Темирсултанов, СаӀид Салун воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Темирсултанов СаӀид Салун воӀ
ГӀуллакхан тайпа композитор, Поэт
Вина терахь 1969 шеран 7 март({{padleft:1969|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг Ӏелин-Йурт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Корматалла композитор, поэт, спортан тренер
Гражданалла Российн байракх Росси
Да Темирсултанов Салу Жунидан воӀ
Нана Сатуева Марьям Ӏелин йоӀ
Зуда Бурсакова Зарема

Темирсултанов СаӀид Салун воӀ (вина 1969 шеран 7 мартехь, Ӏелин-Йуртахь, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) — нохчийн композитор, поэт, йаздархо[1]. Тайпана энгано[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бералла а, жималла а[нисйе бӀаьра | нисйе]

СаӀид вина 1969 шеран 7 мартехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Теркан кӀоштара Ӏелин-Йуртахь. Доьзалехь СаӀид воцуш кхин а ваша Руслан а, йиша Хьалимат а[1].

СаӀидан зуда Бурсакова Зарема йу, церан боккха доьзал бу: виъ кӀант а, цхьа йоӀ а[1].

Да – Темирсултанов Салу Жунидан воӀ (1941-2019 шераш) шен хенахь дешна вара Эна-Хишкара техникумехь, иза чекхйаьккхича дийшира йуьртабахаман институтехь БуритӀехь[1]. Къахьийгира дукхаха дерг кемсашлелорехь, бригадир тӀера совхозан директор тӀекхаччалц. Нана – Темирсултанова (Сатуева) Марьям Ӏелин йоӀ, 1949 шарахь йина Кхазакхстанехь депортацин муьрехь, иза ишколехь йуьхьанцара классийн хьехархо йу. Дуккха а шерашкахь дешаран кхачонехь болх барна билгала йаьккхина федералан масштабера совгӀаташца[1].

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Да – Темирсултанов Салу Жунидан воӀ (1941-2019 шераш) шен хенахь дешна вара Эна-Хишкара техникумехь, иза чекхйаьккхича дийшира йуьртабахаман институтехь БуритӀехь[1]. Къахьийгира дукхаха дерг кемсашлелорехь, бригадир тӀера совхозан директор тӀекхаччалц. Нана – Темирсултанова (Сатуева) Марьям Ӏелин йоӀ, 1949 шарахь йина Кхазакхстанехь депортацин муьрехь, иза ишколехь йуьхьанцара классийн хьехархо йу. Дуккха а шерашкахь дешаран кхачонехь болх барна билгала йаьккхина федералан масштабера совгӀаташца[1].

СаӀида дери дарца, уггаре хьалхара шен вокалан а, музыкин а зиеделларг цунна кхаьчна шен ненера эшар лакхаран хьехолехь а, берийн ишколан хор йукъахь а. Жималлехь дуьйна, бархӀ шо долуш, кӀентан музыкица цхьаьна могӀара паргӀата кепара охьатохарх латар хилира. Беран спорт марзйира цуьнан дас Салус, иза СаӀида дери дарца цуьнан коьрта хьажархо вара, дог лазара цуьнан спортан кхиамашна[1].

1974-1985 шерашкахь дийшира Ӏелин-Йуртан № 1 йолчу йуккъерачу ишколехь, иза чекхйаьккхича нанна лаарна гӀоьртира деша хӀотта математикин факультете, амма хаза хийтира къовсамехь чекх ца валарна, математика чӀогӀа агӀо йацара СаӀидан. 1986 шарахь, шозлагӀа гӀоьртина дӀахӀоьттира лакхара дешаран меттиге, цунах хилира Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан спортан факультетан студент, дешар йукъара дийлира Советийн Эскарехь гӀуллакхехь хиларна а, спортан карьера бахьнехь а.

Уьш бахьнехь СаӀидан диплом ца делира 1993 шарахь бен, цуо таро йелира Ӏелин-Йуьртара йуккъерачу ишколехь мехала физикин оьздангаллин хьехархо болх бан а, берийн-жимахойн спортан ишколехь (БЖСИ) тренер болх бан а. Ткъа 2000 шарахь СаӀида аьттонца болх бира Нохчийн Республикин Теркан кӀоштан спортан ишколан председателан даржехь. Кхин тӀе доьшуш волуш цхьаьна болх бира ша чекхйаьккхинчу Ӏелин-Йуртарчу ишколехь физикин оьздангаллин хьехархочун даржехь[1].

Спортан кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1989 шеран декабрехь, шолгӀа курсехь доьшуш а волуш жимахо Советийн Эскаран могӀаршка кхайкхира, кхин а кхо бутт баьлча къона эскархо дехьаваьккхира ЦСКА командин йукъа. Москохахь эскарехь волуш, СаӀид ша вериг паргӀата кепара охьатохарх латаран дӀавелира, лакхара кхиамаш а бехира, иштта иза хилира Москохан тӀеман гуонан чемпион; цул тӀаьхьа цуьнан аьтту белира Российн зонин хьалхейаккхарехь; цул тӀаьхьа йерригроссийн масштабера чемпионан цӀе йаьккхира. Эскарера мукъаваьлча, 1991 шарахь, СаӀида дакъа лецира Гори гӀалара (Гуьржийн ССР) къийсамашкахь, цигахь туьйлира йерригсоюзан В.Г. Рубашвилин иэсан леринчу турнирехь. Оцу муьрехь къоначу спортхочун биографехь политикин хьелаша гӀуллакх дӀа ца дахийтира, ССРС йуьйхира, Нохчийчохь тӀом белира[1].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

СаӀидан йу сийлаллин грамоташ, дукха дерг уьш йелла Нохчийн Республикин оьздангаллин министралло. Уьш йелла цхьацца композицеш хӀитторна. Масала, цуьнан эшарш дуккха а хилира толамхой «ДАХАРАН ИЛЛИ» къовсамехь. Цуьнан совгӀаташна йукъахь ду 2019 шарахь Нохчийн Республикин куьйгалхочун Р.А. Кадыровн баркаллин кехат, «Нохчийн Республикехь оьздангалла а, говзалла а кхиорехь доккха дакъа лацарна а, лакхара профессионалан говзаллина а» аьлла делла[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 С. Темирсултанов: «Верность данному слову есть устав, закон и гарантия.» Магомед АЛХАЗУРОВ (2022 шеран 23 март). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 6 апрель.