ХӀусам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀусам
Сурт
Йина гӀишлойн гӀирсаш[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
ЦӀа АЦШ

ХӀусам — ламастан, стаг ваха кечйина гӀишло я Ӏаламан къайлаволийла. Практикан функци, йоцуш хӀусамо символан роль ю, арахьара хаосах лардеш адаман оьздангаллин аренашкахь структуран ойла кхочушйо, уьйр йо доьзалан я тайпанан хьалхарчу чкъоьрашца. Иштта ойла йича хӀусам кхетайина ца Ӏа шен веха гӀишло, амма шуьйрачу маьӀнехь цӀа а, эвла а, мохк а кхетадо[1].

ХӀусам цӀарца кхетадо гуттаренна нах беха квартиран цӀенош, йукъара хӀусамаш болх бечу я доьшучу хенахь беха, хьешан цӀенош йоцучу хенахь бахархьама. Квартиран цӀеношна юкъадоьду хьешан цӀийнан тайпана а, къанойн интернаташ[2].

ТӀехулара куц, пенийн а, чухулара а хӀусам йина гӀирс тайп-тайпана бу (иза хила тарло дечиг, гата, тӀулг, бетон, латта, кибирчиг, болат, аьнгали, даьӀахк, ло).

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адамаша хӀусам лелайо хьалхалера бахаман йукъараллин хӀоттаман заманара дуьйна. Юьхьанца уьш яра тайп-тайпана хьехаш. Ӏаламан хӀусамашка кхочуш ца далора ширачу адаман хьашташ, уьш тоян буьйлабелира. Бехачу майдане тӀулг била буьйлабелира (масала, шира хӀуттийла Ла Ферраси, Эль-Кастильо хьех), тӀулгийн керташ (ХӀуттийла Ильски Краснодаран махкахь) ян йолийра, я тӀулгуш духкура кертан меттана (Волчи грот хьех ГӀирмахь). Аренашкара адамийн шира хӀусамаш хилла тоьланаш а, баннаш а.

Климат хийцаяларо, шелъяларо, дийзийтира адамийн тӀаьхь-тӀаьхьа жигара хӀусамаш ян. Юьхьанца лерина белхан гӀирс боцуш, белхан гӀирс хилира дечиг а, дийнатийн даьӀахкаш а. Дуьненахь уггаре ширачех йина йолу хӀусаман 10 эзар шо ду, иза йина мамонтан даьӀахкех; карийна ССРС махкахь Межирич юьртахь, Киевн гена йоццуш, хӀинцалерачу Украинехь. ХӀусам мамонтан цӀуканашца къевлина хилла хила тарло. ХӀусам карийна 1965 шарахь ахархочун 2 метр кӀоргехь, шен кертахь ларма йоккхуш[3][4].

ХӀусамаш таханлерачу кхетамца ян ян йолийра, схьагарехь, неолитат заманехь дуьйна, амма маьӀ-маьӀӀехь, тайп-тайпана оьздангаллашкахь хӀусамаш яр цхьаьна хенахь ца доладелла. Иштта, Ширчу Мисран уггаре хьалхара евза неолитан хӀусамаш ю вайн эрал X эзар шо хьалхара, ткъа Грецехь карийна вайн эрал 6000 шо хьалха йинарш. Луьра Ӏаьнаш долчу къилбаседа регионашкара хӀусамаш, гоьрга я деакӀуо чоь ю юккъехь кхерчан меттиг а йолуш, лакхахь кӀура дӀабахийта Ӏуьрг а долуш. Наггахь ишттачу хӀусамехь адамаша буьйса йоккхура шайн хӀусаман дийнаташца. Болгарин гӀалахь Стара-Загора музей ю «Неолитан хӀусамаш»(болг.), цигахь гойту оцу муьрера хӀусаман бахамехь оьшу хӀуманаш: дуьххьарлера бепиг дотту пеш, куьйга хьовзо хьер, кхира пхьегӀаш, кхин а[5].

