Ӏовхой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тукхам
Ӏовхой
Ӏаккой тайпана Ӏовхой (ДагировгӀар, вовшахлатина сурт, Ширча-Эвла) Ӏаккой тайпана Ӏовхой
(ДагировгӀар, вовшахлатина сурт, Ширча-Эвла)
Кхин цӀераш Аренан аьккхий
Этноиерархи
Раса кавказан
Юкъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан
Ӏовхойн диалект
Дин • дин
ислам (суннийш)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
    НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
    ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар
Къилбаседа Кавказ:
Ӏовхой баьржина болу мехкан карта (Ӏовха)
Ӏовхой баьржина болу мехкан карта (Ӏовха)

Ӏовхой[1] — кхин цӀе нох. нахчо/нохчо[2] — нохчийн этнографин (субэтносин) тоба[3][4][5][6], ширалехь дуьйна бехаш бу Теркан-ГӀойхин шина хин юкъехь. Нохчийн ламастехь лоруш бу этноиерархин тукхам санна.

Ӏовхой бехаш бу Ӏовхойн, Хаси-Эвлан, Бабаюртан, Казбековн, Кизилюртан кӀоштанашкахь юккъерчу ДегӀастана. Мотт — нохчийн меттан Ӏовхойн диалект. Дин — ислам.

ХӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Тайпанаш: Барчхой, Билтой, Ваьппий, ГӀулой, Жевой, Зандакъой, ЗӀогой, Кевой, Кхархой, Мержой, Ноккхой, Овршой, Пхьарчхой, ЦӀонтарой, ЦӀечой, Чонтой, ЧӀентий Шинрой, Ӏаккой.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Шира истори[нисъе | нисъе чухулара]

Ширча-Эвла 1970 шеран 14 майхь мохк бегабале

ХӀинцалерачу талламхошна Ӏовха Ӏовхой охьахевшина зама ца евза. Охьаховшар генара хилар гойту уггаре ширачу эвлан цӀеро — Ширча-Эвла/Ширча-Юрт. Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэто А. С. Сулеймановс чӀагӀдора, аренан хаамашца, цхьаьна могӀара Пхьарчхошка эвланца, юккъера бӀешерера эвла Ширча-Юрт яра уггаре шира Ӏовхой хевшина меттиг. Бахархой тӀекхетар бахьнехь нисса кхузара дӀасабаьржина ГӀой-хин, Теркан кӀошташка, Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[7]. Меттигера бахархой автохтонаш хилар гойту цӀенна нохчийн цӀераш хилар ерриг аьлчи санна нах бехачу меттигийн.

XVI—XVIII бӀешерашкахь Ширча-Юрт яра ломан кӀажера ГӀой-хин тӀиера Яьсси тӀекхаччалц уггаре яккхийчех Ӏовхойн эвла. Нохчийн Ӏилманчо, и.Ӏ.к. А. А. Адилсултановс дийцарехь, оцу муьрехь а эвлахь хилла ийна тайпанаш[8]. Ширча-Эвла хьахайо XVII—XVIII бӀешерийн оьрсийн документашкахь йоккха юьрт Старый Окох (Шира Окох) аьлла[9][10].

Ӏовхой Геродота (вайн эрал V бӀешо хьалха даьхна) авхат цӀарца хьахийна, вайнехан тайпа Iавхар. Цундела и тайпанаш дуьххьара нохчий ца хилла и меттигаш караерзинчех. Вайн эрал III бӀешо хьалхара – вайн эрера хьалхарчу бӀешерийн Булан-Сухь, ГӀазар-гӀалахь, Бони-Эвлахь, Яман-Сухь динчу ахкаршкара археологин материалаш дуьйцу, и латташ оцу муьрехь дӀалаьцна хилла вайнаха. Иштта ГIазар-ГIала кхоллаелла вайн эрал I бӀешо хьалха. IV бӀешарахь гӀалан гуонаха вал бира, цуо гойту аренашкара кхерам кхоллабалар. VII бӀешарахь гӀап юьйжира гӀазарийн ницкъаца, цара оцу меттигехь юьйгӀира шайн чӀагӀо. Амма меттигера Ӏовхойн бахархой ца бов, ткъа юкъабоьлху ГӀазарийн каганатан. Шеман хьост «Захари Риторан рузман тептаро» хьахадо овхар къам 555 шарахь[11].

Баржар[нисъе | нисъе чухулара]

Географ, этнограф, артиллерист, российн тӀеман гӀуллакххо, 1728 шарахь Каспийн бердан карта хӀоттийна волу Гербер Густава, яздина нохчий хьалха бехара Каспий-хӀорд тӀекхаччалц. И верси бакъйира 1785 шарахь историко Чулков Михаила а, 1800 шарахь инарлас Кнорринг Богдана а[12][13][14].

