Чулацаман тӀегӀо

Азербайджан

40°06′ къ. ш. 47°19′ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Азербайджанийн Республика
азерб. Azərbaycan Respublikası
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Odlar Yurdu
(ЦIершийн Пачхьалкх)»
Азербайджанийн Республикин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш ЗДФР: 1918 шеран 28 май
СССРх: 1991 шеран 18 октябрехь
Официалан мотт Азербайджанийн[1]
Коьрта гӀала Бакох
Йаккхий гӀаланаш Бакох, Гянджа, Сумгаит, Мингечаур, Хырдалан, Ленкорань, Нахичевань[2], Ширван, Ханкенди[3]
Урхаллин тайпа Президентан республика[4]
Президент
Премьер-министр
Ильхам Алиев
Артур Расизаде
Пачхь. дин Светски пачхьалкх
Латта
 • Шадерг 86 600 км² (112-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 1,6 %
Бахархой
 • Мах хадор (2013) 9 590 159[5][6] стаг
 • Ларар 91 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2012) 98,776 млрд.[7] долл.
 • ХӀораннан а сина 10 624[7] долл.
Бахархойн цӀерш азербайджанаш
Ахча Азербайджанан манат
(AZN, код 944)
Интернет-домен .az
Код ISO AZ
Код МОК AZE
Телефонан код +994
Сахьтан аса Ӏай +4, аьхккий +5
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[8]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Азербайджа́н (азерб. Azərbaycan), официалан цIе — Азербайджа́нийн Респу́блика[1] (азерб. Azərbaycan Respublikası) — пачхьалкх лаьтта Чоьхьарчу Кавказан малхбален декъехь Каспий-хӀордан йисттехь[* 1], йукъайогIу Хьалхарчу Азин а, Гергарчу Малхбален а, ткъа иштта, цхьацца хьосташца, цхьана декъехь Малхбален Европин а[* 2]. Бахархой, 2013 шеран январехь мах хадорца, 9 миллион сов стаг ву[14], мехкан майда — 86 600 км²[15], оцу шинне а гайтамца иза уггаре йоккха пачхьалкх йу Чоьхьарчу Кавказан. Дезткъе хьалхарчу меттигехь йу дуьненахь бахархойн барамца, бIе шийтталгIа меттигехь йу мехкан майданца.

Коьрта шахьар — Бакох. Пачхьалкхан мотт — азербайджанийн. Йу Дуьненан хIуман пачхьалкх[16].

Азербайджан — дуккха а къаьмнаш долуш, дуккха а конфессеш йолуш мохк бу[17][18][19]. Дукхаха болу республикин бахархой ислам (алсама шиIийн новкъа) дин лелош бу, кIезиг бу керсталла а, яхIудийн дин лелошберш.

Унитаран пачхьалкх[16], президентан республика. 2003 шеран октябрехь президентан дарж дIалаьцна Алиев Ильхама. Йекъало 66 кIоштан, 11 республикин куьйгакIелара гIалан, 1 автономин республикин — Нахичеванан Автономин Республикин. Азербайджанан мехкан цхьа дакъа доладеш ду къобалйанза йолу Ломан-Карабахан Республико, дакъа — Эрмалойчоьно (эксклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара). Азербайджано доладеш ду Эрмалойчоьнан цхьа дакъа (анклав Арцвашен).

Малхбалехьара бердашца Каспий-хӀордан хиш ду. Латта тIехула доза ду Российца, Гуьржийчоьнца, Эрмалойчоьнца, Иранца. Нахичеванан Автономин Республикин — Азербайджанан эксклаван — доза ду къилбаседа-малхбалехь Эрмалойчоьнца, къилба-малхбузехь Иранца, къилбаседа-малхбузехь Туркойчоьца.

Кхуьуш экономика йолу аграрно-индустриалан мохк бу. Иэца таро йолу паритетан ДЧС барам 2012 шарахь хилира 98,776 миллиард АЦШ доллар (10 624 АЦШ доллар цхьаьна синна)[7]. Ахча — азербайджанийн манат.

Мехкан маьршо дIакхайкхийна 1918 шеран 28 майхь. 1918 шарахь кхайкхийна Азербайджанан Демократин Республиках олу дуьххьарлера демократин дуьненан хIуман республика бусалба дуьненан йукъахь[20][21][22][23][24].

Этимологи

Топоним «Азербайджан» схьайаьлла парфянийн а, йуккъерагIажарийн[25] а ширачу пачхьалкхан Атропатенан йа Мидийн Атропатенан Атурпатакан (Āturpātakān) цIарах. Мидийн Атропатена (гӀаж. Мад-и-Атурпаткан, Миди Атропатан), йа деккъа Атропатена, Искандар Македонийн ГIажарийчу ваханчул тIаьхьа ала долийна Мидийн къилбаседа декъах, цигахь шен тIаьххьара ахеменидийн паччахьалла Мидийн Атропат (Атурпатак) кхоьллина[25]. Антикан авторийн кхин цIе йу — Жима Миди. «Атурпаткан» цIерах йуккъерагIажарийн «Адербадган» (гӀаж. Âzarâbâdagân) гIоьнца схьайаьлла таханлера цIе Азербайджан[26][27].

1918 шо кхачале Азербайджан лорура уггаре хьалха Аракс хин къилбехьара Атропатенан хилла Урми Iоман гуонахьара мохк, хIетте а цхьацца историн муьрашкахь «Азербайджан» цIе йаржара Араксан къилбаседан мехкашна а.

Официалан пачхьалкхан цIе «Азербайджан» дуьххьара лело йолийна 1918 шеран 28 майхь года[28] дуьйна, Азербайджанийн Демократийн Республика кхоьллинчул тIаьхьа. И. М. Дьяконовс а, В. Ф. Минорскийс а билгалдоккхура, XX бIешо доладалале и термин лелайора туьркийн мотт буьйцучу иранан къилбаседа-малхбузан регион билгалйоккхуш[29][30]. Пачхьалкхан иштта цIе харжаран бахьна, В. В. Бартольдан а, И. М. Дьяконовн а, В. А. Шнирельманан а хетарехь йу керла пачхьалкх кхуллучеран Иранан Азербайджанан[28][29][31] догазалла хилар ду.

Пачхьалкхан сийлаллаш

Азербайджанан Республикин карта шен официалан пачхьалкхан дозанца

(Азербайджанан Конституцин статья)

  • I. Азербайджанан Республикин пачхьалкхан сийлаллаш йу Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан байракх, Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан хIост, Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан шатлакхан илли.
  • II. Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан байракх лаьтта кхаа цхьатерра шуьйра йолу анасизан асанех. Лакхара аса айсина, йуккъера аса — цIиен, лахара аса — баьццара беса, цIиечу асан йуккъехула байракхан хIора агIора биллина кIайн беса ахбутт бархIсенан седанца. Байракхан шоралла йохаллел шозза кIезиг йу.
  • III. Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан байракхан, Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан хIостан суьрташ, Азербайджанан Республикин Пачхьалкхан шатлакхан иллин музыка а, текст а билгалйоккху Азербайджанан Республикин Конституцин законо.

Пачхьалкхан байракх

Пачхьалкхан байракхан майда (Бакох).Суьртан тIиера Байракхан гIаж Гиннессан рекордийн жайнин чуйаьккхина дуьненахь уггаре лекха хиларна

1918 шеран 9 ноябрехь Азербайджанан Демократин Республикин правительствос дуьххьала тIеэцна кхаа бесара пачхьалкхан байракхах болу сацам. 1920 шарахь 28 апрелехь АДР йоьжначул тIаьхьа, Азербайджанехь хIоттийначу Iедало и байракх дIатеттира.

1990 шеран 17 ноябрехь кхаа бесара байракх йуха а метахIоттийра Нахчеванан Автономин Республикин Лакхарчу Меджлисан сацамца, цунах хилира Автономин Республикин пачхьалкхан байракх. Оцу гуламехь Нахчеванан АР Лакхара Меджлисо дехар дира Азербайджанан ССР Лакхарчу Совете кхаа бесара байракх Азербайджанан пачхьалкхан сийлалла йина къобалйар.


