ГаланчIожан диалект

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Аьккхийн-орстхойн диалект дӀасахьажийна кхузе)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ГаланчIожан диалект
Таксон:

диалектологи

Статус:

бовшболу

Ареал:

РФ (ГӀалгӀайн а, Нохчийн а республикаш)

Дукхалла:

10 000 ст. кӀезга

Классификаци
Категори:

Евразин меттанаш

Къилбаседа Кавказан доьзал (массара къобал ца до)

Нах-дег1астанан доьзал
Нах га
Вайнехан тоба
Нохчийн мотт
ХӀоттам

Меттанийн тобан кодаш
ISO 639-2:

ISO 639-5:

Хьажа иштта: Проект:Лингвистика

ГаланчӀо́жан диалект (галайн-чIожан диалект) — вайнехан меттан кластеран нах ген нах-дегӀастанан меттанийн диалект ю. ГӀалгӀайн, нохчийн меттанашна юккъера меттигехь ю иза, и бахьанехь талламхой-лингвистийн белхашкахь дукха хьолахь шинне а къоман диалект сана лелайора. Диалект лелориш юккъера бӀаьшерашкара схьа нах къаьмнаш а, ломан, аренан аьккхийн, кистийн, маьлхийн, нашхойн, орстхойн, тӀерлойн, ялхоройн юкъараллаш ю[~ 1]. Таханалерачу дийнахь диалект лелочеран дукхахадолу дакъа дӀа а ца къасталушйолу этнически компонент ю гӀалгашна, а иштта нохчашна а юкъахь.

Яржаран истори[нисъе | нисъе чухулара]

Аьккхийн-орстхойн диалект лелочеран Даймохк бара ломан Нохчийчоь а, ГӀалгӀайчоь а (мехкаш Лам-Аьккха, Маьлхиста, Нашха, Орстхой-Мохк кхин берш а), ткъа иштта Аренан Аьккха/Ӏовхойн мохк ДегӀастанера. XIX бӀаьшерашкахь Кавказан тӀамехь аьккхийн-орстхойн диалект лелочеран доккхахадолу дакъа халлакадинера, ткъа тӀом чекъбаьлчи бисинчарах доккхахадолу дакъано дӀатесира шайн дайбаьхна кӀошташ ХӀункара махка а, кхечу мехкашка а дӀакхелхина, диалект лелоран цигахь хилла истори евзаш яц (дуккха а эмигранташ бухабирзира Росси XIX бӀаьшеран 70-гӀачу шерашкахь). XX бӀаьшерашкахь, кхечу вайнахашца цхьаьна, аьккхийн-орстхойн диалект лелочара интеграци хилира социалистийн юкъаралле ССРС, депортаци а йира Кхазакхстане (1944 ш., «Хьозийн кхоьш» цӀе йолу операци). 1957 шарахь дукхаха болу вайнехан бахархой цӀабирзира Даймахка, ткъа алссам аьккхийн-орстхойн диалет лелочеран аьтту ца хилира шайн ломан кӀошташка охьаховша, хӀунда аьлчи уьш бахархошна къевлина хилира баха ховша. Иза бахьанехь диалект лелочеран доккхаха долу дакъа ломан кӀажошкара ийна ярташка охьахевшира, цхацца халонаш хилира ДегӀастане юхабоьрзучеран а. Тахана аьккхийн-орстхойн диалект лелориш охьаховшийна Нохчийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, ДегӀастанан тайп-тайпана кӀошташкахь, ткъа кисташ — Гуьржехьарчу Панкисин Ӏинехь, диалект лелоран хаамаш чӀогӀа кӀезга бу.

Классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀалгӀайн маттан юкъахь. Ломан Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а гергара диалектийн тобанаш Ӏаморан хьалхарчу муьрехь талламчаша цхьанатуьйхира уьш «галанчӀожан диалект» цӀе туьллуш, гӀалгӀайн меттана юкъа классификации йеш. Дуьххьара гӀараяьккхина и ойла шен «ГӀалгӀайн оьздангалин хьалхера (Из культурного прошлого ингушей)» цӀе йолчу балхатӀехь (1930) российн а, советийн моттӀаморхочо, кавказӀаморхочо, историко, этнографо, фил.1.д., профессоро А. Н. Генкос[1]. ГаланчӀожан диалектан иштта йолу классификаци лелайора советийн лингвист-кавказӀаморхочо, фонолого, социолингвисто, фил.1.д., профессоро Н. Ф. Яковлевс, шен талламаш «Кавказан меттанаш а, къаьмнаш а (Языки и народы Кавказа)» (1930) цӀе йолчу балхатӀехь зорбатоьхна волчу[2].

Нохчийн маттан юкъахь. Нохчийн советийн а, российн а кавказӀаморхо, фил.1.д., профессор, сийлахь академик НР ӀА Ю. Д. Дешериевс шен «Нах меттанийн дустаран-историн грамматика…» (1963) цӀе йолчу балхатӀехь дуьххьара гӀараяьккхира галанчӀожан диалект гӀалгӀайн хиларах йолу шеко, цо иза нохчийн маттана юкъахь классификаци йира[3]. Цунна тӀеххье галанчӀожан диалект нохчийн маттана юкъахь классификаци ян буьйлабелира кхин талламчаш а: И. А. Арсаханов (1969)[4], Д. С. Имнайшвили (1977)[5], Т. И. Дешериева (1998)[6].

Юккъера меттиг. Ю. Д. Дешериевс галанчӀожан диалект нохчийн маттара ю бахахь а, цо хила тардолийтара оцу диалектан нохчийн а, гӀалгӀайн меттанашна юккъера меттиг: «Исторехь аьккийн а, галанчӀожан а диалекташ юккъера меттиг латтайора акъарера нохчийн а, гӀалгӀайн а диалекташна юкъахь. Цундера аьккхийн а, галанчӀожан а диалектехь меттан хоттамаш бу, нохчийн, — цхьана агӀора, — гӀалгӀай вукха агӀора»[7]. Оцу хьокъехь болчу таханлерачу цхьана «Кавказан меттанийн атлас» (2006) цӀе йолчу балхатӀехь российн лингвистан, Р1А МоттӀаморан институтан лакхара Ӏилм.белх. Ю. Б. Коряковс, галанчӀожан диалектах «аьккхийн-орстхойн диалект» олу, иза нохчийн а, гӀалгӀайн а юккъерчу мете а хоттайо[8].

ХӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]


Ю. Б. Коряковн балхатӀехь
2006 г.[8]

Т. И. Дешериеван балхатӀехь
1998 г.[6]

Д. С. Имнайшвилин балхатӀехь
1977 г.[5]

И. А. Арсахановн балхатӀехь
1969 г.[4]

Ю. Д. Дешериевн балхатӀехь
1963 г.[9]
аьккхийн-орстхойн/галанчӀож диалект галанчӀожан диалект
  • лам аьккхийн лиер[~ 2]
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • лам-аьккхийн лиер
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • ялхоройн лиер
  • лам аьккхийн лиер
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • тӀерлойн лиер
  • аьккхийн лиер долу нах дукхахберш беха Нохчийчуьра ТӀехьа-Мартан кӀоштахь.
  • нашхойн лиер долу нах нашхой бу. И диалект лелошберш, дукхахаберш Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштехь беха.
  • тӀерлойн лиер — Арсахановс дийцарехь, 1944 шо кхачале гулахь дара Ошнехь, НикӀарехь, Барайхь; хӀинца тӀерлой акъарехь беха.
  • маьлхийн лиер — Арсахановс дийцарехь, тахана беха Бумтахь, Аьрштахь, Мешехь кхин дӀа а.
  • орстхойн лиер долу нах тахана гулахь беха ТӀехьа-МартантӀехь, Хьалха-МартантӀехь, Шалажехь, Гихтахь, Гихчохь, Рошничохь, Бумтахь, Янди-кӀотарахь, кхин дӀа а.
  • овхойн лиер (аренан овхойн лиер, декъало овхойн, бамматюртан а, пхьарчхойн а лиеран) — ДегӀастанехь.
  • кистийн лиер — Гуьржийчохь Панкисин Ӏинехь (гӀиллакх а хилла хьоьжу нохчийн шалаьтташ долчу диалекте санна).