Гербер Густава яздо:

Нохчийн хӀусмаш хьалха яьржинера Ӏаьндарин гкргара лаьмнаш тӀиера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц, амма цара гребенскан а, донан а гӀазакхашна даьхний а, говраш а лечкъош зулам дарна, 1718 шарахь масех эзар донан гӀазакхий хьажийра цига, цара дерриг церан латта дассийра, дукха нах байира[13][14].

Иштта хӀордайистте чӀара лаца богӀучу нохчех яздо немцойн оьрсийн гӀуллакхера новкъахочо а, натуралиста а Каспий-хӀордан йисттехь а, Нохчийн гӀайрен тӀехь а 1774 шо кхачале хилла волчу Гмелин Готлиба, цуо доьхкура гӀайренан цӀе Чечень нохчийн этнонимца[15]. Географин Ӏилманийн докторо Поспелов Евгений Михайловича иштта бакъйо гӀайренан цӀеран нохчийн этнонимца йолу уьйр[16], ткъа историка Ровинский Дмитрийс иштта тидам бо гӀайренах «Чеченъ», лаьтташ йолу «Нохчий бехачу меттиган дуьхьала»[17]. Гмелина яздина лахарниг:

« ИтталгӀачу дийнахь Ӏуьйрана ворхӀалгӀачу сахьтехь тхо гена девлира ворхӀ сажен кӀорге, делкъе хуьллуш гтра Нохчийн гӀайре. Цуьнан цӀе тиллина ломахь бехачу Нохчийн цӀарах, уьш богӀу цига чӀара лаца...[15]
»

Зубов Платона нохчийн латтанех яздина хӀара:

«Оцу асан аьтту агӀон тӀехь ша гӀап Налчик ю, йоккхачу ГӀебартан латташ тӀехь, ткъа аьррун тӀехь а ю иштта шеш лаьтта гӀопаш: Внезапни а, Ӏаьндари а нохчийн латтанашкахь».[18]

Н. Семёновс яздина Баташюрт а, Байрамаул а лаьттачу асанехь ю 10 эвла, лаххара а ах нохчийн бахархой болу. Иштта Семёновс яздо дукхаха йолчу оцу нохчийн фамилеш бицбан кхиина ненан мотт[19].

Российн историка-малхбалеӀаморхочуьнца, кавказӀаморхочуьнца, археографца, археологца Берже Адольфца нохчаша дийхира Таркхойн шовхале тешаме стаг ваийта шайна аьлла, цуо дехарна жоп делира, тешаме стаг вахийтира Султа-Мотти, иза нохчаша охьахаийра Ширачу Аксайхь. Иштта гӀумкий дуьххьара гучубевлира нохчийн мехкашкахь. ГӀумкашна латташ лело бакъо ца елира Аксай хин аьтту бердашца бен, нохчаша дош даьккхира гӀумкашкара цкъан а Аксай хин дехьа бевр бац аьлла, амма хенан йохаллийца гӀумкийн аьтту белира жим-жима Нохчийн арие дӀалаца, иштта цунна цӀе кхечира ГӀумкийн арие аьлла[20].

Ӏовхой а, Оьрсийн пачхьалла а[нисъе | нисъе чухулара]

XVI бӀешеран юккъехь Къилбаседа-малхбален Кавказехь Оьрсийн паччахьаллин Ӏаткъам тӀекхета болабелира, ян йолийра оьрсийн экспансин форпосташ — Теркан а, Соьлжан а чӀагӀонаш, цара тӀеберзабора цхьа могӀа меттигера феодалийн дай Москохан. XVI—XVII бӀешерашкахь оьрсийн документаш ло шортта хаамаш Ӏовхох (шираоьрсийн ококи) лаьцна, уьш беха Ӏовхахь (шираоьрсийн Окоцкая земля), Москохан куьйга кӀиело тӀеэцна Теркан гӀалара Ӏовхойн юкъ олучу меттигера бахархой санна[21][22]. Оьрсийн документашкахь башха меттиг лоцу ладаме волчу Ӏовхойн элин Ӏовхойн Ших-мирзан (1540? — 1596 шераш, гайтина цӀеран оьрсийн вариант) оьрсийн администрацица йолу уьйранаш. Тептаршца, XVI бӀешо чекхдолуш гӀумкийн элас нисса иза виер бахьана хилира церан цхьа дакъа Ӏовхара Теркан гӀала кхалхар[22].

Лулахошца долу девнаш а, ткъа иштта чӀагӀлуш болу Российн империн Ӏаткъамо а сих-сиха Ӏовхойн ярташ хӀаллакйора, церан бахархой байора. Тарло, ишттачу ярташкара дийна бисинарш дӀаболхара къорчу хьаннашка, цигахь кхоллалора шортта кӀотарш[23])[~ 1].

