Чулацаман тӀегӀо

Тайпа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Нохчийн а, гӀалгӀайн а тайпанаш
Нохчийчотнан хӀост ГӀалгӀайчоьнан хӀост
Нохчийн а, гӀалгӀайн а тайпанаш
Айткхаьллой • АргӀаной • Ачалой • Аьккхий • Аьрсалой • Аьрсаной • Балой • Барчхой • Басахой • БелгӀатой • Белхарой • Булгучхой • Беной • Беркой • Билтой • Бийтарой • Багачарой • Боной • Буной • Буосой • Буттий • БӀовлой • Варандой • Ваштарой • Ваьппий • ГӀандалой • Галай • Гезлой • Гендаргной • Гуной • Гухой • ГӀарчой • ГӀаттой • ГӀордалой • ГӀулой • Дишний • ДӀай • Евлой • Жей (Жевой) • ЖогIалдой • Зандакъой • Зумсой • Зурзакъой • ЗӀогой • Икъарой • ИхӀарой • Ишхой • Кей • Кевой • Келой • Кирий • Кулой • Курчалой • Кушкаш • Кхархой • Къовстой • Къоьзуной • КӀенхой • КӀесалой • Лаьшкарой • Лолохой • Макажой • Маьршалой • Мелардой • Мержой • Меркхой • Мужахой • Мулкъой • МӀайстой • Нашхой • Нижалой • Ноккхой • Нохч-Келой • Овршой • Оздой • Орсой • Пешхой • Пхьамтой • Пхьарчхой • Ригахой • Садой • Салой • Сандухой • Саной • Саьрхой • Саьрбалой • Саьттой • Сесаной • Салгхой • Таркхой • Тумсой • Туркой • ТӀундукъой • ТӀерлой • Хилдехьарой • Хихой • Хой • Харачой • Хуландой • Хьаккой • Хьакмадой • ХьалгӀий • Хьаркъарой • Хьахецагеной • Хьачарой • Хьаьвхьарой • ХӀимой • ХӀиндой • ХӀиндахой • ЦӀесий • ЦӀечой • ЦӀикарой • ЦӀонтарой • Чартой • Чейрой • Чермой • Чонтой • Чубаьхкинарой • Чунгарой • Чхьарой • ЧӀаьнтий • ЧӀинхой • Шарой • Шебарлой • Шикъарой • Шинрой • Ширдий • Шоной • ЭгӀашбатой • Элистанжхой • Энакхалой • Энганой • Ялхой • Ялхорой • Ӏаккой • Ӏалларой •
Ков:Нохчийчоь, Ков:ГӀалгӀайчоь

Тайпанах къаьмнийн (нохчий, гӀалгӀай, бацой) шена йукъахь болчеран цхьаннах йа цхьанхьара схьавалар долу адамийн дакъа ду, тера ду, йуьхьанца дуьйна мехкаца а, гергарлонашца а цхьаьнакхетаран амал хиллачух. Тайпан структуран лар йогӀу йуккъера бӀешерашкара, хӀинцалерачу историн муьрехь а ладаме маьӀна ду дукхаха долчу вайнехан этносна, хӀетте а Нохчийчоьн а, ГӀалгӀайчоьн а тайп-тайпана кӀошташкахь хӀара термин кхетайо кхечу кепара а. Берриг а тайпа долчу муьрехь хийцамаш хилла цуьнан кхолларехь, ткъа иштта ца сецна вайнах баржар шайн «тайпанан мехкан йоцу» кӀошташкахула, кхечу регионашкахула, цуьнан жамӀ ду тахана нохчийн, гӀалгӀайн, цхьайолчу ДегӀастанан ярташкахь иттаннаш бес-бесара тайпанаш хилар.

Яй

Вайнехан дош тайпа, схьадаьлла хила тарло, Ӏаьрбийн дашах таифа, цуо билгалйоккху «тоба», «йукъаралла» (Ӏаьр. طائفة‎‎ [ˈt̪ˁɑːʔifa], множ. طوائف [t̪ˁɑˈwaːʔif], Ӏаьр. طاف‎‎ [ˈt̪ˁɑːfa] — «араваьлла лела»[1]). Азербайджанийн маттахь азерб. tayfa изза 'тайпа' ду. Киргизийн маттахь тайпа 'тоба' йу. Талламхочуна Л. Илясовн хета, тайпа дош Нохчийчу ца кхаьчна XVII бӀешарал хьалха, ткъа хьалха вайнехан хилла тайп-тайпана гергарлонийн кепийн цӀераш кхечу тайпана хилла[2]:33. Нах меттанашкахь тайпа дешан, Ӏаьрбийн таифа санна, кхин маьӀна а ду — «кеп», «сорт», «класс». Этнографа С. А. Хасиевс билгалдоккху, цхьаболу меттигера «талламхой кхийрира тайпа цхьатерра ларар этнографин тайпанца…»[3]:73, хӀунда аьлчи тайпа термин дукха чолхе ду. Вайнехан истори дика евзаш волу А. А. Саламовс йаздина: «Нийса ца хета оьрсийн матте „тайпа“ дош гочдар род аьлла (нагахь йуьйцург социалан-экономикин категори ялахь)»[4].

Бес-бесара йу тайпанийн цӀерийн этимологи: дайн цӀерех схьаевлла[5] (гендаргной, цӀонтарой, хӀимой, кхин а), беха меттигах евлла[6], белхан говзаллех евлла[6] (бIавлой — «бӀаьвнаш йуттурш»), хьалхалерачу социалан хьолах евлла[6] (белгӀатой — «цхьанна болх бийриш», ялхой — «ял луш берш»), тӀеман тобанаш[2]:35 (лаьшкарой — «гӀодаран тобанаш», ширдой (ширдий) — «ширда герз лелориш»).

Терминан кхетам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Таханлера Ӏилманан терминологица вайнехан тайпа схьадалар цхьаъ долу, тера долу тоба йу. Иштта кепаш дукха хьолахь тайп-тайпана кхетам болуш хуьлу шеш лелош болчеран а, талламхошна йукъахь а[7]. Кавказйовзархойн белхашкахь тайпа термин билгалдаккхар къаьсташ хила тарло — иза билгалдоккху этносан йукъараллица, социалан йукъараллица, ткъа наггахь ийна — этно-социалан. Ондда ламасталлин структура хилла вайнехан этносан фрагментаци хьоьжуш, талламхоша дукха хьолахь хаамаш бо нохчех а, гӀалгӀайх а — наггахь бен ца хьахадо Бацойн тайпанаш[8].

Бевзачу историн муьрехь кхолладелла тайпа классикан тайпана йукъадахийта мегар ду, шен амал йолчу йукъарчу ден а, тӀехьенан силсилан идейн мифологица а[7].

Вайнехан тайпа олу дайшаха схьадаьллачу, геннара дуьйна йукъара беха мохк болчу гергарлонийн цхьаьнакхетарх, кӀеззиг къаьсташ ду нохчийн тайпа.ЦӀийн нахана санна тайпанара массарна а кхочуш йац чӀир, ца хила тарло йукъара бахам а. Тайпа билгалдоккху тайп-тайпана варианташ:

