Узуев, Мохьмад Яхъяевич
Узуев Мохьмад Яхъяевич | |
---|---|
![]() | |
Вина терахь | 1917 шо |
Вина меттиг | Итон-Кхаьлла, Терски область, Ставрополан губерни |
Кхелхина терахь | 1941 шеран 22 июнь |
Кхелхина меттиг: | Брест, Белоруссин ССР |
Пачхьалкх |
![]() |
Эскаран тайпа | гӀашлой |
БӀахойн дакъа | 333-гӀа гӀашлойн полк, 6-гӀа гӀашлойн дивизи |
ТӀемаш | Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Мохьмад Яхъя́евич Узу́ев (1917, Итон-Кхаьлла, Терски область, Ставрополан губерни — 1941 шеран 22 июнь, Брестан гӀап, Брест, Белоруссин ССР) — лакхара сержант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 6-гӀа Орловски ЦӀен байракхан гӀашлойн дивизин 333-гӀа гӀашлойн полкан дешеран взводан командиран когаметтаниг, Российн турпалхо (1996 шарахь, веллачултӀехь).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Мохьмад Узуев винера 1917 шарахь Итон-Кхаьллахь (тахана Итон-Кхаьллан кӀошт, Нохчийн Республика). Цо чекхъяккхира Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан институтан белхалойн факультет 1937 шарахь. Иза чекхъяккхича цо болх бира Итон-Кхаллера райкомехь.
1940 шо дуьйна иза армехь вара Белорусин ша-тайпа тӀеман округан 6-гӀа гӀашлойн дивизехь. Цо лахара куьйгалхойн полкан школа чекхъяккхира. Цул тӀаьхьа иза хӀоттира 333-гӀа гӀашлойн полкан дешеран взводан куьйгалхон когаметтаниг.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелча цуьнан полк яра и тӀом тӀелецначарех хьалхарниг. Немцой гӀап чулилхича хенахь, Узуевс шена гонах гранаташ а йихкина, царна юкъа иккхира.
1996 шеран 19 февралехь Магомед Яхъяевич Узуеван елира Российн Турпалан цӀе.
Виццавар[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Цуьнан цӀе ю Брестан гӀап ларйинчарна хӀоттина мемориалан тӀехь дӀаязйина.
- «Хачарой-Экх» Органан дозанера гӀапан Магомед Узуеван цӀе тиллина.
- Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь а, Итон-Кхаьллахь а болу урамашна.