Мамакаев, Ӏаьрби Шамсуддинович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ӏаьрби Мамакаев
Мамакаев Арби Шамсуддинович.jpg
Вина терахь 1918 шеран 2 декабрь({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Лаха Невре, Нохчийн Республика
Кхелхина терахь 1958 шо({{padleft:1958|4|0}})
Кхелхина меттиг Мескита, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС
Корматалла поэт, яздархо, драматург, гочдархо
Гражданалла ССРС ССРС
Бераш Эдуард

Ӏаьрби́ Шамсудди́нович Мамака́ев (Мамакан Ӏаьрби Шамсуддин-кӀант; 1918 шеран 2 декабрь, Лаха Невре — 1958 шо) — нохчийн яздархо, поэт, гочдархо а, нохчийн литература кхоьллинчарех а цхьаъ ву, нохчийн литературин классик а.

Мамакаев Ӏаьрби кхоллараллех лаьцначу шен цхьана статья тӀехь кхечу нохчийн воккхачу поэто Мамакаев Мохьмада яздина: «Мамакаев Ӏаьрби шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш дӀабоьзна, иза Нохч-ГӀалгӀайчохь уггар дукхабезаш болчу поэтех ву». Дукха хан ю и могӀанаш яздина.

ХӀетахь дуьйна схьа нохчийн литературехь говзачу поэтийн а, яздархойн а дуккха а керла цӀераш гучуевлла. Хьалха дуьйна цӀеяххана болчу а, керла тӀекхиъначу а поэташа язйинчу дикачу произведенешца кхуьуш, алсамъяьлла нохчийн поэзин исбаьхьаллин хазна. Амма тахана а ю нахана дукха езачарна юккъехь Мамакаев Ӏаьрбин произведенеш.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаьрби Мамакаев вина 1918 шеран 2 декабрехь Лаха Нёврехь. Иза да-нана доцуш хьалхе висира. Цундела иза детдомехь хьала кхиина Серноводскехь, цул тӀаьхьа рабфакехь дийшира цо.

1930-гӀа шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира иза, драматургийн курсашка а вахара.

Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Волны Терека» араелира 1940 шарахь. Цуьнан уггаре евзуш йолу произведех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а».

1941 шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла хьалхара чувуьллира. Цо ахшо деккхира набахтехь, амма цуьнан бехках ца тийшира. АрахецначултӀехь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн союзан коьрта консультант. Цу хенахь Нохч-ГӀалгӀайн драматически театрас хӀоттира цуьнан ши пьеса: «ОьгӀазло» а, «Таллар» а.

Амма кеста нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабахаран дуьхьала ву аьлла иза юха а чувуьллира. Иза Магадане хьажийра. Цигахь иза вара 1956 шо кхаччалц. Цигахь цо язйина цхьаа байт хууш яц. Набахтера арахецча иза Казахстане вахара. Цигахь Ӏаш цуьнан доьзалла бара. Иза волавелира «Знамя труда» газетан редакцехь болх бан.

1957 шарахь Ӏаьрби Мамакаев юхаметтахӀоттавира. Иза цӀа вирзира. Шен партбилет цо схьацаийцира. И бахьнехь цуьнан дахаран тӀаьххьара шо хала дара.

1958 шарахь иза велира шен доттагӀ Абузар Айдамирован цӀахь.

Кхолларалла[нисъе | нисъе чухулара]

Цо язйина пьесаш «Гнев», «Разведка», «Матрос Майрбек», «Повесть», «В родной аул», кхиераш а. Цо язйина дукха байташ хилира нохчийн литературан классика. Оцу байташца язйина дукха хӀинца а лоькхуш йолу эшараш. Цо дукха оьрсийн произведенийн гоч дора. Масала, цо нохчийн матте яккхира М. Ю. Лермонтован байташ: «Малик», «Казачья колыбельная», «Горные вершины», «Прощай, немытая Россия», кхиераш а.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Цуьнан кӀант Эдуард Мамакаев ву Нохчийн яздархойн союзан председатель.

Виццавар[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1989 шарахь Лаха Нёврехь схьайиллира Ӏаьрби Мамакаеван литературан а, мемориалан а музей[1]. Музей кхоьллина цуьнан цхьаъ бен воцу кӀантас Эдуард Ӏаьрбиевич Мамакаевс дӀадоладаран. Эдуард Мамакаев ву Нохчийчоьн яздархойн союзан председатель а, шен ден музейн генеральни директор а.
  • 2008 шеран 2 декабрехь Лаха Нёврехь схьайиллира Ӏаьрби Мамакаеван памятник[2].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]