Эскар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Эскар[1] (лат. armare — герз далар)[2] — азаллехь дуьйна а, йозуш йоцучу пачхьалкхан билгало. Эскар хиларо гойтуш хилла, цу пачхьалкхан шех жоп дала а, шен ниIматаш а, дозанаш а лардан аьтто буй. Тахана а эскаран декхарш хӀумма а хийцаделла дац. Муьлхха а, кхиъна яьллачу пачхьалкхан, тахана а эскар ду. Эскар цахилар — пачхьалкх шен лаамехь цахилар санна ларалуш ду. Амма ю цхьацца йолу кегийра пачхьалкхаш, шайн законашца билгал а даьккхина, эскар доцуш, я хир а доцуш. Цу тайпа масалаш кӀезиг а ду, пачхьалкхан хӀоттаме хьаьжжина а ду.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
  2. Военный энциклопедический словарь. — М.: Военное издательство, 1984.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]