Чулацаман тӀегӀо

Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Нохч-ГӀалгӀайн АССР тӀера хьажжина кхуза)
АССР
Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика
оьрс. Чечено-Ингушская Автономная Советская Социалистическая Республика
«Сан Нохч-ГӀалгӀайчоь
43°19′00″ къ. ш. 45°41′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Байракх ССРС ССРС
Йукъайоду РСФСР
Адм. центр Соьлжа-ГӀала
Лакхара кхеташонан председатель Докка Завгаев (тӀаьххьарниг)
Истори а, географи а
Кхоллар 1936—1944, 1957—1991
ДӀайаккхар 1991
Латта 19 300 км²
Сахьтан аса MSK (UTC+3)
Бахархой
Бахархой 1 275 513[1] стаг (1989)
Официалан меттанаш оьрсийн, нохчийн, гӀалгӀайн
Ленинан Орден — 1965 шеран 13 декабрьОктябран Революцин Орден — 1972 шеран 6 декабрьКъинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1982Халкъийн доттагӀаллин орден — 1972 шеран 29 декабрь
Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Соьлжа-ГӀала, Августан урам, ССРС марка 1960.

Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика йа дацдина Нохч-ГӀалгӀайн АССРРСФСР административан-мехкан дакъа, лаьттина 1936 - 1944 шерашкахь а, 1957 - 1993 шерашкахь а.

Коьрта гӀала — Соьлжа-ГӀала.

Республика кхоллар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1936 шеран 5 декабрехь керла Сталинан ССРС Конституци тӀеэцарца Нохч-ГӀалгӀайн автономин область арайаьккхира Къилбаседа-Кавказан мехкан йукъара цунах йира Нохч-ГӀалгӀайн АССР[2].

Партин лаккхарчу органийн сацамна тӀе а тийжаш, СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на юкъахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀотторан хьокъехь» Указ арадаьллачул тӀаьхьа, дӀадолийра нохчийн а, гӀалгӀайн а халкъийн автономи меттахӀоттор.

Нохч-ГӀалгӀайн АССР-на юкъаяхийтира: Грозненски областера Соьлжа-ГӀала а, Грозненски, Гуьмсан, Каргалински, Красноармейски, Междуреченски, Надтеречни (Теркан), Новосельски, Наурски (Невран), Советски (Шуьйтан), Шелковски кӀошташ; Дагестанера (цунах дӀатоьхна хилла) Андалалски, Веданан, Ритлябски, Шурагатски кӀошташ, БотӀлихан а, ЦӀумадин а кӀоштийн малхбузера дакъа (ЧӀебарлойн а, Шаран а кӀошташ хиллачу дозанашкахь); Къилбаседа ХӀирийн АССР-ра – Малгобек гӀала а, гонахара меттигаш а, Коста-Хетагуровски кӀошт, Правобережни кӀоштан къилбаседа-малхбален дакъа (Ачалукин кӀоштан хиллачу дозанашкахь)[3].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1941-чу шеран 24-чу июнехь дуьйна 10-чу июль кхаччалц халкъан ополчени йукъа йазвелла республикин 17 эзар сов вахархо, царех 10 эзар гергга вайнах бара. Нохч-ГӀалгӀайчоьнан махкахь кхоьллина 317-гӀа кхийсархойн дивизи а, 114-гӀа нохч-гӀалгӀайн дошлойн эскаран дивизион а, 80 % лаьмнашкахь бехачу нахах лаьтташ (4-гӀа гӀазакхийн дошлойн корпусан куьйгаллехь инарла Кириченко волу). И тӀеман кхолламаш тӀом беш бара Мазалк-Маьлхбикан агӀор. Хьахийнарш боцург, республикехь иштта кхоьллина 242-гӀа ламанан кхийсархойн дивизи, 16-гӀа инженерийн бригада, 4-гӀа маневран хӀаваан бригада, автобатальон, кхийсархойн маршан дивизи, масех резерван дакъа[4].

1941 шеран ноябрехь дуьйна Соьлжа-ГӀалахь кхуллуш йара 114-гӀа Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн дивизи. Дивизе дӀайазвелира 600 стаг сов шайн лаамца, штатехьчул сов[5]. Амма иза чекхйаккха аьтту ца белира: 1942 шо долалуш арадаьккхира къайлаха омар, цуьнца нохчий а, гӀалгӀай а карара эскаре ца дуьгура, билгала бевлла тӀемлошна совгӀат а ца дора[6]. Правительстве дехар деш Нохч-ГӀалгӀайн бахархойх шен лаамехь салтий гулбе аьлла бист хилира нохчийн а, гӀалгӀайн а тӀамехь болу эпсарш[7][8]. 1942 шарахь дивизин базехь кхоьллира 255-гӀа къаьстина Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн полк, цуо дакъалецира Сталинградан тӀамехь[9].

