Мулкъой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тайпа
Мулкъой
Тайпанан векалш
Тайпанан векалш
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам тукхумашна юкъа ца догӀу
Бухара тоба Басхой, Бенгаpой, БIoвархой, ГIезир-Кхеллой, Жaйнхой, Кейштрой, Коттой, Медархой, Хьуркой
Йукъара хаамаш
Йоза Кириллица
Дин ислам (суннийш)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
ГӀалгӀайчоьFlag of Ingushetia.svg ГӀалгӀайчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Мулкъа

Мулкъой[1] (оьрс. Мулкой) — нохчийн тукхумашна юкъа догӀуш доцу тайпа ду. М.А.Мамакаевс Мулкъойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпа лору[2].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мулкъа - лаьтта ЧӀаьнтин Органан аьрру геннийн Мулкъойн эркан а, Гухойн эркан а бассейнехь, къилбехахь Конжухой ломан коьртан (2231 м) а, къилбаседехь Тумсойн лам дукъан (2074 м) а юкъахь. Мулкъойн лам лаьтта Хьорсанан кӀилба-малхбалехь.

Мулкъан малхбузехь доза ду Пешхошца, къилбаседехь - тӀаьхьуо Мулкъой охьахевшинчу Хьорсанца, малхбалехь а, къилба-малхбалехь а ЧӀухошца, къилбехь ТӀерлошца. Тайпанан эвла лору ГӀезир-Кхелли[3].

Мулкъан эвланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мулкъан юкъахь хилла эвланаш: Бассаха, Бенгара, Бов-а, ГIезир-Кхелли, Жайне, Ирзие, Кейшта, Котта, Меда, Хьархиечу, Хьуьрика. Тахана ерриг эвланаш саьлнаш хилла лаьтта, йохийна хено а, тӀамо а[4].

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Муьлкъан хьостуй – ЧӀуохь ГутӀан къилбехьа.
  • Мулкъание – ЦӀечу аьхкиен къилбехьара йол хьокху меттиг[5].
  • Мулкъойн ирзу – ГӀойн арцан къилбан басехь, Олхазар-КӀотаран гергахь[6].
  • Мулкъойн лам – лаьтта Хьорсанан кӀилба-малхбалехь[7].
  • Мулкъойн эрк – долало Жайна эвлан гергахь, охьадогӀу къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, дӀакхета Гухойн эрках аьрру агӀорхьа, и шиъ цхьаьна ЧӀаьнтийн Орган аьрру га ду, Уш-Кхелли уллохь кхета уьш Органах[8].

Мулкъой беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тахана Мулкъой беха эвланашкахь: БухӀан-Юрт, Бена-Юрт, ВаларгтӀе[9], Гикало, ГӀой-Йист, Доьлаке, Зонах[10], Ишоре, Олхазар-КӀотар, СаӀди-КӀотар[11], Хьорсана[12], Шинасуьйра-юкъ, Эна-Хишка, Эха-Борзе, ЧӀулга-Юрт[4].

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхьацца историн хаамашца, этноним «Мулкъа» уьйр ю «Мулк» дашца, маьӀна ду юкъаралло урхалла до латтанаш[13].

А.Сулеймановс дийцарехь, тайпан "мулхой" схьаялар долуш ю – некъ боккхурш, хьалха боьдурш, авангард. Мулкъой гӀезарийн тӀаьхьенаш хила а тарло[14].

Декъадалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Коттой, Жaйнхой, Медархой, БIoвархой, Басхой, Бенгаpой, Кейштрой, Гӏезир-Кхеллой.

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Хьуьрика – Итон-Кхаьллан кӀоштара эвлан саьлнаш, лаьтта Мулкъахь Мулкъойн эркан аьтту бердаца, къилба-малхбалехьа Доьра эвлана.
  • Хьуьрикан Ӏам - Нойбоьран къилбаседехьа.
  • Хьурикан кӀога - Нашхахь Тусхаран къилбаседехьа Цхьогалан Ӏуьрган гергара кӀаг.
  • Хьуьрика юххие - ЧӀуора Узмат-Кхеллин малхбузехьа, хьалхара дакъа кхолладелла шина компонентах: «хурриташ» + «юххе», аьлчи а «Хурритий гергара эвла».
  • Хуьрика – ЧӀаьнтара ДоьрхӀан къилба-малхбалера эвла.
  • Хьуьрака - ХӀиман малхбалехьара меттиг.
  • Хьуьрика-гӀала - ЧӀаьнтара Иет-кхеллин юкъара бӀов. «Хурритийн бӀов».
  • Хьуьрикахойн бассуо - ЧӀаьнтара Хьелдин къилбаседа йист.
  • Хурикау – Къилбаседа ХӀирийчуьра Мазалкан кӀоштан эвла, йиллина 1872 шарахь. ХӀирийн маттара гочдича «Маьлхан эвла» хуьлу.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аздин Вазара шен тептарахь буьцу аланийн мохк, лаьтташ бу Кура хин а, Тушетин а къилбаседехьа, Алазань хин а, Азербайджанан, къилбаседехьа Теркан хьостал а, цуьнан готта Ӏинал а, къилбаседехьара латтанаш Теркал а, Сотай аренал а Каспий-хӀорд тӀекхаччалц, юкъабогӀу Ийдал хин а, Дон хин а къилбехьара мохк. Тептарахь хьехайо аланийн нах хевшина меттигаш: Мажар, Дади-Ке, Баланжар гӀап, Балх, Малка (Мулкъа хила герга), Нашах, Макжа, АргӀун, Къилбах, Терки, ткъа кхин а буьйцу мохк Теркан лахахь, иза Каспий-хӀордах кхетучохь болу, оцу юкъахь Кешан акъари а, Нохчийн гӀайре а[15].

Юккъерачу бӀешерашкахь а, керлачу хенахь а ломан Нохчийчоь лаьттина шеш долчу тайпанех: Аьккхий, ЧӀаьнтий, Маьлхий, ЧӀебарлой, Шарой, Шотой, Нашхой, МӀайстой, Садой, ТӀерлой, Пешхой, ЧӀинахой, Кей, Мержой, Хилдехарой, Галай, Мулкъой, Орстхой, кхин а. Цара дӀалаьцна хӀора Ӏинахь, хӀинци а лаьтта саьлнаш бахаман а, тӀеман а бӀаьвнийн, тӀулгах дина маьлхан кешнех а, лаьттах даьхна кешнех а[16].

Историн документашкахь дуьххьара Мулкъой хьахийна XVI-XVII бӀешарашкахь[17].

Историн документашкахь Мулкъой хьахийна, маьрша юкъаралла аьлла. Элийн мехкашца цхьаьна дара кхин а маьрша, элашна куьйга кӀелахь йоцу яртийн юкъараллаш. Нохчийчоьнан лаьмнийн зонашкахь "юкъаралла", ломан "латтанаш", "латтанаш" цӀарца хьахийна: мичигхой (мичкизы), мержой (меризи), шотой (шубуты), мулкъой (мулки), гӀалгӀай (калки), жӀайрхой (ероханские люди), чӀаьнтий (тшанские люди), аьккхий (ококи), аьккхийн мохк (окочанская земля)[18].

XVII бӀешарахь Мулкъоша йоккха роль ловзайора Органан юкъараллийн уьйр латтош а, луларчу къаьмнашца йохк-иэцар лелош а.

1618 шо — Оьрсийн документашкахь дуьххьара хьахийна Мулкъой а, ЖӀайрахой а[17].

1618 шарахь гӀебартойн элан Сунчалейн векалш ладаме гӀуллакхна Мулкъа бахара»[4]. Хьалхарчу хьосташкара хууш ду, 1618 шарахь жӀайхойн нуцал Маьхьти а, чергазийн эла Сунчалей а, Терки гӀалан Теркан воевода а цхьаьна бахара шотойн, мичиган а, гӀалгӀайн а эвланашка. Мулкъой оьрсашна гӀарабевлла, дегӀастанхой шайца даша туху герзаца болчу гӀазакхийн тобанца Шуьйтара Органан Ӏин чухула хьала бахара, массанхьа а дуьхьало йора царна, Уьш-Кхаьллара аьтту агӀора бирзина, тӀекхечира ЧIуохойн эвлана. Эвла схьаяла хан елира, амма бахархоша иза тӀе ца ийцира, тӀом болабелира. ЧIуохоша коста дахьийтира лулахошка гӀо доьхуш. Уггаре а халчу меттигехь Мулкъойн орца кхечира, ма-баггӀара мостагӀчунна агӀон тӀиера тӀелетира уьш дуьххьара даша туху герз долчу тобана. Ишттаниг хир ду аьлла хеташ боцу дегӀастанхой а, гӀазакхий а, иэшам хуьлуш бевдира. Оцу толаман лерина юьйгӀира тӀеман бӀов, цунна цӀе тиллира «ЧIуо-Мулкъ». И тӀом хилла 1618 шеран герга, цул тӀаьхьа Мулкъой бийца бехира Органан Ӏинера Ӏаткъаме ницкъ аьлла[4].

1619 шеран документашкахь хьахийна Мулкъой – «Мержойн а, Шотойн а нах – ЧӀаьнтийн а, Мулкъойн а нах» («Мерезинские и шибуцкие люди — Тшанские и Mулкинские люди»[19]).

1619 шарахь къилбаседакавказан къаьмнийн цхьаьнатоьхна а, Российн а ницкъаш тӀелетира ногӀийн гӀезалошна, хӀаллакйина ягийра Теркаца йолу церан эвланаш. ГӀебартойн элас Алегука оьрсийн воеводе Н. Д. Вельяминовга шен кехат чохь хоуьйту, нохчийн тайпанаш — Мержой, Шотой, Мулкъой, кхин а лулара юкъараллаш кечам бира баккхийн ногӀашна тӀелата кечам беш[20].

Тайпа хьахадо 1621 шеран документехь: «гӀумкийн а, мержойн а, шотойн а, чӀаьнтийн а, гӀалгӀайн а, мулкъойн а, кхин шортта ломан мехканийн нах кийча бу цхьаьна НогӀийн нахана дуьхьала бовла», «гӀо доьху Теркан тӀийрачу оьрсийн воеводашка»[21].

1629 шо — Дуьххьарлера хаам Теркера оьрсийн кхийсархой даша эца Мулкъа бахарх[22].

XVIII бӀешо чекхдолуш XIX бӀешо долалуш Мулкъахь доккхура даша а, кӀеззиг дети а[4][22].

Оьрсийн документашкахь хаам бо, 1840 шеран июнан хьалхарчу декъехь Шемал шен жимачу шотойх а, чӀебарлойх а лаьтта тобанца, БуритӀе агӀонхьа воьдуш, тӀедиллира Мулкъошна шайх схьакхетар. Зумсойн МаӀаша хьехарца, «бийшина Ӏахкарна» Шемала масех юьртдена веран кхелйира. Мулкъой иза бахьнехь тӀелетира цуьнан тобана, байира Шемалан уллера накъостий, царна юкъахь иза Органан Ӏинехь соцуш волу хӀусамда, доттагӀа Шуьйтара ШаӀбан а, зумсойн эла МаӀаш а. Шемалан йира, дийцарехь, чӀогӀа кхераме шиъ чов, цхьаъ куьйгана, шолгӀаниг – гайна[23].

Мулкъойх Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀаме Хьорсанара 47 стаг вахара, амма цӀехьа масех бен ца веара[24].

Мулкъойн тайпанан эвлан Хьорсана 1995 шеран 31 майх бархӀ кемано бумбанаш тоьхна хӀаллакйина дӀаяьккхира. Масех цӀа бен ца дисира эвлахь. Цул тӀаьхьа юьртахой маьӀ-маьӀӀе дӀабахана ясъелира[4].

ГӀарабевлла Мулкъой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
  2. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973.
  3. Сулейманов, 1997, с. 131,409.
  4. 1 2 3 4 5 6 Духовная территория и история тейпа Мулкъой (Салавди Чадиев).
  5. Сулейманов, 1997, с. 15.
  6. Сулейманов, 1997, с. 453.
  7. Сулейманов, 1997, с. 413.
  8. Сулейманов, 1997, с. 135.
  9. Сулейманов, 1997, с. 388.
  10. Сулейманов, 1997, с. 417.
  11. Сулейманов, 1997, с. 406.
  12. Сулейманов, 1997, с. 409.
  13. А.С. Сулейманов. Топономия Чечено-Ингушетии. 1976г.
  14. Сулейманов, 1997, с. 131.
  15. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса йац; тIетовжаран ReferenceB йоза йаздина дац
  16. Кавказовед В.И. Марковин.
  17. 1 2 А.Х. Гутнов Россия и Центральный Кавказ в XVI-XVII вв
  18. Записки терского общества любителей казачьей старины. 1914. № 9. С. 73; Лавров Л.И. Эпиграфические памятники Северного Кавказа. М. 1966. С. 200-203; Исаева Т.А. Указ. Соч. С. 20-21
  19. 1619 г. позднее мая 4 — Отписка терского воеводы Н. Д. Вельяминова.
  20. Книга Алауди Мусаева «Шейх Мансур»
  21. Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
  22. 1 2 Я. Ахмадов. «История Чечни с древнейших времен до конца XVIII века»
  23. Мухаммед-Тахир аль-Карахи, Блеск дагестанских сабель в некоторых шамилевских битвах
  24. Духовная территория и история тайпа Мулкъой (Салавди Чадиев).

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]