1991 шеран 5 февралехь Азербайджанан Республикин Лакхарчу Совето къастийра Нахчеванан АР Лакхара Меджлисан дехар, тIеийцира кхаа бесара байракхах Азербайджанан байракх йарах болу сацам. АгIонийн йукъаметтиган барам — 1:2. Байракх кхаа бесара кIади ду (Кхоъколор). Асанаш (айсина, баьццара, цIиен бесаш) йу анасизаца. Байракхан йуккъехь цIиечу асан тIехь лаьтта бархIсен седа а, ахбутт а. Ший а кIайн басахь ду. Байракх тIиера айсина бос ламастан бос бу туьркийн къаьмнийн, символ йо — туьркалла, цIечо — прогресс, баьццарачо — ислам. Ахбетто гойту ислам динехь хилар, бархIсенан седано туьркийн къаьмнийн бархI га гойту[32][33].

Пачхьалкхан шатлакхан илли

Азербайджанан шатлакхан илли йу «Азербайджанан марш!» (азерб. «Azərbaycan Marşı!» («Азәрбајҹан Маршы»)). Шатлакхан иллин мелоди йазйина 1918 шарахь азербайджанийн композиторо Гаджибеков Узеира, дешнаш поэто Джавад Ахьмада (азерб. Əhməd Cavad[az]). Иза советийн Азербайджанал хьалхара официалан шатлакхан илли йара. Шатлакхан илли официалан тIеэцна (1918 шарахь чIагI а йина, 1920 шарахь дIа а йаьккхинчул тIехьа) 1991 шарахь Азербайджан маьрша йаьлчи.

Пачхьалкхан хIост

ХIостан йуккъехь го цIе, цуо гойту «ЦIерийн мохк». ХIост тIехь лелийна басарш, ду Азербайджанан къоман байракхан басарш. БарIсенан седано гойту туьркийн къаьмнийн 8 га. Лахахь лаьтта кIен кенийн цIов а, нажан геннаш. Кенийн цIевно гойту бахам, латан хьоналла. Нажан геннаш гойту мехкан ширалла.

Физика-географин амал

Географин меттиг

Спутникан тIиера даьккхина Азербайджанан сурт (аьрру агIора) а, Азербайджанан физикин карта а

Дукхаха болчу советийн, российн, малхбузаевропин авторитет йолчу хьосташца Азербайджанан мохк, Кавказан муьлханиг санна, йукъахь лору Хьалхара Азин[34][35][36] цхьайолчу америкин хьосташ йукъатуху Азербайджан Гергара Малхбален регионан, оццу хьосташа лору, Европин а, Азин а йукъара доза чекхдолу Йоккхачу Кавказан дукъ тIехула, ткъа масех Азербайджанан кIошт йукъатуху Малхбален Европин[37][38][39][40].

Азербайджанан ах мохк гергга дIалаьцна лаьмнаша. Къилбаседехь — Кавказан дукъ, йуккъерачу декъехь — Куран-Араксан акъари, къилба-малхбалехь — Талышийн лаьмнаш а, Лаьнкаьранан акъари а, малхбузехь — Эрмалойн акъари[41].

Азербайджанан майда — уггаре йоккха йу Чоьхьара Кавказан республикех (официалан дозанашца йолу майда — 86,6 эз. кв. км[42], фактаца доладийриг — 75 эз. кв. км гергга). Азербайджанан къилбаседера къилбехьа йолу йохрлла — 400 км гергга йу, ткъа малхбузера малхбалехьа — 500 км гергга.

Йисттера меттигаш: къилбаседа — Гутон лам (3648 м) (41°54' къ.-с. ш), къилба — Астара эрк (38°25' къ.-с. ш), малхбален — Нефт-Дашлари (50°49' м.-бал. д.), малхбузан — Джандаргель Iам (44°46' м.-бал. д.).

Азербайджанан климатан зонаш тайп-тайпана йу — Лаьнкаьранан акъарин а, Талышан а йовхачу, тIуьначу субтропикашна тIиера Кавказан лайн баххьашка кхаччалц. Дукха шортачу эркийн йоккха энергетикан потенциал йу, цуо до дика хьал до гидростанцеш хи лоттийлашца а, хи дилларан системаш а йаран. Коьрта эрк — Кура. Хи дилларан татолаш: Лакха Карабахан, Лакха Ширванан, кхин а, ладаме йу Мингечауран хи лоттийла.

Латташ дукхаха дерг сиралатта ду, лаьмнашкахь – боьра, боьмаша ломан хьаннийн а, ломан-байн а; Лаьнкаьранан акъари — можа латта. Йекъачу аренийн, ахгIум-аренийн, лекхачу лаьмнийн бай-аренийн а ораматаш; лаьмнашкахь шуьйра гIа долу хьаннаш.

Iаламан бахамашна йукъахь башха меттиг дIалоцу Азербайджанан чIогIа хаза климатан а, дарбане хин курорташа.

Климат

Кёппенан климатийн классификацица, Азербайджанехь хаало 9 тайпана климат (ерриг 11 тайпана климат)[43]. Июлан температурийн йуккъера барам +5°C лекха лаьмнашкахь, +25—27 °C кхаччалц акъарийн кIошташкахь (максимум +32-35 °C, амма наггахь кхочу +40 °C). Январан йуккъера температураш −10 °C лекха лаьмнашкахь, +4 °C акъарийн кIошташкахь. Атмосферан йочанаш 200 мм/шарахь Кавказан кIажошкахь 1200—1700 мм/шарахь Лаьнкаьранан акъарин тIехь[44].

Пайден маьIданаш

Азербайджанан хаттан тIаплаьмнаш

Азербайджанан лаьттан кийрахь дум ехала пайден маьIданаш: мехкдаьтта, Iаламан газ, алуниташ[45], цIеста, деший, молибден, кхин а. Махкахь кхин а йу кечйаран промышленностан тайп-тайпана аьргаллаш: мармар, каолин, туф, доломит[46].

Каспи-хIордан Iаламан ресурсашца чIогIа йихкина йу халкъан бахаман отраслаш, мехкдаьттадаккхар, чIеран промышленность, хIордан транспорт, кеманаш тодар.

Флора

Республикин мохк токхе бу алсама а, наггахь а бен доцучу флорица. Буьстича а боккха боцучу махкахь хаало дуккха а дуьненахь йаьржина ораматийн тайпанаш. Масала: аьчган дитт (дамир агач), иберийн наж, албIарагIан наж, хьурма, баьццара колла, пха, къахк, бага, талл, бӀалланг, миндаль, хьуьнан кхор, Ӏаж, мангал-комаран а, цӀиен комаран а коьллаш. Йаккхийчу гӀаланашкахь хаало Японан софора, кӀайн а, ровзанан а олеандраш, жасминан коьллаш, ткъа Лаьнкаьранехь кхиайо альбици — кхоьшан доьзалера декоративан орамат. Азербайджанехь кхуьу 450 гергга тайпана лакхара ораматаш цхьаьнатоьхна 125 тобане. Азербайджанан махкахь долу ораматийн тайпанаш доккхаха долу дакъа ду йерриг Кавказехь кхуьу ораматийн тайпанийн. Кавказехь а, кхечу регионашкахь а шуьйра даьржина ораматийн тайпанаш доцуш, азербайджанан флорехь ду тоъал барамехь деккъа Азербайджанехь бен ца кхуьу ораматаш, уьш 240 гергга эндемикийн тайпанаш[47] ду.

