ДудагӀеран Мусан ЖовхӀар
ДудагӀеран Мусан ЖовхӀар | |
![]() |
|
Бакъ цӀе |
ЖовхӀар |
---|---|
Вина терахь | |
Вина меттиг |
Ялхорой |
Кхелхина терахь |
1996 шеран 21 апрель (52 шо) |
Кхелхина меттиг |
Гихчу |
Гражданалла |
Ичкери |
Зуда |
Алла Фёдоровна Дудаева |
Бераш |
Авлур, Деги, Дана |
![]() |
ДудагӀеран Мусан ЖовхӀар — (1944 шеран 15 февраль (паспорт тleхь) Ялхорой, Нохч-Гlалгlайн АССР — 1996 шеран 21 апрель, Гихчу, Нохчийчоь). 1991 шарахь, Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь ДудагӀеран ЖовхӀар Нохчийчоьн Паччахь хержира. 1991 шо кхаччалца Совет эскаран инарла. Стратегийн кеман дивизин коьртанча хилла Джовхар Эстонехь (Тарту). Тайпан Ялхаро ву.
Чулацам
Джовхарах лаьцна[нисъе | нисъе чухулара]
ДудагӀеран ЖовхӀар 1944 шеран 15 сели баттахь, Ялхарахь (Галайн-ЧӀожан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) вина, — (хӀинца Ӏашхой Мартан кӀошта). Джовхар, доьзалехь ворхӀолгӀа бера дара (шаберш: 9 бера)[1]. Джовхар вина барх де даьлча, церан доьзал массо нохчийн къам санна шийлачу Сибрех бахийтира, Павлодарскийн КӀошта, Казахийн ССР.
1957 шарах шен доьзалца Даймахка вуха вирзина, Джовхар гӀалахь охь хиира. 1959 шарахь № 45 ишкол йеккхира. Дешна ваьллачулла тӀаьхьа, тока-белхало балха хоьттира Джовхар СМУ-5 олучу меттехь. Оцу балхахь а волуш, суьйран № 55 ишколехь 10 — гӀачу классехь доьшуш вара.
Джовхаран лерина[нисъе | нисъе чухулара]
1996 шарахь Нохчийн Пачхьалкхан Паччахьан Омрийца, Соьлжа-ГӀалийн цӀе ДудагӀеран ЖовхӀаран безамна Джовхар-гӀала тиллира.
Дуьхьар ЖовхӀаран лерина «мемориальный у» 20 июлехь 1997 ш. Эстоийн Тарту гӀалахь, «Барклай» Хьешан цӀийнан пена тӀе туьхира. Яздина дара:
ХӀокху цӀа чохь 1987—1991 шерашкахь Нохчийн Пачхьалкх Ичкерин дуьхьарлера Паччахьо болх бина..
Урамаш, майданаш[нисъе | нисъе чухулара]
Босни а, Герцеговина а[нисъе | нисъе чухулара]
Горажде, ДудагӀеран ЖовхӀар урам
Латви[нисъе | нисъе чухулара]
Рига, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (1996 шо)
Литва[нисъе | нисъе чухулара]
Вильнюс, ДудагӀеран Жовхаран сквер [2],[3]
Польша[нисъе | нисъе чухулара]
Варшава, ДудагӀеран ЖовхӀаран майда (2005 шо)
Украина[нисъе | нисъе чухулара]
- Хмельницки, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (2015 шо)
- Ивано-Франковск, ДудагӀеран ЖовхӀар урам
- Львов, ДудагӀеран ЖовхӀар урам (1996 шо)
Нохчийчоь[нисъе | нисъе чухулара]
Соьлжа-ГӀала, ДудагӀеран ЖовхӀаран парк