Гендаргнойн ЧIулг

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(ЧӀулг дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Гендаргнойн ЧIулг
Вина терахь

1778 шо({{padleft:1778|4|0}})

Вина меттиг

Хьалха-Марта, Нохчийчоь

Кхелхина терахь

1829 шо({{padleft:1829|4|0}})

Кхелхина меттиг:

ЧӀулга-Юрт, Нохчийчоь

ТӀемаш

Кавказан тӀом

ЧӀулг (АтагӀан ЧӀулг, чакх. XVIII — юьхь. XIX бб.) чакх. XVIII — юьхь. XIX бб. Нохчийчохь хилла тӀемийн жигара декъашхо.

Жимачу АтагӀан юьртда. 1807 шеран сентябрехь, масех тӀамехь инарла Булгаковн эскарел эшча, Тайми Биболата а, Гендаргнойн ЧӀулга а Россех дозуш хилар тӀеийцира. Нохчийн 20 юьртдайшна юкъахь Российн байӀат дина, цунна делла Гуьржехахь а, ДегӀастанахь а коьрта баьчча волчу инарла-элас Гудовича поручик дарж.[1] Оцу хьокъехь 1807 шеран 27 августехь инарла-эле Гудовиче яздина долчу кехатехь Ӏаьндари юьртдас Кандауров Хьаджи-Реджеба, ЧӀулг вуьйцу «ладаме ши стаг (шолгӀаниг — Тайми Биболат), Нохчийчохь дукха лераме волу». 1808 ш., муха нисделла хууш дац, Ч1улга стаг вийна, иза доккхачу тайпанах хилла. Кестта масла1ат дина, амма цуьнан барт Ч1уьлган даиманан а Хьалха-Марта йита езаш хилла.

1808 шарахь кхоьллина Теркан аьтту берд тӀехь Мазалкан полкан Ишоре гӀалан дуьхьала ЧӀуьлга-Юрт (Мурдар-Юрт, Мурдарово юрт, тӀехьуо — Мундар-Юрт, оьрсийн маттахь — Знаменское).[2]

ЧӀуьлган ши йоӀ а, Сулейман цӀе йолуш кӀант а хилла, иза Оьрсийн эскаран прапорщик а, Оьрсий-ХӀункара тӀеман декъашхо а хилла. КӀентан кӀант — АӀабдулкъедар 1917 шеран гурахь Мундар-Юрто векал вина БуритӀе Кавказан ломан къаьмнийн II-гӀа гуламе вахийтина.

Валар[нисъе | нисъе чухулара]

XIX бӀешеран 20-гӀа шерашкахь ЧӀулг бехке вина обаргаш кӀелхьара бахарна, лаьцна паччахьан баьччалло. 1827 шо кхаччалца Соьлжа-ГӀалин гӀопехь валлийна. 1829 шарахь февралехь иза велла[3].

Доьзал[нисъе | нисъе чухулара]

ЧӀулга кхоъ ваша хилла: Исмайла, Меза, Нойрби. Церан ден цӀе Сайка хилла. Церан дайн силсила иштта ю: Ахьматхан, СайдӀали, АргӀун, Шейхуль-Ислам, Джамалуддин, Нурдахьад, Дада, Кавмар, Баммат, Ойбалла, Бовлач, Товзархан, Янхот, Дауд, Ханбатар, Джанхот, Сайка. ЧӀулгара гендаргнойн тайпана Сайкин-некъе бара[4]

ЧIуьлган тIехье[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Шахрудин А. Г. — Россия и Чечня: последняя треть XVIII--первая половина XIX века, Академия наук Чеченской Республики, 2009 — стр. 138
  2. Подтверждением этого обычно приводится прошение поручика Сулеймана Чуликова от 23 февраля 1862 года на имя главнокомандующего войск Терской области князя Святополк-Мирского, цитируемое по Н. П. Гриценко «Социально-экономическое развитие притеречных районов в XVIII — первой половине XIX в.», на 179 странице, под заголовком «Документ № 3»
  3. Центральный государственный архив Республики Северная Осетия-Алания (далее — ЦГА РСО-А), ф. 12, оп. 6, д. 849, л. 11.
  4. Ю. М. Эльмурзаев «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70. — ISBN 5-09-002630-0