Фауна

Скопа Азербайджанехь

Азербайджан лаьтта масех зоогеографин асанийн дозанехь. Пачхьалкхан махкахь деха луларчу Иранан, Йуккъера Азин, Лаьттайуккъера хӀордан мехкашкара цхьадолу дийнаташ. Ӏаламан хьал тайп-тайпана хилар бахьнехь, Азербайджанийн Республикин мехкара дийнаташ лаьтта 12 эзар гергга тайпанах, царна йукъахь 623 тайпана букъа даьӀахк ерш (90 сов декха дийнаташ, 350 сов тайпа олхазарш, 40 тайпана текхаргаш, 80 сов тайпана чӀерий, дисинарш — гоьргабатъерш а, лаьтта-хин дийнаташ)[44]. Акъарин тӀехь даьржина текхаргаш, пхьагалш, берзлой, цхьогалш, джейран. Куран а, Араксан а тогӀенаш чохь еха налаш, лунаш, даӀамаш, чагӀалкхаш. Лаьмнашкахь деха сеш, дегӀастанан масар, масар, безоаран бож, лу, ча, цӀокъ, хьуьнан акха цициг, хаало дикобраз, муфлон, леопард. Чуйалийна иштта дийнаташ: тӀеданаш долу сай, сайгак, акха жӀаьла, нутри, скунс. ЧӀогӀа бес-бесара ду олхазарш: акха боргӀалаш, мошанаш, акха котамаш, кхин а. Дукхаха долу хин олхазарш Ӏа даккха догӀу (бедаш, гӀезаш, гӀургӀаз, чӀерийлоьцурш, пеликанаш, фламинго, бакланаш, кхин а).

Азербайджанан ЦӀиечу жайнин чудаьхна 108 тайпана дийнаташ, царна йукъахь 14 тайпана декха дийнаташ, 36 тайпана олхазарш, 13 тайпана лаьтта-хин дийнаташ а, текхаргаш а, 5 тайпана чӀерий, 40 тайпана сагалматаш[44].

Экологин хьал

Апшеронан ахгIайрен тIиера Антропогенан пейзаж

Апшеронан ахгIайре а, кхин бердашца йолу кIошташ а йу экологин агIора уггаре а ирча хьал долчех цхьаъ дуьнан кIошташна йукъахь, хIаваъ, хи, латта чIогIа бехдар бахьнехь. Латта а, лаьттан бухара хи а бехдар доьзна ду, бамба кхиош ДДТ а, токсикан дефолианташ лелайарца. ХIаваъ бехдар доьзна ду промышленностан нехаш аракхийсарца Сумгаитехь а, Бакохахь а, кхечу гIаланашкахь а. ХIорд бехбаран ладаме хьост ду мехкадаьттадаккхаран а, мехкдаьттатодаран а промышленность. Мехкан мехала флора а, фауна а чIогIа Iаткъам беш йу адамийн агIора. Хьаннаш гIуочу хьолехь йу хьекхарний, даьхний дажорний. Хьаннаш хьоькхуш йуьртабахаман латташ шордо.

Азербайджанехь беш бу Iалам лардаран болх. Iаламан хьаннийн цхьацца дакъош, реликтан флора, наггахь бен доцу дийнаташ лардина хIаллак ца хилийта Iалашо йолуш 9 къоман парк, 11 заповедник, 24 заказник[48][49][50] йина. Башха лардеш ду сенаш, тIеданаш долу сенаш, масар, джейран, безоаран бож, муфлон, лу, сайгак.

Экологин бала

ТIаьхьарчу бIешарахь экономикин областашкара адаман гIуллакхаш сиха кхиаран жамI тIех сов Iаламан бахам лелор ду[51]. Азербайджанан Республикин коьрта экологин баланаш:

  • лелийна хишца хин ресурсаш бехйар, царна йукъахь дозанал арахьа долурш а;
  • нах бехачу меттигашкахь дика хи латторан лахара тIегIа, хи доьду биргIанаш йолуш чур ахи дар, боьха хи дIадахийтаран асанаш ца тоар;
  • атмосферан хIаваъ промышленностан предприятеш а, транспортан гIирсаш а бехдар;
  • лаьттан хьонал йохар (лаьттан эрози, кӀайн латта);
  • онда промышленностан а, бахаман а нехаш дIайахаран процесса урхалла ца хилар, царна йукъахь кхераме нехаш а;
  • биокепаш лагIйалар;
  • хьаннийн ресурсаш а, фауна а лагIйалар, царна йукъахь чIерийн ресурсаш.

2009 шарахь махкахь болх беш йу Азербайджанан пачхьалкхан альтернативан а, карладовлу хьостийн а энергин агенталла.

Iалашбен мехкаш

Iаламан иэсаш

Азербайджан йукъайоьду субтропикан зонан, оцу зонехь хила тарло 11 тайпана климатах, 9 йу Азербайджанан махкахь. Иштта Азербайджанан махкахь бу 800 гергга сацкъаран тIаплам, цара Азербайджан дуьненахь хьалхара йо сацкъаран тIаплома барамца[52].

Азербайджанан заповедникаш

Азербайджанан заповедникаш — Ӏилманан-талламан урхаллин статус йолу мехкаш бу, кхоьллина нилха Ӏаламан комплексаш дуьххьара хиллачу кепехь йитар, Ӏаламан процессаш а, хиламаш а Ӏамор Ӏалашо йолуш. Уггаре йаккхий заповедникаш: Кызылагачан, Закаталин, Ширванан.

Къоман паркаш

Къоман паркаш — Ӏилманан-талламан урхаллин Ӏалам лардаран статус йу, йехкина Ӏалам лардархьама, царна чохь йу башха экологин, историн, эстетикан, кхин ладаме Ӏаламан комплексаш.

Административан йекъайалар

Азербайджанан кӀошташ

Азербайджанан мохк бекъало 66 кӀоштан (дукх. т. азерб. rayonlar, цхь. т. азерб. rayon), республикин куьйгакӀелара 11 гӀалин (дукх. т. азерб. şəhərlər, цхь. т. азерб. şəhər), 1 автономин республикин (азерб. muxtar respublika) — Нахичеванан Автономин Республика.

Нахичеванан Автономин Республика

Нахичеванан Автономин Республика — Азербайджанан Республикин йукъара автономин кхоллар (эксклав). Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикин а Конституцица тӀаьхьарниг Азербайджанан йукъара автономин пачхьалкх йу. Автономин статус нисйо Азербайджанан а, Нахичеванан Автономин Республикин а Конституцица, ткъа иштта 1921 шеран Москохан а, Карсан а барташца.

Эксклаван доза ду Туркойчоьнца, Иранца, Эрмалойчоьнца. Карабахан дов доладелчахьана, таханлера де кхаччалц Эрмалойчоьнца доза къевлина ду. Азербайджанан кхечу мехкашца уьйр латтайо коьртаниг Нахичеванан аэропортехула, иштта лелайо автомобилан уьйр Иран[53] чухула.

Истори

Исторел хьалхара мур

Петроглифаш Гобустанехь

Беркате дика Ӏаламан-географин хьолаша адам охьахаийра кхуза ширачу заманахь дуьйна. Уггаре дукха шира нах Ӏийна меттигаш карийна Карабахехь, Казахехь, Нахичеванехь. Карабахехь мехала хӀуманаш карийна Азых Таглар, Зар хьехаш чохь. Казахийн кӀоштарчу Дашсалахлы а, Дамджылы а хьехаш чохь, ткъа кхин а Шишгузей, Кекилли адам лаьттина меттигашкахь карийна белхан гӀирс а, кхин гӀирсах йисина хӀумнаш а. ТӀулган бӀешеран адам лаьттина меттигаш карийна иштта Талышийн зонехь.

