Воккха-Хьаьжа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Воккха-Хьаьжа
Ташав-Гьажи Эндирейли
Вина терахь 1770
Кхелхина терахь 1843({{padleft:1843|4|0}})
Кхелхина меттиг Сесана
Бераш АльмаӀсуд[1]
Ӏилманан цӀе Шейх, Имам
Корматалла Имам, имаман наиб
ГӀуллакхалла Имам, Наиб[d]
Динлелор Ислам, тарикат (орден) Накшбандийя
Латар

Воккха-Хьаьжа — кхел. 1843 ш.) — бусулбанин динан Ӏилманхо а, XIX бӀешарахь нохч-дегӀастанан эскаран хьаькам а. Шемалан наиб. Ӏовхан (Ӏовхойн-махкан) наиб[2].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Схьавалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Воккха-Хьаьжа Нохчийчу мичара веъна билгала хууш дац, делахь Эндери эвлара веъна аьлла дуьйцу. Цхьана а документийн хьосташкахь билгалдина дац мичахь йа маца из вина аьлла, милаш хила цуьна дай муьлхачу къомах хила а. ХӀокху суфи жималехь а, къоналехь а хууш хӀума дац. Цхьаа архиван документаш дац, цуьна схьавалар дуьцуш. Воккха-Хьаьжас буьйцуш хила гӀумкийн мотт, цуьнах бух бина йаздо иза гӀумки хилла бохуш. Иза бакъ хила а мега делахь иза бакъдеш йа бакъдац аьлла чӀагӀдина дац. XVIII чакхе - XIX йуьхь бб. Къилбаседа Кавказехь гӀумкийн мотт официалан ца хилча а лоруш бара Къилбаседа Кавказан къаьмнийн йукъахь коьрта мотт санна. Иштта Воккха-Хьаьжас а буьйцуш хилла гӀумкийн мотт[3][2].

Сесанара воккху стага дийцарехь Воккха-Хьаьжас муьлххачу къомах хилла бохуш долу хаттарна ша делла жоп[4]:

« Давуда тIаьхьенах ву со. Къомах гIумки ву со. Тайпана цIонтаро ву со, – аьлла. »

ТӀамехь дакъалацар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сесанахь цо шеъ зуда йалина, цуьна вара кӀант[5] АльмаӀсуд, зиярат ду Сесанахь[1], йоӀ[5]. Боба-хьаьжа - Воккха-Хьаьжин дайн гергара стаг. Иза хилай тайпа Дишний.ДӀавоьллина ву Эндери (ДегӀаста)[6]. Кхечу хаамашца иза хила Воккха-Хьаьжин да[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 ГОСУДАРСТВЕННОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ «НАДТЕРЕЧНАЯ РАЙОННАЯ ГАЗЕТА «ТЕРКЙИСТ» 19 ДЕКАБРЯ 2008 г. № 101-102(596-597)
  2. 1 2 Жизнь и учение Ташу-Хаджи Саясанского «Вести Республики». Шамхан Ледиев (2014 шеран 7 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 24 апрель.
  3. Ташу-Хаджи. Российский Исламский университет имени Кунта-Хаджи (2013). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 24 апрель.
  4. Ташу-Хьажин весет. Хатуев Ӏабдулхьамид (2008 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 24 апрель.
  5. 1 2 Святое место — зиярат Ташу-хаджи
  6. ГОСУДАРСТВЕННОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ «НАДТЕРЕЧНАЯ РАЙОННАЯ ГАЗЕТА «ТЕРКЙИСТ» 28 НОЯБРЯ 2008 г. № 95-96 (590-591)
  7. Сулейманов, 2006, с. 693.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]