1942 шеран август чекхболуш вермахтан эскарш (А эскаран тоба) кхаьчна Йеха-ГӀала — Мазалк — Ищоре асане, Маьлхбикан кӀоштан жима дакъа дӀа а лоцуш. 1943-чу шеран январь беттан 3-чу дийнахь Мазалк-Маьлхбик операци йоьдучу хенахь республикин мохк буьззина фашистех цӀанбира. Республикин промышленностан таронаш меттахӀиттор оцу сохьта долийра. 1944—1945 шерашкахь эвакуаци йан дӀасакъаьстина дукхаха йолу мехкадаьттан меттигаш а, промышленностан предприятеш а меттахӀиттийра. ТӀеман шерашкахь Соьлжа-ГӀалин бахархоша арахоьцура 5 миллион сов тонн мехкадаьтта, ткъа заводаша миллионаш тоннаш мехкадаьттан сурсаташ арахоьцура. 1944 шарахь энергетикин дакъа кхиоран тӀом балале хиллачу тӀегӀане кхаьчна[10].

ТӀом болучу хенахь гайтина доьналлин, 36 Нохч-ГӀалгӀачуьра бевллачу нахана Советийн Союзан Турпалхо цӀе йелира[11].

Вукху агӀор, республикехь чӀогӀа антисоветийн синхаамаш бара, царех пайда а оьцуш, советийн тыле хьажийна немцойн агенташ гӀиртира Нохч-ГӀалгӀайн АССР махкахь гӀаттам бан а, цуьнца Кавказна тӀелатарх шайн кхиамаш баха аьтто бан а. Немцойн а, церан агентийн а аьтто ца баьлла массин гӀаттам бан. Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н махкахь дӀахӀоттийначу цхьана ЧГӀХК-н чоьхьарчу эскарийн 141-гӀа кхийсархойн полко дӀайаьхьира 413 тӀеман операци, дӀайаьккхира 9 банда, хӀаллаквира 529 а, йийсаре лаьцна 632 бандит, тӀемашкахь 65 стаг вийна, тӀемашкахь чевнаш хилла 28 стагана[12].

Бакъду, республикехь бандитийн барам луларчу кӀошташкарчу цу кепарчу гайтамел тӀех ца баьлла. 1943 шеран августехь йерриг Къилбаседа Кавказехь лелаш йара 156 низамехь йоцу герзахойн тоба, 3485 стагах лаьтташ йолу. Цу йукъахь: Нохч-ГӀалгӀайчохь — 44 (300 дакъалацархо), ГӀебартойн-Балкхаройн — 47 (900 декъашхо), ДегӀастахь — 1500 дезертир. 800 стаг ларлуш ву мобилизацех. Къилбаседа ХӀирийчохь тӀеман кхаа шарахь — 4366 дезертир, 862 эскаре ца воьдуш лечкъаш лела, иштта Абверан «политикан бандаш» а, диверсанташ а жигара хилира[13]. ТӀом болабеллачу хенахь дуьйна 1944 шеран шолгӀачу декъе кхаччалц Къилбаседа Кавказехь билгалдаьккхина 49362 дезертиралла, царех 23711 меттиг дӀайазйина Краснодаран махкахь, Ставрополан махкахь — 10 546, Нохч-ГӀалгӀайчохь 4441 стаг, ткъа Къилбаседа ХӀирийчохь — 4366[14].

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР административан йекъайалар
КӀошташ церан административан йаккъашца: 1.-ТӀехьа-МартананТӀехьа-Марта й., 2.-ВедананВедана й., 3.-Соьлжа-ГӀалинСоьлжа-ГӀала, 4.-ГуьмсанГуьмсе й., 5.-КаргалинскиКаргалински гӀ. 6.-КурчалойнКурчалой-Эвла 7.-ТерканЛаха-Невре гӀ., 8.-НесаранНесара й., 9.-НевранНовр-ГӀала, 10.-Нажи-ЙуьртанНажи-Йуьрт, 11.-ПервомайскиГалашкие й., 12.-СесананСесана й., 13.-СоветскиШуьйта й., 14.СоьлжинСипсо-ГӀала, 15.-Хьалха-МартананХьалха-Марта й., 16.-ШеланШела й., 17.-ШелковскиШелковски.
Республикин маьӀнин гӀаланаш: 18.-Соьлжа-ГӀала, 19.19-Маьлхбик.