Шира истори

Кавказан Албанин мохк 387 шо кхаччалц, дуьненан Ӏилманехь йукъара тӀеэцна[54][55][56][57][58] концепцица

Ширачу бӀешерашкахь Азербайджанан республикин боккхаха болчу махкахь баьхна кавказан албанхой[59], цара буьйцура лаьзгийн геннан меттанаш[60], Нахичеванан махкахь гӀажарийн мотт буьйцуш хилла мидийхой[61]. Антропологин хаамашца кавказан албанхой кавказан тайпана хилла[62]. Азербайджанаш, гӀумкий, ткъа иштта цахураш кавказан расан каспийн тайпана бу[63][64]. Албанхойн классийн йукъаралла ца хӀоьттина, схьагарехь, вайн эрал II бӀешо хьалхачул хьалха. Хьалха, цхьаболчу Ӏилманчашна хетарехь, Мидийн ахеменидгӀеран сатрапан куьйгакӀела бара, АхеменидгӀеран пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа — Атропатенан паччахьийн (коьртаниг Иранан Азербайджанехь, дакъошкахь Азербайджанан махкахь а). Вайн эрал хьалхара II бӀешо долалуш Кура эркан къилбехьара, иза Араксах кхетале болчу Азербайджанан тайп-тайпана албанхойн тайпанаш деха дерриг малхбуза дакъа, схьадаьккхира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно[54]. Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш[65], ткъа кхечеран ойланца I бӀешеран йуккъехь[66] албанские племена создали своё царство[67][68][69][70][71]. I бӀешо долалуш Страбона хоуьйтура, албанхой бекъало 26 тайпана, цара буьйцу шайн меттадекъан мотт, цундела «атта ца бовлу вовшешца гергарлоне», церан йукъара паччахь хӀоьттина дукха хан йоццуш, ткъа хьалха хӀора тайпанан шен паччахь хилла[72].

Алсама лелочу теорица, Куран аьтту берд (Арцах а, Утик а провинцеш) ГӀажарчоьнах йозуш йолчу Эрмалойчоьнера[73] Албанин кхаьчна иза 387 шарахь дуьххьара йекъар бахьана долуш.

Кавказан Албанин коьрта шахьран шира Кабалан гӀопийн пенийн саьлнаш, VI бӀешо кхачале

Каспийнйистан кӀоштахь баьржинера йуккъерамидийн мотт, хӀинцалера талышийн мотт[74] цунах баьлла лору, оцу муьран Ӏаьрбийн географийн а, историкийн а Истахри, Ибн-Хьаукъаль, Мукъаддаси, кхин болчеран а тешаллашца, албанийн мотт лелош бара коьрта гӀалахь а, Барда гӀалахь а X бӀешарахь, амма цул тӀаьхьа иза хьахош дац[60]. Иштта Ӏаьрбойн хьосташа хоуьйту, Бардал а, Шаьмкурал а дехьа бехара эрмалой[75]. Албанийн паччахьалла гӀажарийн СасанидгӀеран олаллехь йара 457 шарахь дуьйна, амма тӀаьхьа албанхойн аьтту белира гӀеххьа маьрша бовла. VII бӀешарахь Албани схьайаьккхира Ӏаьрбоша[76]. Этносан агӀора къорза болу аьрру бердан (Куран къилбаседехьара) Албанин бахархой оцу хенахь гӀажарийн мотт бийца буьйлало. Коьртаниг иза догӀу Арран а, Ширван а гӀаланашна, иштта ала долийра IXХ бӀешерашкахь хӀинцалерачу Азербайджанан махкара оцу шинан областех. Йуьртарчу бахархоша, схьагарехь, коьртаниг лелийра ехачу хенахь шайн шира меттанаш, хӀинцалерачу ДегӀастанан меттанийн гергарчу, угаре хьалха лаьзгийн[60].

Йуккъера бӀешераш

Чоьхьара Кавказ XI—XIII бӀешерашкахь

VII бӀешеран йуккъехь Кавказан Албанин мехкан тӀелетира Ӏаьрбийн халифатан эскар. Дуьхьало еш гӀаравелира албанхойн баьчча Джеваншир — феодалийн мехкан Гардманан корта, тӀаьха Албанин урхалча хила волу. VIII бӀешо долалуш, халкъан дуьхьало каггийна, Ӏаьрбийн халифато къарбира Албанин мохк, йисина Чоьхьара Кавказ санна. IX бӀешарахь Ӏаьрбашна дуьхьала гӀаттам бо иранийн хуррамиташа, куьйгаллехь хуьлу Бабек. МасӀудица а, Ибн ан-Надиман «Фихристаца» а, уггаре сий долчу хенан Бабекан Ӏедал, даьржира Ардебилан а, Мерендан а къилбехьа, малхбалехьа — Каспий-хӀорд тӀе а, Шамахи, Ширван гӀаланашка кхаччалц, къилбаседехьа — Муганан аренашка а, Аракс эркан бердашка а кхаччалц, малхбузехь Джульфа, Нахичевань, Маранда кӀошташка кхаччалц[77].

Ширваншах Минучихр III Сийлахьверг волуш дина Бакох гӀопан кевнаш

Чоьхьарчу кавказехьаьрбийн халифат малъеллачу хенахь IXX бӀешерашкахь болабелира керла политикин айам: хӀинцалерачу Азербайджанан махкахь йира Ширваншахийн пачхьалкхаш (уьш лаьттира 1538 шо кхаччалц), тӀаьхьа Шеддадидийн (970—1075, Гянджан эмират), дакъошкахь иза дӀалоцура Багратидийн Эрмалойн паччахьалла (885—1045), ткъа иштта иранан исламан Саларидийн (941—981) а, Раввадидийн (981—1054) а некъийн эмираташ. Марталлин Эрмалойн паччахьалла йожарца, хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузехь найн маршо Ӏалаш йира эрмалойн Ташир-Дзорагетан паччахьалло а, Хасенан олалло а.

Арранехь а, Ширванехь а Ӏедалехь болчу бусалбачеран куьйгакӀелахь, дика жигара ислам тӀеоьцура меттигерачу бахархоша. Амма XI—XII бӀешераш кхаччалц, Ширванан а, Арранан а бахархойн доккхаха долу декъо ислам тӀе ца оьцура.

XII бӀешо чекхдолуш чӀагӀъеллачу Гуьржийн паччахьаллин эскарша, коьртехь эрмалойн элийн тайпанан ЗакарянгӀар болуш, меттигерачу эрмалойн бахархойн гӀоьнца туьркийн-сельджукийн Ӏедалах мукъайоккху Малхбален Эрмалойчоь. Гуьржийчоьнан сюзеренит йолу ЗакарянгӀеран Эрмалойн олалла (цунна йукъахь йу Куран а, Араксан а шина эркан йукъ — хӀинцалерачу Азербайджанан малхбузе) лаьттира монголаш тӀелатталц XIII бӀешо йуккъе даххалц.

Нахичеванера Ильдегизидаш болуш дина Момине хатунан зиярат

1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикин дакъош а[78]. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара[79]. И пачхьалкх йуьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.

1136 шарахь Сельджукийн импери йохарца цхьаьна кхоллаелира Тебризехь, Ардебилехь, Нахичеванехь коьрта шахьар йолу Ильдегизидийн пачхьалкх. Атабекаш цхьаьнатуьйхира шайн Ӏедал кӀела Иранан Азербайджанан коьрта дакъа а, хӀинцалера Азербайджанан республикин дакъош а[80]. 1194 шо кхаччалц лорура малхбуза-сельджукийн (Ӏиракъан) султанийн олаллин бухара[81]. И пачхьалкх йуьйжира Хорезмшахан Джалаледдинан куьйгах 1225 шарахь, ткъа иза ша а ижу хилира монголийн, уьш Хорезман, Иранан, Чоьхьара Кавказан тӀелеташ.

Туьркаш-огузаш Малхбален Чоьхьара Кавказе кхачаро туьркаш бира меттигерачу бахархойн ладаме декъах, XI—XIII бӀешерашкахь бух биллира туьркийн мотт буьйцу азербайджанийн къам кхолларан. Азербайджанийн этногенезан процессехь дакъа лецира иранан къаьмнаш. Азербайджанийн этнос кхолларан процесс коьртаниг чекхъелира XV бӀешо чекхдолуш, амма туркошна а, азербайджанашна а йукъара этносан доза ца хӀоьттира XVI бӀешарахь бен, тӀаккха а иза чеккхенца билгала ца делира[82]. Ряд исследователей отмечают принятие шиизма (XVI век) в период правления Сефевидов как окончательный фактор формирования азербайджанского народа[83][84].