  1. М. А. Мамакаев, 1973. Тайпа (XVIII — XIX бӀешерийн муьрера) — адамийн цхьанакхетна гергара тобанаш йа доьзалаш, схьабовлар йукъара дех болуш, кхолладалар кхолларан йукъаметтигаш бух тӀехь долуш. Цхьатерра бакъонаш йолу тайпана декъашхой, вовшашца цӀийн уьйр йолуш бара ден агӀора. Кхечу дешнашца аьлчи, нохчийчун а, гӀалгӀайчун а кхетамца тайпа — ден агӀора (патриархалан), экзогаман адамийн тоба йу, цхьаьна йукъарчу дех схьайалар долу[9]:21-23.
  2. С. А. Хасиев, 1986. Тайпа — йуьхьанцара наха кхоьллина бахархойн лахарчу чкъоьрийн йукъаралла, шен бакъонийн социалан къийсамехь уьш цхьаьнатоха Ӏалашо йолуш, тӀаьхьуо, классан йукъараллин муьрехь, тайпа оьшуш ца хуьлу. Тайпанан лар хуьлу бес-бесара этносин, чкъоьрийн, географин, кхоллараллин амалехь. Тайпанан йукъараллин институт кхолларан коьрта бахьна ду вайнехан ахархойн феодалашна дуьхьала болу къийсам, шайчарна а, тӀебаьхкинчарна а[3]:75-76.
  3. Т. А. Мазаева, 1999. Тайпа — ден агӀора цӀийца гергара доьзалаш цхьаьнакхетар, уьш хила тарло 30 - 40 чкъор, дукхаха долчу цхьаьнакхетарийн хуьлу ах туьйра хилла да. Хьалха тайпанийн хилла шайн мохк, кешнаш, тӀеман бӀевнаш, дин лелон меттигаш[5].
  4. Л. Ильясов, 2001. Тайпа — «шен мохк болу, йукъара экономикин а, бакъонан а, идеологин а бух болу социалан кхолларан функци кхочушъеш йолу (аьлчи а пачхьалкхан функци лахарчу тӀегӀанехь) институт йу». И цхьаьнакхетар хуьлура цхьаъ йа масех йуьртах лаьтташ, амма иза мегар дац таръян цӀийнан кхолламех, типологехь иза дусталур ду классикан йуьртан йукъараллица[2]:33.

Тайпанийн барам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀинцалерачу вайнехан къаьмнашна (бацой, гӀалгӀай, нохчий) йукъахь а, йуккъера бӀешерашкара вайнехан мотт лелочарна йукъахь а, кхин а, дукхах берш, гӀалгӀайн а, нохчийн а этногенезехь компоненташ хилла болу), дерриг тайпанаш дагардан чӀогӀа хала ду, таханлерачу дийнахь талламхоша ло нийса доцу терахьаш[10]. Иза доьзна ду, ша термин тайпа чолхе хиларх, шайна нахашна йукъахь кхетадо тайп-тайпанчу кӀошташкахь бес-бесара, цундела, масала, тайпан къаьстина доза дац гарах а, некъех а (тайпан геннаш) йа фамилех. ХӀинцалера Ӏилманан бевзачу вайнехан историн муьрехь (XVI—XVII бӀешераш), гуттаренна йоьду тайпанаш хийцадаларан процесс, цхьадерш дайна (церан векал кхалхара тӀемашкахь, дӀакхалхара луларчу регионашка йа ассимиляци йора кхечу тайпанашца), цхьадолу тайпана кхолладелла (наггахь, вайнехан доцу этносаш дакъа а лоцуш), иштта хилла даккхий тайпанаш деба а дебна кегийрачу тобанашна декъалуш, цхьацца дакъош царех, хан-хене йаьлчи, шешша тайпанаш хуьлуш. Тайпанийн вовшен ассимиляци йаран динамикан процессаш бахьнехь, талламхошна йукъахь кхоллало харцонаш билгалдаккхарехь, билггала муьлха девзаш долчу йуккъерачу бӀешерийн ломан тайпанех вовшахкхетна нохчийн а, гӀалгӀайн а къаьмнаш[11].

  • Бацой/цӀов-тушинаш. Бацойн тайпанийн барам тахана теллина бац.
  • ГӀалгӀай. ГӀалгӀайн 50 сов тайпа ду.
  • Нохчий. XIX бӀешерашна йуккъехь нохчийн йукъаралла латтара 135 сов тайпах, царех 100 гергга цхьаьнатоьхнера 9 тукхуме[9]:18-19, тахана дагардо 100—110 «ломан тайпа» а, 60—70 «аренан» а[12][~ 1]. Кхуза даладо деккъа нохчийн тайпанаш доцуш, кхин а «керла» тайпаш, цхьацца историн бахьнашца кхолладелла, аьлчи а натурализаци йина луларчу къаьмнийн векалш, шайн дай ширачу заманахь вайнахах а хилла, цхьацца бахьнашца ассимиляци йина, амма йуха шайн орамашка цӀехьабирзина.[12]. Бакъ ду, церан дацара Нохчийчохь тайпанан лаьмнаш, йукъараллин латтанаш, шайн белла гергарнаш дӀабохка тӀулгах дина маьлхан кешнаш. Амма бухарчу бахархойн масалца цхьаьнакхетара цӀийца долчу гергарлонашца, цара гӀо дора шайн йукъараллин декъашхошна, шайн гергарниг вийча кхайкхайора чӀир, лелайора кхин а йукъараллехь лелон йеза тайпан бакъонан институтан принципаш[9].
  • Аьккхий. Аьккхийн тайпанийн барам тахана теллина бац.
  • Орстхой. Орстхойн тайпанийн барам тахана теллина бац.

