Олхазар-КӀотар
КIотар | |
Олхазар-КӀотар[1][2] йа Алзур-КIотар | |
---|---|
Энгал-Чу | |
43°03′46″ къ. ш. 45°39′04″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Хьалха-Мартан |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 352 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5440 стаг (2002) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366505 |
Автомобилан код | 95 |
Картин тӀехь | |
Олхазар-КӀотар[1][2] — Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштан кӀотар йу. Олхазар-кӀотаран йуьртан меттиган административан йукъ йу. Эвла лаьтта 12 километр къилба-малхбалехьа кӀоштан йукъ йолчу Хьалха-Марта гӀалан.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гуонанахь йолу нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ГӀойтӀа, малхбалехьа — Чуьйри-Эвла къилбседа-малхбалехьа — Йоккха АтагӀа, къилбседа-малхбузехьа — ГӀой-Чу а, ГӀой-Йист а, къилба-малхбалахьа — Лаха-Варанда, Дуби-Эвла, ЧӀишка а, Дочу-Борзе а, малхбузехьа — Мартан-Чу а, Таьнги-Чу а[3].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]XVIII-XIX бӀешерашкахь, архиван хьосташца а, оьрсийн тӀеман операцийн карташца а ГӀой-Хин а, Энгел-Хин а йукъахь йаккхий эвланаш ца хилла. Амма оцу меттигехь, йуькъачу хьаннаш йукъахь хилла, Устарханан олуш йолу кӀотарш, дерриг а 3 эзар гергга цӀа долуш. Оьрсийн эскарша таӀзаран операцеш еш, 1847-1849 шерашкахь, уьш йерриг хӀаллакйира, ткъа дийна бисина нах кхалхийра Хьалха-Марта, ГӀойтӀа, БухӀан-Йурта, кхечу эвланашка а. Кавказан тӀом чекхбаьлчи паччахьан администрацис и латташ совгӀатан делира тӀаьхьенийн а бакъо йолуш оьрсийн гӀуллакхера нохчийн эпсаршна: Ганжуев Олхазарна, Джукаев Дубина, Мустафинов Довтмарзийна, Ногаев Канина, Цутиев Витушна, Чуликов Уллубийна, кхечарна а. Оцу лаьттан цхьа дакъа тӀаьхьа доьхкина керлачу дайшна. 1917 шеран революцил хьалха а, гражданийн тӀом чекхбаллалц и кӀотарш лаьтташ йара шен долара латта санна. Советийн Ӏедал хӀоьттинчул тӀаьхьа йолийра эвланаш йаккхий йаран политика. Уггаре йоккха кӀотарх эвла йина Олхазар-КӀотаран сельсоветан йукъ йира, оцу чу еира иттаннаш кӀотарш – Энгал-Чу, Йисехьатан кIотар, Берсин кIотар, Дубин кIотар, Хилдехьаройн кIотар, Заурбекан кIотар, Чайройн кIотар, Дацин кIотар, Эдалбийн кIотар, Элмарзин-мохк, БухIин кIотар, Юьспан кIотар, Калин кIотар, АгIин кIотар, Шалин кIотар, Жамолин кIотар. Уггаре а нийса оцу меттигийн цӀерийн истори гайтина Олхазар-КӀотаран микротопонимихь, цуьнан уггаре гӀараваьллачу йуьртахочо, гӀараваьллачу Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада[1][2].
Йуртахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Мухамед-Мирзаев, Хаваджи - Советийн Союзан Турпалхо.
- Сулейманов, Ахьмад Сулейманович (1922 шеран 1 май, Олхазар-КӀотар, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 1995 шеран 20 июнь, Олхазар-КӀотар, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн Ӏилманча, кавказйовзархо, хьехархо, поэт, художник, музыкант. Вевзаш ву цо язйина Нохчийн а, ГӀалгӀайн а мехкан топонимех а, тайпанех а лаьцна книгаш бахьнехь. Цунна елира Нохч-ГӀалгӀайн Республикин Халкъан поэтан цӀе. Иза вара Нохчийчоьнан пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Нохчийчоьнан а, СССР а йаздархойн Союзийн декъашхо.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 Нохчийчоьнан йартийн цIерш.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
- ↑ Карта Чечни Объём 8 МБ.
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |