ДегӀаста

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Российн Федерацин регион

ДегӀаста


жӀай. Дагъистаналъул Республика
агул. Республика Дагъустан
азерб. Dağıstan Respublikası
даьргӀ. Дагъистан Республика
гӀум. Дагъыстан Республикасы
гӀазгӀум. Дагъусттаннал Республика
лаьзг. Дагъустан Республика
ногӀ. Дагыстан Республикасы
рут. Республика Дагъустан
таб. Дагъустандин Республика
цах. Республика Дагъустан


Flag of Dagestan.svg Coat of Arms of Dagestan.svg
Байракх ХӀост

ДегӀаста Российн картан тӀехь

Коьрта гӀала

ХӀинжа-гӀала

Майда

52-гӀа

- Массо
- хина тӀехуле %.

50270 км²
0,4

Бахархой

13-гӀа

- Массо
- Луьсталла

2 964 822 (2014)

58.98./км²

ДЧС

35-гӀа

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

285,3 млрд. сом. (2010)

78,3 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилбаседа-Кавказан

Экономикан кӀошт

Къилбаседа-Кавказан

Пачхьалкхан мотт

оьрсийн, жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн[комм. 1]

Республикан корта

Васильев Владимир

Халкъан гуламан
председатель

Шихсаидов Хизри

Республикан правительствон председатель

Здунов Артём
ХӀост Гимн Дагестана

РФ регионан код

05
ISO 3166-2 код RU-DA

Сахьтан аса

Москохан хан[d], UTC+03:00

Официальни сайт:

http://www.government-rd.ru/
Файл:Дагестан.png
ДегӀастан физикан карта

ДегӀастан Республика (ДегӀастан) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна юкъара республика[1]. Къилбаседа-Кавказского федералан гуон юкъайогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикан кӀоштан дакъа ду.

Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР юкъара автономин республика санна. Республикан коьрта гӀалаХӀинжа-ГӀала.

Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.

ДегӀастан Республикан Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастанахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна юкъахь йоза а ду, официалан статус а ю жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.

Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Таханлера ДегӀастан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, я мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.

Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[2]. Гуьржаша исторехь ДегӀастан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (я Лакз[3], я Легийн латташ[4]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидойш)[3][5].

«ДегӀаста» цӀе евза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (тюркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[6]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[7]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе юкъаяьлла X/XVI бӀешерашкахь[8]. «ДегӀаста» цӀе нийса яц историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастан АССР (хӀинца ДегӀастан Республика) юкъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу ерриг майданах[6].

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийчоьнан а, ДегIастанан а доза

ДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикан къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа яхъелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист ю (41°10' къ-с. ш.).

Гидрографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ДегӀастан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, юккъера а республикан дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.

Эркаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Республикан юккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна юкъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[9]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.

ДегӀастан къилбаседе климат екъа хиларна эркашца къиен ю. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[10].

Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, яккхий охьенаш а[10].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

КӀошташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Муниципалан кӀошт Бахархой Луьсталла, адам./км² Административан шахьар
1 Агулийн кӀошт 10 647 14 э. Тпиг
2 Акушан кӀошт 52 464 84 э. Акуша
3 Ахтан кӀошт 31 622 29 э. Ахта
4 Бабаюртан кӀошт 45 073 14 э. Бабаюрт
5 БежтӀан дакъа 9500 17 э. БежтӀа
6 Ботлихан кӀошт 53 408 77,2 э. Ботлих
7 Шури-ГӀалин кӀошт 72 761 40 гӀ. Шури-ГӀала
8 Гергебилан кӀошт 19 225 52 э. Гергебиль
9 Гумбетан кӀошт 18 482 25 э. Мехельта
10 Гунибан кӀошт 25 633 42 э. Гуниб
11 Дахадаеван кӀошт 37 439 25 э. Уркарах
12 Дербентан кӀошт 93 282 113,4 гӀ. Дербент
13 Докузпарин кӀошт 14 906 33 э. Усухчай
14 Казбековн кӀошт 41 927 75 э. Дылым
15 Кайтаган кӀошт 34 635 51 э. Маджалис
16 Карабудахкентан кӀошт 71 913 50 э. Карабудахкент
17 Каякентан кӀошт 55 323 87 э. Новокаякент
18 Кизилюртан кӀошт 80 450 150 гӀ. Кизилюрт
19 ГӀизларан кӀошт 65 966 21 гӀ. ГӀизлар
20 Кулин кӀошт 10 232 16 э. Вачи
21 Кумторкалан кӀошт 23 804 18 э. Коркмаскала
22 Курахан кӀошт 14 989 20 э. Курах
23 ГӀазгӀумкийн кӀошт 11 951 17 э. Кумух
24 Левашин кӀошт 68 712 82 э. Леваши
25 Магарамкентан кӀошт 61 187 93 э. Магарамкент
26 НогӀийн кӀошт 22 539 3 э. Терекли-Мектеб
27 Рутулан кӀошт 21 018 11 э. Рутул
28 Сергокалан кӀошт 31 454 54 э. Сергокала
29 Сулейман-Сталан кӀошт 56 081 83 э. Касумкент
30 Табасаранан кӀошт 54 205 68 э. Хучни
31 Тарумовкан кӀошт 31 654 11 э. Тарумовка
32 Тляратан кӀошт 23 069 15 э. Тлярата
33 Унцукулан кӀошт 28 710 51 э. Унцукуль
34 Хаси-Эвлан кӀошт 140 387 100 гӀ. Хаси-Эвл
35 Хиван кӀошт 19 979 32 э. Хив
36 Хунзахан кӀошт 30 702 56 э. Хунзах
37 ЦӀумадан кӀошт 22 683 21 э. Агвали
38 ЦӀунтӀан кӀошт 17 889 14 э. Кидеро
39 ЧӀарадан кӀошт 11 340 11 э. ЦӀуриб
40 Шемалан кӀошт 25 970 29 э. Хебда
41 Ӏовхойн кӀошт 27 367 126 э. Бони-Эвла
42 Ӏахвахойн кӀошт 21 326 73 э. Карата

ГӀаланаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀаланаш 2006 2007 2008
ХIинжа-ГIала 49 801 49 801 46 813
Шури-ГӀала 2095 2095 2095
Дагестански Огни 927 927 927
Дербент 7100 7100 6963
Избербаш 2292 2292 2255
Каспийск 3294 3294 3294
Кизилюрт 2370 2370 2370
ГӀизлар 3231 3231 3231
Хаси-Эвл 3848 3848 3848
Южно-Сухокумск 9170 9170 9170

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Комментареш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Согласно конституции, государственными языками республики являются русский и все языки народов Дагестана. Однако только 14 языков имеют свою письменность и функционируют как государственные.
  1. Конституция Российн Федерацин. Ст. 5, пп. 1, 2
  2. Юнус Дешериевич Дешериев Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963. — С. 554.

  3. 1 2 Историческая карта Грузинского царства и соседних территорий
  4. [Armenia, Colchis, Iberia, Albania, Etc.jpg]
  5. Происхождение Хунз.
  6. 1 2 Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь / Отв. ред. P. A. Агеева. — М.: Русские словари, 1998. — С. 130. — ISBN 5-89216-029-7
  7. Хазары: Миф и история. /Редколлегия: А. К. Аликберов, Т. М. Калинина, Т. М. Мастюгина, В. В. Наумкин, Е. Э. Носенко-Штейн (редактор-составитель), В. Я. Петрухин (редактор-составитель), В. С. Флёров, Р. Я. Эмануилов. Гешарим/Иерусалим — Мосты культуры/Москва, 2010.
  8. В.В. Бартольд Сочинения. — Наука, 1965. — Т. 3. — С. 408.
  9. Республика Дагестан. Архив йина хьалхара хьостан чура 2007 шеран 28 апрелехь.
  10. 1 2 Климат &124; Туризм в Дагестане(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 25 сентябрехь. Теллина 2010 шеран 24 мартехь.