Зубайраев, Супьян Лечиевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Супьян Лечиевич Зубайраев
Шех лаьцна
Гражданалла

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

Клуб

«Буревестник»

Вина терахь

1933 шеран 12 май({{padleft:1933|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})

Вина меттиг

Лаха-Невре, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Кхелхина де

2016 шеран 14 август({{padleft:2016|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (83 шо)

Кхелхина меттиг

Мытищи, Москван область, Росси

Спортан карьера

1953-1970

Говзалла

Самбо

Тренераш
  • Василий Воронкин;
  • Евгений Чумаков.
Йозалла

72-77 кг кхаччалц

Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Супьян Зубайраев

Супья́н Лечи́евич Зубайра́ев (1933 шеран 12 май, Лаха-Невре, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀай АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн самбист, СССР чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, Кубан паргӀат кепар латаран гулйина тобанан тренер, хьехаман Ӏилманийн кандидат.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1933 шеран 12 маехь Лаха Нёврехь. Доьзаллехь ворхӀ ваша вара, Супьян царех воккханиг вара. Нохчий цӀера баьхнача хенахь доьзалла Алма-Атахь Ӏаш яра. Школехь волучу хенахь иза вара гимнастика Ӏамош. 1952 шарахь цунна перитонит кхаьттера. Ах шо даьлча иза товелира, амма гимнастика йита дизира цуьна.

1953 шарахь самбо Ӏамо волавелир иза. Цуьнан тренер вара Василий Воронкин. Цхьа шо даьлча иза хилира Кхазакхстанан чемпион.

1954 шарахь иза деша вахара Кхазакхстанан физкультуран институте. Иза дика доьшуш вара. 2-гӀа курсехь иза Москва ГЦОЛИФК (Государственный центральный ордена Ленина институт физической культуры) деша вахара. Цигахь цуьнан тренер вара Евгений Чумаков. 1958 шарахь Зубайраев тренер болх бан волавелира Москван пачхьалкхан хьуьнан университетехь.

1959 шарахь цуьнан доьзалла цӀабирзира. Зубайраев вахара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан физвоспитанин кафедрехь болх бан. Иштта иза вара «Буревестник» цӀе йолу студентийн юкъараллин паргӀат кепар латаран тренер. Амма цуьнан кхочуш тренировкаш ян меттиг а бацар, тренер а вацар. Цундела иза юха а Москва дӀавахара.

1961 шарахь иза хилира цкъа хьалха ГЦОЛИФКан аспирант, тӀаккха доцент, хьехаран Ӏилманийн кандидат.

1955 шарахь СССР самбон чемпионатехь цо яккхира 9-гӀа меттиг. 1956 шарахь иза СССР спортан говзанча хилир. 1958-гӀа а, 1960-гӀа а шерашкахь иза хилира СССР чемпионатийн дато совгӀатхо, 1959 шарахь — бронзан. 1962 шарахь Кишинёвехь цо финалехь А. Пухашвили эша а вина самбон СССР чемпион хилира — нохчашна юккъера хьалхара. Цо яхьллонашкахь дакъа лоцур 1970 шо кхаччалц. 1970 шарахь шен тӀаьххьара яхьаллонашкахь 37 шо кхаьчна волуш цо толам беккхира «Буревестник» юкъараллин чемпионатехь, финалехь СССР чемпион Покатаев эша а вина.

19681971 шерашкахь иза вара Москван пачхьалкхан сервисан университетан кафедран куьйгалхо.

19711974 шерашкахь иза вара Афганистанехь Кабулан политехникан институтан кафедран куьйгалхо. Афганистанан паччахьо Захир-Шахс цунна ши орден елира. Царех цхьаммо цунна бакъо лора ах-гектар латта долах хила а, зуда ялаян а.

19771980 шерашкахь иза вара Кубан паргӀат кепар латаран гулйина тобанан тренер.

Цо кечбина Дэги Багаев а, Иван Тищенков а, Юрий Ермошкин а, Виктор Пикуля а, Мухамед Умаров а, Виталий Бирюков а, Эльмурза Ульбиев а, кхиболу спортхой а. Цуьнан ваша Султан хилира самбон а, паргӀат кепар латаран а спортан говзанча.

Мытищи гӀалахь хуьлуш ю ерригроссийн кегирхойн самбон турнир «Мытищинские зори» СССР чемпион Супьян Лечиевич Зубайраеван совгӀаташна.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]