Алтайн тюркийн конусан ковстан юрта

Кхерстаран дахарера охьахевшина дахаре девлчи хӀусамаш кӀез-кӀезиг хийцало. ХӀусаман куц, барам, латтар къаьста яккхий башхаллашца, дозу регионан къоман а, оьздангаллин а башхаллех, цуьнан хӀусамден социалан хьолех. Екъачу хьаннаш йоцучу кӀошташкахь йора поппар чутоьхна, кибирчиган, буьда кибирчиган гӀишлош. Европера хьаннех ехаш йолчу кӀошташкахь а, Азехь а дора хьаннийн цӀенош. Юьхьанца иштта цӀенош лаьттара цхьана чоьнах, тӀаьхьа ян йолийра гӀишлош, масех чоь йолуш, шен-шена лерина йолу: масала дуьйшу чоь, хӀума юу чоь, хьешан чоь, кхин дӀа а.

Вайн эрал IX эзар шо хьалха юкъадовлу дуьххьарлера тӀулгийн цӀенош. Археологашна тӀулгийн дахаран гӀишлош карийна ширачу нах хевшинчу меттигашна йукъара ю Къилба-Малхбален Анатоли Чайоню а, Палестинера Иерихон а[6].

ТӀаьхьара неолитера бӀогӀамаш тӀиера хӀусам тояр

Борзан бӀешеран муьрехь Европехь уггаре яьржина хӀусам лаьттах аьхкина тоьланаш хуьлу. Цаьрца цхьаьна ду латтан тӀехулара цӀенош, пенаш дуттура тӀулгех я дора зӀарех тӀе поппар а тухий. Неолитан а, Борзанан бӀешеран а дозанехь яьржа бӀогӀамийн хӀусам, кхин тӀе из алело область дикка шуьйра ю — италин террамар а, Альпашна йисттера(ингалс.) Ӏаьмнаш тӀехь йина гӀишлош а тӀиера, Океанера бӀогӀаман гӀишлошка а, Калимантанера даякийн хӀусамашка а кхаччалц.

ТӀемаш даржар бахьнехь ян йолайо чӀагӀйина ярташ (нах хевшина меттиг Березняки, Ярославлан область, Тушемля гӀала, Смоленскан область)[7].

Цхьайолу хӀусаман кепаш (масала гӀа́ланаш) билгалчу историн муьрашкахь, долахь хила таро яра, цуьнца догӀу социалан хьал долчеран (масала элий). Йуьхьанца, алсама лелориг юьртабахам болуш, цӀенош дора кегийрачу тобанашца (ярташ, поселкаш, кӀотарш). ТӀаьхьа пхьоланаш кхиарца тӀаьхь-тӀаьхьа гӀаланаш кхиара.

Ширачу Мисран хӀусамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Массо а кхечу меттигашкахь санна, Мисран махкара хьалхара хӀусамаш тоьланаш а, хьехаш а, тайп-тайпана дийнатийн цӀоканех дина рагӀуш а, юьйцина конструкцеш лелош йина хӀусаман яра. ТӀаьхьа лело йолийра малхехь якъийна кибирчиг. Уггаре яккхий а, шира а кибирчигах йина меттигех ю Меримде Бени-Салама, иза кхоллаелла некъел хьалхарчу муьрехь. Ишттачу кибирчигийн хӀусамаш овалан хуьлура, цӀенкъа латта хьаьккха, тхьов къовлура эрзаца. Оцу кепара хӀусамаш йисина тӀаьхьа а — Хьалхара паччахьаллин муьрехь а, тӀаьхьа а. Алсама таро йолу нах, масала, цӀуйн таро яра дукъошах хӀусам ян. ПирӀунийн гӀаланаш хила тарлора яккхий кибирчигийн гӀишлош[8].

Ширачу Грецин хӀусамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ширачу хӀусамех чӀогӀа кӀезиг археологин хаамаш бу. Цхьаьна декъех ширачу хӀусаман сурт хӀотталур ду гомеран поэмашкахь. ХӀусам ондда йихкина яра латталерца; цӀийнан коьрта дакъа керт хилла. Иштта цӀийнан комплекс юкъаян тарлора беш, хасбеш, бани, бассейн. Ша къастош яра зударийн агӀо (гинекей), иза хила тарлора шолгӀачу гӀат тӀехь.