Диалетийн лиеран цхьатерра аматаш[нисъе | нисъе чухулара]

Аьккхийн-орстхойн диалектийн лиераш къаьстина башхаллаш йолуш ду, амма шайолу диалектин специфика билгалйоккхуш цхьанатоьхна ю цхьайолу цхьатерра аматаш. Лам аьккхийн, маьлхийн, нашхойн диалектийн цхьайолу тера аматаш ю[6]:

  1. ХӀинцца дӀаяханачу хенан кеп цахилар.
  2. Нохчийн литературан баха дешан меттана яха дош лелор.
  3. Мие дакъа лелор бие меттана.
  4. Ӏо- дешахьалхе лелор охьа- меттана (Ӏоха, нохчийн литературан моттахь: охьахаа); меттигерчу V серин дожарах даьлла -гӀола лелор -хула меттана; суффикс -вар/-верг лелор -ниг меттана (воккхавар/воккхаверг, литературан маттахь: воккханиг).
  5. Дош долалуш ст цахилар (саг, нохчийн литературан маттахь: стаг; уст, литературан маттахь: сту; сокха, нохчийн литературан маттахь: стокха).
  6. Лург дожарехь -шта аффикс лелор нохчийн литературан маттахь -шна меттана

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Комментареш
  1. Вайнаха, скъилбаседакавказан кхин къаьмнаш санна, хала а йолуш даиман цхьанакепара а йоцуш йолу цӀерийн система лелайора шайн юкъахь йолчу цхьанакхетараллийн кепийн, дукха хьолахь цхьа могӀа терминаш а далош — тукхумаш/шахьараш, тайпанаш, гараш, некъи, цӀа, доьзалаш и другие. кавказӀаморехь, яккхийчу цхьанакхетараллийн тобанашна, «паргӀата юкъаралла» цӀе йоккха я «юкъаралла» олу.
  2. В статье Т. И. Дешериевой один раз говор указан как ламаккинский, а второй раз, вероятно с ошибкой, как ламакинский (Дешериева Т. И., 1998, с. 174, 186).
Схьадаьлла меттиг

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Арсаханов И. А. Галанчожский диалект // Чеченская диалектология / Под ред. З. А. Гавришевской. — Чечено-Ингушский НИИ истории, языка, литературы и экономики. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1969. — 211 с. — 600 экз.
  • Генко А. Н. Из культурного прошлого ингушей // Записки коллегии востоковедов при Азиатском музее АН СССР. — Л., 1930. — Т. V.
  • Дешериев Ю. Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — АН СССР. Институт языкознания. Чечено-Ингушский НИИ истории, языка и литературы. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. — 556 с. — 600 экз.
  • Дешериева Т. И. Чеченский язык // Языки мира. Кавказские языки / Председатель главн. ред. коллегии В. Н. Ярцева. — РАН. Институт языкознания. — М.: «Academia», 1998. — 480 с. — ISBN 5-87444-079-8
  • Имнайшвили Д. С. Историко-сравнительный анализ фонетики нахских языков / Ред. А. С. Чикобава. — АН Грузинской ССР. Институт языкознания. — Тбилиси: «Мецниереба», 1977. — 300 с. — 1000 экз.
  • Коряков Ю. Б. Северокавказская семья // Атлас кавказских языков (с приложением полного реестра языков). — РАН. Ин-т языкознания. — М.: «Пилигрим», 2006. — 76 с. — ISBN 5-9900772-1-1
  • Яковлев Н. Ф. Языки и народы Кавказа. — М., 1930.

Хьежориш[нисъе | нисъе чухулара]