Ваштар

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ваштар
оьрс. Абазулгол
Амал
Дохалла 20 км
Бассейн 92,7 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Локхалла 1622 м
 • Координаташ 42°53′27″ къ. ш. 45°52′22″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Шара-Орга
 • Эрк чекхдолу меттиг 4,7 км аьтту бердаца
 • Локхалла 383 м
 • Координаташ 42°59′30″ къ. ш. 45°45′15″ м. д.HGЯO
Хин охьане 61,9 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Шара-Орга → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошташ Веданан кӀошт, Шуьйтан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001212108200006068
Ваштар (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
Blue pog.svg
Blue 0080ff pog.svg — хьост, Blue pog.svg — хикхоче

Ваштар[1][2] (устар. Вешендерой[3]) — Российн ломан эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикан Веданан а, Шуьйтан а кӀошташкахула. Эркан дохалла – 20 км[3]. Хи гулден майда — 92,7 км²[3].

Схьадолу Барзи-ара а, Пешхой а, Нухойн а лаьмнашна[2] юккъехь, Шелачу хин ара олучу меттигехь[4]. Охьадоьду къилбаседехьа ЗазаргӀане, попан хьун чухула, Селман-Тевзана эвлахула[2], шена чу схьаоьцу ЗазаргӀана-хи а, Булкхан хи а, цӀеххьана доьрзу малхбузехь, кхета Шара-Органах[4], цуьнан хикхочел 4,7 км лакхахь аьтту бердаца[3], Улус-Керт эвлан[2] гергахь. Лахенашкахь 15 метр гергга шоралла ю, 0,4 метр кӀоргалла ю, хин сихалла 1,9 м/с[2].

Геннаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Коьрта геннаш — Булкх[2] (схьадолу Мовкин дукъ тӀиера[4], аьтту га), Дуцин-ахк[5] (аьрру), Вашандара[6] (аьтту).

ЗазаргӀана хи охьадогӀу къилбаседехьа, цуо кхуллу Ваштар[4].

Хин реестрах хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца юкъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин юкъ[3].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001212108200006068[3].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Кеп:ГКГН
  2. 1 2 3 4 5 6 Лист карты K-38-44 Советское. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
  3. 1 2 3 4 5 6 «Вешендерой» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  4. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 453.
  5. Картан кехат K-38-44-B-a — ФГУП «ГОСГИСЦЕНТР»
  6. Картан кехат K-38-44-B-d — ФГУП «ГОСГИСЦЕНТР»