XX бӀешеран 20-гӀа шерашках дуьйна советийн Кавказан талламхошна йукъахь лелаш дара тезис, вайнехан йукъаралла 1917 шеран Октябран революци хиллалц тайпана тӀегӀанехь лаьтташ гарца доьзна[13]:294. Масала, историка-марксиста М. Н. Покровскис йаздора: «XVIII бӀешеран чекххенгара Нохчийчоь — феодалан заманал хьалхара патриархалан-тайпанийн демократин пачхьалкх йу»[14], гӀараваьллачу историка а, хьостӀаморхочо а Е. Н. Кушевас иштта Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а XVI—XVII бӀешерашкара ломан кӀошташкара бахархой бара «тайпанан-цӀийнан кхолламашкахь» аьлла жамӀ дира[15]. Вайнехан йукъараллаш кхиарехь тӀехьайисина бохучу гаршца, иза емалдан гӀертарх доьзна ду, XX бӀешеран 30-гӀа шерашкахь меттигера талламхоша а ала гӀортар вайнехан йукъараллин-экономикин хӀоттам тайпан-цӀийна — «тайпизм» йа «тайпан хӀоттам»[16]. Оцу хьежаршна дуьхьалавелира М. А. Мамакаев шен белхаца «Нохчийн тайпа декъадаларан муьрехь»[9], цу чохь цуо дӀатеттира 1917 шеран революцел хьалха вайнехан тайпанан цхьаалла гар, церан йукъараллин ца гина хилар шайна йукъахь чкъоьрашна декъадалар а, йукъараллин антагонизм а. Шен балхехь цуо гайтира, тайпано, бӀешерийн исторех чекхдаьлла, цхьаьна муьрехь кхечира хьалхалерачу тайпанан цхьаалла йохаре. М. А. Мамакаевн таллам гӀарабелира, шозза йуха зорба туьйхира 1960-гӀа — 1970-гӀа шерашкахь. Оцу белхан критика ечарна йукъахь хаъал реза ца хилар гайтира гӀараваьллачу нохчийн этнографа С. А. Хасиевс, цуо бахара, нохчийн тайпана цхьацца агӀонаш М. А. Мамакаевс гӀалатца цхьаьнатуху Л. Г. Морганан ирокезийн классикан тайпанан кхетамца[3]:70-72.

XX бӀешеран шолгӀачу декъехь, нийса а, гома а, вайнехан тайпан бала айбира шайн белхашкахь цхьа могӀа гӀарабевллачу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а историкаш а, этнограф аш а: Ш. Б. Ахмадовс, Л. Ильясовс, Т. А. Исаевас, Т. А. Мазаевас, И. М. Саидовс, А. А. Саламовс, А. С. Сулеймановс, С. А. Хасиевс, К. 3. Чокаев, А. И. Шамилевс, кхечара а, амма тайпанийн истории тахна къовсаме йу, цхьадолчу хеттаршна хӀинца а жоьпаш дац, кӀезиг теллина а йу монографин агӀора[13]:295.

Кхолладалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Тайпанаш а, тайпанийн кхоллам а йукъараллин чкъоьро кхоьллина, кхолладалар а, къагар а цуьнан дуккха а шира ду вайнехан историн муьрал, цуьнца дуьстича йуьззина реконструкци йанло шен социалан институташна ма-гарра».

