Керсталла
Керсталла (желт. Χριστός — «масихь») — ИбраьхӀиман динойх цхьаъ ду, дин кхоьллина Ӏийсан дахарах а цо Ӏаморах а, Керла весетехь яздинчух а[1]. керста нах Назаретера Ӏийса Масихь, Месси (Керста) ву аьлла тешна бу, Дела-кӀант а, адам кӀелхьарадаьккхинарг а хиларх[2]. Керстанаш шек ца буьйлу Ӏийсан дахаран историх.
Керсталла — иза дуьненан уггар доккха дин ду, 2,3 млрд гергга адам ду керста дин лелош. ХӀора а махкахь цхьаъ хилла а керстан йукъаралла ю.
Керсталлехь доккха кхоъ дӀасалелар (дакъа) ду: католицизм, православи а, протестантизм а.
Керсталла доладелла I-чу бӀешарахь ПалестӀинехь, Риман империн Ӏедал долчу хенахь[3].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ BBC—Religion & Ethics—566, Christianity // BBC
- ↑ Briggs, Charles A. The fundamental Christian faith: the origin, history and interpretation of the Apostles' and Nicene creeds. C. Scribner’s sons, 1913.
- ↑ Мчедлов М. П. Христианство — статья из Большой советской энциклопедии (3-е издание)
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |