Гумс
Гумс | |
---|---|
![]() | |
Характеристика | |
Дохалла | 80 км |
Бассейнан майда | 1194 км² |
Хи дайар | 4,61 м³/с (Гуьмсе) |
ДӀаэхар | |
Хьост | |
· Меттиг | ТӀуьйрелам, Веданан кӀошт |
· Локхалла | 1276 м |
· Координаташ | 42°54′02″ къ. ш. 46°11′39″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Соьлжа |
· Меттиг | Гуьмсе |
· Локхалла | 50 м |
· Координаташ | 43°21′53″ къ. ш. 46°03′55″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 15,33 м/км |
Хи долу меттиг | |
Хина система | Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
Росси | Нохчийчоь |
[[]] | Веданан кӀошт, Курчалойн кӀошт, Гуьмсан кӀошт |
Кеп:Хи/Меттиган карта | |
![]() ![]() |
Гумс (оьрс. Белка[1]) — Къилбаседа Кавказера эрк, Соьлжан аьтту га. ОхьадогӀу Нохчийн Республикан Веданан, Курчалойн, Гуьмсан кӀошташкахула. Гумс цӀе схьаяьлла тюркийн маттара "гӀум су" - гӀамаран хи[2].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Схьадолу ТӀуьйрелам тӀиера шовданашкара, дӀакхета Соьлжанах Гуьмсе гӀалан гергахь. Дохалла 80 км, бассейнан майда 1194 км²[3]. Хикхочен локхалла — 50 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Эркан охьане — 15,3 м/км.
Гидрологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эркан амалехь ду шеран йовхачу хенахь дестар, ткъа Ӏай – лакъар. Шарахь уггаре дукха хи дойу догӀанаш догӀучу хенахь. Аьхкенан догӀано десторо наггахь бохамаш бо. Шарахь хи дайаран юккъера барам — 4,61 м³/с, максимум — 305 м³/с.
Геннаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Уггаре даккхий геннаш: Хул-Хуло (аьрру), Мичиг-Хи (аьтту), Аьхко (аьтту), Хумык (аьтту), Иснерк (аьтту).
Эрк таллар, хин бахаман маьӀна[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эрк теллина Гуьмсерачу гидрологин постехь.
Эркаца лаьтта эвланаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Жани-Ведана, Тезa-Кхаьлла, Эрсана, Курчала, Энакхаьлла, Коьран-Бена, Белта, Ялхой-Мохк, ЖугӀурта, Майртуп[4].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 564.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 286.
- ↑ «Белка (Гудермес, Гумс)» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь.rar. Объём 8 МБ.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Река Гумс. Святой источник
- Топонимика слова Гудермес
- В статье использована информация, предоставленная Федеральным агентством водных ресурсов из перечня водных объектов, зарегистрированных в государственном водном реестре по состоянию на 29.03.2009. Перечень (rar-архив, 3,21 Мб).
![]() |
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |