Чулацаман тӀегӀо

Берд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏапказан берд Австралехь

Бе́рд — латтан а, хинна (хӀорданна, Ӏоманна, хи латтийлин) а йа латтан а охьадоьду хинна (эрканна, татолна, аьхканна шовданна) йукъара йукъаметтиган готта аса[1].

Берд кхин а олу бердан асанна тӀекхета латтан асанах.

ХӀордан йа Ӏоман тӀехало нлаьттах хьакхало аса нисса аса къасто, гуттаренна хин тӀегӀа хийцайаларна, таро йац. Цундела бердан аса билгалйоккху хин йуккъера дукхашерийн тӀегӀанан хьелашца, билламе.

Бердан зона лаьтта шех бердах (цуьнан хин тӀехулара декъах) а, хин бухара бердан басех а.

Хин бухара бердан басе — шен чохь тулгӀенаша жигара болх бан (бух дӀашарбан, чухьекха хӀуманаш дӀасалело) таро йолу, хӀордан бухан бердйистера аса.

Берд кхоллабаларан коьрта факторш йу тулгӀенаш а, тулгӀенийн Ӏовраш, ткъа кхин а харшан Ӏовраш. Бердаш шеш кхуьуш чекхдовлу цхьа могӀа муьрех, оцу муьрехь хийцало церан сиз а, хӀоттам а. ТулгӀенийн болх амале хьаьжжина бекъало абразионан, аккумулятиван, абразионан-аккумулятиван а, чолхе бердаш а.

ХӀордийн бердийн тайпанаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бердийн тайпанаш. Йуккъера ишколан 5-гӀа а, 6-гӀа а классийн атласан тӀера сурт, 1941 шо

ХӀордан бердаш къастало тайпанашца. Бердашна классификацеш йеш лору амал а, тулгӀенийн Ӏаткъаман жигаралла а. Классификацис чулаца деза дерриг тайпана бердаш, берд кхиаран тайпа билгалдоккху хьесапаш лара деза, берд кхиаран хӀокху заманан динамика гайта йеза, шайн тайпанашца бердийн картанаш дан таро йала йеза.

А. И. Ионина, П. А. Каплина, В. С. Медведевс йукъайаьккхина лахара бердийн классификаци, уьш кӀелайогӀу лакхахь багарбина бехкамашна[2]:

ХӀорд айаделла латтан тӀебеина хьелашкахь, кхоллало хедош долу бердаш, церан амалехь ду абразин Ӏункара йа клифан айманийн а, мерийн а чӀогӀа тайп-тайпана дийнна система.

Ӏункара бердийн масех бухара тайпа къастадо:

  • бердан йукъара агӀонна гергара латтар долу, дашийча кхолладелла чкъоьрнийн структурин, далматин бердаш. Антиклиналаша до архипелагаш, гӀайренийн бердийн йукъара агӀонца дахделла, ткъа синклиналаш-шуьйра татолаш (масала, Адриатикин хӀордан шуьйра берд);
  • риасан бердаш, кхолладелла ламанан мехкийн эркан тогӀенийн бердйистан сегменташ буха йахча;

Эркийн бердаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Рязань гӀалин кӀоштара Трубеж эркан тогӀенан берд.

Эркан берд[3] хила тарло эрозин (Ӏовраша хьокху) а, аккумуляцин (охьатекхо хӀуманаша ойу). Эркан бердашна йукъахь къастадо хин бухадоьду (тогӀенан) а, буха ца доьду (ораман, терхин) а.

Охьадоьду хин берд — эркан йа татолан харшан агӀонан доза. Хица охьанехьа вирзина къастабо аьтту а, аьрру а бердаш.

Ораман берд[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ораман берд[3] — орамера ламанан породех гулбелла берд, дукха хьолехь дислокаци йина. Аллювийн (эркан тогӀенашкахь, семса хӀордан) йа органикин (хӀордийн бердаш, маржанан рифаш) колламаша дина бердашна дуьхьала хӀиттадо.

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Берд — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  2. Шамраев Ю. И., Шишкина Л. А. Океанология. — Л.: Гидрометиздат, 1980, С. 257—260
  3. 1 2 Четырёхъязычный энциклопедический словарь терминов по физической географии. М., «Советская энциклопедия», 1979.

Хьажа кхин а[бӀаьра нисйан | нисйан]