Ахтаев, Увайс Мажидович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Basketball pictogram.svg
Увайс Мажидович Ахтаев
Увайс Мажидович Ахтаев.jpg
Позици Юккъера
Харц цӀераш Вася Чечен
Локхалла 236
Йозалла 160—200 кг (хьосташкахь терахьаш цхьана ца догӀу)
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Вина терахь 1930 шеран 26 декабрь({{padleft:1930|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг Вашандара Шуьйтан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь: 1978 шеран 12 июнь({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (47 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Командаш
«Буревестник» (Алма-Ата, 1947—1957)

Увайс Мажидович Ахтаев (Вася Чечен, 1930 шеран 26 декабрь — 1978 шеран 12 июнь) — нохчийн баскетболист, СССР вовшахтоьхна тобанан декъашхо. Иза вара 2 м 36 см лекха.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1930 шеран 26 декабрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Вашандара юртахь. Иза левзира «Буревестник» цӀе йолу командехь (Алма-Ата). Цуьнан тренер вара Исаак Капелевич. Иза бахьнехь баскетбол хилира Кхазакхстанехь гӀаръялла спортан тайп. Иза дӀаязвира СССР вовшахтоьхна тобане, амма цкъа а оцу тобанехь ловзар ца нисделира цуьнан.

Иза левзичура сецира цуьнан диабет карича. 1960-гӀа шерашкахь иза Соьлжа-ГӀала схьавеара. Цигахь цо тренер болх бира 1973 шо кхаччалц[1].

Самукъане хилларш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Увайс Ахтаев вара 200 кг веза; цо молура динахь 15 литр хи.
  • Цуьнан мачаш яра 58 барам болуш.

Тахана НБА муьлха ловзархос чутуха буьрка лакхара тускар чу. Цу хенахь иза Увайсиг бен далуш дацара. Я цо луш йолу пас динна баскетболан майдан тӀехула — иза а дара СССР хилаза хӀума.

Виццавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Соьлжа-ГӀалахь стадионан Увайс Ахтаеван цӀе тиллина.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]