Мамакаев, Мохьмад Амаевич
Мохьмад Амаевич Мамакаев | |
---|---|
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | пачхьалкхан гӀуллакххо, йаздархо, Поэт |
Вина терахь | 1910 шеран 16 декабрь |
Вина меттиг | ТӀехьа-Марта, Терски область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1973 шеран 2 август (62 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР |
Корматалла | йаздархо, поэт |
Гражданалла |
![]() ![]() |
Мамака́ев, Мохьмад Ама́евич (1910 шеран 16 декабрь — 1973 шеран 2 август) — нохчийн йаздархо а, поэт а.
Мамакаев Махьмадан Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Мохьмад Мамакаев вина 1910 шарахь ТӀехьа-Мартанахь ахархочун доьзалехь. Цо чекхйаьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистийн университет а, Лакхара литературин курсаш а Москвахь.
1931 шарахь иза хӀоттира «Грозненски рабочий» газетан редакторан когаметтаниг[1][2].
1937 шарахь иза чуьвоьллира Соьлжа-ГӀалин набахтечу. 1940 шарахь иза йуха а чуьвоьллира Элистахь волуш хенахь. 1956 шо кхаччалц иза лагерашкахь вара Игаркехь[3].
1960 шарахь иза хилира «Орга» цӀе йолу нохчийн альманахан коьрта редактор.
Кхолларалла[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Суна гергга коьрта дарж — сайн халкъан поэт хилар… Аса байташ йазйо цхьаъ бен Ӏалашо йоцуш — оцу байташ нахана бохам хилча гӀо дайтархьам, цера дегнаш хьуьнаре а, дика гӀулкхашка а кхайкхабайта. | ![]() |
Цуьнан хьалхара произведениш арахийцира 1926 шарахь. «ЧӀегӀардиг» цӀе йолу цуьнан хьалхара байтийн гулам арабелира 1931 шарахь.
Цо йазийна байташ:
- «Пей вино» (1931)
- «Другу юности» (1934)
- «Песня о бессмертных» (1937)
- «Енисею» (1949)
- «На свет я рождён не в Сибири» (1954)
- «В кабинете В. И. Ленина» (1959)
- «Алхан-Чурт» (1959)
Цуьнан поэмаш:
- «Родные горы» (1928)
- «Сестра семи витязей» (1932)
- «Разговор с матерью» (1934)
- «День моего рождения» (1956)
- «У могилы Льва Толстого» (1956)
- «Шашка» (1957)
- «Гроздья винограда» (1958)
- «Песнь о бесстрашных» (1958).
Цуьнан хьалхара проза арайелира 1956 шарахь («Первый гудок»). 1962 шарахь арайелира Мамакаеван хьалхара роман «Революцин мурд». Иза йара Нохчийчохь хилла болу революцин боламех лаьцна. 1968 шарахь арайелира цуьнан роман «Зелимхан». Иза йара Зелим обургех лаьцна.
Иосиф Кобзонс лекхира эшар «Ламрой». Оцу эшеран дешнаш йаздира Мамомет Мамакаевс, композитор Владимир Евзеров.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ К 100-летию Магомеда Мамакаева. Культура и образование. ИА «Грозный-информ» (2010, 24 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 31 августехь. Теллина 2013 шеран 21 августехь.
- ↑ Ризван Эдильсултанов Вечер памяти классика чеченской литературы М. Мамакаева. Общество. ИА «Чечня Сегодня» (2010, 23 декабрь). Теллина 2013 шеран 21 августехь.
- ↑ Хасан Туркаев «Есть одно только мужество и одна только честь». Публикации > Аналитика. Министерство культуры Чеченской Республики (2010, 24 декабрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 31 августехь. Теллина 2013 шеран 21 августехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Краткая литературная энциклопедия
- Мамакаев Мохьмад Амаевич / Х. Туркаев // Ломбард — Мезитол. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 15).