XIII бӀешо долалуш регион схьайаьккхира монголаша. XIII бӀешеран йуккъехь кхоьллира монголийн ХулагугӀеран импери, иранан Азербайджан цуьнан коьрта база йара, ткъа коьрта шахьар Тебриз йара.

Кара-Коюнлу 1468 шарахь

ХулагугӀеран импери йоьжначул тӀаьхьа церан Дербентера БагӀдаде кхаччалц хиллачу мехкашкахь, кхоллаелира вовшашца дов лелош йолу туркман-огузийн Кара-Коюнлу а, Ак-Коюнлу а пачхьалкхаш. И тайпанийн конфедерацеш аратеттинера Йуккъерачу Азера Хьалхарчу Азе монголаша. 1410 шарахь Кара-Коюнлус хӀоттийра шен Ӏедал Чоьхьарчу Кавказан, къилбаседа-малхбузан Иранан, Ӏаьрбийн Ӏиракъан доккхаха долчу декъехь.

XV бӀешеран дохаллехь дикка маьрша йара историн область а, пачхьалкх а Ширван (Бакох лаьтта меттиг). И область а, иштта цуьнан къилбаседа-малхбузера жима Шаьки олалла а бехаш мехкаш бара. 1461 шарахь регионан Ӏедал карадахара Ак-Коюнлу. XV бӀешеран юккъехь тӀом болабелира Ак-Коюнлун а, Хункар-мехкан а йукъахь. ГӀоьртира Хункаран дуьхьала коалиции йан, цунна йукъахь йара Гуьржийн паччахьалла, Трапезундан импери, Европера пачхьалкхаш тӀехь. Амма 1461 шарахь хункароша хӀаллакйира Трапезундан импери, ткъа 1473 шарахь Терджанехь хӀаллакдира Ак-Коюнлун урхалчин Узун-Хьасанан эскарш.

Керла зама

СефевидгӀеран Импери

XV бӀешо чекхдолуш—XVI бӀешо долалуш болабелира керла мур Азербайджанан исторехь. СефевидгӀеран некъех волу шах ИсмаӀил I-чо цхьаьнатуьйхира шен урхаллехь ерриг Чоьхьара Кавказ а, иранан провинци Азербайджан (Аракс эркан къилбехьа) а, ткъа тӀаьхьуо ерриг Иран а. Туркошна дуьхьала ИсмаӀилан бартхой бара Ингалс а, Португали а. Амма 1514 шарахь Чалдыранехь иэшаро, чӀогӀа ницкъ бира цуьнан империн. И тӀемаш бара шиӀизм а, суннизм а байракхашна кӀелахь, историн йукъабахна туркойн-гӀажарий (хункаран-сефевидгӀеран) тӀемаш цӀарца.

XVII—XVIII бӀешерашкахь ломан Карабахан махкахь йара эрмалойн меликаллаш Хамсаш[85][86]. Уьш ехкинера сефевидгӀеран шахийн омарца, эрмалойн феодалийн тайпанийн урхаллехь а йара.

Кызылбашеша а, хункароша тӀом бира йукъа хан а йуйлуьйтуш деа бӀe шарахь. XVI бӀешо чекхдолуш СефевидгӀеран импери гӀелъелира хункарошца хиллачу тӀемашкахь, цуьнан жамӀ хункароша таханлера Азербайджанан берриг мохк схьабаккхар хилира. Хункаройн Арранера а, Азербайджанера олалла лаьттира 20 шарахь. СефевидгӀеран когаметтаволу Шах ИсмаӀил I-чун кӀентан кӀентан кӀант Шах Ӏаббас I-чо сацам бира мохк маьрша баккха мохк баккхархойха. Шах Ӏаббаса йоцучу хенахь кхоьллира регуляран эскар, иэшийра туркой, XVII бӀешеран йуьххьехь меттахӀоттийра ерриг аьлча санна СефевидгӀеран хилла импери. МеттахӀоттийна СефевидгӀеран пачхьалкхо гӀажарийн васт эцнехь а, азербайджанийн мотт буьйцура паччахьан кертахь а, эскарехь а[87].

Чоьхьара Кавказан а, Иранан Азербайджанан а ханаллаш, XVIII — XIX бӀешеран йуьхьиг

XVIII бӀешо долалуш СефевидгӀеран империи йуха а гӀелъелира, йерриг Азербайджан Иранца йуха а схьайаьккхира туркоша. Керла хункаройн оккупаци 6 шарахь бен ца лаьттира. Хункароша дуьхьала хӀинца велира Иранан азербайджанийн субэтносан тобанера афшарийн тайпанах ваьлла баьчча Надир-Кули хан Афшар, тӀаьхьа Надир-шах, цуо чекхдаьккхира Сефевидийн некъийн урхалла.

СефевидгӀеран пачхьалкх йоьхначул тӀаьхьа Надир-шаха лаьхкира туркой-хункарой, кхин а алсама шорбира куьйгакӀелара мехкаш, 1739 шарахь йаьккхира Къилбаседа ХӀинди, Делица цхьаьна. Амма Надир-шах веллачул тӀаьхьа цуо урхалла деш йолу импери йуьйжира. Надир-шахан заманахь дуьйна Чоьхьара Кавказехь а, Иранан Азербайджанехь а кхоьллинера шортта ханаллаш а, султанаташ а (коьртехь алсама азербайджанийн туьркийн мотт буьйцу некъий бара[88][89]), уьш гӀертара маршоне. ГӀийла Зендийн некъийн заманахь уьш маьрша йу ала мегар дара, амма XIX бӀешераш долалуш Иран йуха а цхьаьнатуьйхира туьркийн тайпанан къаджарийн тхьамдано Ага-Мухьаммад-хана. Иранан Азербайджанан ханаллаш дӀалецира Къаджарийн Ирано, Чоьхьарчу Кавказан ханаллашшайн маршо Ӏалашйира, царех шимма, Кубин а, Карабахан а, куьйгакӀела йалийра дукхаха йолу ханаллаш. 1796 шарахь Малхбален Чоьхьара Кавказе чудаьхкира оьрсийн эскарш, цара йаьккхира Бакох а, Талыш а, амма сихха арабехира; Бакох йуха а йаьккхира 1806 шарахь керла оьрсийн-гӀажарийн тӀамехь.

Гюлистанан (1813) а, Туркманчайн (1828) а берташца, чекхбелира оьрсийн-гӀажарийн тӀемаш, гӀажарийн шаха хӀинцалера Азербайджанан мохк Российн битира[90]. Российн империс кхоьллира комендантийн[91][92] урхаллин система. Хилла ханаллех а, султанатех а гуонаш а, провинцеш а йира. Оцу махкахь йира Бакохан, Губанан, Шаькин, Ширванан, Карабахан, Лаьнкаьранан провинцеш, Елизаветпольскин а, Джар-Балакенски а гуонаш а, Казахан а, Шамшадилан а дистанцеш. Кхоьллира провинцин а, гӀаланийн а суьдаш. 1829 шарахь кхоьллира динан гӀуллакххойн бакъонаш а, декхарш а билгалдоху комитет.

ТӀаьхьара зама

1918 шо кхаччалц азербайджанийн шайн паччахьалла йацара, луларчу гуьржех а, эрмалойх а къаьсташ, ткъа цара шеш лорура бӀешерийн ламастийн тӀаьхье лелориш, Чоьхьара Кавказан бусулбачара шеш лорура доккхачу бусалба дуьненан, уммин, коьрта дакъа[93][94].