Классикан муьран гӀалин хӀусамаш билгалйохура гӀалин планан структурица. ГӀала еакӀуо куьпашна екъаро, иштта йеакӀуо гӀишлош йойтура, кхин тӀе массо гӀишло тера барам болуш а яра. Йовха климат хиларна коьрта чоьнаш цӀийнан къилбаседан агӀора хуьлура. Кораш а, неӀарш а арайовлура чоьхьарчу керта, циггахь тӀегӀанаш а яра шолгӀачу гӀот тӀевала. Чоьнаш йоькъура функцица: андрон (божарийн чоь) лерина яра тойнашна, ойкос (кхерч болу чоь), кхин а. ГӀишлош юттура яттанза йолчу кибирчигех, тхов бора дечиган, бедан тӀе гераг юьллура я латта тосура.

Эллинистийн муьрехь хӀусамаш кхиаран Ӏаткъам бора бахамашца нах къастар. Алсамо таро йолчу наха дора ах куп дӀалаьцна я сов цӀенош. ХӀусаман коьрта тайпа хуьлу перистилан цӀа, иза дукхахьа нисло юхадина пастадан цӀа[9].

Ширачу Руман хӀусамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къаьстина социалан декъадаларо Руман имперехь йийкъира хӀусамаш тайп-тайпана социалан тобанийн кепашка. ГӀалан бахархой тӀекхетар бахьнехь, алсама долу дакъа миска нах хуьлура, тӀаккха юкъаелира инсула тайпана хӀусам. Инсула дуккха а гӀоташ йолу цӀа дара, цунна чуьра чоьнаш мехах чубуьтуш яра. Дукха хьолахь хӀусам баккхал я цхьа пхьолгӀа яра, тӀехула кхин тӀе йина вахаран гӀат а йолуш. Иштта тӀехула хӀусам ян таро хилира имперера гӀишлошъяран техника кхиарна, масала, руман бетон юкъаялар, дика тодар нартолан къовламийн техника. Амма ша конструкцин дикалла дукха хьолахь лахара хуьлура, цундела уьш чуоьгура. Инсулашкахь хи а, канализаци а яцара. Локхалла инсулийн хила тарлора 5-6 гӀат.

«ВеттигӀеран цӀа», Помпеи. Чоьхьара керт

Алсама хьал долчу румхойн хӀусам яра атриуман-перистилан цӀенош (домусаш). Гуттаренна а модификаци еш, кхин тӀе гӀоташ еш, бух бира юккъехь чоьхьара керт йолу дуккха квартиран цӀенош-гӀунаш тӀаьхьа юкъадовларан. Атриуман-перистилан цӀеношна чохь, атриум а, перистиль а йоцуш, дуккха чоьнаш яра тайп-тайпана функци йолуш, цхьа низам доцуш тӀеечу хӀусамаш цхьаццанхьа дийна цхьа хӀусам юй теша олий хаттар а хӀотталора.

Ша-кепара хӀусамаш хилла императорийн резиденцеш. Юьхьанца, хила тарло, уьш домус тайпана хилар, ткъа тӀаьхьа царех шортта корпусаш йолу ансамблаш хилла. Царна юкъайогӀура шеш гӀаланаш, Ӏаршан залаш, базилика, бассейнаш, стадиумаш, ларарий, бахаран корпусаш, кхин гӀишлош.

Руман элийн кхин цхьа тайп хӀусаман хилла виллаш(ингалс.). Вилла гӀалин арахьара дахаран хӀусам хилла. Калориферан йовхо юкъаяларо таро йира церан дерриг шарахь веха хӀусам хила. Виллаш тайп-тайпана яра, цхьаьна гулахь гӀишло а хила тарлора, шен функцешца екъна гӀишлош а хила тарлора. Дукха хьолахь гӀайренаш тӀехь я бухташкахь лаьтта, виллашна юкъабогӀура кема соцу причал а. Уггаре яккхий вилланаш яра шуьйра архитектурин-ландшафтан композицеш цхьаьна ойланца дина[10].

