Гуной

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
Гуной
Эвтархойн Ахьмад
Эвтархойн Ахьмад
Кхин цӀерш Гуьной
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт Нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Гуной йа ГуьнойНохчмахкахойн тукхумера нохчийн даккхийчех цхьа тайпа. Тайпанан векалш масех гаплотобанера бу J1, J2, I2, амма алсама берш J1 тобанера бу[1]. Н.Г.Волковас лору хонаш-гуннаш дегӀастахойн а, Хой, Гуной тайпанин а дай[2].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпанан мохк Нохчмахкахь бу. Гуьнан доза ду: къилбехахь Курчалца а, ЭгӀашбетаца а, малхбузехь Элистанжаца, малхбалехь РегӀатӀаца, лаьтта Гумс а, Хул-Хуло а хишна йукъахь, ткъа къилбаседехь ломан кӀажошкара Нохчийн акъари тӀе долу доза.

Гуьнан чуйогӀу нах беха меттигаш: Абубакаран кӀотар, Анзоран кӀотар, Байсаркъайн кӀотар, Бенойн-КӀотар, Вир-ХотӀе, Гуьна, Идин кӀотар, Марзойн-Мохк, Месдой-КӀотар, Ровзатан кӀотар, Хьажин кӀотар, Хьажин эвла, ЦӀен Ведана, Эвтара[3].

Гунойн тайпанан лам Эртен-Корт корта бу.

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуной баьржина йарташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуной беха меттигаш: Бена-Йурт[8], БердакӀел[9], Гелдаган[4], Гермачиг, ГӀулоз, Дубовски, Жалкх, Майртуп[10], Макане[11], Мескар-Эвла[4], НикӀи-ХитӀа[12], Оьрза-ГӀала, Соьлже[13], Хаьмбин-Ирзе, Цоци-Эвла, Чечана[14], Лаха-Невре[15]

Генеалоги[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гунойша дийцарехь уьш эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенах бу, ткъа схьабовлар кхаа вешех Гундалах, Гундаргенах, Нижлах ду. Гендарганойша дийцарехь, Гандар а, Гуно а вежарий хилла, ткъа церан йиша Курчала хилла[16].

Амма тайпанан векалш йелла ДНК тесташ гойту иза бакъ ца хилар. Гиехе некъе J2 гаплотобанера бу, Саккхой Ӏ2 тобанера бу, ткъа кхин долу 8 некъех болу Гуной J1 тобанера бу. Гендаргной а, Нижалой а J2 гаплотобанера бу. Цуьндела Гуношна а, Гендарганошна а йукъахь зӀе йац, амма Нижалой а, Гендаргной а гергара хила таро йу.

Тайпан генеалоги: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан – Сайд-Ӏали – АргӀун – Шайхуль – Ислам – Джамалуддин – Нурдахьад. Оццехь зӀе хеда хаамаш ца тоарна. Гундал (ЦӀен Ведана йиллинарг) – Гунам – ЧӀодул – Эски (Эвтара йиллинарг) – Гуммалт (Хьеший ховшучу меттигехь йуьрт йиллина) – Дата (Йуьртан коьрте олучу меттигехь охьахиина) – Эвриг (Дехьа Гуьна йиллина) – Алхаз – Уллуби – Эйбал.

Историн Ӏилманийн доктор, профессор, НР ӀА корреспондент волчу М.М.Ибрагимовс йалийна шен генеалоги: Гундал – Гунам – Уммалт – ЧӀодул – Эски – Паьрси – Гуммалт – Дата – Устар – Ажмот – Эвриг – Алхаз – Ӏали – Уллубай – Айбили – Ӏели – Хамбахьад – ГӀирма-Хьаьжа – Ӏабдулла – Кери – ТӀушал – ИбрахӀим – Муьсли – Мовсур.

Тайпа декъадалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуьной тайпа декъадалар (къовларшна чохь гаплотобанаш): Алдаргар (J1), Асхоран некъе, Гезайн некъе, Гиехе некъе (J2), Де некъе, Дудар некъе (J1), ЖӀаьнта некъе (J1), Куди некъе (J1), Мисарханан некъе (J1), МӀоми некъе (J1), Саккхой (I2), Солтайн некъе, УгӀайн некъе (J1), Ӏабдуллайн некъе (Месил J1), Ӏажматан некъе, Ӏумаран некъе[17].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шемара эмир Саид-Ӏали велчи, цуьнан меттиг дӀалецира кхечу тайпанчу стага. Цуьнан кӀенташна Сайд-Ӏалин, Абул-Ханан, Решед-Ханан, Хьамзат-Ханан ден меттиг дӀалаьцчи, ца лиира даймахкахь баха, уьш кхелхира къилбаседехьа. Кавказан лаьмнашкахь кхечира Курку-лам йа Кхеташ-кортан кӀоште, хӀинца ЦӀонтара а, Теза-Кхаьлла а лаьттача. Церан цхьаннах кхоъ кӀант вара – Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг – Гундарген охьахиира хӀинца Гендаргана лаьттача, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь висира. Доьзалаш а, даьхний а дебча, меттиг кӀезиг хилира ши ваша ца тарвелира цхьаьна меттигехь. Ший а кхелхира цигара. Нижал Яьссал дехьавелира, ткъа Гундала караберзийра Гумсан а, Хул-Хулон а йукъара мохк. Гундала йиллира ЦӀен Ведана эвла, валлалц вехира шен кӀантаца Джоулца цигахь. Джоулан кӀанта Эскис йиллира Эвтара эвла, ткъа Эскин кӀанта Камболата йуьрт йиллира Хьеший ховшучу меттигехь, Гуьнан къилбаседехьа. Цуьнан кӀант Дата охьахиина йуьртан Коьрте олучу меттиге, ткъа Датин кӀант Эврига йиллина Дехьа Гуьна. Иза хьалха Гуьна лаьттина меттиг йу.

Эвриган кӀант хилла Алхаз. Гуьнан тӀелетта хилла талорхой, цара йийсар вина Алхаз, иза кхечу махка лолла вохка йа дегара цунах мах баккха дагахь. Алхаз дӀа ца воьдуш доьхьало йина вийна талорхоша Мохе олучу меттигехь, цигахь хӀинца а лаьтта цунна доьгӀна чурт.

Алхазан кӀант хилла Улби, ткъа Улбин кӀант Эбал. Уьш берриш баьхна Дехьа Гуьнахь. Цигара дӀа тӀаьхьенаш екъаелли некъешна, баьржина ерриг аренан йарташкахула а, Теркал дехьа а.

Берса-Шайхан нана Гуьной тайпана хилла. 1591-1592 шерашкахь Берс-Шайх шариӀат даржо волавелла, Гунойн доккхаха долчу декъо ислам тӀеэцна, ткъа цхьа дакъа Теркал дехьа а бевлла гӀалагӀазкхашна йукъахевшина. Цара йиллина Оьрза-ГӀала дуьххьала охьахиинчу Оьрзан цӀарах[18]. Нохчийн историко Лаудаев Умалта йаздо, цхьацца бахьнашца нохчий уьдура шайн махкахойх гӀалагӀазкхашна йукъа а, гӀалгӀазкхий нохчашна йукъа а лечкъара. Оьрза-ГӀала бевдда баьхкира Гуьнара бахархой а. Дуккха шерашкахь цигахь бехаш гӀалгӀазкхашца гергарлонаш тасаделира, цаьрца иэбелира уьш. Амма Гуношна шайн мохк биц цалора, сих-сиха хьошалгӀа эхара, вовшен гӀо а дора[19]. Оьрза-ГӀалахь беха Гунойх бевлла гӀалагӀазкхий: БугаевгӀар, БусунгуровгӀар, ГришингӀар, ГулаевгӀар, ГуноевгӀар, ЕгоркингӀар, ЗакаевгӀар, ПолушкингӀар, РосламбековгӀар, ТиткингӀар[20][21]. ГӀалагӀазкхашна йукъакхетча кхечу къоман нахана барам а боцуш, оьрсашна санна латтан дакъош лора, эскаран капиталах ссуда а лора, герз лело бакъо а лора. Амма оцу дикане кхача керсталла тӀелаца дезара.

