Валарг-хи

43°14′42″ къ. ш. 45°26′03″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Валарг-хи
оьрс. Валерик
Амал
Дохалла 29 км
Бассейн 35,4 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Локхалла 861 м
 • Координаташ 43°00′56″ къ. ш. 45°21′08″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг 132 км аьтту бердаца
 • Локхалла 162 м
 • Координаташ 43°14′42″ къ. ш. 45°26′03″ м. д.HGЯO
Хин охьане 24,1 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийн Республика
Код  ПХР чохь 07020001112108200005635[1]
Валарг-хи (Нохчийчоь)
хьост
хикхоче

Валарг-хи (оьрс. Валерик; цхьацца хьосташкахь яздо Вайрик[2]) — Российн ломан эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан а кошташкахула[3]. Эркан хикхоче ю Соьлжан хикхочел 132 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 29 км[4]. Лахенашкахь аьхкенан заманахь эрк лекъа хӀунда аьлча, Валарг-хи шалаьмнашкара я ломан лайшкара долуш дац, ткъа шовданашкара долу. Цундела хӀора шарахь аьхка лакъар бахьнехь эрк ца деста[5].

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан цӀе нохчийн маттахь «валаран хи» бохург хуьлу[6]. ТӀаьхьуо заманца хийцалуш хӀинцаре — Валарг-хи — церан тӀедеина. Оцу эркаца гуттара а цӀий Ӏанош тӀемаш лаьттина нохчийн а, аренашца баьхначу кхерстачу къаьмнашна а йукъахь. ТӀаьхьа иштта ирча цӀе йелла оцу эркана.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

М. Ю. Лермонтовн акварель

Генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи. татол а даьккхина. дерзийна Шалажан чу, оцу меттигах олу «Валгхуоша хи чутеснача». [7].

1840 шарахь эрк тӀаьхь ши тӀом хилира, баьччаллехь наиб Ӏийса Гендаргнойн волу Къилбаседа Кавказан ломанхошна (нохчий а, дегӀастанхой а) а, инарла-лейтенант А. В. Галафеев коьртехь волу, чоьхьарчу Нохчийчоьн чугӀерта, Российн Нохчийн тобан а йукъахь. Оьрсаша Галафеев Аполлонан (хьалхара тӀом) а, Граббе Павелан (шолгӀа тӀом) а баьччаллехь туьйлира гӀевттина ломанхойл 11 июлехь а, 30 октябрехь а. И иэшам бахьнехь имам Шемилан муридаш Нохчийчура дӀа а бахна, ЖӀайн ханалла йолчу юхабевлира.[8]

Итт шо даьлча, 1850 шеран 26 октябрехь, кхузахь юха а тӀом хилира оьрсийн императоран эскаран ломанхошца, кхузахь дакъалацаран паччахьан кӀантанна Александр Николаевичан (тӀаьхьа император Александр II-гӀа хилла) елира 4 тӀегӀанера Сийлахь Георгийн орден[9].

Оьздангалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Байинарш дӀабохкар.
М. Ю. Лермонтовн акварель

Валарг-хин тӀиера тӀом чӀогӀа дика бийцина Лермонтов Михаил Юрьевичан «Валарг-хи» байташкахь[10]. Иштта цигахь хилла цхьацца хиламийн бух тӀехь Лермонтовс масех сурт диллина.

Сийлахь оьрсийн поэт хилла шине а тӀеман декъашхо, иза турпалхо ву аьлла къобал вира. Валарг-хин тӀаьхь майралла гайтарна, Лермонтов 4 тӀегӀанера Сийлахь Владимиран орден яларе кховдийра. Амма иза цунна ца елира, хӀунда аьлча иза тӀаьххьарчу испискера дӀавайинера император Николай I-чун иза чӀогӀа ца везарна.[8]

Хин реестрах хаамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[4].

Федералан хин ресурсийн агенталло кечдина РФ мехкан хинбахаман кӀошташъяран геохаамийн системан терхьашца[4]:

  • Пачхьалкхан хин реестрера хин объектан код — 07020001112108200005635
  • Гидрологи Ӏамийна хиларан код (ГӀ) — 108200563
  • Бассейнан код — 07.02.00.011
  • Томан лоьмар ГӀ-ца — 08
  • Арахецар ГӀ-ца — 2

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
  2. Кузнецов Н. И. Валерик или Вайрик // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Валерик. Публичная кадастровая карта. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 10 декабрь. Архивйина 2012 шеран 22 августехь
  4. 1 2 3 Государственный водный реестр РФ: Валерик. Архивйина 2012 шеран 22 августехь
  5. География Чеченской республики. Trasa.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 январь. Архивйина 2013 шеран 18 апрелехь
  6. Плаксин Олег. Река Валерик. Чеченская республика » Урус-Мартановский район. svyato.info (2009 шеран 3 март). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 январь. Архивйина 2017 шеран 4 майхь
  7. Сулейманов, 2006, с. 399.
  8. 1 2 Валерик. Hrono.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 январь. Архивйина 2012 шеран 12 сентябрехь
  9. Валерик // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  10. Валерик. feb-web.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 3 январь.