Тера ду, тайпа-тукхуман структура (гӀалгӀайн — шахьар) Тимар Кавказан тӀелеттачул тӀаьхьа XIV бӀешарахь кхоллайаларх. Талламхочун Л. Ильясовн хетарехь, вайнехан йукъараллаш хӀаллакйар дӀадаьхьира церан пачхьалкхан институташ йохаярца, шайн урхаллин некъийшца а, нохчийн, гӀалгӀайн дайша бӀешерашкахь гулйина йолу цивилизацин урхаллин говзаллийца а[2]:34. Этнографа С. А. Хасиевс хуьлийта тайпанин институташ кхоллайаларан зама XIV бӀешерашкахь, тӀаккха а кхин хьалхо хилар а могийта.[3]:75-76. Иштта йу гипотеза (А. Х. Танкиев[17]), вайнах XIII бӀешарахь, монголаш тӀелеттачул тӀаьхьа, вовшехкхета йолайелира тайпана союзаш мостагӀашна дуьхьало аьттонца ярхьама. Дукхаха болу талламхойн ойла цхьаьна йогӀу, политикин а, экономикин а хьал ледара долчу муьрехь, вайнах мостагӀчун Ӏаткъамца беркате аренашкара луьрачу лаьмнашка хьалабаха безарна, кхоьллира кхолламан социалан модель кхолламан ницкъийн лахарчу кхиаран тӀегӀанехь хиларо а, классийн йукъараллин дифференци ца хиларо а — тайпа.

Тайпанаш кхолладаларехь хила тарло агӀонаш[2]:36: 1) махкара йукъараллаш цхьаьнакхетар (царна йукъахь тӀеман нах хевшина меттигаш, пхьерийн йукъараллаш), 2) шорйалар цӀийнан нехан кхолламаш, царна социалан функцеш йалар, аьлчи а тайпана функцеш, 3) тайпа кхиар гулахь хевшинчу кхечу махкара тобанех.

Ичкерин мур

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Ичкерин хӀост, седарчаша гойту исс тукхум.

1990-гӀа шерашкахь, ССРС йоьхначул тӀаьхьа, къобалъянза йолчу пачхьалкхан кхолламехь Ичкерехь гӀоьртира тайпанийн социалан институтийн Ӏаткъам чӀагӀбан, цуьнца цхьаьна денъеш шира бакъонийн база — Ӏадаташ. Дуьйцуш дара тайпанийн парламент а, тайпанийн правительство а яр. Ишттачу политико талламхойн дика а, гӀуо а ойланаш кхоллайора. Масала, Л. Ильясовс 2001 шеран цхьаьна белхачохь билгалдоккху: «тайпанийн структуран реанимаци яро лаахь а, ца лаахь а пачхьалкх йохор йу». Тахана а цхьаболу российн политикаш иштта йийца йаьккхина Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а административан-урхаллин структура тайпан системан бух тӀехь йаран романтикан, амма, тера ду, дукхах берш царех цхьан а кхетам болуш бац тайпанан социалан категорех, йа цуьнан таханлерачу нохчийн а, гӀалгӀайн а йукъараллин функцех а[2]:33.

Нохчийн-гӀумкхийн мехкаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Малхбалера нохчий XIX—XX бӀешерашкахь массашкахь кхалхар бахьнехь, хилла цхьацца кегареш аьккхийн (аьккхий/Ӏовхой) тукхуман векалийн йа цигахь бехачу гӀумкийн йу оцу меттигера цхьа могӀа ярташ. Къовсаме мехкаш ду Теркан-ГӀой-хин шина хин йукъара ГӀумкийн акъари (таханлере Къилбаседа ДегӀаста). Масала ду Кизилюртан кӀоштара Чонт-Эвл. Талламхоша А. А. Адисултановс[18], А. В. Твердыйс[19], кхечара а дуьйцу цуьнан цӀе нохчийн тайпанах Чонтойх йаьлла бохуш, ткъа Г. А. Сергеевас[20], Ю. М. Идрисовс, кхечара а лору оцу йуьрта хьалха гӀумкий ховшар, ткъа нохчий тӀехьа баьхкина бохуш. Паччахьан Российца хилла Кавказан тӀом, ткъа тӀаьхьуо нохчийн а, гӀалгӀайн а депортацино миграци вайнехан бахархойн, уьш шозлагӀа ховша болабелира ДегӀастанарчу ярташка охьа, йухабоьрзуш Нохчийчоьнан ломан кӀошташкара йа арабаьхначу меттигашкара, цуо дира этносашна йукъарчу девнийн жимма эскалации, политикин бос а бира регионан бакъ болу бахархойх долчу хаттарна[хьост?].

