Шуотой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Историн «юкъаралла»
Таханлера тукхам
Шуотой
Шуото СаӀдуллахӀ Оспанов Шуото СаӀдуллахӀ Оспанов
Этноиерархи
Раса кавказан
Юкъара хаамаш
Мотт Нохчийн меттан шуотойн меттадакъа[1]
Дин ислам (суннийш)
Къам нохчий
Гергарло Мецхалой, Бацой, Аьккхий.
Таханлера дӀасакхалхар
Нохчийн Республикан ТӀехьа-Мартанан, Хьалха-Мартанан, Соьлжа-ГӀалин, Шелан, Веданан, Шуьйтан, Теркан кӀошташ
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
    ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац
берриш 70,000РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар
Къилбаседа Кавказ:

Шу́отой (оьрсийн хьосташкахь бевза иштта шубуты, шибуты[2]) — нохчийн ис тукхамах цхьа тукхам[3]. Тукхаман юкъ лору Шуьйта кӀоштан юкъ йолу Шуьйта эвла.

Охьаховшар[нисъе | нисъе чухулара]

Коьртаниг хевшина Шуьйтан кӀоштарчу эвланашкахь: Лакха-Варанда, Сюжи, Борзе, РегӀдукъа, Тумсой, Вашандара, Хьаьлкана, Горгачи, Улус-Керт, Доча-Борзе, Зонах, ДӀай, Нихалой, Пхьаьмта, ГӀуш-Корта, Бекум-Кхаьлла, Ваьрде, Саьтта, Урдюхой, Юкерч-Келой , Хьал-Кела, Саной, Хьорсана, Жима Хьорсана, Шуьйта, Мус-Кхаьлла, Мусолт-Эвла, Хьакка.

Иштта тукхаман векалш аренашкахь ехкина яккхий эвланаш, масала: Жима АтагӀа, Йоккха АтагӀа, Чуьйри-Эвла, Дуби-Эвла, Селман-Тевзана, ГӀойтӀа , ЧӀишка, Ярашмаьрда, ГӀой-Чу (СаӀдин-КӀотар), ГӀой-Йист.

Кхин а беха аренашкарчу эвланашкахь – Лаха Неврехь, Маканехь, Хаьмбин-Ирзехь, Шелахь.

Топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Шатойн-юрт – Соьлжа-Юртара меттиг, хьалха иштта цӀе йолуш эвла лаьттина.
  • Шуьйта дукъ - Гучан-Кхаьлла къилбаседа-малхбалехьа.
  • Шуьйта кхойкху корта – ЦӀесан къилбаседехьа. Цигара бора тайп-тайпана амалера хаамаш: азца, серлонашца, цӀе цигара схьаяьлла.

Оьрсийн а, нохчийн а тептаршкахь хьехор[нисъе | нисъе чухулара]

Шуотой хьахийна 1621 шеран тептарехь, цу чохь боху «гӀумкийн, мержойн, шуотойн, чӀаьнтийн, гӀалгӀайн, мулкъойн, кхин а дуккха а ломан мехкашкара нах кийча бу ногӀашна дуьхьала вайца цхьаьна тӀом бан», «доьху Теркан оьрсийн воеводе гӀо лацар»[4].

Я.З. Ахмадовс ялайо 1651 шарахь таркхойн шамхала Сурхайс а, Ӏаьндарин дас Казаналпа а цхьаьнатоьхна ницкъашна юкъахь шуотоша, Соьлжа тӀехь 700 гӀажарна дуьхьала, дакъа лацаран факт. Циггахь дуьйцу, 1651 ш. теркан воеводас хаийтина: «ЧӀаьнтийн а, ЧӀинхойн а, Зумсойн а, Вашиндаройн а тайпанаш… шуотошца цхьаьна барт бина» Теркан гӀале закъалтана нах белла, «куьйга кӀела» хилар гойтуш.

Иштта Я.З. Ахмадовс даладо 1658 шарахь тушинаш а, шуотоша а Кремлан Успенскан килсехь даздаран церемонехь Российн байӀат дарх. Цуо дуьйцу, 1659 шарахь тушинаш болийра боккха гӀаттам гӀажарашна дуьхьала КӀахетехь. Тарло цаьрца цхьаьна шуотой хилар а, хӀунда аьлчи тушинаша гуттаренна а оцу заманахь кхайкхадора шеш цхьаьна хилар[5].

1833 шеран июнь беттан оьрсийн тептаршкахь далийна: нохчий-шуотой 5000 са ду[6].

1859 шеран тӀеман сборникехь яздо, нохчийн къоман ду цхьа мотт буьйцу, Кавказан а, Ӏаьндийн а даккъийн къилбаседа басешкахь, тӀеман хьолашка а, оьрсийн герзан аьттоне хьаьжжина, Российца тайп-тайпана юкъаметтигаш йолу, амма хӀинца Имам Шемалан Ӏедал дохийначул тӀаьхьа Российн Ӏедал тӀеэцна тайпанаш:

  • Шуотой, беха Орган атагӀин лакхарчу декъехь, 15000 са гергга. Оцу тайпано 1858 шарахь тӀеэцна Российн Ӏедал (Шуотой, ЧӀаьнтий, Зумсой, кхин а юкъараллаш)[7].