Ӏовхой хьехийна историн документаш[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀазарийн каганатаца хилла зӀе[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаьрбойн-гӀазарийн тӀемаш хиллачу муьрехь а, Къилбаседа Кавказехь Ӏаьрбийн экспанси йолуш а Ӏовхоша юкъаметтиг латтийна гӀазарашца[25]. Ӏовхойн латташ тӀехь а тӀемаш хилла, меттигера дийцарш даладо мостагӀчунна йинчу къизачу дуьхьалонехь[25].

ГӀурий а, Сал-хи а вовшахкхетар, аьтту агӀора ГӀурий, аьрру – Сал-хи

М. Алиханов-Аварскийн Дербенд-наме жайнахь хьахийна шиъ гӀазарийн Ӏаьрбаша схьаяьккхина гӀап — Кешне а, Хасни-Хиснумма а. 1966−1967 шерашкахь ГӀазар-гӀалахь ахкарш дира ЛПУ куьйгаллехь А. В. Гадло волчу экспедицис. Карийра чӀагӀонан ларраш а, кхийра а. Стоммачу (3 метр кхаччалц) оьздангаллин чкъоьран стратиграфис тешалла до масийттаза бохамца гӀала йохийна хиларх. М. Г. Магомедовс буьйцу вукха юьртах кӀоргачу чӀажца къастийначу йисина гӀопан чӀагӀонах: «Бисина жима поппарх бина вал, хин чхьаршах поппарца боьттина пен а» аьлла. ХӀинца гӀала чӀогӀа йохийна хино[26]. Тардалийтора, гӀап ГӀазарийн каганатан Хасни-Хиснумма цӀе йолу тӀетовжаран пункт хилар[26], 735−736 шерашкахь куьйгаллехь баьчча Марван волу Ӏаьрбаша йохийра. ГӀопахь куьйгаллехь вара гӀазарийн баьчча, схьавалар Ӏовхойх долу Ӏовхойн ШаӀин, иза Кешне а, Хасни-Хиснумма а (ГӀазар-гӀала) гӀопаш эгначул тӀаьхьа[27] Ӏаьрбийн аьтту белира йийсар ван[28].

Кавказан тӀом[нисъе | нисъе чухулара]

XIX бӀешарахь, цхьаьна могӀара кхечу къилбаседакавказан къаьмнашца, Ӏовхоша дакъа лецира Къилбаседа-Кавказан имамаллан агӀора Кавказан тӀамехь. Уьш бехачу махкахь кхоьллира имаматан административан дакъа — Ӏовхойн наибалла. Евза Ӏовхойн Шемалан урхалла долуш хиллачу наибех цхьаьнна цӀе — Хьату. Шемалан муридан Сафаров, Юсуф-Хьаьжин хаамашца, Ӏовхойн наибалло дӀахӀоттавора 200 герзах воьттина бере а, 330 гӀашлойн тӀемло а[29].

Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, Ӏовхой бехачохь цхьана хенан лаьттира административан дакъа — Ӏовхойн гуо[30].

Советийн пачхьалкхан мур[нисъе | нисъе чухулара]

XX бӀешарахь Ӏовхошна интеграци хилира ССРСсоциалистийн юкъаралле. Байталбахаран а, коллективизацин а муьрехь (коьртаниг 30-гӀа шераш), кӀотарийн система дӀаяккхар бахьанехь, Ӏовхойн кӀотарш а, кегийра ярташ а йохийра я ягийра, ткъа дукхаха болу церан дай Сибреха хьовсийра «антисоветийн элементаш» аьлла[24]. 1944 шарахь Ӏовхой, кхечу вайнахашца, махках бехира Кхазакхстане. 1943 шеран 5 октябрехь кхоьллира Ӏовхойн кӀошт а, Казбековн кӀоштан декъахь, дӀаяьккхира 1944 шеран 7 июнехь, Ӏовхой арабаьхначул тӀаьхьа Юккъерачу Ази. 1957 шарахь дукхаха болу юхабирзира шайн махка. 1980-гӀа шерашкахь кхоллало юкъараллин кхолламаш, Ӏовхойн кӀошт меттахӀоттае бохуш арабевлла бу уьш. ХӀинца дӀакхалхош бу гӀазгӀумкий ХӀинжа-гӀалан герга, Ӏовхой шайн ярташка цӀа боьрзуш бу[31].

ХӀинца[нисъе | нисъе чухулара]

ДегӀастан Республикан Пачхьалкхан Кхеташон 2000 шеран 18 октябран № 191 йолу сацамца нохчий-Ӏовхой лерина ДегӀастан Республикан орамера кӀезга къаьмнех[32].

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

Мотт[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏовхойн ярташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • Къеди-Отар,
  • Нурадилово,
  • Баташ
  • Шовде (Покровское),
  • Ӏосман-Юрт,
  • Ярмаркин 1-й,
  • Ярмаркин 2-й,
  • Ярмаркин 3-й,
  • Балюрт 1-й,
  • Балюрт 2-й,
  • Бамматбекюрт,
  • Жуково,
  • Ибарки,
  • Шалам-Инчу,
  • Эшба-Инчу,
  • Яштаркие,
  • Умахан-отар,
  • Зарият-отар,
  • Кошай-отар,
  • Манти-отар,
  • Тутлар,
  • Виси-Ирза,
  • Генчик-Эрзе

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Комменташ
  1. Предположение об образовании небольших аккинских поселений-хуторов в результате набегов неприятеля, высказано А. С. Сулеймановым на основании полевых исследований во 2-й половине XX века[24].
Хьосташ
  1. Чеченский тайп аккой. Зелимхан Мусаев (Грозный) — ИА "Чеченинфо" (17-11-2017). Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  2. Мациев А. Г. Чеберлоевский диалект чеченского языка // Известия ЧИНИИИЯЛ Языкознание. — Грозный, 1965. — Т. 6, вып. 2. — с. 6
  3. Елфимов В.О. РЕГИОНАЛЬНЫЕ ОСОБЕННОСТИ ОБЫЧНОГО ПРАВА (АДАТА) ЧЕЧЕНЦЕВ XV­XX ВВ.. Теллина 2018 шеран 8 мартехь.
  4. Халидов А. И. Обоснованно ли включение чеченского языка в Atlas of the World's Languages in Danger?. Теллина 2018 шеран 9 мартехь.
  5. Ибрагимов М. Р. А. Дагестан: Проблемы этнодемографического развития (Вторая половина XIX-начало XXI в.) //Вестник Института истории, археологии и этнографии. – 2010. – №. 23. – С. 82-102.
    Следует оговориться, что на территории Ауховского района ДАССР, созданного по указу Президиума Верховного Совета РСФСР 5 октября 1943 г. (ГУ «ЦГА РД». Ф. р-352. Оп. 2. Д. 51а. Л. 266; Оп. 14. Д. 22. Л. 22) и, по сути, ещё не функционировавшего к моменту высылки, исторически сформировалась и компактно проживала субэтническая группа чеченцев, называемая чеченцами-ауховцами
  6. Арутюнов С. А., Анчабадзе Ю. Д. О национальной ситуации на Северном Кавказе. Теллина 2018 шеран 9 мартехь.
  7. Сулейманов, 1997, с. 348.
  8. Адилсултанов, 1992, с. 14—15.
  9. 1645 г. ранее апреля 26 и позднее июня 6. — Челобитная окоцкого мурзы Чепана Кохострова царю Михаилу Федоровичу и докладная выписка Посольского приказа о пожаловании его прибавкою к жалованью и владением узденями и «людьми» его брата мурзы Албира Кохострова
  10. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7
  11. Аккинцы: вопросы этногенеза 27-03-2010
  12. Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
  13. 1 2 Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
  14. 1 2 ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
  15. 1 2 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1,
  16. Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
  17. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7 * Антология «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2
  18. Платон П. Зубов, — «Картина Кавказского края принадлежащего России и сопредельных ему земель; В исторических, статистических, этнографических, финансовых и торговых отношениях. Сочинение Платона Зубова. Часть вторая» — С. Петербург. Типография Конрада Вингебера. 1835 г.
  19. Н.Семёнов. Обитатели Кумыкской плос-кости. // «Терский сборник», выпуск I, Владикавказ — 1890 г., с.166
  20. А. П. Берже «Чечня и чеченцы» (Тифлис, 1859 г., стр. 104—105):
  21. Кушева, 1963, с. 69.
  22. 1 2 Волкова, 1974, с. 167.
  23. Алироев, 2005, с. 152.
  24. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 339.
  25. 1 2 «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — С. 196—198. — ISBN 5-87553-005-7
  26. 1 2 Магомедов М. Г. Образование Хазарского каганата. По материалам археологических исследований и письменных данных. М.: «Наука», 1983. 224 с.
  27. Согласно книге Дербенд-наме под редакцией М. Алиханова-Аварского крепости пали именно в таком порядке.
  28. Айдаев Ю. А. Чеченцы: история и современность. М.:" Мир дому твоему", 1996. С.193.
  29. Линевич, 1872, с. 3.
  30. Лаудаев, 1872, с. 1.
  31. Власти Дагестана пытаются завершить переселение лакцев
  32. ПОСТАНОВЛЕНИЕ ГОССОВЕТА РЕСПУБЛИКИ ДАГЕСТАН ОТ 18.10.2000 N 191 О КОРЕННЫХ МАЛОЧИСЛЕННЫХ НАРОДАХ РЕСПУБЛИКИ ДАГЕСТАН. lawru.inf. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 25 августехь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]