Багаев, Дэги Имранович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Багаев, Дэги Имранович
Bagaev Degi.jpg
Вина терахь 1942 шеран 27 май({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (77 шо)
Вина меттиг Хьорсана, Шуьйтан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 2015 шеран 25 май({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (72 шо)
Корматалла тренер
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Имран
СовгӀаташ
  • Къинхегаман ЦӀе байракхан Орден
  • ГӀарбаьлла кхиамашан FILA медаль (2012 шо)
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиоран» орден 2013 шо

Багаев, Дэги Имранович (1942 шеран 27 май) — паргӀата кепара латаран нохчийн тренер, СССР Сийлахь тренер, Российн Сийлахь тренер, Нохчийн Республикехь паргӀата кепара латаран бухбиллинарг.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Дэги Багаев вина 1942 шеран 27 майхь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Хьорсана юртехь. Цуьнан да хьехархо вара. 15 шо кхаьчча лата Ӏама волавелира иза. Цуьнан хьалхара тренер вара Петр Филиппович Матушак.

1958 шарахь иза Соьлжа-ГӀале ваха веара. Кхузахь цуьнан тренер вара Супьян Лечиевич Зубайраев.

Спортан болх[нисъе | нисъе чухулара]

Дэги Багаев кегирхойн юккъехь хилла йолу РСФСРн чемпионатан совгӀатхо хилира. 1960 шарахь иза хилира ЦС ДСО «Урожай» чемпион хилира. Цу шарахь иза хилира СССРн спортан говзанча. Цо чекхъяккхира Лакхаран тренерийн школа Москвахь йолу Физически культуран институтехь. 1962 шарахь иза хилира СССРн гулйина тобан декъашхо.

1963 шо дуьйна иза армехь вара. Цигахь а шен тренировкаш цо ца йитира. 1964 шарахь цо толам баьккхира РСФСРн зонан чемпионат.

Тренеран болх[нисъе | нисъе чухулара]

1965 шарахь Воронежехь цо кечйина латархойн тобанас вузашна юккъехь йолу СССРн чемпионатехь 2-гӀа меттиг яккхира. Оцу шарахь Соьлжа-ГӀалахь цхьанакхийтира Багаевс кечйина Алма-Атан сельхозинститутан латарохойн тоба а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн вовшахтоьхна тобанца. Багаеван дешархойш толам беккхира 10:0. ТӀаккха республикан куьйгалхойш Багаев кхайкхира Соьлжа-ГӀалахь тренеран болх бан.

Кеста цуьнан балхо хьалхара кхиамаш хилийтира. 19671968 шарахь Российн чемпионаташкахь хьлахара совгӀатхой хилира Алихан Джамалдинов а, Саид Абдуллаев а. 1969 шарахь Баутдин Дудуевс а, Саид Абдуллаевс толам беккхира кегирхойн юкъара РСФСРн чемпионатехь. Багаеван тиллира «РСФСРн Сийлахь тренер» цӀе.

1970 шарахь Салман Хасимиков кегирхойн юкъахь Европин чемпион хилира.

1973 шарахь Алма-Атахь кегирхойн юкъахь йолу СССРн чемпионатехь кхоъ дашо а, цхьаъ дато медаль яккхира Xасан Орцуевс, С. Хасимиковс, А. Джамалдиновс, В. Ахмедовс. Цу шарахь шиъ дашо медаль кегирхойн юкъахь хилла йолу дуьненан чемпионатехь (АЦШ) яккхира Хасимиковс а, Орцуевс а.

1976 шарахь Асланбек Бисултановс толам беккхира Одессехь хилла йолу СССРн чемпионатехь а, Стамбулехь хилла Европин чемпионатехь а. 1977 шарахь Лозаннехь (Швейцари) Асланбек хилира дуьненан чемпион. И кхиамаш бахьнехь Багаеван цӀе тиллира «СССРн Сийльахь». СССРн халкъийн Спартакиадехь 1979 шарахь Багаевс кхиина латархош еккхира 8 медаль, царех 4 — дашониг. Хасан Орцуевс а, Салман Хасимиковс яккхира шиш дашо медаль, Асланбек Бисултановс даьккхира дети, борзан совгӀан даьккхира стал Руслан Бадаловс. Европин чемпион хилира Тарам Магомадов.

Къилбаседа Кавказан тӀеман округан коьрта тренер болх бира Багаевс 10 шарахь. Оцу хенахь цо кхиийра дукха СССРн Герзан Ницкъашан чемпионаш. СКВО команда яра ца хийцалуш Герзан Ницкъашан чемпион.

Цо кхиийра 150 сов СССРн а, Российн а спортан говзанчаш, царех 20 сов халкъашна юккъера спортан говзанчаш, царех 5 Сийлахь спортан говзанчаш. Цуьна сан тренеран балхахь кхиамаш болуш СССРх, Российх кхи цхьаа тренер вац.

Цхьаболу цуьнан кхиархой шаьш хилира СССРн а, Российн а Сийлахь тренераш. Уьш бу Алихан Джамалдинов, Алхазур Ильясов, Баху Ахмедов, Жоа Умаров, кхибераш а.

Алихан Джамалдинов кхоьллира шен латаран школа Хаси-Эвлахь. Цо кхиийра ши ваша Сайтиев, Бувайсар а (кхуза олимпиадин чемпион), Адам а (олимпиадин чемпион).

ХӀинца иза ву Москван дешеран Департаментан «Арена» клубан коьрта тренер. Цо гӀо до Нохчичоьра декъаза берашан.

Багаеван гӀарбоьвла кхиархой:

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • Къинхьегаман ЦӀе Байракхан орден;
  • ГӀарбаьлла кхиамашан FILA орден (2012 шо);
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиоран» орден 2013 шо;

Соьлжа-гӀалахь «Динамо» стадионан уллехь болу ураман Багаеван цӀе тиллина.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]