Ваштарой
Шира тайпа | |
Ваштарой | |
---|---|
![]() Музаев Мовсар а, Умхана кӀант Хьамид — ваштарой тайпана нах | |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | Шуотой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан шуотойн диалект |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Шуьйта |
Ва́шандарой, ва́шиндарой, ва́шдарой, ва́штарой я ва́штархой — шотойн тукхумара нохчийн тайпа.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тайпан мехкан йукъайогӀу эвланаш Вашандара[1], Гоьргача[1], ЗазаргӀана[2], Зонах[3], Ярашмаьрда[1], Доча-Борзе[4][5], Улус-Керт[2][1].
Беха эвланаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Валаргт1е, Вашендарой (юрт), Г1ойт1а, Г1уларе, Гихт1а, Гоьргача, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Зонах, Йоккха-Атаг1а, Лакх-Ноьвре, Лах-Ноьвре, Наурская, Олхазар-К1отар, Т1ехьа Мартант1а, Улус-Керт, Хьалхьа Мартант1а, Чуьр-Эвла, Шуьйта, Ярш-Маьрд[6].
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Вашандара[7][8] – Шуьйтан къилбехьара эвла, лаьтта ЧӀаьнтий Орган аьрру бердаца, Гоьргачан уллехь.
- Вашандара (эрк) – Шарой Орган аьтту га, долало Нуй-дукъан къилбаседа басешкахь. А.В.Твердыйн хетарехь, гидрониман а, этнониман а цӀеран этимологи, схьайолу гӀажарийн «вашам» + «дарйо» – «сиха эрк»[8].
- Ваштар – Шарой Орган аьтту га; долало Барзи-ара-ломан (2214 м) къилбаседа басешкахь; Шарой Органах кхета Улус-Кертан лахахь. Эркан цӀе, тера ду, йелла Улус-Кертан бахархоша шеш схьабевллачу шайн эвлан Вашандаран безаман[9][8].
- Вашандаройн йукъ – ГӀойтӀан куп.
- Ваштар чоь - Улус-Кертан махкахь[10].
- Вашандар - Улус-Кертан махкахь[10].
- Сохур корта - Улус-Кертан махкахь[10], Сохургар схьадаьллачу Сохуран цӀарах.
Истори а, исторехь хьахадар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вашандарой («Шандаров кабак», иза ду «Вашадаройн эвла») дуьххьара нохчийн тайпанашна юкъахь хилла, оьрсаша 1647-чу шарахь дуьйна зӀе латтийначу. «Паччахьан муьтӀахь доцу лаьмнин латтанаш ярташ... Вашандаройн» хьахийна ду 1653-чу шарахь арадаьллачу оьрсийн документехь. Вайна ма-гарра, XVII бӀешон юккъе кхаччалц вашандароша кхоьллина дуккха ярташ хилла, хӀунда аьлча, «паччахьан муьтӀахь боцучеран» ярташ дукхаллин терахьехь хьахийна ю – «Вашандаройн ярташ». Царех, хетарехь, «муьтӀахь боцурш» аьлла хилла, 1651-1653 шерашкахь оьрсийн-гӀажарийн тӀеман конфликтехь Сунженски набахтина тӀелатар дарехь дакъалацар бахьана долуш.
Декъадалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вашандарой бекъало гарашка а, некъашка а[11]:
- Арскъин некъе (J2а) (АрсанукаевгӀар);
- Аспин некъе (L1а2) (АбдулаевгӀар, АбдулхаджиевгӀар, АбдурзаковгӀар, АбубакаровгӀар, АсуевгӀар, АхмадовгӀар, ГехаевгӀар, ГишляркаевгӀар, ДагаевгӀар, ДашаевгӀар, ДикаевгӀар, ИдрисовгӀар, ИрисхановгӀар, МагомадовгӀар, МагомадовгӀар, МунаевгӀар, МушаевгӀар, ПалтаевгӀар, РасуевгӀар, ТатаевгӀар, ТунтаевгӀар, ШоиповгӀар)[12];
- Аьстмарин некъе (L1а2) (АхматовгӀар, КуркаевгӀар, МагомадовгӀар, МахматхановгӀар, ТабуркаевгӀар, ШатуевгӀар)[13];
- Ахьмуткъин некъе (?) (АбубакаровгӀар, ИбаевгӀар, ИдиговгӀар, МусиповгӀар, СахилаевгӀар)[14];
- Байгирин некъе (L1а2) (АбдуллаевгӀар, МекиевгӀар, РасуевгӀар, СинбариговгӀар)[15];
- Джамсаган гар (G2a1)[16];
- Бетин некъе (АбубакаровгӀар, ГишлакаевгӀар, ДанаевгӀар, ДжанхотовгӀар, ИсаевгӀар, ИстамуловгӀар, КасумовгӀар, КелоевгӀар, СалажиевгӀар, СусаевгӀар, ТесаевгӀар, УмаровгӀар, ХасаровгӀар, ШахгириевгӀар);
- Буйнин некъе (БициевгӀар, БолатбаевгӀар, ЗакриевгӀар, ЛалаевгӀар, СапарбаевгӀар, ТазабаевгӀар, УлубаевгӀар, ХамзатовгӀар, ЧагаевгӀар, ЭзербаевгӀар, ЯндарбаевгӀар);
- Пижин некъе (БашировгӀар, БибаевгӀар, ДжамалдиновгӀар, ДикаевгӀар, НасухановгӀар, ТайсумовгӀар, УмиевгӀар, ХамзатовгӀар, ЮнусовгӀар);
- Теусин некъе (АрсанукаевгӀар, ГабаевгӀар, ДадаевгӀар, ИбрагимовгӀар, СугаиповгӀар);
- Ӏандин некъе (АкаевгӀар, АхметхановгӀар, БайбураевгӀар, БандаевгӀар, БатаевгӀар, ДжанчураевгӀар, ИсаевгӀар, МусаевгӀар, СимаевгӀар, СулеймановгӀар, ЮнусовгӀар, ЮсуповгӀар).
- Къойсамин некъе (J2a) (АйдамировгӀар, СаралиевгӀар)[17];
- Маӏашан некъе (J2a) (ГасаевгӀар, ДудаевгӀар, ЭльмурзаевгӀар)[18];
- Мескин некъе (J2a) (АбазовгӀар, АбакаевгӀар, АхматовгӀар, ВахариговгӀар, ВацаевгӀар, ДемельхановгӀар, ДидиговгӀар, ЗахираевгӀар, ЗулгаевгӀар, ИбаевгӀар, НальбиевгӀар, СайпуллаевгӀар, СулемановгӀар, СулиповгӀар, ТакаевгӀар, ШабазовгӀар, ЭскирхановгӀар, ЮнусовгӀар (ТимаровгӀар, ОздаевгӀар)[19];
- Мохьмашан некъе (L1а2) (АлаудиновгӀар, АсхабовгӀар, ДугуровгӀар, ИдаловгӀар, МагомерзаевгӀар, ЭльмурзаевгӀар)[20];
- Мусостин некъе (L1а2) (АрсабековгӀар, БагиевгӀар, ВисангериевгӀар, ДжабраиловгӀар, ИмакаевгӀар, МагомадовгӀар, СадаевгӀар, СадулаевгӀар, СайдалиевгӀар, СайдулаевгӀар, ЧагаевгӀар, ЧадаевгӀар)[21];