Азербайджанан кӀошташ

Азербайджанан административан йекъайалар:
1. Апшеронан кӀошт
2. Агджабедин кӀошт
3. Агдаман кӀошт
4. Агдашан кӀошт
5. Акстафан кӀошт
6. АгӀсуйн кӀошт
7. Ширван
8. Астаран кӀошт
9. Бакох
10. Белоканан кӀошт
11. Бардан кӀошт
12. Бейлаганан кӀошт
13. Билаьсуваран кӀошт
14. Джаьбраилан кӀошт
15. Джаьлилабадан кӀошт
16. Дашкесанан кӀошт
17. Шабранан кӀошт
18. Фуьзулин кӀошт
19. Кедабекан кӀошт
20. Гянджа
21. Горанбойн кӀошт
22. Гоьйчайн кӀошт
23. ХӀаджигабулан кӀошт
24. Имишлин кӀошт
25. Исмаиллин кӀошт
26. Каьлбаьджаьран кӀошт
27. Куьрдаьмиран кӀошт
28. Лачинан кӀошт
29. Лаьнкаьранан кӀошт
30. Лаьнкаьран
31. Лерикан кӀошт
32. Масаллин кӀошт
33. Мингечаур
34. Нафталан
35. Нефтчалан кӀошт
36. ОгӀузан кӀошт
37. Гаьбаьлаьн кӀошт
38. Гахан кӀошт
39. Газахан кӀошт
40. Гобустанан кӀошт
41. Губан кӀошт
42. Губадлин кӀошт
43. Кусаран кӀошт
44. Саатлин кӀошт
45. Сабирабадан кӀошт
46. Шаькин кӀошт
47. Шаьки
48. Салйанан кӀошт
49. Шамахин кӀошт
50. Шаьмкиран кӀошт
51. Самухан кӀошт
52. Сийаьзаьнан кӀошт
53. Сумгаит
54. Шушан кӀошт
55. Шуша
56. Таьртаьран кӀошт
57. Товузан кӀошт
58. Уджаран кӀошт
59. Хачмазан кӀошт
60. Ханкенди
61. Ханларан кӀошт
62. Хизин кӀошт
63. Ходжалин кӀошт
64. Ходжаваьндан кӀошт
65. Йардимлин кӀошт
66. Йевлаханан кӀошт
67. Йевлах
68. Заьнгиланан кӀошт
69. Закаталан кӀошт
70. Заьрдабан кӀошт
КӀоштан цӀе Азербайджанийн маттахь Административан центр Майда Бахархой Чуьра йекъайалар
Апшеронан кӀошт Abşeron rayonu Хирдалан 1 546 км² 15 муниципалитеташ
Агдаман кӀошт Ağdam rayonu Агдам 1 093,9 км² 14 юьртин муниципалитеташ[95]
Агдашан кӀошт Ağdaş rayonu Агдаш 1 023 км² 51 муниципалитет
Агджабедин кӀошт Ağcabədi rayonu Агджабеди 1 760 км² 46 муниципалитеташ
ХӀаджигабулан кӀошт Hacıqabul rayonu ХӀаджигабул 1 641,4 км² 23 муниципалитета
Акстафан кӀошт Ağstafa rayonu Акстафа 1 504 км² 24 муниципалитеташ
Астаран кӀошт Astara rayonu Астара 616 км² 15 представительствош
а, 49 муниципалитеташ а
АгӀсуйн кӀошт Ağsu rayonu АгӀсу 1 020 км² 59 муниципалитеташ
Бакох Bakı 2 130 км² 11 кӀошташ
Бардан кӀошт Bərdə rayonu Барда 957 км² 110 муниципалитеташ
Бейлаганан кӀошт Beyləqan rayonu Бейлаган 1 131 км² 40 муниципалитеташ
Белоканан кӀошт Balakən rayonu Белоканы 923 км² 24 муниципалитета
Билаьсуваран кӀошт Biləsuvar rayonu Билаьсувар 1 358 км² 26 муниципалитеташ
Гаьбаьлаьн кӀошт Qəbələ rayonu Гаьбаьлаь 1 548 км² 55 муниципалитеташ
Гоьйчайн кӀошт Göyçay rayonu Гоьйчай 736 км² 41 муниципалитет
Горанбойн кӀошт Goranboy rayonu Горанбой 1 731 км² 60 муниципалитеташ
Гоьйгоьлан кӀошт Göygöl rayonu Гоьйгоьл 1 380 км² 30 муниципалитеташ
Гобустанан кӀошт Qobustan rayonu Гобустан 1 369,4 км² 26 муниципалитеташ
Гаьнджаь Gəncə 129 км² 2 кӀошт а, 1 эвла а
Дашкесанан кӀошт Daşkəsən rayonu Дашкесан 1 046,97 км² 32 муниципалитета
Джаьлилабадан кӀошт Cəlilabad rayonu Джаьлилабад 1 441 км² 119 муниципалитеташ
Джаьбраилан кӀошт[96] Cəbrayıl rayonu Джаьбраил 1 050 км²
Йевлаханан кӀошт Yevlax rayonu Йевлах 1 555 км² 32 муниципалитета
Закаталан кӀошт Zaqatala rayonu Закаталы 1 348 км² 31 муниципалитета
Заьнгиланан кӀошт[96] Zəngilan rayonu Заьнгилан 707 км²
Заьрдабан кӀошт Zərdab rayonu Заьрдаб 856 км² 41 муниципалитет
Имишлин кӀошт İmişli rayonu Имишли 1 826 км² 49 муниципалитеташ
Исмаиллин кӀошт İsmayıllı rayonu Исмаиллы 2 074 км² 67 муниципалитеташ
Газахан кӀошт Qazaxı rayonu Газах 698 км² 22 муниципалитета
Гахан кӀошт Qax rayonu Кахи 1 494 км² 53 муниципалитета
Кедабекан кӀошт Gədəbəy rayonu Кедабек 1 229 км² 44 муниципалитета
Каьлбаьджаьран кӀошт[96] Kəlbəcər rayonu Каьлбаьджаьр 3 050 км²[97]
Губадлин кӀошт[96] Qubadlı rayonu Губадли 802 км²
Кубан кӀошт Quba rayonu Куба 2 610 км² 101 муниципалитет
Кусаран кӀошт Qusar rayonu Кусары 1 542 км² 68 муниципалитеташ
Куьрдаьмиран кӀошт Kürdəmir rayonu Куьрдаьмир 1 631,5 км² 60 муниципалитеташ
Лачинан кӀошт[96] Laçın rayonu Лачин 1 883 км²[98]
Лаьнкаьранан кӀошт Lənkəran rayonu Лаьнкаьран 1 539 км² 65 муниципалитеташ
Лерикан кӀошт Lerik rayonu Лерик 1 084 км² 99 муниципалитеташ
Масаллин кӀошт Masallı rayonu Масалли 721 км² 106 муниципалитеташ
Нафталан Naftalan
Нефтечалан кӀошт Neftçala rayonu Нефтечала 1 451,7 км² 27 муниципалитеташ
ОгӀузан кӀошт Oğuz rayonu ОгӀуз 1 216 км² 31 муниципалитет
Саатлин кӀошт Saatlı rayonu Саатлы 1 180,4 км² 44 муниципалитета
Сабирабадан кӀошт Sabirabad rayonu Сабирабад 1 469,35 км² 75 муниципалитеташ
Салйанан кӀошт Salyan rayonu Салйан 1 799 км² 45 муниципалитеташ
Самухан кӀошт Samux rayonu Самух 1 455 км² 35 муниципалитеташ
Сийаьзаьнан кӀошт Siyəzən rayonu Сийаьзаьн 759 км² 14 муниципалитеташ
Сумгаит Sumqayıt 143 км²
Товузан кӀошт Tovuz rayonu Товуз 1 942 км² 62 муниципалитеташ
Таьртаьран кӀошт Tərtər rayonu Таьртаьр 412 км²[99] 43 муниципалитеташ
Уджаран кӀошт Ucar rayonu Уджары 867 км² 29 муниципалитеташ
Фуьзулин кӀошт Füzuli rayonu Фуьзули 1 386 км² 18 юьртин муниципалитеташ[95]
Ханкенди Xankəndi
Хачмазан кӀошт Xaçmaz rayonu Хачмас 1 063 км² 70 муниципалитеташ
Ходжаваьндан кӀошт Xocavənd rayonu Ходжаваьнд 1 458 км²
Ходжалин кӀошт Xocalı rayonu Ходжалы 970 км²
Хизин кӀошт Xızı rayonu Хизи 1 850 км² 13 муниципалитеташ
Шабранан кӀошт Şabran rayonu Шабран 1 739 км² 33 муниципалитета
Шаьмкиран кӀошт Şəmkir rayonu Шаьмкир 1 956,7 км² 57 муниципалитеташ
Шаькин кӀошт Şəki rayonu Шаьки 2 432,75 км² 66 муниципалитеташ
Шамахин кӀошт Şamaxı rayonu Шамахи 1 611 км² 50 муниципалитеташ
Ширван Şirvan 30 км²
Шушан кӀошт Şuşa rayonu Шуша 289 км²
Йардимлин кӀошт Yardımlı rayonu Йардимли 667 км² 62 муниципалитета

