Ваштарой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шира тайпа
Ваштарой
Музаев Мовсар а, Умхана кӀант Хьамид — ваштарой тайпана нах
Музаев Мовсар а, Умхана кӀант Хьамид — ваштарой тайпана нах
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Шуотой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан шуотойн диалект
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь:
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Шуьйта

Ваштарой йа Вашиндарой йа Вашандаройшуотойн тукхумара нохчийн тайпа. Тайп декъало масех гаплотобан L3, G2, J2, J1[1].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпан мехкан йукъайогӀу эвланаш Вашандара[2], Гоьргача[2], ЗазаргӀана[3], Зонах[4], Ярашмаьрда[2], Доча-Борзе[5][6], Улус-Керт[3][2].

Беха эвланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Валаргт1е, Вашендарой (юрт), Г1ойт1а, Г1уларе, Гихт1а, Гоьргача, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Зонах, Йоккха-Атаг1а, Лакх-Ноьвре, Лах-Ноьвре, Наурская, Олхазар-К1отар, Т1ехьа Мартант1а, Улус-Керт, Хьалхьа Мартант1а, Чуьр-Эвла, Шуьйта, Ярш-Маьрд[7].

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исторехь хьахадар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Я.З.Ахмадовн «Оьрсийн-нохчийн йукъаметтигаш XVӀ-XVӀӀӀ бӀешерашкахь» цӀе йолчу балхахь балабо хаам, теркан воеводас 1651 ш. хаийтина: «тайпанаш ЧатусовгӀар (ЧӀаьнтий), ЧимнаховгӀар (ЧӀинхой), ЗумсовгӀар (Зумсой), ВашандаргӀар (Вашандарой)… шуотошца цхьаьна барт бина» Теркан гӀалан аманат (закъалтан) велла, «куьйга кӀела хиларан» тешаллийна[12].

1887 шарахь Нохчийн полкан йукъа язбина шайн лаамхой Вашандара а, Доча-Борзе а эвланашкара[13].

Декъадалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вашандарой бекъало гарашка а, некъашка а[1].:

  • Аспи некъе (L3),
  • Аьстмари некъе (L3),
  • Ахьмуткъин некъе (L3),
  • Байгир некъе (L3),
  • Жамсаг гар (G2)
    • Бети некъе (G2),
    • Буйни некъе (G2),
    • Пижи,некъе (G2),
    • Ӏаьнди некъе (G2),
  • МӀамиг гар (G2),
    • Баймарзи некъе (G2),
    • Вени некъе (G2),
    • ГӀези некъе (G2),
  • МерӀуьргаш некъе (L3),
  • Мески некъе (J2),
  • Мохьмш некъе (L3),
  • Мусости некъе (L3),
  • МӀачкъи некъе (L3),
  • Одам гар, (G2),
    • Акхи некъе (G2),
    • Ӏамийн некъе (G2),
    • Ӏарболат некъе (G2)
  • Отмаз некъе (L3),
  • Сог1ур (Сохур) гар (L3),
    • Айти некъе (L3),
    • Г1анболт некъе (L3),
    • Джансакъ некъе (L3),
    • Мац1ар некъе (L3),
    • 1ухш некъе (L3)/
  • Теуси некъе,( G2).
  • Таймаз некъе (L3),
  • ЦӀикма (L3),
  • ЦӀимокки (J2),
  • Чаборз гар (J2),
    • Ганчи некъе (J2),
    • Мади некъе (J2),
    • Незир некъе (J2)
    • Хаси некъе (J2),
    • Чимки некъе (J2),
  • Чиммирз некъе (J1),
  • ШоӀип некъе (L3).

Тайпан гӀарабевлла векалш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпан гӀарабевлла векалш[14]:

