIX бӀешарахь бен; и хан кхаччалц цӀуйн гӀиллакхаш а, Ӏадаташ лелара. Лаьмнашкахь еха гӀалгӀайн юкъараллаш, юхаерза юьйлаелира аренашка XVIXVII бӀешерашкахь[7]. Аренашка кхалхар, коьртаниг, чекхделира XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь.

Российн империн юкъахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Америкин картографо Colton, G. W. 1856 шарахь хӀоттийна карта. Нохчийчоь а, ГӀалгӀайчоь цхьаьна ю, билгалъяьхна «Gelia» аьлла. Картин тӀехь гайтина гӀаланаш Несара, БуритӀе, ткъа иштта Грозни гӀап

.

1770 шеран мартехь ГӀалгӀайчоь юкъаяхна Российн империн.

1810 шеран 22 августехь Ангушт эвлахь гӀалгӀайн ялх тайпанан векалша куьг яздира Ялх гӀалгӀайн фамилеш Российн байӀат дарах акт[25].

Оццу шарахь гӀазакхаша юьйгӀира Несарин гӀап[23]. Иза масийттаза юха а йира, чӀагӀ а йира — 1817 а, 1832 а шерашкахь.

ГӀалгӀаша дакъалецира Кавказан тӀамехь Российн агӀора а, имам Шемалан агӀора а[26]. Цхьана хенахь лаьттира Шамилан исламан пачхьалкхан шиъ вилайат — Аьрштин а, Галашкин[27] а.

1858 шеран майхь-июнехь ГӀалгӀайчохь иккхира Несарин гӀаттам. Цуьнан бахьна хилира Кавказан тӀеман Ӏедалан сацам, цуьнца гӀалгӀайн кегийра кӀотарийн меттана яккхий нах беха меттигаш кхолла гӀертара[28] ГӀаттам охьатаӀийра[28].

1860 шарахь Къилбаседа Кавказан тӀеман урхалла хӀаллакйира император Александр II-гӀачун омарца Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь, кхоьллира юкъахь Нохчийн, Ичкерин, ГӀалгӀайн, Ламанан гуонаш долу Теркан область.

1871 шарахь ГӀалгӀайн гуо цхьаьнатоьхна ХӀирийн гуонаца БуритӀен гуо цӀе а тиллина.

1888 шарахь тӀеман-гӀазакхийн урхалла долийна ГӀалгӀайчоьнан махкахь, иза дӀатоьхна Соьлжин гӀазакхийн урхаллех. 1909 шеран 10 июлехь кхоьллина Несарин гуо, цуьнан ставка хилла БуритӀехь[7].

Ламанан республика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Россехь Октябран социалистийн революци хиллачул тӀаьхьа, 1917 шеран ноябрехь кхайкхийра маьрша Ламанан республика, цуо цхьаьнатуьйхира Къилбаседа Кавказан дукха къаьмнаш.

Инарла Деникинан эскарша ДегӀастана схьаяьккхинчул тӀаьхьа, Ламанан республикин правительствос шеш дӀасахецар кхайкхийна кхелхира Тиблиси. Ламанан республика дӀаелира.

Гражданийн тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пятигорскехь хилла Теркан къаьмнийн II-гӀа гуламо (1918 шеран 1—18 март) къобал дира советийн Ӏедал, кхоьллира Теркан советийн республика РСФСР юкъахь[29] (июлера декабрь кхаччалц Теркан советийн республика Къилбаседа-Кавказан Советийн Республикин юкъахь яра). Цуьнан яра шен Конституци а, лакхара меженаш а — Терканхалкъан кхеташо а, ХККх а.

1919 шеран февралера 1920 шеран март кхаччалц аренан ГӀалгӀайчоь дӀалаьцна яра инарла А. И. Деникинан Российн Къилбан ТӀеман ницкъаша[30]. 1920 шеран мартехь ГӀалгӀайчуьра советийн Ӏедал меттахӀоттийра.

Социалан сфера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Социалан-экономикин гайтамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Россехь уггаре лакхара тӀегӀан белхазалла а, къоьлла а — 55 % сов. Республикера базин хьаштийн гайтамаш — махкахь уггаре лахарчарех, бахархойн барам сиха тӀекхетар бахьнехь а, гӀаланаш кхиина ца хиларна а[31]. Белхан меттигаш цахиларна ГӀалгӀайчохь болх бан таро яц 44 % бахархойн.

ГӀалгӀайчоь дӀатесна буо-бераш доцу, дерриш доьзалашкахь дика дӀатардина йолу цхьаъ бен йоцу регион ю. Кхин а ГӀалгӀайчоь Российн цхьаъ бен йоцу буо-берийн цӀенош а, къеначеран цӀенош доцу субъект ю, гӀалгӀайн юкъараллехь церан хьашт доцун дела[32].

МогушаллаӀалашъяр[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн субъекташна юкъахь ГӀалгӀайчохь уггаре алсама бераш дуьненан тӀедовлу. Бахархошна дарбанан-профилактикин гӀо до республикин 73 дарбанан хьукматашкахь — дарбанан цӀеношкахь, диспансершкахь, поликлиникашкахь, кхин дӀа а. ТӀаьхьарчу заманахь ца тоьу говза белхалой а, медицинин гӀирс а. 2008 шарахь кхайкхийра МагӀасехь Республикин дукха агӀонийн дарбанан цӀа, поликлиникица цхьаьна, Перинаталан центр а йийр ю аьлла[33].

Республикин ЖӀайрахан кӀоштахь ю дарбанан-могушаллатояран комплекс «ЖӀайрах», цунна чуйогӀу курорт «Армхин маьлхан тогӀе». Комплекс йина 1999 шарахь[34].

Спорт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Спорт кхиорах жоп луш ю республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министралла[35]. 1996 шеран 21 майхь тӀеэцна Республика ГӀалгӀайчоьнан «Физикин оьздангаллех а, спортах а лаьцна» цӀе йолу закон.

ГӀалгӀайчохь яра шайн футболан клуб «Ангушт», амма хӀинца профессионалан футболан юкъара яьлла. ГӀалгӀайн спортхоша яьхна дзюдох а, боксех а латарехь российн хьалхеяккхарш[36]. 2002 шарахь дуьйна республико ахча спорте хьажор кхузза совдаьлла, кхаьчна 25 млн сов соьме[37].

Йина ворхӀ физикин оьздангаллин могашалла таяран комплекс, йиъ спортан ишкол. Хьалхе ю спортан ницкъан тайпанийн — желтойн-руман латаран, паргӀата кепара латаран, малхбален латарийн, боксан, дзюдон, еза атлетикин[38].

1988 шеран Сеулера Олимпиадехь, штангисто Арсамаков Исраила дешин мидал яьккхира; Олимпийн чемпионаш кхин а бу Манкиев Назир (латар), Рахьим Чахкиев (бокс), цара шайн мидалш яьхна 2008 шеран Пекинан Олимпиадехь. 2016 шарахь, Халмурзиев Хьасана дешин мидал яьккхира Олимпиадехь Рио-де-Жанейрохь. Евлоев Ваха паргӀата кепара охьатохарх латарехь Европин чемпион ву[38]. Пхоьазза боксех латаран дуьненан чемпион хилла Котиев Ахьмад — хӀинца республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министр. ГӀалгӀайх хьалхарчех, Кхазакхстанан дзюдох латарех, чемпиони а, ССРС борзанан совгӀатхо а ву, Леймоев Ӏалихан Мусанан воӀ. 2010 шарахь Сингапурехь хиллачу аьхкенан жимахойн Олимпийн ловзаршкахь Аджигов Руслана еира Российн хьалхара дешин мидал, туьйлира желтойн-руман латарехь 85 кг кхаччалц йолчу возаллин категорехь, иштта хилира дуьххьарлера российн чемпион, хьалхарчу жимахойн Олимпийн ловзаршкахь[39].

ТӀаьхьарчу шерашкахь республикехь гӀарайолуш ю ийна тӀеман говзаллаш. Иштта, ГӀалгӀайчохь болх беш ю масех ийна вовшахлатаран спортан клуб, масала, «Калой» (Несара гӀала), «Нарт» (Сипсо-ГӀала), «ТӀемло», кхин а. ДӀахьо республикин йиллина чемпионаташ[40][41].

Цул сов, 2012 шарахь дуьйна ГӀалгӀайчохь хӀора шарахь дӀахьо дуьненаюкъара ийна вовшехлатарех турнир «ТӀом лаьмнашкахь» (Mixfight), цигахь дакъалоцу меттигера спортхоша а, Российн регионийн а, дуьненан а гӀарабевллачу латархоша а[42].

