ГӀой-хи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀой-хи
суьйл. Сулахъ, гӀум. Сувлакъ, гӀум. Къой сув
Сурт
Амал
Дохалла 169 км
Бассейн 15 200 км²
Хи дайар 176 м³/с (123 км хикхочел лакхара)
ДӀаэхар
Хьост (B) хиш вовшахкхоьтийла: ЖӀайн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи
 • Локхалла 348 м
 • Координаташ 42°47′27″ къ. ш. 46°47′46″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Каспий-хӀорд
 • Эрк чекхдолу меттиг ГӀой-хи (ДегӀаста)
 • Локхалла -28 м
 • Координаташ 43°15′16″ къ. ш. 47°32′54″ м. д.HGЯO
Хин охьане 2,23 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион ДегӀаста
КӀошташ Гумбетан кӀошт, Унсоколон кӀошт, Шури-ГӀалин кӀошт, Казбековн кӀошт, Кизилюртан кӀошт, Кумторкалан кӀошт, Бабаюртан кӀошт, ХӀинжа-ГӀала
Код  ПХР чохь 07030000112109300000254[1]
ГӀой-хи (ДегӀаста)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ГӀой-хи[2][3] (XX бӀешо кхаччалц гӀум. "Къой су" — «УьстагӀийн хиш»[4], жӀай. Сулахъ, даьргӀ. Кьас — «хин йукъ»[5], оьрс. Сулак, рут. Сулак мыри) — ДегӀастанан эрк.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀой-хин майда

Дохалла — 169 км (336 км Ӏаьндийн ГӀой-хица), хи гулден майда — 200 км²[6]. Кхоллало ши эрк, ЖӀайн ГӀой-хи а, Ӏаьндийн ГӀой-хи а вовшах кхетий. Хьалха охьадогӀу Коьрта ГӀой-хин Ӏин чухула (кӀоргалла 700—1500 м), цул тӀаьхьа Ахетлин Ӏин чухула, Чиркейн шордаларехь а, Жима ГӀой-хин Ӏин чухула, кхин дӀа шуьйрачу тогӀен чухула, Каспий-хӀордах кхетачохь дельта до.

Гидрологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан хи ийна ду, амма алсама лайн хи лу. Деста апрелера сентябрь кхаччалц, максимум деста июнехь — июлехь. Хи дайаран йуккъера барам — хикхочел 123 км лакхахь 176 м³/с. Хин даржаран йуккъера барам 450 г/м³, уггаре дукха долчохь 45 000 г/м³.

Геннаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уггаре доккха га — Ахсу, цул сов ГӀой-хих кхета Чвахунбак, Тлар, Жима ГӀой-хи. 1963 шарахь дуьйна «Акташский тракт» татол чухула охьахоьцу ГӀурийн а, Яьссин а хиш.

Нах беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀой-хин тӀехь лаьтта Кизилюрт, гӀтп Дубки, хикхочехь — гӀтп ГӀой-хи.

Бахамехь лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эркан хи леладо ХӀинжа-ГӀала а, Каспийск гӀалан гӀуллакханна хи латтош. Эркан тогӀенехь еха тайп-тайпана экханаш, царна йукъахь чудалийна акха жӀаьла дӀатарделла[7].

ГӀой-хин тӀехь лаьтта [ГЭС: Миатлински ГЭС, Чирюртан ГЭС, Чиркейн ГЭС, ткъа иштта жима Бавтугайн ГЭС электростанцийн каскад, церан цхьаьнатоьхна хӀоттийна ницкъалла — 1345,6 МВт, кхин тӀе а йан дагахь бу кегийра ГЭСаш йукъара ницкъалла 46,2 МВт йолуш, уьш ерриш йукъайоьду ГӀой-хин ГЭС каскадан.

Хин реестран хаам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъадоьду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан. Эркан бассейн Терк эркан[6].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07030000112109300000254[6].

Реестрехь ша йаздина ду ГӀой-хин шира харш[8]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 9. Закавказье и Дагестан. Вып. 3. Дагестан / под ред. П. П. Буртовой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 76 с.
  2. Сулейманов, 1997, с. 268, 332, 334-336.
  3. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7. * Антология. «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2.
  4. Кумыкско-русский словарь (Къумукъча-орусча сёзлюк), Бамматов Б. Г., Гаджиахмедов Н. Э. 2013 г.
  5. Даргинско-Русский словарь (© Х. А. Юсупов) (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 18 октябрехь.
  6. 1 2 3 «Сулак» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  7. Чужеродные виды на территории России: Вторжение чужеродных видов: Млекопитающие: Procyon lotor — Енот-полоскун (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 18 октябрехь.
  8. «Сулак, старое русло» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]