ХӀусамаш Русехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ширачу Русан заманахь, феодалийн юкъаметтигаш кхиарца, хийцаяла йолало тайпана кӀотарш яккхий юкъарчу хьолашца йолу ярташца, иза хилира бахам цхьаьна доьзало лело буьйлабалар бахьнехь. Адамийн хӀусамаш оцу муьрехь шен хьалха хилла кеп лелайора — иза латтан тӀехулара я цхьа дакъа лаьттах доьллина цӀа, тоьла. Къилбаседехь пенаш даран коьрта гӀирс дукъош хилла, къилбехахь даьржина дара каркасан конструкцеш чу поппар а тоьхна. ЦӀенош дара цхьаьна чоьнах лаьтташ, кхерч латтара дукха хьолахь тӀехьарчу пенаца, цӀенкъа охкийн бахаман сурсаташ ор чу йохкура.

Изба-уьйр. Ши чоь йихкина юккъехь сенино. БайкалтӀехьен къаьмнийн этнографин музей.

Элий бехачу эвланашкахь хуьлура гӀишлойн дифференциаци шен Ӏалашонца: билгалйовлу килсаш, лайшан къаьстина хӀусамаш, дааран сурсаташ Ӏалашде хӀусамаш. Уггаре чолхе структура яра элийн хӀусамийн — хоромийн. Хоромаш, дукхах ерг, хьаькхна вовшех хиттина дукъойх йина яра, уьш кхаа декъах лаьттара: сени, йовха чоь, шийла бахаман чоь[11].

Интерьеран а, план хӀотторан а истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхалерачу хӀусамех а, церан интерьерех а кӀезиг хаа, амма аьтту болу церан историн тӀаьхьа терго ян уггаре атта лочкъийлашка кхаччалц. Шира Руман архитектора Витрувийс тардолуьйтура, хьалхара архитектурин гӀишло тӀе поппар хьаькхна геннех йина бун хилар, — атта хӀусам(ингалс.)[12]. ТӀаьхьуо Филипп Табора (Philip Tabor) билгалдоккхура, XVII бӀешеран голландин цӀенош бух хилар таханлерачу архитектурин[13]:

Дахаран хӀусамах вай ма-кхеттара, хӀусамийн а хӀусам ю — Нидерландаш. XVII бӀешеран деаннах хьалхарчу кхаа декъехь и ойла чагӀъелира. Нисса оцу хенахь голландхойн хилла кхечера йоцу вовшахкхетта таро, церан таро яра меттиг беркате тоян.

Йукъара чоьнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

XX бӀешеран юьххьера ламастан финнийн цӀа Ювяскюля гӀалара
Ламастан японийн цӀа (минка)

Юккъера бӀешерашкахь дукхаха йолу капиталан хӀусамаш яра керташкахь, цигахь цхьацца белхаш а дора, тайп-тайпана хиламаш а хуьлура. Оцу хӀусамашкахь дехара дукха адам, царна юкъахь доьзал, гергара нах, белхалой, ялхой, хьеший[12]. Церан дахар дара дукхаха дерг коммуналан, хӀусаман чоьнаш цуьнца йогӀуш а яра. Йоккхачу чоьнехь(ингалс.) дукхаха дерг массара цхьаьна хӀума яара, гуламаш бора, ткъа йоккха сирла чоь йукъара дуьйшу чоь яра[14].

