Газуева Айзан
Газуева Айзан | |
---|---|
Йина терахь | 1983 йа 1984 шеран 14 март[1] |
Йина меттиг | Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР |
Кхелхина терахь | 2001 шеран 29 ноябрь[2][3] |
Кхелхина меттиг | Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийчоь |
Да | Ваха |
Майра | Ӏалихан |
Газуева Айзан (йина 1984 шеран[4] 14 март, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — кхелхина 2001 шеран 29 ноябрь, Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийчоь) — Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш волу а, нохчий къизаллица хьийзина волу а Гаджиев ша оьккхуьйтуш вийна йолу нохчийн йоӀ.
Хилам
[бӀаьра нисйан | нисйан]27 ноябрехь Газуева Айзан комендатуре еънера, шен майра стенна лаьцна хьажа. Инарла волучу Гаджиев Гейдара, шен гӀаролийн гӀоьнца боьха мотт а буьйцуш эккхира Айзан[5].
2001 шеран 29 ноябрехь Хьалха-Мартанан йуккъерачу майданехь Газуева Айза (Эльза), Хьалха-Мартанан кӀоштан комендант волучу инарла-майор Гаджиев Гейдарна улле йахара, оцу хенахь Гаджиев хилла кӀоштан администрацера комендатуре воьдуш, цуьнга мохь а тоьхна шен дегӀахь йихкина йолу оьккха хӀума эккхийтира Айзана. И эккхар бахьнехь кхелхира ша Газуева а, Гаджиев а, цуьнан гӀаролехь волу кхоъ российн эскархо а[6][7]. Хьалха-Мартанан кӀоштан бахархоша шен къизаллица вуно вон вуьйцуш вара Гаджиев Гейдар, иза вуьш Айзанан хилла 18 шо. Гаджиев бумба эккхийтинчул тӀаьхьа ши де даьлча велира[8].
«ПРИМА» агентствон хаамашца, Газуеван майра а, шиъ ваша а лаьцна хилла Хьалха-Мартанан кӀоштан комендатуран белхалоша, ткъа тӀаьхьо уьш карийнера байина[9].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ http://old.memo.ru/hr/hotpoints/N-Caucas/ch99/020119/kz0119a.htm
- ↑ http://www.kp.ru/daily/23142/24174/
- ↑ http://politkovskaya.novayagazeta.ru/pub/2002/2002-02.shtml
- ↑ 19 января 2002 г., Красная Звезда Шагнувший в бессмертие Наби Набиев Архивйина 2019-06-03 — Wayback Machine
- ↑ Липхан Базаева, «Союз чеченских женщин».
- ↑ «Невесты Аллаха». Как молодых чеченских женщин превращают в «живые бомбы»?, «Комсомольская правда», 22.10.2003.
- ↑ Смерть военного коменданта. Почему погиб генерал Гаджиев? Предыстория одного из самых громких убийств ушедшего года в Чечне, «Новая газета», 14.01.2002.
- ↑ Инарлаш а бойуш хуьлу тӀамтӀехь — 2017 Шамаев Руслан
- ↑ Кавказский Узел: 15-летняя чеченка мстила генералу Гаджиеву
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- А. Антонова. Сборник материалов конференции «Купирование негативных последствий агитации экстремистских организаций среди женщин, оказавшихся в трудной жизненной ситуации». — Москва, 2016. — 358 с. — ISBN 978-5-94293-069-1.
- У.Байсаев, Д.Грушкин. ЗДЕСЬ ЖИВУТ ЛЮДИ Чечня: хроника насилия Часть 5 Октябрь-декабрь 2001 года. — Москва: «ПРАВА ЧЕЛОВЕКА», 2010. — 312 с. — ISBN 978-5-7712-0425-3.