У. Б. Далгата яздо: «Нохчийн дийцарша хьехаво кхо ваша: ГӀа, Ахо (я Аккхо), Шуото, берриг нохчийн дай хилча санна. Кхаа вешех Аккхох, Шуотох, ГӀах кхолладелла кхоъ юкъаралла: ГӀалгӀай, Аьккхий, Шуотой; хьалхарниг – Iаьс-хин лакхенашкахь, шолгӀаниг – Гихан лакхенашкахь, кхоалгӀаниг – Соьлжан геннашна ЧӀаьнтийн Органан а, Шарой Органаш а лакхенашкахь. Оцу кхаа юкъараллех адам дебарца а, керла мухажираш тӀекхетарца а малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа даьржаш, кхолладелла кхин нохчийн тайпанаш. Ерриг цӀераш – Шуото, Аккхо, ГӀа – хилла тайпанийн тхьамданийн цӀераш; шайн цӀе цара дӀалаьцна мехкашна а тохкуш хилла». [8].

В. Пожидаевс яздо Турпал Нахчуон тӀаьхьенаша кхоьллира, шайн цӀераш техкина, юкъараллаш: Ичкерихой, Ӏовхой, ЧӀебарлой, Шуотой, Дзумсой, Кисташ, Цорой, Галай, ГӀалгӀай, Джейрахой, Ангушт[9].

ГӀарабевлла Шуотой[нисъе | нисъе чухулара]

  • Илсах – накъшбандин шайх. Схьаваьлла Шуьйтара. Зийарат Шелахь Вада-шайхан уллехь ду.
  • Шамаев Ахьмад-хьаьж – Нохчийчоьнан муфти 2000 шеран 22 августера 2005 шеран 26 май кхаччалц.

Шуотойн тукхаман тайпанаш[нисъе | нисъе чухулара]

М.А.Мамакаевс дийцарехь XIX бӀешарахь тукхам юкъадогӀура 10 тайп: Варандой, Вашиндарой, ГӀаттой, КІелой, Маьршой, Нижалой, Нихалой, Пхьамтой, Саьттой, Хьаккой. Дисина тайпанаш кхолладелла XIX бӀешарал тӀаьхьа[10].

Борзой[нисъе | нисъе чухулара]

Варандой[нисъе | нисъе чухулара]

Вашиндарой (Ваштарой)[нисъе | нисъе чухулара]

Горгачхой[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀаттой[нисъе | нисъе чухулара]

Дехастой[нисъе | нисъе чухулара]

Келой[нисъе | нисъе чухулара]

Лаьшкарой[нисъе | нисъе чухулара]

Маьршалой (Маьршой)[нисъе | нисъе чухулара]

Мускулхой[нисъе | нисъе чухулара]

Нижлой[нисъе | нисъе чухулара]

Нихалой[нисъе | нисъе чухулара]

Пхьамтой[нисъе | нисъе чухулара]

Рядухой[нисъе | нисъе чухулара]

Саной[нисъе | нисъе чухулара]

Саьрбалой[нисъе | нисъе чухулара]

Саьттой[нисъе | нисъе чухулара]

Суоной[нисъе | нисъе чухулара]

Тумсой[нисъе | нисъе чухулара]

Хьаккой[нисъе | нисъе чухулара]

ХьалгӀий[нисъе | нисъе чухулара]

Хьалкелой[нисъе | нисъе чухулара]

Хьаьрсеной[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏуьргюххой[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. А. Д. Тимаев — «Фонетические особенности шатоевского диалекта чеченского языка в сравнении с плоскостным диалектом». Чечено-ингушский НИИ ИЯЛ. // Известия. Том 8, вып. 2. Языкознание. Гр., 1966. — с. 96 — 128
  2. Волкова Н. Г. Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа. — М.: Наука, 1973. — с. 208
  3. Тукхум шатой
  4. Российский государственный архив древних актов, Ф. Кабардинские дела, 1621, №3. Л. 1-2
  5. Я.З.Ахмадов, «Русско-чеченские взаимоотношения в XVӀ-XVӀӀӀ веках»
  6. Ведомости о численности народонаселения Кавказа и степени их покорности царскому правительству, июнь, 1833
  7. Военный сборник, в содержании девятой книги за сентябрь № 9 за 1859 г. (Том ӀХ) издаваемый по повелению Императора
  8. Далгат У. В., «Героический эпос чеченцев и ингушей» стр. 41
  9. Пожидаев В. «Горцы Северною Кавказа: ингуши, чеченцы, хевсуры, осетины и кабардинцы» М.-П., 1926. С.16.
  10. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Гр.: ГУП «Книжное издательство», 2006. — 5000 экз. (юха арахецар 1976—1985 шш.)