Айсханов, Шамсуддин Катаевич
Шамсуддин Катаевич Айсханов | |
![]() | |
Вина терахь | 1907 шо |
---|---|
Вина меттиг | Лаха Невре, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери |
Кхелхина терахь: | 1937 шо |
Кхелхина меттиг: | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа: | Яздархо, Поэт |
Жигара шераш: | 1923—1937 |
Произведенин мотт: | нохчийн |
Шамсудди́н Ката́евич Айсха́нов (1907 шо, Лаха Невре, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 1937 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн яздархо, поэт, гочдархо, серлонча, нохчийн литературан бух биллинчарех цхьаъ, партин а, юкъараллин а гӀуллакххо.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Айсханов Шамсуддин вина 1907-чу шарахь Теркайистерчу Лаха-Неврехь. Цуьнан да-нана ахархой хилла. Яздархочун да Ката даиманна керлачунна тӀегӀерташ вара. XX-гӀа бӀешо долалучу хенахь Лаха-Неврехь халкъан серлончас, хьехархочо Хакишев Солтас школа йиллича, цига хехо вахара Ката. Халкъа юкъа серло яржоран Ӏалашо яра Хакишев Солтин. Шамсуддин деша ваххал хилча, шен дас иза дӀавелира Хакишев Солта волчу школе. Дешаре боккха безам болуш кхиавора Катас шен кӀант. Дешарна тӀера а вара жима Шамсуддин, цо хазахеташ Ӏамадора йоза-дешар, резахиларца тӀеоьцура шена хьоьхург. Хьехархо а, да-нана а даккхийдеш бара дешархочун кхиамаш.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Шамсуддин Айсханов. Электронная библиотека Союза писателей Чеченской Республики. Теллина 2014 шеран 27 декабрехь.
- * В Грозном отметили столетие поэта Шамсудина Айсханова. Информационное агентство «Грозный-Информ» (2007, 20 июль). Теллина 2014 шеран 27 декабрехь.
- Дахаран куьзга. Шамсуддин Айсханов YouTube чохь («Зеркало жизни. Шамсуддин Айсханов» на чеченском языке)