Хьажа ишта

Билгалдахарш

Комменташ
  1. Закавказье // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.;
    Закавказье // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.;
    Закавказье // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.; Закавказье // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.;
    Transcaucasia, Russian Zakavkazye Britannica
  2. При проведении границы Европа-Азия по Кумо-Манычской впадине, Азербайджан целиком расположена в Азии (Британника[9]). "Статистикан аьттонна" ВКЪКХс Азербайджанан регионан классификаци йо «Малхбуза Азин» дакъа олий[10]. Шен справочникехь ЦТУс Азербайджан йукъатуху Гергарчу Малхбален[11], ткъа иштта Къилба-Малхбузан Азин а, цхьа дакъа (Кавказан дукъан къилбаседехьа) Европин а[12]. Кавказан дукъца Европин а, Азин а доза доккху National Geographic[13].
Хьосташ
  1. 1 2 "Конституция Азербайджанской Республики"
  2. Азербайджан
  3. Город находится на территории, фактически контролируемой непризнанной Нагорно-Карабахской Республикой, и согласно административано-территориальному делению НКР носит название Степанакерт
  4. Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
  5. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  6. The World Factbook
  7. 1 2 3 Международный Банк, World DataBank: World Development Indicators, версия от 27 ноября 2013 года
  8. http://chartsbin.com/view/edr
  9. Британника
  10. «Западная Азия»
  11. Страны Ближнего Востоке (ЦРУ)
  12. Азербайджан, ЦРУ
  13. National Geographic
  14. Госкомстат Азербайджана. Данные по численности населения страны.
  15. Из которых фактически контролируется только около 75 тыс. км². Де Ваал оценивает контролируемую армянами территорию Азербайджана в 11 797 км² или 13,62 % («Черный Сад». Глава «Приложение», копия), Владимир Ступишин — в менее чем 14 % территории Азербайджана (Статья В. Казимирова «Опиум для своего народа», копия). По официальным азербайджанским данным оккупированная территория составляет 13149 км², то есть 15,2 % территории см. (копия Государственная комиссия Азербайджана по делам военнопленных, заложников и без вести пропавших граждан)
  16. 1 2 Текст Конституции Азербайджанской Республики
  17. Ильхам Алиев: «Азербайджан — это многонациональная и многоконфессиональная страна»
  18. Азербайджан является многонациональным и мультирелигиозным государством — депутат
  19. Азербайджан — многонациональная республика
  20. Kazemzadeh, Firuz. The Struggle for Transcaucasia: 1917–1921. — The New York Philosophical Library, 1951. — P. 124, 222, 229, 269–270. — ISBN 0-8305-0076-6.
  21. Swietochowski, Tadeusz. Russian Azerbaijan, 1905–1920: The Shaping of a National Identity in a Muslim Community. — Cambridge University Press, 2004. — P. 130. — ISBN 0521522455.

    After the proclamation of independence the next step in organizing the world’s first Muslim republic was the choice of a prime-minister.

  22. «Oil for jam and honey». The Sydney Morning Herald
  23. «Politics, ethics and challenges to democracy in 'new independent states'»
  24. «Encyclopedia of world constitutions, Volume 1»
  25. 1 2 Atropates — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». M. L. Chaumont
  26. Всемирная история. — Т. 3. — М., 1957. — С. 132.
  27. Атропатена // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  28. 1 2 Кеп:Книга:Шнирельман: Войны памяти
  29. 1 2 The Paths of History — Igor M. Diakonoff, Contributor Geoffery Alan Hosking, Published in the year 1999, Cambridge University Press, pg 100.
  30. Minorsky, V. «Ādharbaydjān (Azarbāydjān).» Encyclopaedia of Islam. Edited by: P. Bearman, Th. Bianquis, C. E. Bosworth, E. van Donzel and W. P. Heinrichs. Brill, 2007.
  31. Бартольд В. В. Сочинения. Том 2/1, с. 703.
  32. DK Publishing, Inc. (COR) Dorling Kindersley. Complete Flags of the World / DK Publishing. — DK Publishing, 2008. — С. 172. — 240 с. — ISBN 9780756641153.

    The eight points on the fl ag’s star stand for the eight groups of Turkic-speaking peoples—the Azeris, Ottomans, Jagatais, Tatars, Kipchaks, Seljuks and Turkomans.

  33. Whitney Smith. Flag Lore Of All Nations. — Millbrook Press, 2001. — С. 13. — 112 с. — ISBN 9780761317531. (ингалс.)
  34. Европа // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  35. Europe(ингалс.) — в энциклопедии Британника
  36. Европа // Словари и энциклопедии на Академике
  37. Севернее Большого Кавказа находятся районы Азербайджана: Шабранский (1739км²), Кусарский (1542км²), Хачмасский (1063км²), Сиазаньский (759км²), Кубинский (2610км²) и северная часть Хызынского района (весь район — 1711км²). Суммарная площадь: 9424км² (с полностью Хызынским районом, частично — около 8600км² или около 10 % от общей площади Азербайджана (86 600км², включая НКР).
  38. Definition of AZERBAIJAN. — «independent country W Asia & SE Europe bordering on Caspian Sea». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 апрель. Архивйина 2012 шеран 27 майхь
  39. CIA. AZERBAIJAN. — «Southwestern Asia, bordering the Caspian Sea, between Iran and Russia, with a small European portion north of the Caucasus range». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 апрель.
  40. National Geographic Atlas of the World. — 7th. — Washington, DC : National Geographic, 1999. — ISBN 0-7922-7528-4. «Europe» (pp. 68-9); «Asia» (pp. 90-1): «A commonly accepted division between Asia and Europe … is formed by the Ural Mountains, Ural River, Caspian Sea, Caucasus Mountains, and the Black Sea with its outlets, the Bosporus and Dardanelles.»
  41. Энциклопедия Британника, статья: Armenian Highland:

    Armenian Highland, mountainous region of western Asia. It lies mainly in Turkey, occupies all of Armenia, and includes southern Georgia, western Azerbaijan, and northwestern Iran.