МХГӀ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Телевизион[нисйе бӀаьра | нисйе]

Радиостанцеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ГӀалгӀайн къоман радиостанци «Ангушт». Болх бо 2010 шеран августехь дуьйна 104,0 FM тулгӀенехь. Радио Ангуштан коьрта Ӏалашо — синмехаллин-эхь-бехкан а, къоман-патриоташ кхиор а.
  • ГӀалгӀайн къоман радиостанци «ГӀалгӀайчоь». дӀакхайкхош ю 2014 шеран 31 июлехь дуьйна 88,0 FM тулгӀенехь. Юкъатоьхна яккхийчех йолу радиостанцийн кевнан — «TuneIn»[en][43].
  • Хаамийн-самукъадаккхаран радиостанци «Radio Republic». Самукъадоккху республикин бахархойн 102,4 FM тулгӀенехь.
  • РООРИ (RK6QWA) — ГӀалгӀайчоьнан регионан юкъараллин кхолламан радиомарзахойн коллективан йоцатулгӀенан радиостанци[44].

Зорбанан арахецарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Интермаша-ресурсаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Республика ГӀалгӀайчоьнан официалан сайт — Ингушетия.ру[48].
  • Республика ГӀалгӀайчоьнан Халкъан Гуламан официалан сайт — parlamentri.ru[49].
  • Республика ГӀалгӀайчоьнан правительствон официалан сайт — pravitelstvori.ru[50].
  • Яккхийчех интермаша-провайдераш — ЙАЮ «ГӀалгӀайэлектрозӀе» а, КъАЮ «ИТТ».

ГӀалгӀайчоьнан гӀаланаш-вежарий[нисйе бӀаьра | нисйе]

2007 шеран августехь сацам бира гӀала-вежрийн статус кхолла ГӀалгӀайчоьнан а, Венесуэлин а регионашна юкъахь[51].

2015 шеран 10 майхь тӀемлойн сийнан гӀала Маьлхбик а, белоруссин гӀала Брест а хилира гӀаланаш-вежрий[52].

2015 шеран 2 сентябрехь Цийчохь куьг яздира МагӀас а, Шаньдун провинцера цийн гӀала Дунъин а вежарий хиларан бертан [53].

2015 шеран 15 октябрехь ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а коьрта шахьарша вежарийн уьйранех болчу бертан тӀехь[54].

Нумизматика[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 2020 шеран 25 февралехь Российн Банко арахийцира «ГӀалгӀайчоь Российн пачхьалкхан юкъаяхана 250 шо кхачарна» иэсан мах кхо сом болу детин нахарт[55].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год (оьр.). Теллина 2020 шеран 13 мартехь.
  2. Глава 1, статья 14 Конституции Республики Ингушетия
  3. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  4. Мориц фон Энгельгардт, Фридрих Паррот. Посещение Энгельгардтом Галга-Ингушей // Сокровищницы Востока / Йозеф фон Хаммер. — 1814. — Т. IV. — С. 26—37.
  5. Хайров Б. А. К вопросу ингушско-шумерских лексических соответствий // История и культура Ингушетии. Вып. 1. — Назрань, 2012. — С. 11.
  6. Кодзоев Н. Ингуши (Гӏалгӏай). — Магас, 2016. — С. 2.
  7. 1 2 3 Краткий исторический очерк Ингушетии
  8. Агиров Тимур Виртуальный тур (оьр.). OpenKavkaz.com. Теллина 2016 шеран 5 январехь.
  9. Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (2011, 3 июнь).
  10. 1 2 3 4 География Ингушетии. ingushetiyarsp.ru. Теллина 2009 шеран 8 декабрехь.
  11. 1 2 Постановление Правительства РИ № 203, 2014.
  12. Официальный сайт Республики Ингушетия.
  13. Российский общеобразовательный портал — ГӀалгӀайчоь(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 23 июнехь. Теллина 2009 шеран 12 декабрехь.
  14. 1 2 3 4 Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь Географическое положение и природные ресурсы (оьр.). Теллина 2017 шеран 27 октябрехь.
  15. Журнал «Юг России» Республика Ингушетия. Официальный сайт (2003, 10 октябрь). Теллина 2009 шеран 12 декабрехь.
  16. Путеводитель по югу России — ГӀалгӀайчоь. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 19 августехь.
  17. 1 2 3 4 Журнал «Сезоны года» Природа, растения и животные Ингушетии. Теллина 2018 шеран 9 январехь.
  18. Ингушетия // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2.
  19. «РЕСПУБЛИКА ГӀАЛГӀАЙЧОЬ. ПЕРСПЕКТИВЫ ЭКОНОМИЧЕСКОГО РОСТА И СОЦИАЛЬНОГО РАЗВИТИЯ»
  20. Республика ГӀалгӀайчоь. Журнал «Юг России» (2003, 18 ноябрь). Теллина 2009 шеран 8 декабрехь.
  21. ИА REGNUM В Ингушетии создана Красная книга флоры и фауны республики (2008, 17 март). Теллина 2009 шеран 12 декабрехь.
  22. Крупной Е. И., Древняя история Северного Кавказа, М., 1960, с. 77—109 (библ.).
  23. 1 2 Н.Д. Кодзоев Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь: История Ингушетии (краткий очерк). Теллина 2010 шеран 1 апрелехь.
  24. 1 2 М. М. Базоркин «История происхождения ингушей» Орджоникидзе, 1937 г.
  25. Российско-ингушский договор 1810 г.. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2009 шеран 12 декабрехь.
  26. Н. Д. Кодзоев История ингушского народа(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 11 майхь. Теллина 2011 шеран 18 майхь.
  27. Кавказская война и ГӀалгӀайчоь. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2009 шеран 21 декабрехь.
  28. 1 2 Назрановское восстание 1858 г. Очерк истории ингушей XIX века (оьр.). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 23 августехь. Теллина 2009 шеран 7 декабрехь.
  29. РЕСПУБЛИКА ГӀАЛГӀАЙЧОЬ. КРАТКАЯ СПРАВКА О РЕГИОНЕ(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2005 шеран 23 февралехь. Теллина 2009 шеран 21 декабрехь.
  30. Официальный сайт Республики Ингушетия [http://ingushetia.ru/culture/index.shtml История Ингушетии (краткий очерк)]. Теллина 2009 шеран 21 декабрехь.
  31. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса йац; тIетовжаран Social atlas йоза йаздина дац
  32. Движение «Матери России» Валентина Петренко: «ГӀалгӀайчоь – единственная республика, где нет отказных детей-сирот, все они благополучно устроены в семьях» (оьр.) (26 июлехь 2015). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
  33. Здравоохранение в Ингушетии
  34. Лечебно-оздоровительный комплекс «Джейрах» Архивацийина 13 сентябрехь 2019 шеран.
  35. Официальный сайт Министерства по физ.культуре и спорту РИ
  36. Regnum.ru
  37. Спорт в Ингушетии
  38. 1 2 Magas.ru
  39. Борец Руслан Аджигов выиграл «золото» на юношеской Олимпиаде
  40. В Назрани прошел первый открытый Чемпионат Республики по смешанному боевому единоборству ММА
  41. Газета ГӀалгӀайчоь: Нарты-миксфайтеры
  42. Россия-2. Смешанные единоборства. Битва в горах
  43. Радио «ГӀалгӀайчоь» (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). TuneIn.com. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 4 январехь.
  44. Муратов М. Настройтесь на нашу волну (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Общенациональная газета «Сердало» (23 сентябрехь 2006). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 24 сентябрехь. Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  45. СБИС − электронный банк юридических документов Редакция Газеты "Знамя Труда", МУП. sbis.ru. Теллина 2015 шеран 29 декабрехь.
  46. Бузуртанов Р. «Знамя труда» в каждый дом (ru) // «Знамя труда». — 2008. — 12 июль (№ № 3 (9187)).
  47. Администрация Малгобекского района Газета «Народное слово» (оьр.). Теллина 2016 шеран 1 июлехь.
  48. Официальный сайт Ингушетии
  49. Официальный сайт Народного Собрания Республики Ингушетия: Главная страница
  50. Официальный сайт Правительства Республики Ингушетия
  51. Официальный сайт Республики ГӀалгӀайчоь. Пресс-служба президента РИ В Ингушетии и Венесуэле появятся города-побратимы (оьр.) (3 августехь 2007). Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  52. Малгобек и Брест стали побратимами (оьр.). Официальный сайт информационно-аналитического агентства «Вестник Кавказа» (12 майхь 2015). Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  53. Магас и китайский Дунъин стали городами-побратимами (оьр.). Официальный сайт агентства «Интерфакс-Россия» (2 сентябрехь 2015). Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  54. Магас и Грозный стали городами-побратимами (оьр.). Официальный сайт агентства «Интерфакс-Россия» (15 октябрехь 2015). Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  55. Банк России выпускает в обращение памятную монету из драгоценного металла

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]