Чучча чоьнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чучча чоьнаш йолу хӀусамаш ян йолийна италин гӀаланашкахь XV а, XVI бӀешерашкахь, архитектурин ЮхаметтахӀотторан муьрехь. Кертара хӀусамех къаьстина, гӀалан дукхаха йолу чоьнаш стенна хьажийна ю билгала хууш дацара, амма хӀоранна а церан луларчу чоьнаш чу йоьдуш масех неӀ хуьлура. Эванс Робина (1944—1993)(ингалс.) юьйцура иштта план «шаьшша лаьтта, амма дика вовшахтесна палатийн матрица» санна[15]. Цуо таро лора гӀалан бахархошна ерриг гӀишло чухула паргӀата лела чучча чу а оьхуш, цкъаццӀа къайленийн дозанаш дохош. «Чухула лела чучча чухула бен таро а яцара. Ламеш а, сени чоьнаш а, нагахь уьш елахь а, цхьаьна чу йоьдура, цигара кхечу чоьне, цкъан а ца бора „йукъара некъ“. ХӀусаман пенаш чоьнаш къастаяхь а, хӀусаман йиллина план яра[15]. Йиллинчу плано бахархой лаахь а ца лаахь а социалалле а, уьйране а буьгура[12].

Сени чоь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сени чоь юкъаяларан уггаре хьалхарчех масала карадо Бофор-Хаузехь (инг. Beaufort House), иза дина 1597 шарахь лондонан Челсихь ингалсан архитекторан Зоп Джонан(ингалс.) проектаца, цуо шен чертежаш тӀехь яздина: «Ехха дехьаволийла массарна юккъехула» (инг. A Long Entry through all)[16]. Оцу хӀусамера хӀора чуьра аравалалора урам тӀе юкъарчу сенин чухула а, йукъара чу-ара волу неӀархула а, чучча чухула а ца лелаш. Оцу хенан иштта архитектурин болх боккха хийцам бара. Ингалсан архитектора Пратт Роджера(ингалс.) яздина, «юккъехула чекхволу цӀийна дохаллехь йукъара чоь хиларо, таро йора адамашна вовшен са ца гатдайта чучча чухула лелаш»[17]. XVII бӀешарахь йукъаралла екъаелла, адамашна йукъара харцо совъяьлла, йукъараллин классаш а, чкъоьраш а кхин а чӀогӀа къаьстина. Оцуо архитектурин Ӏаткъам ца бича ца болура. Ехаш йолчу хӀусамехь дукха луьра йоькъу чоьнаш ялхошна а, лахара классашна а; ялхочун бакъо яцара тоьхначу дозанал аравала, хӀусамден хьеший болуш я хира нах болуш муххале а[17]. Оцу къечарна а, хьал долучарна а социалан декъадаларо дира, XIX бӀешарахь дукхаха долу британин гӀалан цӀенош сени чоьнаш йолуш, чучча чоьнаш дӀа а йохуш.

Социолога Рубцински Уитольда(ингалс.) билгалдаьккхира, оцу хенахь «хӀусам екъаелира дийнан а, буьйсенан а чоьнашна, формалан а, формалан йоцу а меттигашна»[18]. Оцу хенара чоьнийн яра цхьа неӀ йукъара сени чу йоьдуш, цунах чеккхенца хилира юкъарчух, долара башха чоьнаш[12].

Болх цӀийнах къастабар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Амстердамера цӀа, дина 1669 шарахь

Ширачу заманахь а, Юккъера БӀешерашкахь а дукхаха долу адамаш болх бора шеш дехачохь: шайн цӀахь, я цӀийнан гергахь: лаьттан декъа тӀехь, даьхьанан кертахь, пхьолгӀехь я баккхал чохь. XVII бӀешеран Голландехь долийра тӀехь-тӀехьа алсама болх, пхьоланаш я бизнес, хӀусамах къасто, иза доьзна дара промышленностан революцица, яккхий фабрикаш яхкарца, кегийра пхьераш арататтарца.