XXI бӀешо долалуш гӀалгӀайн а, нохчийн а таханлера нах этносан тайпан фрагментацех йолу ойла чолхе йу. Нахе динчу хеттаршкахь, бахархойн цхьаьна декъана хета, тайпано дӀахьо шена тӀехь билгалйаьхна социалан функцеш хӀинца а, халкъан дахарехь доккха маьӀна долуш а ду. Оцу респонденташ чӀагӀдо, тайпанаш хиларо нах этнос лардо арахьарчу Ӏаткъамех — таро ца ло вайнахана шайн шакепаралла яйа, Ӏалашбо вайца богӀуш боцу кхечу къаьмнийн Ӏаткъамех чура а, арара а — тайпанийн йукъараллийн декъашхой кӀезиг емал бо шайн социумехь. Хеттарш динчарна йукъахь нисло дӀахьедарш а: «нохчий — тайпанийн йукъаралла йу, иза массарна а хаа деза. Ткъа цунах ца кхетарг, цхьанне хӀуманах кхеташ а вац»[~ 2][7].

Респондентийн кхечу дакъано лору, вайнеха тайпанаш доьхна, вайн деношкахь уьш дан а дац. «Тайпанаш дӀадевлла. Дисина формалан тардалар ламасталлин атрибут санна. Кегийрхоша тӀе а ца лоцу иза баккъала а. Вовшешца девнаш хилла тайпанаша вовшен зударий балабо. КӀенташа зударий идабо — цул тӀаьхьа мостагӀах гергарниг хуьлу»[~ 3]. Жоьпаш деллачарна йукъахь нисло ойла ерш, «суна тайпа — стеган доьзал схьабаларан географи йу»[~ 4][7].

Мухха делахь а — лелайой тайпано йоккха социалан роль йа формалан лелайо? Тахана вайнахана йукъахь, тайпа билгалдаьккхича, къамел дечарна кхочу гӀеххьа чулацаме хаам: царна хаьа шеш схьадевлла меттиг, гергарнаш мичхьа беха, йукъара бевзаш берш билгалбахало, цуо таро ло вовшен йукъарчу къамелехь тешам бала. Кхета деза, тахана йукъара гергарлонех йолчу ойлан ладаме роль хилар тайпанан ша-кепаралла латторехь, амма дукхах болу тайпанан декъашхой кхета, биологин гергарлонийн кхетам — жамӀ ду социалан конструкцин[21].

Тайпан функцеш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Тас-ГутӀера бӀов

(нох. ЧIаьнтaчӀаьнтий тайпанан йурт).

Тайпа кхолладаларан хьесапаш[13]:308-313:

  1. Цхьалла а, талхамзалла а тайпана йукъаметтигийн хӀора тайпанара стеган.
  2. Йукъара латтанашна бакъо.
  3. Дерриг тайпано кхечу тайпана чӀира кхайкхаяр шайн тайпана стаг вийча йа цӀе кхоьллина стаг сийсазварна.
  4. Шен тайпана зуда ца ялаяр.
  5. Цхьа зулам йа бала хилча цхьацца шайн тайпанарчу нахана гӀодар.
  6. Тайпана стаг велчи — дерриг тайпа тезетахь латтар. Луьра цамагадар самукъане меттигашкахь латта.
  7. Тайпанан коьртехь хилла тайпанан хьалханча — Къанойн Кхеташон корта.
  8. Къанойн Кхеташоно тайпанан хьалханча харжар, и дарж дас кӀанте дӀалуш ца хилла.
  9. ХӀора тайпанан хилла шайн Къанойн Кхеташо.
  10. Къанойн Кхеташо хоржуш хилла хьекъале а, лераме а болчу бакхий нахах, церан бахаме а ца хьоьжуш.
  11. Къанойн Кхеташонан гулам биллина хилла, муьлхха а нохчий шен лаамца цига ванн йиш а хилла, дош деха а, шен хетарг ала а йиш хилла.
  12. Къанойн Кхеташонан массо а декъашхочун цхьатерра бакъонаш хилла.
  13. Тайпана бакъо хилла дӀаваккха а, хӀотто а шайн хьалханча а, баьчча а.
  14. Зударийн бакъо ца хилла бакъонан белхаш луьстуш дакъалаца.
  15. Бакъо хилла хира тӀеэца хира нах — шайн тайпанан йукъа иэца.
  16. Веллачун бахам тайпанан декъашхочун долабалар.
  17. ХӀора тайпана шен цхьа цӀе хилла, иза кхочуш хилла тайпа кхоьллинчунгара.
  18. Тайпанан шен мохк хилла, шен тайпанан лам хилла.
  19. Тайпанан хилла тайпан бӀов, тайпа кхоьллинчо йина йа йайтина.
  20. Тайпанан хилла шайн кешнаш.
  21. Тайпанан хьошалла.

