Марта (Ӏаьс-хин га)
Марта | |
гӀалгӀ. Форта, оьрс. Фортанга | |
Амал | |
---|---|
Дохалла | 69 км |
Бассейн | 525 км² |
Хи дайар | 82,9 м³/с |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | Цхьора-Лам |
• Эрк долу меттиг |
Йоккха Кавказан дукъ ГӀалгӀайчоьнан Соьлжан кӀошт |
• Локхалла | 2185 м |
• Координаташ | 42°51′50″ къ. ш. 45°01′29″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Терк |
• Эрк чекхдолу меттиг | э. ШаӀми-Юрт (ТӀехьа-Мартанан кӀошт) |
• Локхалла | 174 м |
• Координаташ | 43°14′36″ къ. ш. 45°23′31″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 29,1 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Ӏаьс-хи → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
|
|
Пачхьалкх | |
Регионаш | ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика |
Код ПХР чохь | 07020001112108200005536 |
Марта[1], Ӏашхойн Марта[2], Фарта[3] (гӀалгӀ. Форта[4][5], оьрс. Фортанга) — Российн эрк, охьадогӀу ГӀалгӀайчухула а, Нохчийчухула а. Ӏаьс-хин аьтту га. Эркан дохалла — 69[6] км, хи гулден майда — 525[6] км². Эркан шира цӀе - Балсур-хи[7].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эрк схьадолу ГӀалгӀайчохь Цхьоройн-ломан дукъан къилбаседа басехь. Лакхенашкахь Фарта олу. ОхьадогӀу хьийзаш къилбаседехьа. Эркан хикхоче ю ШаӀми-Юртахь, Ӏаьс-хин хикхочен 7,5 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 69 км[6].
Эркан майданехь лаьтта нах бехаш меттигаш: Хьай, Хьай-ара ЦӀечу-Аьхке, Сенгалхи, ГӀандал-босе, Пхьуматта, КатаргаштӀие, Мулкъание, Муьжгана, МазантӀи, Мештие, Декашари, ГӀозана, Мержа, Даких, Хьаьвхьа, Дехьа-ГериетIе, Сехьа-ГериетIе, Далг-Бух, Дака-Бух, Къолие, Иег-чIодж ,АгIиен бассе, МагIа ДаьттагIа, ИгIа ДаьттагIа, Белхара, ГӀандал-босе, Аьршта, Издиг, ХIуттунчу, Iакъие-тIи, Берешки, Самиогочие, Мергйистие, Буммат, ТӀехьа-Марта, ШаӀми-Юрт.
Хин реестрах хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца юкъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин юкъ [6].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005536[6].
Геннаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьай-хи, ГӀозана-хи, ЦӀучуаьхк, Iаьржачу-хи, Лар-алие, Чолхара-хи, Инзар-алие, Иерза али, Комур-алие, Хурхур-аьлие, Амла-алие, Заг-алие, КӀай-Жол, Ӏаржа-Жол, Вирг вийна али, Сенгалхи, Мержа-Аьхк, Жол, КIобур-алие, ГӀандалой-босса-али, Шоьнарг, Сала-али, ХIутта, Арштие алие, Элжаркъин али, Ӏашхи.
Эркаца долу лаьмнаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Кер-лоам - ЦӀечу аьхкиен къилбаседа-малхбузехьа, мартан аьтту бердаца, 1734,9 м хӀордан тӀегӀанал лекха[8].
- Ерди-Корта - Мартан аьрру берда тӀехула лаьтта лам[9].
- Нохчийн-Корта я Нох-Корта - Бумматан малхбалехьа, Мартан аьтту бердаца[10].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 13,23.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 22,23,33.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 13,22,33.
- ↑ Барахоева Н. М., Кодзоев Н. Д., Хайров Б. А. Ингушско-русский и русско-ингушский словарь терминов: более 8000 слов. — Назрань: «Кеп», 2016. — 600 с.
- ↑ Топоним. слов. Сулейманова, 1978, с. 78.
- ↑ 1 2 3 4 5 «Фортанга» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 45.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 15.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 17.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 33.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2