  1. Бахьарчи ИсмаьӀал-молла (МаьӀа) — Ӏелам стаг. Вийна ЧГӀХК белхалоша 1937 шарахь.
  2. БашировгӀар – схьабовлар Вашандарара долу Йоккхачу АтагӀара пхьераш. Тарраш а, шаьлтанаш а йеш хилла. Цаьрга герз дойтуш хилла хьалдолчу наха, масала, ЧермоевгӀар, АлиевгӀар, МациевгӀар. Башир а, цуьнан кӀентий БаттӀакъа а, Бакар а, ИсмаӀил а цӀе яххана пхьераш хилла. Бакар 1936 шарахь Ӏедало лаьцна, лацаран бахьна церан говзалла а, ЧермоевгӀаьрца долу гергарло а хилла. 1917 шарахь Бакарас Нохчийчоьнан политикин а, йукъараллин а гӀуллакххочун Чермоев Ӏабдул-Межедан (Тапин) совгӀатна деллера шаьлта, тӀе йоза йаздина: «Хьомечу А. М. Чермоевна Башировгара. 1917, Й. АтагӀа»[15].
  3. Джейрханов Юсуп-Хьаьжа — гӀараваьлла Ӏелам стаг, НГӀАССРн хьалхара муфтий[16]
  4. Макаев 1ума, Улус-Кертара вахархо хилла, 1елам стаг хилла, наханна йуккъе масла1ат дан кхойкхуш хилла [1] Архивйина 2020-02-20 — Wayback Machine
  5. Мутушев Ахьмадхан — нохчийн интеллигент, ХХ бӀешеран Нохчийчоьнан пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, лаьцна 1937 шарахь буржуазин интеллигент ву аьлла. Велла 1943 шарахь Ташкентан набахтехь.
  6. Сосламбеков, Юсуп Эдилбекович — НКЪКХК декъашхойх цхьаъ, Кхочушдаран комитетан председателан гӀовс. Нохчийн революцин тхьамданех цхьаъ, 1991-1992 шерашкахь Нохчийн Республикин Дуьхьалонан министр.
  7. Келоев Ӏум-хаьжа — хьалхара гильдин совдегар, меценат, цуьнан комаьршаллех туьйранаш хилла Шуьйтан кӀоштехь.
  8. Ахтаев, Увайс Мажидович — 1950-гӀа шерашкара гӀараваьлла баскетболист, Кхазакхстанан гулйинчу командан ловзархо, дуьненахь оцу заманан уггаре лекха баскетболист (236 см).
  9. Имаев Ӏусман — 1993 шеран майхь дуьйна НРИ Къоман банкан урхалча, 1994 шеран июлехь дуьйна НРИ Инарлан прокурор а, юстицин министр а.
  10. Шамаев Ахьмад-хьаьжа — Ӏелам стаг, 2000 - 2005 шерашкахь Нохчийн Республикин муфтий, хӀинца РФ Бусалбийн синмехаллин урхаллин муфтийн гӀовс.
  11. Арсанукаев Абу — НРИ президент хиллачу Д.М.Дудаевн Кхерамазаллин гӀуллакхан хьаькам.
  12. Чагаев Булат — бизнесмен, воккха хьуьнарча, цуьнан долахь йу ФК «Ксамакс» (Швейцари). Меценат, финансаш латтийна Шуьйтан кӀоштан социалан объекташна. Цуьнан долахь хилла ФК «Терек» Соьлжа-ГӀала.
  13. Цамаев Мовсар — Нохчийн Республикера Российн ФНГӀ урхаллин куьйгалхо.
  14. Аухадов, Апти Хамзатович — штангист, Российн а, Европин а, дуьненан а чемпион, Казанехь хиллачу Универсиадан толамхо. Российн Хьакъдолу спортан говзанча.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 http://vashandaro.com/index/0-11 Архивйина 2020-09-27 — Wayback Machine
  2. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 434.
  3. 1 2 Сулейманов, 2006, с. 216.
  4. Сулейманов, 2006, с. 434-435.
  5. Сулейманов, 2006, с. 434,441.
  6. Твёрдый, 2008, с. 100.
  7. Ваштарой беха юьрташ. Архивйина 2022-08-08 — Wayback Machine
  8. Сулейманов, 2006, с. 206.
  9. 1 2 3 Твёрдый, 2008, с. 72.
  10. Сулейманов, 2006, с. 453.
  11. 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 445.
  12. Ахмадов Я.З., Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀ веках.
  13. Туркаев Х.В., Чеченцы в истории, политике и культуре России, Москва, Издательство «Наука», 2008.
  14. Ваштарой нохчи тайпан сайт - ГӀарбоьвла Ваштарой. vashandaro.com. Теллина 2018 шеран 24 ноябрехь.
  15. Оружейники Башировы из Старых Атагов. ИА "Чеченинфо" Источник: Молодежная смена (21-11-2012). Теллина 2018 шеран 21 майхь.
  16. Джайраханов Юсуп Джайраханович - 5 Ноября 2017 - Ваштарой нохчи тайпан сайт. vashandaro.com. Теллина 2018 шеран 21 ноябрехь.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]