  42. Азербайджан
  43. ГУГК. Атлас Азербайджанской ССР. — Москва, 1979. — С. 16. — 40 с.
  44. 1 2 3 Природа Азербайджана
  45. Каталог Минералов / Алунит
  46. Азербайджан " WWW.OPEN.AZ — открой для себя Азербайджан
  47. ТРУДЫ ПО ПРИКЛАДНОЙ БОТАНИКЕ, ГЕНЕТИКЕ И СЕЛЕКЦИИ, том 172 / канд. биол. наук Е.И. Гаевская. — Санкт-Петербург: ВСЕРОССИЙСКИЙ НАУЧНО-ИССЛЕДОВАТЕЛЬСКИЙ ИНСТИТУТ РАСТЕНИЕВОДСТВА имени Н.И. ВАВИЛОВА (ВИР), 2013. — С. 149.
  48. Список национальных парков на сайте Министерства экологии Азербайджана
  49. Список заповедников на сайте Министерства экологии Азербайджана
  50. Список заказников на сайте Министерства экологии Азербайджана
  51. Министерство Культуры и Туризма Азербайджанской Республики
  52. Что такое грязевые вулканы?
  53. Впервые в Азербайджане начал действовать автобусный маршрут Баку-Нахичевань(йоьхна хьажорг — истори). // МТРК «Мир»
  54. 1 2 А. П. Новосельцев. К вопросу о политической границе Армении и Кавказской Албании в античный период // Кавказ и Византия : Сб. — Ер.: Наука, 1979. — № I. — С. 10—18.
  55. Юшков С. В. К вопросу о границах древней Албании // «Исторические записки» — М., 1937. — № I. — С. 129−148.
  56. Paulys Real-Encyclopadie der Classishenen altertums nissenshaft. Erster Band. Stuttgart 1894. p. 1303
  57. Markwart J. Skizzen zur Historischen Topographie und Geschichte von Kaukasten, Handes Amsorya — Wien, 1927. — № 11−12;
    Marquart J. Eranlahr nach der Geogrphle des Ps.Moses Xorenac’i. // Abhandlungen der koniglichen Geselsch. der Wissenschaften zu Gottingen. Philologisch-hisiorische Klasse. Neue Folge B.ffl, № 2. — Berlin, 1901. — S. 358.
  58. Минорский В. Ф. История Ширвана и ал-Баба
  59. «Очерки по истории и культуре Кавказской Албании IV в. до н. э. — VII в. н. э.», К. В. Тревер, 1959 г.
  60. 1 2 3 История Востока. В 6 т. Т. 2. Восток в средние века. Глава I. — М.: «Восточная литература», 2002. — ISBN 5-02-017711-3. «Что касается сельского населения, то оно, по-видимому, в основном сохраняло ещё долгое время свои старые языки, родственные современным дагестанским, прежде всего лезгинскому»
  61. Дьяконов. «Предыстория армянского народа». Ереван. Издательство АН Армянской ССР, 1968. прим. 133
  62. Институт истории, языка и литературы им. Г. Цадасы. История Дагестана. — Наука", 1967, 2009. — С. Глава V. § 1."Территория и население" 105-107.

  63. В.П. Алексеев. Данные антропологии к этногенезу тюркских народов(йоьхна хьажорг — истори). imp.rudn.ru.
  64. Институт этнографии имени Н. Н. Миклухо-Маклая. Народы Кавказа. — М.: Изд-во Академии наук СССР, 1960. — Т. 1. — С. 29.

  65. Статья о Кавказской Албании в Иранике

    During the Hellenistic period they joined with other neighboring tribes to form a unified state under a single ruler (Strabo 9.7.6; cf. below). It has been supposed that the unification took place towards the end of the 2nd century B.C.

  66. Всемирная история, М., 1956, т.2, стр. 417
  67. Encyclopedia Iranica. M. L. Chaumont, Albania. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 18 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 10 мартехь
  68. Lou Giaffo, Albanian Amalgamation: A Story of Albania And the Albanians, Their Mysterious Origins, Caucasin or Llyrian, Xlibris Corporation, 2005, с. 137
  69. Paulys Real-Encyclopadie der Classishenen altertums nissenshaft. Erster Band. Stuttgart, 1894. p. 1303
  70. Encyclopedia Iranica, Armenia and Iran. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 18 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 21 январехь
  71. История древнего мира. Т. 3. М., 1989, стр. 284
  72. Страбон, География, XI, IV, 6
  73. Всемирная история. Энциклопедия. Том 3, гл. VIII: «Внутренний строй стран Закавказья оставался без изменения до середины V в., несмотря на то, что в результате договора 387 г. Армения оказалась разделённой между Ираном и Римом, Лазика была признана сферой влияния Рима, а Картли и Албания должны были подчиниться Ирану.»
  74. История древнего мира. Т.3. М., 1989, стр. 287

  75. КАРАУЛОВ Н. А. Сведения арабских писателей X и XI веков по Р. Хр. о Кавказе, Армении и Адербейджане
  76. История древнего мира. Т. 3. М., 1989, стр. 288
  77. Ḡ. -Ḥ. Yūsofī. BĀBAK ḴORRAMI (en) // Encyclopædia Iranica. — 1988. — Vol. III. — P. 299—306.
  78. Luther, K. «Atabakan-e Adarbayjan», Encyclopedia Iranica, p. 890—891. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 16 октябрехь
  79. http://gumilevica.kulichki.net/HE2/he2307.htm Некогда обширная Сельджукская держава распалась на три крупные части: Хорасанский (Восточносельджукский), Иракский (Западносельджукский) и Румский (Малоазиатский) султанаты.
  80. Luther, K. «Atabakan-e Adarbayjan», Encyclopedia Iranica, p. 890—891. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 16 октябрехь
  81. http://gumilevica.kulichki.net/HE2/he2307.htm Некогда обширная Сельджукская держава распалась на три крупные части: Хорасанский (Восточносельджукский), Иракский (Западносельджукский) и Румский (Малоазиатский) султанаты.
  82. История Востока. В 6 т. Т. 2. Восток в средние века. М., «Восточная литература», 2002.
  83. XAVIER DE PLANHOL. IRAN I. LANDS OF IRANn. Encyclopædia Iranica.

  84. Olivier Roy. The new Central Asia: the creation of nations. — I.B.Tauris, 2000. — С. 6. — ISBN 1860642780, 9781860642784.

  85. Азербайджан — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. :

  86. Cyril Toumanoff. Armenia and Georgia // The Cambridge Medieval History. — Cambridge, 1966. — Т. IV: The Byzantine Empire, part I chapter XIV. — С. 593—637.:

  87. Most of the Persians, with their own language, learn also the Turkish especially in those provinces which have been long under the jurisdiction of the Grand Seignor, as Shirvan, Adirbeitzan, Iraq, Baghdad, and Eruan, where children are taught the Turkish language and by this means it is so common at court that a man seldom hears anyone speak the Persian; as in the Grand Seignior’s country, they ordinarily speak the Sclavonian, and in the Mogul’s the Persian. But in the province of Fars (which is the ancient Persia) and at Shiraz, they speak only the Persian language. The travels of Olearius in seventeenth-century Persia
  88. Tadeusz Swietochowski. Russian Azerbaijan, 1905—1920: The Shaping of National Identity in a Muslim Community. Cambridge University Press, 2004. ISBN 0-521-52245-5
  89. Firouzeh Mostashari. On the religious frontier: Tsarist Russia and Islam in the Caucasus. I.B. Tauris; New York, 2006. ISBN 1-85043-771-8
  90. Гюлистанский мирный договор
  91. Мильман А. Ш. Политический строй Азербайджана в XIX — начале XX веков (административный аппарат и суд, формы и методы колониального управления). — Баку, 1966, с. 66—68
  92. Акты Кавказской Археографической Комиссии. т. VI, ч. I, док. № 1217, 1276
  93. Энциклопедия Британника, статья: Azerbaijan:

  94. Кеп:Книга:Шнирельман: Войны памяти

  95. 1 2 Часть кӀошта контролируется непризнанной Нагорно-Карабахской Республикой
  96. 1 2 3 4 5 кӀошт контролируется непризнанной Нагорно-Карабахской Республикой
  97. "Kəlbəcər rayonu". Государственный комитет по статистике Азербайджанской Республики.
  98. "Краткая история Лачинского кӀошта". Генеральное консульство Азербайджана в Санкт-Петербурге.
  99. Погода в Тертере, прогноз погоды на завтра в Тертере и Тертерском районе

Литература

Хьажоргаш