Нохч-ГӀалгӀайн АО Нохч-ГӀалгӀайн АССР йинчул тӀаьхьа республикин йукъа областан куьйгакӀелара 1 гӀала Соьлжа-ГӀала а, 24 кӀошт а йахара.

1944 шарахь АССР дӀайаьккхинчул тӀаьхьа, Соьлжа-ГӀалин область йукъахь, Теркан а, Гуьмсан а кӀошташ кегийра йеш кхоьллира Горагорскан а, Ойсхаран а кӀошташ йира, уьш дӀайехира 1951 шарахь.

Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа 1957 шеран 11 февралехь цунна йукъа йахара республикин куьйгакӀелара 2 гӀала (Соьлжа-ГӀала а, Маьлхбик а) а, 16 кӀошт а[15].

1958 шеран 30 январан хьолехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР йекъалора республикин куьйгакӀелара 2 гӀаланна (Соьлжа-ГӀала а, Маьлхбик а) а, 17 кӀоштана а[16]:

  1. ВедананВедана,
  2. ГуьмсанГуьмсе й.,
  3. КаргалинскиКаргалински гӀ.
  4. КурчалойнКурчалойн-Эвла
  5. Нажи-ЙуьртанНажи-Йуьрт,
  6. НевранНовр-ГӀала,
  7. НесаранНесара й.,
  8. ПервомайскиГалашкие й.,
  9. СесананСесана,
  10. Соьлжа-ГӀалинСоьлжа-ГӀала,
  11. СоьлжинСипсо-ГӀала,
  12. ТерканЛаха-Невре й.,
  13. ТӀехьа-МартананТӀехьа-Марта й.,
  14. Хьалха-МартананХьалха-Марта й.,
  15. ШеланШела й.,
  16. ШелковскиШелковски гӀ.
  17. ШуьйтанШуьйта й.,

1990 шеран хьолехь республикин йукъайоьдура респубдикин маьӀнин 5 гала[15]:

А, 15 кӀошт а:

  1. ВедананВедана й.
  2. ГуьмсанГуьмсе гӀ.
  3. Итон-КхаьллинИтон-Кхаьлла й.
  4. МаьлхбиканМаьлхбик гӀ.
  5. Нажи-ЙуьртанНажи-Йуьрт
  6. НевранНовр-ГӀала
  7. НесаранНесара гӀ.
  8. Соьлжа-ГӀалинСоьлжа-ГӀала
  9. СоьлжинСипсо-ГӀала
  10. ТерканЧӀулга-Йурт
  11. ТӀехьа-МартананТӀехьа-Марта й.
  12. Хьалха-МартананХьалха-Марта гӀ.
  13. ШеланШела гӀ.
  14. ШелковскиШелковски гӀ.
  15. ШуьйтаШуьйта й.

Республикин бахархойн бараман динамика:

ШоБахархой, ст.Хьост
1939697 009[17]1939 шеран багарбар
1959710 424[18]1959 шеран багарбар
19701 064 471[19]1970 шеран багарбар
19791 153 450[20]1979 шеран багарбар
19891 275 513[1]1989 шеран багарбар

Нохч-ГӀалгӀайн АССР къоман хӀоттам[21]

Къам 1959, эз.ст.[22] 1970, эз.ст.[23] 1979, эз.ст.[24] 1989, эз.ст.[25]
нохчий 244,0 (34,3 %) 508,9 (47,8 %) 611,4 (52,9 %) 734,5 (57,8 %)
оьрсий 348,3 (49,0 %) 367,0 (34,5 %) 336,0 (29,1 %) 293,8 (23,1 %)
гӀалгӀай 48,3 (6,8 %) 113,7 (12,0 %) 134,7 (11,7 %) 163,8 (12,9 %)
эрмалой 13,2 (1,9 %) 14,5 (1,4 %) 14,6 (1,3 %) 14,8 (1,2 %)
украинаш, белорусаш 8,7 (1,9 %) 9,0 (1,2 %) 10,8 (1,0 %) 12,6 (1,0 %)
гӀумкий 5,7 (1,9 %) 7,0 (1,2 %) 7,8 (1,0 %) 8,6 (1,0 %)
жӀайхой, ашвадой 1,7 (1,9 %) 2,7 (1,2 %) 3,0 (1,0 %) 4,6 (1,0 %)
ногӀий 1,7 (1,9 %) 2,7 (1,2 %) 2,0 (1,0 %) 3,6 (1,0 %)
хӀирий 0,3 (1,9 %) 0,6 (1,2 %) 1,1 (1,0 %) 1,3 (1,0 %)
жуьгтий 13,7 (1,9 %) 12,7 (1,2 %) 12,0 (1,0 %) 1,0 (1,0 %)
гуьржий 1,2 (1,9 %) 2,6 (1,2 %) 2,0 (1,0 %) 0,5 (1,0 %)

Оьздангаллехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Куьйгаллехь Димаев Ӏела волу вокалан-инструменталан ансамблан «Замин» (оьрс. Время) репертуарехь йара эшар «Сан Нохч-ГӀалгӀайчоь»[26]:

Горы вековые, нивы золотые,
Милые раздольные края.
Гордые чинары, тучные отары,
Чечено-Ингушетия моя! (x2)
 
БӀов мехкдаьттийнаш, вайнахашан латтой,
Тешамаш Октябрийн сийналаш,
Дика кӀанташ Даймохк, гӀаьрвалаш турпалхаш
Вина сан Даймохк Нохч-ГӀалгӀайчоь! (x2)
 
Гхантий сий яхийла, белхий Ӏилмаш,
Дезала Советий доттагӀа,
Са садаккхан лаьтта, са къона республика —
Са къона йистан ГӀалгӀай а Нохчо! (x2)
 
Ленинское знамя, светится над нами,
Хорошеет горская земля,
К зорям коммунизма
Идёт моя отчизна
Чечено-Ингушетия моя! (x2)

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Всесоюзная перепись населения 1989 год. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 22 июнехь
  2. Краткая справка об административно-территориальных изменениях Ставропольского края за 1920—1992 года. Архивйина 2018-05-11 — Wayback Machine
  3. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀотторан хьалхара гӀулчаш
  4. Ермекбаев, 2009, с. 73—74.
  5. Музаев.
  6. Ахмадов, 2005, с. 793.
  7. Межиев.
  8. Ибаева.
  9. Висаитов, 1966, с. 71.
  10. Казаков, 1984, с. 130—131.
  11. Ахмадов, 2005, с. 793—794.
  12. Самойлов С. В. «Для охраны войсковых тылов и наведения там строжайшего порядка организовать…» Мероприятия органов государственного и военного управления по организации борьбы с бандитизмом на Северном Кавказе в годы Великой Отечественной войны. // Военно-исторический журнал. — 2013. — № 11. — С.26-30.
  13. Ахмадов, 2005, с. 823.
  14. Ахмадов, 2005, с. 771.
  15. 1 2 Всемирный исторический проект. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 3 декабрехь Архивйина 2010-12-03 — Wayback Machine
  16. Административная карта Чечено-Ингушской АССР. М.: ГУГК, 1958 (Масштаб оригинала — в 1 см — 6 км)
  17. Всесоюзная перепись населения 1939 г. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь
  18. Всесоюзная перепись населения 1959 г. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 28 октябрехь Архивйина 2011-10-28 — Wayback Machine
  19. Всесоюзная перепись населения 1970 г. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 3 ноябрехь Архивйина 2011-11-03 — Wayback Machine
  20. Всесоюзная перепись населения 1979 г. ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 10 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 3 ноябрехь Архивйина 2011-11-03 — Wayback Machine
  21. население чечни
  22. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Национальный состав населения
  23. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Национальный состав населения
  24. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Национальный состав населения
  25. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Национальный состав населения
  26. группа «Зама» - Моя Чечено-Ингушетия YouTube чохь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Ахмадов Я. З., Хасмагомадов Э. Х. История Чечни в XIX-XX веках. М.: «Пульс», 2005. — 996 с. 1200 экз. ISBN 5-93486-046-1.
  • Висаитов М. А. От Терека до Эльбы. Воспоминания бывшего командира гвардейского полка о боевом пути в годы Великой Отечественной войны. Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1966. — 128 с.
  • Ермекбаев Ж. А. Чеченцы и ингуши в Казахстане. История и судьбы. — Алма-Ата: «Дайк-Пресс», 2009. — 508 с. 1500 экз. ISBN 978-601-7170-028.
  • Казаков А. И. (составитель). Город Грозный. Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — 190 с. 15 000 экз.
  • Осмаев А. А. Волкодлаки. (Тайна гибели Верховного Совета Чечено-Ингушской Республики). М.: МБА, 2017. — 124 с. 200 экз. ISBN 978-5-9909839-3-9.
  • Богат А. В. Грозный и Чечено-Ингушетия в значках и почтовых изданиях. — Израиль: А. Г. студия плюс дизайн, 2016. — 168 с. ISBN 978-965-555-874-6.

Кеп:Нохчийчоьнан истори Кеп:ГӀалгӀайчоьнан истори Кеп:Ӏедал Нохч-ГӀалгӀайн АССР