- МерӀуьргашан некъе (L1а2) (АбдулхамидовгӀар, АльтамировгӀар (УмаровгӀар, УсмановгӀар), АмчиевгӀар, АрсанукаевгӀар, АхъядовгӀар, БагиевгӀар, ДамазовгӀар, ДудаевгӀар, ЗакраиловгӀар, ИбрагимовгӀар, ИльясовгӀар, ИслангириевгӀар, ИсраиловгӀар, МатаевгӀар, МусаевгӀар, РасаевгӀар, ТакаевгӀар, ТашаевгӀар, ХайтаевгӀар, ЦамаевгӀар, ТунтаевгӀар, ЭдиговгӀар, ЮкаевгӀар (ЯкаевгӀар), ЮсуповгӀар, ЯсаевгӀар, ЯсуевгӀар)[22];
- МӀамиган гар (G2a1)[23];
- Баймарзин некъе (АбдулазимовгӀар, АбубакаровгӀар, АхтаевгӀар, ГазимагомадовгӀар, ДадаевгӀар, ДадаевгӀар, МузаевгӀар, СардаловгӀар, СулеймановгӀар, ШабазовгӀар, ШаиповгӀар, ШамилевгӀар, ШаукаловгӀар, ШуаиповгӀар, ШугаиповгӀар);
- Венин некъе (БаштаевгӀар, ГайсултановгӀар, ИндарбаевгӀар, ИсаевгӀар, ИсмаиловгӀар, ИстамуловгӀар, СаидовгӀар, СапаевгӀар, СатабаевгӀар, ЧамаевгӀар, ШамсадовгӀар, ЯнгулбаевгӀар, ЯндарбаевгӀар);
- ГӀезин некъе (АвтурхановгӀар, АлиевгӀар, АхмадовгӀар, АхматхановгӀар, БанаевгӀар, ВизировгӀар, ГайтукаевгӀар, ДацаевгӀар, КамаевгӀар, МагамадовгӀар, МурадовгӀар, СадулаевгӀар, СайдулаевгӀар, ХубаевгӀар, ШамсадовгӀар, ЭдиловгӀар).
- Одаман гар (G2a1)[24];
- Акхин некъе (АлихаджиевгӀар, МисирбаевгӀар, МитаевгӀар, НаурбиевгӀар);
- Дакин некъе (ДакаевгӀар, ИбрагимовгӀар, ПайзулаевгӀар);
- Элмарзин некъе (ЭлимбаевгӀар);
- Ӏамийнан некъе (ГишлакаевгӀар, МузаевгӀар, ЭсембаевгӀар);
- Ӏарболатан некъе (БурсаговгӀар, СулеймановгӀар, ТемуркаевгӀар, ШамаевгӀар);
- Іелин некъе (ГайсултановгӀар, ИмаевгӀар, ИсмаиловгӀар, ИсраиловгӀар, МагомадовгӀар (МандриевгӀар));
- Отмазан некъе (L1а2) (ДемелхановгӀар, Мухьаммад-Iали тӏаьхье (Урдуне), Мухьаммад-Нур тӏаьхье (Урдуне))[25];
- Таймазан некъе (L1а2) (МагомадовгӀар, ТаймазовгӀар)[26];
- Улсин гар (L3a)[27];
- Айти некъе (АкаевгӀар, АмхадовгӀар, АнзоровгӀар, БегечевгӀар, ДадаевгӀар, ДадаровгӀар, ЗаурбековгӀар, МакаевгӀар, МатаевгӀар, МусаевгӀар, ТакаевгӀар, ТесаевгӀар, ТокаевгӀар, ЯсуевгӀар);
- Джансакъ некъе (АбдулкадыровгӀар, АбдурзуковгӀар, АхмадовгӀар, ЯкубовгӀар);
- ГIанболт некъе (АдсаламовгӀар, БакашевгӀар, БалаевгӀар (ИбрагимовгӀар), ДедишовгӀар, ДункаевгӀар, ЗакраиловгӀар);
- Мацӏар некъе (АсланбековгӀар, МацаровгӀар, СалтаевгӀар, ЯкубовгӀар);
- Мачкъи некъе (АйбуевгӀар, БурсаговгӀар, МачукаевгӀар, СаидовгӀар);
- Іухш некъе (АсмалатовгӀар, АстаевгӀар, ГабазовгӀар, ДалдаевгӀар, ЗакриевгӀар, НунаевгӀар, ПираевгӀар, ТурсунаевгӀар).
- ЦIучин некъе (R1b) (АлиевгӀар, КандазовгӀар);
- Чаборзан гар (J2a)[28];
- Ганчин некъе (АхмадовгӀар, БубаевгӀар, ГончаевгӀар, ЗакриевгӀар);
- Мадин некъе (АнаевгӀар, ХамсаевгӀар, ЦугаевгӀар);
- Незиран некъе (АтабаевгӀар, ИнаркаевгӀар, МатиевгӀар, МахмадовгӀар, СамбиевгӀар);
- Хасин некъе (МальсаговгӀар, МусаевгӀар, ХасаевгӀар);
- Чимкин некъе (АбазовгӀар, АйдаевгӀар, АрсхановгӀар, АсадовгӀар, АцаевгӀар, БараевгӀар, ВараевгӀар, ГайтаровгӀар, ГудаевгӀар, ДакаевгӀар, ДжунаидовгӀар, КагировгӀар, КантаевгӀар, МежиевгӀар, ОсмаевгӀар, СайдулаевгӀар, СосланбековгӀар, ЦалаевгӀар, ЭльдаевгӀар, ЮнусовгӀар);
- ? — ДжеирхановгӀар, МежидовгӀар, МуртазовгӀар;
- ? — АсхабовгӀар, МатаевгӀар;
- ? — БериевгӀар, ГенаевгӀар, ЗакаевгӀар, МагомадовгӀар.
- Чиммирзан гар (J1a)[29];
- Мокин некъе (АвхадовгӀар, ВахидогӀар, ДаудавгӀар, ДовдаевгӀар);
- Чолтин некъе (АлиевгӀар, АмхатовгӀар, ДачаевгӀар, ДжацаевгӀар).
- Чотин некъе (L1а2) (ЧатаевгӀар)[30];
- ШоӀип некъе (L1а2) (БатуевгӀар, МежиевгӀар, МехтиевгӀар, СергановгӀар, ЧораевгӀар, ШаиповгӀар)[31].
Тайпан гӀарабевлла векалш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тайпан гӀарабевлла векалш[32]:
- Бахьарчи ИсмаьӀал-молла (МаьӀа) — Ӏелам стаг. Вийна ЧГӀХК белхалоша 1937 шарахь.
- БашировгӀар – схьабовлар Вашандарара долу Йоккхачу АтагӀара пхьераш. Тарраш а, шаьлтанаш а йеш хилла. Цаьрга герз дойтуш хилла хьалдолчу наха, масала, ЧермоевгӀар, АлиевгӀар, МациевгӀар. Башир а, цуьнан кӀентий БаттӀакъа а, Бакар а, ИсмаӀил а цӀе яххана пхьераш хилла. Бакар 1936 шарахь Ӏедало лаьцна, лацаран бахьна церан говзалла а, ЧермоевгӀаьрца долу гергарло а хилла. 1917 шарахь Бакарас Нохчийчоьнан политикин а, йукъараллин а гӀуллакххочун Чермоев Ӏабдул-Межедан (Тапин) совгӀатна деллера шаьлта, тӀе йоза йаздина: «Хьомечу А. М. Чермоевна Башировгара. 1917, Й. АтагӀа»[33].
- Джейрханов Юсуп-Хьаьжа — гӀараваьлла Ӏелам стаг, НГӀАССРн хьалхара муфтий[34]
- Макаев 1ума, Улус-Кертара вахархо хилла, 1елам стаг хилла, наханна йуккъе масла1ат дан кхойкхуш хилла [1] Архивйина 2020-02-20 — Wayback Machine
- Мутушев Ахьмадхан — нохчийн интеллигент, ХХ бӀешеран Нохчийчоьнан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, лаьцна 1937 шарахь буржуазин интеллигент ву аьлла. Велла 1943 шарахь Ташкентан набахтехь.
- Сосламбеков, Юсуп Эдилбекович — НКЪКХК декъашхойх цхьаъ, Кхочушдаран комитетан председателан гӀовс. Нохчийн революцин тхьамданех цхьаъ, 1991-1992 шерашкахь Нохчийн Республикин Дуьхьалонан министр.
- Келоев Ӏум-хаьжа — хьалхара гильдин совдегар, меценат, цуьнан комаьршаллех туьйранаш хилла Шуьйтан кӀоштехь.
- Ахтаев, Увайс Мажидович — 1950-гӀа шерашкара гӀараваьлла баскетболист, Кхазакхстанан гулйинчу командан ловзархо, дуьненахь оцу заманан уггаре лекха баскетболист (236 см).
- Имаев Ӏусман — 1993 шеран майхь дуьйна НРИ Къоман банкан урхалча, 1994 шеран июлехь дуьйна НРИ Инарлан прокурор а, юстицин министр а.
- Шамаев Ахьмад-хьаьжа — Ӏелам стаг, 2000 - 2005 шерашкахь Нохчийн Республикин муфтий, хӀинца РФ Бусалбийн синмехаллин урхаллин муфтийн гӀовс.
- Арсанукаев Абу — НРИ президент хиллачу Д.М.Дудаевн Кхерамазаллин гӀуллакхан хьаькам.
- Чагаев Булат — бизнесмен, воккха хьуьнарча, цуьнан долахь йу ФК «Ксамакс» (Швейцари). Меценат, финансаш латтийна Шуьйтан кӀоштан социалан объекташна. Цуьнан долахь хилла ФК «Терек» Соьлжа-ГӀала.
- Цамаев Мовсар — Нохчийн Республикера Российн ФНГӀ урхаллин куьйгалхо.
- Аухадов, Апти Хамзатович — штангист, Российн а, Европин а, дуьненан а чемпион, Казанехь хиллачу Универсиадан толамхо. Российн Хьакъдолу спортан говзанча.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 434.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, с. 216.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 434-435.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 434,441.
- ↑ Твёрдый, 2008, с. 100.
- ↑ Ваштарой беха юьрташ. Архивйина 2022-08-08 — Wayback Machine
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 206.
- ↑ 1 2 3 Твёрдый, 2008, с. 72.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 453.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 445.
- ↑ http://vashandaro.com/index/0-11 Архивйина 2020-09-27 — Wayback Machine
- ↑ Аспи некъе - 29 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Астемир некъе - 13 Октября 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 23 февралехь
- ↑ Ахьмуткъи некъе - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Байгири некъе - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Жамсаг гар - 28 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Къойсам некъе - 18 Января 2019 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 25 ноябрь. Архивйина 2021 шеран 5 майхь
- ↑ Ма1аш некъе - 20 Июня 2018 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 5 майхь
- ↑ Мески некъе - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 18 февралехь
- ↑ Мохьмш некъе - 23 Февраля 2018 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 15 февралехь
- ↑ Мусости некъе - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 18 февралехь
- ↑ Мер1уьргш некъе - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 19 февралехь
- ↑ М1ами гар - 28 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 16 февралехь
- ↑ Одам гар - 28 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 18 февралехь
- ↑ Отмаз некъе - 6 Декабря 2016 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 17 февралехь
- ↑ Таймаз некъе - 18 Января 2019 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 24 февралехь
- ↑ Улси гар (Сог1ур гар + Мачкъи некъе) - 9 Июня 2015 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 20 февралехь
- ↑ Ча-Борз гар - 29 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 18 февралехь
- ↑ Чиммирз гар - 30 Декабря 2017 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 22 октябрь. Архивйина 2021 шеран 5 майхь
- ↑ Чоти некъе - 18 Января 2019 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 5 майхь
- ↑ Шо1ипи некъе - 26 Февраля 2018 - Ваштарой. Нохчийн тайп. vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 18 февралехь
- ↑ Ваштарой нохчи тайпан сайт - ГӀарбоьвла Ваштарой . vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 24 ноябрь. Архивйина 2018-11-24 — Wayback Machine
- ↑ Оружейники Башировы из Старых Атагов . ИА "Чеченинфо" Источник: Молодежная смена (2012 шеран 21 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 май.
- ↑ Джайраханов Юсуп Джайраханович - 5 Ноября 2017 - Ваштарой нохчи тайпан сайт . vashandaro.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 21 ноябрь. Архивйина 2018-11-22 — Wayback Machine
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Гойты Печать Ахмед Исаев Часть 1 Архивйина 2018-03-09 — Wayback Machine
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. ГӀодехьа Википедина, хӀара йаззам тӀебуьзна. |