Байда

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Дежийла тӀера хьажжина кхуза)
Байдин тӀехь дежа даьхний.

Байда йа Дежийла йа Дишнибуц йуу дийнаташ дажо гуттаренна а лелош долу, бецан ораматаш йолу йуьртабахаман латташ. Механизацин йуьртабахам йукъабалале, байда аьхка коьрта хьост хилла дийнатийн йуурган, масала бежний, уьстагӀий, говраш. Байданаш хӀинци а лелайо дийнаташ дажош, йекъачу областашкахула латта кхечу хӀуман пайдехь доцучохь муххале а.

Байдаш къастайо: йекъа тогӀийн, хи диллина, уьшал хилла, ломан, кхин а. Тодаран тӀегӀанца байдаш декъало Ӏаламан а, культурин а декъашка. Культурин байдаш йо оханаш дӀа а дуьй лакхарчу сурсатийн бецашца, иштта байдин лакхара дааран мехалла хуьлу Ӏаламан байдашца дуьстича.

Байдин ораматаш хила тарло тайп-тайпана кенан ораматаш, кенан-кхоьшан культураш, кхин а докъаран культураш. Лаьттан тайпа, хӀора шеран температуран минимум, йочанаш — байдаш лелоран кепийн коьрта факторш йу.

Дуьненан байдин йерриг майдан барам 26% гергга бу, декъачу лаьттан майдан барамех[1].

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]