ХӀХ бӀешеран хьалхарчу декъехь Гумс хин аьрру бердаца, Хул-Хулон аьтту бердаца Гуна эвла лаьттина.

Марзойн-Мохк – Гуьнан къилбаседехьара эвла. ЦӀе кхоллайаларан шиъ верси йу. Хьалхара – мерза хи долу хьост ду. ШолгӀаниг – Марзой-махка дуьххьала хевшинарш Гуьной бу, Ӏабдуллайн некъех болу, цуьнан кӀентан ТӀушалайн воӀрий – Ханбахьад, ИбраьхӀим, Сайд-Ӏела (фамилеш ХанбахадовгӀар, ДилиевгӀар, ИбрагимовгӀар, кхин а). Цхьаболу кӀентий бехара Гуьнахь, ткъа церан зударша сих-сиха шайна йукъахь олура: «Марзой болчу гӀо вай». Доцца аьлчи, «марзой» цӀе кхоллайала тарло «мерза» дешах а, «марзой» дешах а[22].

Н.Семеновс йаздо шен жайнахь[23]: «Ӏаьндари эвлахь беха гуенаш, цара шеш нохчех Гуьна эвлара девлла боху, шеш Теркан а, ГӀой-хин а йукъара аборигенаш ду а боху».

Чечана йиллинарш Гуной а, ЦӀонтарой а лору. Халкъан этимологица, Чечана цӀе йаьлла Таркхойн Шовхалан йоьӀан цӀарах Чечах, иза тӀелеттачу хенахь йийсар йина йалийна хилла Гуьночо Чайнакха, тӀаьхьа цуьнан зуда хилла цунах. Масех кӀант вина цуо Чайнакхан. Уьш баьхна Гуьнахь. Майра велчи, шен кӀенташца Чеча кхелхина акъари тӀе, цара йиллина Соьлжан а, Органан а йукъахь кӀотар, цӀе Чечана тиллина[24].

ГӀарабевлла тайпанан нах[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  2. Волкова Н.Г. Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа. М.1973, с.130
  3. Сулейманов, 1997, с. 269.
  4. 1 2 3 Сулейманов, 1997, с. 494.
  5. Сулейманов, 1997, с. 462.
  6. Сулейманов, 1997, с. 273.
  7. Сулейманов, 1997, с. 274.
  8. Сулейманов, 1997, с. 553.
  9. Сулейманов, 1997, с. 482.
  10. Сулейманов, 1997, с. 499.
  11. Сулейманов, 1997, с. 562.
  12. Сулейманов, 1997, с. 304.
  13. Сулейманов, 1997, с. 466.
  14. Сулейманов, 1997, с. 478.
  15. Саиев, 2009, с. 478.
  16. Сулейманов, 1997, с. 321.
  17. Сулейманов, 1997, с. 270.
  18. Сулейманов, 1997, с. 269-270,614.
  19. священник Григорий Куценко Православная Чечня: «Мама, почему я ношу крестик? Почему я один?» (оьр.). Православный Мир (27 декабря 2012). Теллина 2014 шеран 14 апрелехь.
  20. Сулейманов, 1997, с. 613.
  21. М. М. Ибрагимов — «Что объединяет терских казаков и тейп гуно?», «Грозненский рабочий» № 34(20816)
  22. Сулейманов, 1997, с. 271.
  23. Туземцы Северовосточного Кавказа : (Рассказы, очерки, исслед., заметки о чеченцах, кумыках и нагайцах и образцы поэзии этих народцев) / Н. Семенов. — Санкт-Петербург : тип. А. Хомского и К°, 1895. — XVIII — с.237 — 239
  24. Сулейманов, 1997, с. 479.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]