Минцаев, Мовсар ТӀахӀирович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Italian traffic signs - icona teatro.svg
Минцаев Мовсар ТӀахӀирович
Movsar Mintsaev.jpg
Вина терахь 1952 шеран 8 апрель({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (67 шо)
Вина меттиг Караганда, Кхазакхстан, ССРС
Корматалла операн эшархо
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да Таир

Минца́ев Мо́всар ТӀахӀирович (1952 шеран 8 апрель, Караганда, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн операн а, эстрадан эшархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист, Российн Сийлахь артист, Сочехь хилла йолу эстрадан эшеран конкурсан лауреат (1980 шо), Глинкин цӀарах йолу конкурсан лауреат (1982 шо), Рио-де-Жанейрехь йолу Вила Лобоса цӀарах йолу конкурсан лауреат (1983 шо), халкъашна юккъера Шаляпинан цӀарах йолу конкурсан лауреат (1993 шо).

Мовсар Минцаев вина 1952 шеран 8 апрелехь Карагандахь. Цо чекхъяккхира П. И. Чайковский цӀе йолу консерватори. Cтудент волуш хенахь цо локхура «Иоланта» оперехь Робертан парти а, «Фигарон зудаялор» оперехь Фигаро парти а. 1979 шарахь цо толам беккхира М. И. Глинкин цӀе йолу Ерригсоюзан конкурсехь а, хьовсархойн жюрин а лакхара совгӀат а.

Мовсар Минцаевс эстрадехь болх бира. Доьшуш хенахь цунна вевзира композитор Али Димаев. Цера цхьана бина балхах кхоллаелира эшараш «Черная бурка», «К друзьям». Алексей Мажуковс язйина эшараш «Именем любви», «Сумерки зеленые» хьлахара лекхнарг Минцаев ву. 1980 шарахь иза хилира «Сочи-80» цӀе йолу Ерригсоюзан эстрадан эшеран конкурсан лауреат.

1982 шарахь консерватори чекхъяккхинчул тӀехь иза кхайкхира ССРС Йоккха театрехь болх бан. 1983 шарахь Рио-де-Жанейро хилла йолу Вилла Лобосан цӀе йолу конкурсехь дашо медаль яккхира.

Цо локха гуттара хала партиш: Фигаро, Алеко, Иван Грозный, Юлий Цезарь, Досифей, Кутузов, Дон Карлос, кхиераш а. 1993 шарахь Шаляпинан цӀе йолу халкъашна юккъера конкурсехь цо хьалхара меттиг яккхира.

ХӀинца иза ву Чайковский цӀе йолу консерваторин хьехархо. Цо концерташ ло, дӀаязйо романсаш а, нохчийн халкъан эшараш а, нохчийн а, оьрсийн а компоизтораш язйина эстрадан эшараш.

Дахар[нисъе | нисъе чухулара]

  • 19801982 шш. — Москонцертан солист.
  • 1982 — Москван консерватори чекхъяккхар. Лондоне стажировке вахар.
  • 19831990 шш. — Йоккха театран солист.
  • 19921994 шш. — «Керла операн» солист.
  • 19952001 шш. — Йоккха театран солист.
  • 2002 шо дуьйна — Москонцертан солист.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]