Эльдарханов, Таштемир Эльжуркаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эльдарханов Таштемир Эльжуркаевич
Т.Э. Эльдарханов.jpeg
Вина терахь 1870 шеран 1 апрель({{padleft:1870|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг ГихтӀа, Нохчийчоь, Российн импери
Кхелхина терахь 1934 шеран 14 ноябрь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла хьехархо, серлонча, яздархо, юкъаралин белхало, политикан белхало, пачхьалкхан белхало, шина Думин депутат
Гражданалла Российн импери Российн империССРС СССР
Commons-logo.svg Эльдарханов Таштемир Эльжуркаевич Викилармехь

Эльдарханов Таштемир Эльжуркаевич (1870 шеран 1 апрель, ГихтӀа, Нохчийчоь, Российн импери — 1934 шеран 14 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн серлонча, яздархо, юкъаралин а, политикан а, пачхьалкхан а белхало, Российн империн Хьалхара а, ШозлугӀа а Пачхьалкхан Думи депутат.

Биографи дӀайолаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Таштемир Эльдарханов вина 1870 шеран 1 апрелехь ГихтӀахь. Цунна дешар дезар хьалхи гучаделира. ВорхӀ шо кхаьчча иза Нохчийчоьхь цхьаъ бе йоцу Соьлжа-гӀалахь хилчу нохчийн школе дӀавелира. Школа чекхйекхича иза деша вахара Владикавказехь реальны училище. 1893 шарахь Тифлисера хьехархойн институт чекхйекхира цо. Дешна ваьлча пхеа шарахь Майкопехь болх бира цо, цул техьа — Соьлжа-ГӀалахь.

Ша студент волчу хенахь иза волавелира Тифлисехь а, Владикавказехь а нохчийн дицарш гулда. 1900 шарахь арахецна «Кавказан меттигаш а, къаьмнаш а дуьйцуш гулам» чохь дара цо яздина масийтта нохчийн дицар орсийн маттахь. 1911 шарахь Тифлисехь арахецна цо язйина хьалхара нохчийн абат.

Политикан болх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Таштемир Эльдарханов (юкъехь хиъна ву) ШозлагӀчу пачхьалкхан думин депутатийн тобанца. 1907 шо

Цуьна хьехаман а, юкъараллин а болх нисбелла нах меттахбаларц. Иза пачхьалкхан чохь хуьлучунна тӀаьхьакхиа гӀерташ вара, меттигашкахь дакъалоцуш вара. Ша юрташка кхаьчча нахан демократи хьоьхура. Цундела иза школера дӀавекххира «политически тешам цахилар» бахьнехь.

Терски областан депутат ву аьлла иза хержира Хьалхара Думичу. Цуьна Ӏалашо яра массо а къамне къинхьегамхой цхьана тогӀа паччахьан дуьхьал.

1906 шеран 8 июлехь Ӏедало Хьалхара Думин болх сацийра. 1907 шеран 6 февралехь Терски областан харжорашна гуламехь Эльдаханов, цу хенахь гӀарвелла юкъаралин белхало, хаьржира ШозлагӀчу Думин депутат.

ШозлагӀа Дума дӀакъойлинчул тӀехь Соьлжа-гӀали веара иза. Амма эдало ца магийра цунна Терски областан школашкахь болхба. Таккха цуьна Баку ваха дийзира. Цигахь цо школашкахь болхбира 1917 шеран Февральски революци кхаччалц. Таккха цо Нохчичу веан революцин болх болабира. Цуна хетара Кавказан халкъашна кӀане революцин Россица йозна ю аьлла.

Иза вара большевикашан гӀо деш, салташна юкъахь болх беш. Цуьни, цуьна накъостий болх бахьнехь Петроград хьаяккха тӀейоду «Акха дивизи», Корнилов эскарехь коьрта дакъа, цхьаа топ ца кхуссуш сацинера.

Граждански тӀом[нисъе бӀаьра | нисъе]

1918 шарахь августера дуьна ноябрь кхаччалца Соьлжа-гӀалахь тӀом бара боьдуш (кхоно цунна цӀе тиллира «БӀе дийнахь бина тӀом») ЦӀе эскирани, Бичерахов эскирни юкъахь. Цу хенахь Эльдарханов куьйгалхо деш йолу ГӀойтӀара Советс ЦӀе эскирна гӀодеш Соьлжа тӀемлой богӀуьтура, яахӀума а, тӀем гӀирсаш а бохьуьтура.

Бичераховцаш эшиначултӀехь Нохч-ГӀалгӀайчу деара Деникин эскир. И эскир сов хилар бахьнехь ЦӀе эскир Соьлжа-гӀали, Владикавкази йита дийзира.

Совет Ӏедалан зама[нисъе бӀаьра | нисъе]

Граждански тӀом чекхбеллачул тӀехь Нохч-ГӀалгӀайчохь хакъан гуламш хилира. Цигахь наха Совет эдалан шаьш реза хилар хаитира. Кавказски фронтан председатель Г. К. Орджоникидзес аьлла, Нохчийн ревкоман председатель Эльдарханов хӀоттинера.

1920 шеран августехь Нохчийчохь хиллачу хьалхара Советан гуламехь Таштемир Эльдарханов облисполкоман председатель хаьржинера. Цул тӀаьха иза хаьржинера Лаьмни АССР ЦИК председатель, облисполкоман председатель дарж цуьна керахь дуьсуш. 1922 шарахь Нохчийн Автономин область кхоьллинчул тӀехь областан ревкоман председатель болхбира цо. Нохчийчуьра Советан гуламехь иза хаьржинера Нохчийн автономны областан исполкоман председатель. Къилб-Седан край кхоьллинчул тӀехь иза хоттинера Къоман Советан председатель. И бахьнехь цуьна Дон-тӀера-Ростове вагӀа дийзира.

Эльдарханов вара VIII, X, XI, XII Ерригроссийски Советан гуламан делегат, Ерригроссийски Коьрта Исполнительны Комитетан 10, 11, 12 созыван дакъашхо, СССРн Коьрта Исполнительны Комитетан 1, 2, 3 созыван Нохчийн автономны областера дакъашхо.

1929 шарахь иза Соьлжа-гӀала хьавеара. ТӀаьххьара заманехь цо «Грознефть» цхьанакхетараллехь куьгулдеш болхбора. Иза велира 1934 шеран 14 ноябрехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]