Ингалсан Ренессансан яккхийра хӀусамех къаьсташ, Голландехь «дешийн» XVII бӀешарахь хӀусамаш йора дикка жима майда йолуш, хӀоранна а чохь вехара максимум виъ-пхиъ стаг[12]. Оцу заманан голландхой шайна бен тӀе ца товжура, шайн ницкъех бен ца тешара, кхин а хӀусамехь ялхой ца лелабора. Цундела хӀусамаш кегийра йора: цӀа цунна чохь беха доьзалан ницкъашца леладалийта[12]. Оцу заманан Голландийн беха хӀусамех хилира дегӀана аьхна бен, хӀусаман Ӏалашо яра садаӀийтар, доьзале а, гергара накъосташка а. Шена хилар иштта ладаме дара; цундела, голландийн цӀийнан компакталле хьаьжна ца Ӏаш, цунна чохь чучча чоьнаш а ца йеш, йора йукъара сени. XVII бӀешо чекхдолуш, голландийн хӀусамийн таханлерачу кепах тера йолу трансформацин процесс чекхъелира[12].

ХӀусаман эволюци XIX—XX бӀешерашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Промышленностан революцис гӀаланашкара хӀусамийн мах цӀеххьана хьалабаьккхира: мехах чубуьтура бедан тӀе, тоьли чу, божалаш чу, ларми чу.

Къиечу нехан кӀошт, Бат, Йоккха Британи

Британи|Йоккха Британехь]] заводашкара а, фабрикашкара а дукха белхалошна ийшира хӀусамаш. Иза бахьнехь, гӀишлошъяр сихдан а, дораха дан а, буьйлабелира массашкахь тӀегӀан тайпана дукха дакъош долу блокех цӀенош дан. Ингалсан гӀаланийн урамаш дуьзира ирча кибирчигийн шина тӀегӀан цӀенойн могӀанаш — лахахь кухни кӀоран пеш йолуш, урам тӀе а, жимачу беша а араволийла, лакхахь — еккъа цхьа чоь массарна а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Е. В. Смирницкая ХӀусаме. bigenc.ru. Теллина 2018 шеран 14 августехь.
  2. Жилые дома//Энциклопедия современной техники. Строительство. Том 1 (А — Кессон) —М.: Советская энциклопедия, 1964
  3. Gregorovich, Andrew (1994), «Ancient Inventions of Ukraine» (http://www.infoukes.com/history/inventions/), <http://www.infoukes.com/history/inventions/> 
  4. Межиричская стоянка. Памятник археологии, 1965 г. (оьр.). Путеводитель по Украине. Doroga.UA. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 14 октябрехь. Теллина 2012 шеран 2 октябрехь.
  5. Музей «Неолитни хӀусама» — Стара Загора Архивйина 2010-01-24 — Wayback Machine
  6. Гайко Г. І., Білецький В. С.  Історія гірництва: Підручник. — Київ: Видавничий дім «Києво-Могилянська академія», 2013. — 542 с. — ISBN 978-966-518-616-8. — С. 26.
  7. Всеобщая история архитектуры, Том 1. Москва, 1973 год. с.17-36
  8. Всеобщая история архитектуры, Том 1. Москва, 1973 год. с.39-47
  9. Всеобщая история архитектуры, Том 2. Москва, 1973 год. с.20,142,320
  10. Всеобщая история архитектуры, Том 2. Москва, 1973 год. с.619
  11. Всеобщая история архитектуры, Том 3. Москва, 1966 год. с.516-524
  12. 1 2 3 4 5 6 7 Hill, Jonathan. Immaterial Architecture. New York: Routledge, 2006.
  13. Tabor, Philip. Striking Home: The Telematic Assault on Identity. // Occupying Architecture: Between the Architect and the User. — Jonathan Hill, editor.
  14. Manor House. Middle-ages.org.uk (May 16, 2007). Теллина 2012 шеран 4 январехь.
  15. 1 2 Evans, Robin. Translations from Drawing to Building: Figures, Doors and Passages. — London: Architectural Associations Publications, 2005
  16. Summerson, John «The Book Of Architecture of John Thorpe in Sit John Soan’s museum: 40th Volume of the Walpole Society» England: The Society 1964
  17. 1 2 Pratt, Sir Roger «Sir R. Pratt on Architecture» 1928
  18. Rybczynski Witold. Home: A Short History of An Idea. — London: Penguin, 1987. — P. 56. — ISBN 0-14-010231-0.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1000 йукъара цхьа йаззам