Тайпа социалан структура хилла хӀуттучу муьрехь цунна йукъахь тайп-тайпана гергара цхьаьнакхетарш, царех уггар доккханиг дара вар. Хан мел ели вар нохчийн маттара дайна, цуьнан кхин а шуьйра социалан функцеш тайпане кхаьчна, ткъа готтанаш — кегийра цӀийца гергарчу цхьаьнакхетаршка — некъешка; гӀалгӀайн вар кхетам бисина, амма маьӀна хийцаделла[2]:33, 35.

Тайпанан чоьхьара структура: доьзал → цӀа → некъи → гар → тайпа.

  1. Тайпанан коьртехь хилла церан тайпанара бен хила йиш йоцу хьалхамча, иза цхьаьна цӀийнаха хила везаш а хилла. Тайпана коьрте къанол сов муьлхха а хӀотто йиш хилла, амма тайпанан хьалха цуо динарш гуш хила дезаш хилла. Хьалхамча хоржуш хилла Къанойн Кхеташоно билгала йоцучу хенан. Хьалхамча харжар тӀаьхьенашца дӀалуш ца хилла. Тайпанан хьалхамчо куьйгалла деш хилла беккъа тайпанан гражданийн кхолламан.
  2. Къанойн Кхеташоно куьйгалла дора тайпанан дахарехь. Къанойн Кхеташоне хоржуш а ца хилла тӀаьхьенашка болх дӀалуш. Къанойн Кхеташо кхуллуш хилла векалийн хьесапца билгал йоцучу хенан, дукха хьолахь валлалц йа кхеташонан белхехь дакъа ца лацалуш лелацалучу хьоле кхаччалц. Къанойн Кхеташоно хоржуш хилла тайпанан хьалхамча а, тайпанан тӀеман хьалхамча а. Къанойн Кхеташо хоржура хӀора йуьртара векалех йа цуьнан йукъара тайпанан декъашхойн гуламехь, амма гуттарена йолу меже хилла еккъа Къанойн Кхеташо, гулам ца хилла. Гуламан Ӏалашо еккъа векал харжар хилла.
  3. ТӀеман хьалхамча – баьчча цӀийх ца хилчи а мегаш хилла, иза коьртехь хилла ерриг тӀеман кхолламан. Баьчча хоржуш хилла Къанойн Кхеташоно, тӀом бан хаар а, тӀеман майралле а хьожий. Баьччано тӀеман гӀуллакхан агӀора тайпанан хьалхамчо аьлларг ца дора.

Тайпано хӀиттош а, Ӏалашъеш а хилла этикан барамаш, оьздангала — эсалалла, бакъхьаралла, кечалла, дог цӀоналла, гӀиллакх[22].

Вайнехан йукъараллин чохь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цхьаболчу талламхоша тайпанан ло цуьнан ширачу варан функцеш, амма, нохчийн тайпана уьш елчи гӀалат хуьлу. Кхин цхьаьнакхетар, дуьххьала дуьйна тайпанан конкурент хилла долу вирд. Дуккха а меттигаш йу вайнаха вирдан вешийла тайпанан вешийлел лакха хӀоттош[3]:74.

  • Вар (ваьр) — цӀийца гергарло долу цхьаьнакхетар, берриг декъашхой цхьаьна дех бу[2]:35.
  • Вирд — динан йукъаралла.

Кавказан кхечу къаьмнашца

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вайнехан тайпанца цхьадолу дустарш дан мегар ду кхечу кавказан къаьмнийн терачу кепаша (С. А. Хасиевца)[3]:75-76:

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комменташ
  1. Этнограф Т. А. Мазаева сообщает о существовании в Чечне в различное время до 160 тайпов и 11 тукхумов (Мазаева Т. А. Предисловие к книге Хожаев Д. Чеченцы в русско-кавказской войне. — Гр., 1999), этнолог Ваха Гарсаев — о 134—164 тейпах (Екатерина Сокирянская. Ингушетия и Чечня: конец тейпов? // «Неприкосновенный запас», 2012, № 4(84))
  2. Из интервью с преподавателем истории Серноводского сельскохозяйственного техникума Исраилом Муртазовым. Интервьюер: директор проекта по Северному Кавказу Международной кризисной группы, член правления общества «Мемориал» Е. Л. Сокирянская, Чечня (Сокирянская, 2012, с. 150).
  3. Из интервью с ингушским этнологом, поэтом и публицистом, министром по внешним связям, национальной политике и информации Республики Ингушетия Я. С. Патиевым. Интервьюер: Е. Л. Сокирянская, Ингушетия (Сокирянская, 2012, с. 150).
  4. Из интервью с чеченским писателем и журналистом Усамой Байсаевым. Интервьюер: Е. Л. Сокирянская, Самашки, Чечня (Сокирянская, 2012, с. 150).
Хьосташ
  1. Баранов Х. К. Арабско-русский словарь. — 2007.
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 Ильясов Л. Чеченский тайп: мифы и реалии. Вестник «Лам», Бюллетень Международного общественного и культурного центра «Лам», № 4(8). — Гр., 2001 г.
  3. 1 2 3 4 5 6 Хасиев С. А. О социальном содержании института «Тайп» чеченцев (XIX — начала XX вв.), «Вопросы политического и экономического развития Чечено-Ингушетии (XVIII — нач. XX вв.)» — Гр., 1986.
  4. Саламов А. А. Не затушевывать социальные противоречия прошлого. Известия ЧИНИИИЯЛ, т. 4, в. 1. — Гр., 1964.
  5. 1 2 Мазаева Т. А. Предисловие к книге Хожаев Д. Чеченцы в русско-кавказской войне. — Гр., 1999.
  6. 1 2 3 Чокаев К. 3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16.)
  7. 1 2 3 4 Сокирянская, 2012, с. 150.
  8. Павлова, 2012, с. 55.
  9. 1 2 3 4 Мамакаев М. А. Чеченский тайп в период его разложения. — Гр., 1973.
  10. Павлова, 2012, с. 62.
  11. Ахмадов Ш. Б., 2002, с. 44.
  12. 1 2 Вачагаев Майрбек. Современное чеченское общество: мифы и реальность. — Швеция: CA&CC Press® AB. журнал № 2, 2003. — С. 26.
  13. 1 2 3 Ахмадов Ш. Б. Чечня и Ингушетия в XVIII — начале XIX века. (Очерки социально-экономического развития и общественно-политического устройства Чечни и Ингушетии в XVIII — начале XIX века). — Элиста: АПП «Джангар», 2002.
  14. Покровский М. Н. Дипломатия и войны царской России в XIX веке. — М., 1923. — C. 200.
  15. Кушева Е. Н. Народы Северного Кавказа и их связи с Россией в XVI — 30-е годы XVII в. — М., 1963. — С. 80-81.
  16. Революция и горец, журн. № 4. — Ростов-на-Дону, 1931. — С. 24.
  17. Танкиев А. Х. Ингуши. — Саратов, 1998.
  18. Адисултанов А. А. Акки и аккинцы в XVI—XVIII веках. — Гр.: «Книга», 1992.
  19. Твердый А.В. Топонимический словарь Северного Кавказа. Ч. 1, 2. — Краснодар, 2006. (Архивйина 2010 шеран 6 октябрехь).
  20. Сергеева Г. А. , Булатова А. Г. Традиционное и новое в современном быте и культуре дагестанцев переселенцев. — Москва: «Наука», 1988.
  21. Сокирянская, 2012, с. 150-151.
  22. Гродненский Н. Н. Первая чеченская. Минск: ФУАинформ, 2007. — 720 с. ШЫИТ 985-6721-10-5

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]