Ӏалларой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тайпа
Ӏалларой
Болти кӀант Тимарсолта Болти кӀант Тимарсолта
Кхин цӀерш Ӏаларой, Ӏалрой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Юкъара хаамаш
Мотт Нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац
ГӀалгӀайчоьFlag of Ingushetia.svg ГӀалгӀайчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Ӏалларой[1] — тайп Нохчмахкахой тукхум чу догӀуш ду. Барам 30 эзар сов. Тайпа J2 гаплотобанера ду[2].

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏалларойн тайпанан мехкан Ӏаларан доза ду къилбехьа Сесанца, малхбузехьа Шоьнаца а, Ялхой-Мохкца а, малхбалехьа Билтаца, ткъа къилбаседехьа ломан кӀажошкара акъари ю. Лаьтта Яьсси хин аьрру бердаца Сесанан 2 км генахь[1].

Ӏаларойн лам лаьтта ЦӀонтаройн ломан гергахь[3]. Беха ерриг Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчуьра Доьлакехь а, Ӏовхахь а, Аштаркхан областан Лиманан кӀоштарчу Басы эвлахь а.

Ӏаллара чуйогӀу: Бешал-Ирзе, Гатин отар, ГӀансолчу[4], Девлатби-Отар, Женин юрт, Мандин отар, Мескита, СогунтӀа, ТӀуртӀи-КӀотар, Шовхала-Берд[4], Эзин отар, Ӏалара, Ӏиса-Юрт[1].

Курчалойн кӀоштара Ӏаларой-Эвла Ӏаларойша йиллина.

1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь Ӏалларойн эвла хилла, паччахьан эскарша йохийна[5].

Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏаларой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе[8], БердкӀел, Гребенски, Каргалинск, ГӀойтӀа, Доьлаке, Дубовски, Курчалой[9], Лакха Невре[10], Лаха Невре[11], Макане[12], НогӀамирзин-Юрт, Нойбоьра, Хаьмбин-Ирзе, Чечана, ЧӀулга-Юрт[13], Шела, Ӏаларой-Эвла[14].

Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

А.Сулеймановс дийцарехь Ӏаларой дош даьлла «Ӏайла» (даьхнашца Ӏадоккху меттиг) дешах[1].

Тайпан некъеш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏалларой бекъало некъешка: Ӏалхин некъе, .

  • Бедарг некъе,
  • ГӀурнин некъе[1],
  • Кути некъе,
  • Куьша-Бухой[1] (J2),
  • Къахч некъе,
  • Къаьхьам (Тими) некъе,
  • Маршо некъе,
  • Незар некъе,
  • Овн (Эвн) некъе[1],
  • Сеге-Бухой[1],
  • Тевмин некъе,
  • Тойсалг некъе,
  • Уьта-Бухой[1],
  • ЧӀагӀал некъе,
  • ЧӀакъин (ЧӀакъанан) некъе[1],
  • Ӏалханан некъе[1],
  • Ӏамзи-некъе.

Куьша-Бухой а, Бедарг-хой а Ӏаллан йишин а, вешийн а берех схьабевлла.

Уьта-Бухой лулара нохчийн тайпанех а, шотойх а схьабевлла.

Ӏаларошна юкъахь Аьккхех бовлар долу Ов-некъи бу Ӏаллас тӀеэцна кхаьбначу кӀантах бевлла.

ГӀарабевлла тайпанан нах[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Сулейманов, 1997, с. 308.
  2. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. Сулейманов, 1997, с. 293.
  4. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 312.
  5. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
  6. Сулейманов, 1997, с. 344.
  7. Сулейманов, 1997, с. 454.
  8. Сулейманов, 1997, с. 563.
  9. Сулейманов, 1997, с. 496.
  10. Сулейманов, 1997, с. 558.
  11. Сулейманов, 1997, с. 559.
  12. Сулейманов, 1997, с. 562.
  13. Сулейманов, 1997, с. 555.
  14. Сулейманов, 1997, с. 508.
  15. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.3-14
  16. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.15-22
  17. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.31-33
  18. Глава третья. "Встать! Суд идёт... Возмездие" // Устинов В. В. Обвиняется терроризм. — М.: Олма-Пресс, 2002. — 414 с. ISBN 5-224-03882-0

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]