Висаитов, Мавлид Алероевич
Висаитов, Мавлид Алероевич | |
---|---|
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | военнослужащий |
Вина терахь | 1913 шеран 13 май |
Вина меттиг | Лаха Невре |
Кхелхина терахь | 1986 шеран 23 май (73 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Корматалла | дошло, тӀеман гӀуллакххо, подполковник |
Гражданалла |
![]() |
СовгӀаташ | |
![]() |
Мавлид (Мовлид, Мовлади) Алероевич Висаитов (1913 шеран 13 май, Лаха Невре — 1986 шеран 23 май, Соьлжа-ГӀала) — 28 гвардейски дошлойн полкан командир (6 гвардейски дошлойн дивизи, 2 Белоруссин фронт), гвардин подполковник, Советски Союзан Турпал.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина Лаха Нёврехь (Терк-Йистан кӀошт, Нохчийн Республика) ахархойн хӀусамехь. 1942 шо дуьйна КПСС декъашхо. 1932 шарахь чекхъяккхира кооперативни техникум. Цо туькан куьйгалхо болх бира.
1932 шо дуьйна иза ЦӀен эскирахь вара. 1935 шарахь цо чекхъяккхира Орджоникидзен гӀашлойн школа, 1941 шарахь — комсоставан кхачаме далоран дошлойн курсаш.
ТӀом дӀаболабелча дуьйна капитан Висаитов вара фронтехь[1]. Шен майралла цо тӀом дӀа ма болабелла гайтира. Кирданашкахь (Малхбузе Украина) волучу хенахь 1941 шеран 18 — 22 июлехь цуьнан эскадронан омра деара мостагӀин тӀелата аьлла. Висаитовс ша айбира эскадрон, мостагӀчун тӀемалойн ха хӀаллакдира а, мостагӀ волчу чувахара а. Цул тӀаьхьа дехкинча деношкахь эскадронас кхуза юхатуьхуьра тӀелетта немцой. Висаитован чов йинера. Оцу деношкахь бина тӀеман цунна елира ЦӀен тӀеман байракхан орден.
Висаитовс куьгалло деш йолу 28 гвардин дошлойн полк 1945 шеран 27 апрелехь танкан а, артиллерин а полкашца цхьана Шведт гӀала йолчехь мостагӀас яш йолу дуьхьало эшайина схьаяккхира Хаммельпринг цӀе йолу нах беха меттиг а, Райнсберг цӀе йолу гӀала а. 1945 шеран 2 майхь полк тӀекхечира Эльбан хийисте. Виттенберг гӀалин къилбаседехьа цунна дуьхьулкхитира ингалсан а, америкин а эскир. ТӀеман тӀаьххьара деношкахь цуьнан полкас тӀом беш 160—170 км некъ бира, мостагӀчун 2 полк хӀаллакйира, 50 нах беха меттиг схьаяккхира, дукха салтий а, цера техника а хӀаллакйира, концлагерашкара 3000 советан гражданин а, 500 тӀеманвисар а паргӀатвеккхира.
1945 шеран июнехь Советски Союзан Турпалан цӀе яларан хьалхатеттира иза, амма цунна елира Ленинан орден[2].
1946 шо дуьйна подполковник Висаитов запасехь вара. Иза вара Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш. Иза велира 1986 шерана 23 майхь. ДӀавоьллира Лаха Нёврехь. ВеллачултӀехь, 1990 шеран 5 майхь цунна елира Советски Союзан Турпалан цӀе.
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Орденаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 2 Ленинан орден;
- ЦӀен Байракхан орден;
- Суворован 3 даржан орден;
- ЦӀен Седан орден;
- Силаллийн Легионан орден;
Мидалш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ТӀеман кхиамашна;
- Сталинград ларъяран;
- Германи эшаяран мидал;
кхиераш а.
Виццавар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь болу ураман. 2010 шеран 8 майхь «Силаллийн аллей» цӀе йолу мемориалан комплексехь хьайиллина цуьнан памятник а, мемориалан у а, барельеф а.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Общедоступный электронный банк документов «Подвиг Народа в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» (хьажа гӀуллакхан агӀо 13)
- ↑ [1] (хьажа гӀуллакхан агӀонаш 1 а, 15 а)
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Висаитов, Мавлид Алероевич. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- «Кавалерист, легионер, герой»(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Герой — Судьба Мавлида Висаитова Архивйина 2014-03-22 — Wayback Machine
- «Всадник чести. Комполка Висатов» — Документальный фильм на YouTube
- Судьба Мавлида Висаитова
- Адамаш абатца
- Бинарш 13 майхь
- Бинарш 1913 шарахь
- Бинарш Лаха Неврехь
- Белларш 23 майхь
- Белларш 1986 шарахь
- Белларш Соьлжа-ГӀалахь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден елларш
- ЦӀен Байракхан орден елла нах
- ЦӀен Седан орден елла нах
- «ТӀеман кхиамийн» мидал елларш
- «Сталинград ларъяран» мидал елла нах
- «Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь Германи эшаяран» мидал елла нах
- «Силаллийн легионан» орден елла нах (командораш)
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхой