Эрмалойчоь

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эрмалойчоь
Հայաստանի Հանրապետություն
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан Илли: «Вай даймохк»

Armenia (orthographic projection).svg

Кхоьллина

IV - II вв. до н. э.

Официалан мотт

эрмалойн

Коьрта гӀала

Ереван

Яккхий гӀаланаш

Ереван, Гюмри, Ванадзор

Урхаллин тайпа

Республика[1]

Президент
Премьер-министр

Армен Саркисян
Никол Пашинян

Латта

138-гӀа дуьненахь

 • Дерриг

29 743 км²

хина тӀехле

4,71

Бахархой
 • Мах хадор (2014)

3 009 800[2] адам.

 • Дерриг (2012)

24,99 млрд.[3] долл.

 • ХӀораннан а сина

8416,82 [4](данные ВБдолл.

ДЧС (мах)
 • Дерриг (2012)

9,951 млрд.[5] долл.

АДКМ|ИЧР (2013)

0,729[6] (лакхара; 87-гӀа меттиг)

Ахча

Эрмалойн драм (AMD,код 51)

Интернет-домен

.am , .հայ[d]

Код ISO

AM

Код МОК

ARM

Телефонан код

+374

Сахьтан асаш

UTC+4[8]

Автомобилийн некъаш

аьтту[d][9]

Эрмалойчоь (эрм. Հայաստան [hɑjɑsˈtɑn]), юьззина официалан кеп — Эрмалойн Респу́блика[1] (эрм. Հայաստանի Հանրապետություն [hɑjɑstɑˈni hɑnɾɑpɛtuˈtʰjun]) — Чоьхьара Кавказан пачхьалкх.

Лаьтта Хьалхарчу Азин къилбаседехь, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбузехь. ХIорд тIе араволийла яц. Азербайджанца а, къобалъянза йолу Ломан-Карабахан Республикица (ЛКР) доза ду малхбалехь. Къилба-малхбузехь доза ду Азербайджанан юкъарчу Нахичеван АРца. Иран доза ду къилбехахь, Туркойчоьнца малхбузехь, Гуьржийчоьнца къилбаседехь. Эрмалойчоь доладеш ю Азербайджанан мехкан цхьаьна декъан (анклаваш Кярки, Бархударлы, Софулу, Лакхара Аскипара), ткъа Азербайджан доладеш ю Эрмалойчоьнан цхьаьна декъана (эксклав Арцвашен).

Эрмалойчоьнан бахархой, 2016 шеран 1 январехь мах хадорца хилира 2 млн. 998,6 эз. стаг[10], майда — 29 743 км²[11]. Цхьацца терахьашца лаьрчи дуьненахь бIе ткъе ялхийтталгIа меттигехь ю а, мехкан майданца бIе ткъе берхIийтталгIа ю.

Коьрта шахьар — Ереван. Пачхьалкхан мотт — эрмалойн.

Парламентан кепара урхаллин унитаран пачхьалкх[12]. 2018 шеран 9 апрелехь дуьйна Эрмалойчоьнан Президент ву Саркисян Армен. Екъало 10 областан а, Ереван гIалин а.

95 % гергга бахархой керсталла лелош бу, царех алсама дакъа Эрмалойн асхьабийн килсехь бу, иза Ширамалхбален килсех цхьаъ ю.[13].

Аграрно-индустриалан мохк бу динамикца кхуьу экономикица. 2012 шеран ДЧС номиналан барам хилира 9,951 миллиард АЦШ доллар (3351,63 АЦШ доллар гергга цхьаьна синна). Ахча — эрмалойн драм (2015 шеран юккъера бараман курс — 479 драм 1 АЦШн долларах).

1918 шеран 28 майхь кхайкхийна маьрша Хьалхара Республика Эрмалойчоь. 1920 шеран 28 ноябрехь Эрмалойчохь советан Iедал а хIоттийна, кхоьллира Эрмалойн ССР, иза 1936 шо кхаччалц ССРС юкъарчу ТСФСР юкъахь яра, ткъа 1936 шеран 5 декабрехьсоюзан республика хилира. 1990 шеран 23 августехь Эрмалойн ССР Лакхарчу Совето тIеийцира Эрмалойчоь маьрша хиларан деклараци. ДIакхайкхийра, эрмалойчоьнан махка тIехь ца лела Республика Эрмалойчоьнан Конституци а, законаш а бен[14]. 1991 шеран 23 сентябрехь хиллачу референдуман жамIашца Эрмалойчоьнан Лакхарчу Совето къобал йира Эрмалойчоьнан маршо[15]. 1992 шеран 22 мартехь Республика Эрмалойчоь дIаийцира ВКЪКХ юкъа, ткъа 2001 шеран 25 январехь Европан Совет юкъа[16].

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

Топоним «Эрмалойчоь» хьалайоьду Эрмалойн акъари тIиера, лулахь йолчу Мелитенан областан хурритийн цIере Armi-. И цIе арамейн маттара ˊarmǝn-āiē кхаьчна ширагIажарийн матте, иза вайн эрал 522 шо хьалха «Arminiyaiy» кепехь ялхазза яздина Бехистунан йозанахь [17]. Шира грекийн цIе —шира.-грек. Ἀρμενία[18]. Ἀρμένιοι яржале лелош хилла шира грекийн эрмалойн цIе, хилла Μελιττήνιοι[19].

Мовсес Хоренацин хетарехь, «Эрмалойчоь» цIе а, цунах тера шира грекийн а, шира гIажарийн а топонимаш схьаевлла Урартун паччахьан Араман[20] цIарах.


Эрмалойн маттахь мехкан цIе «Айк» (эрм. Հայք, Hayk) ю. Юккъера бIешерашкахь эрмалойн топоним кхуллучу суффиксан «-к» меттиг дIалаьцна иранан «-стан суффиксо»[21], мехках ала долийра «Айастан» (эрм. Հայաստան, Hayastan). Цхьаьна версица, мехкан цIе схьаяьлла мифологин Эрмалойн векалах — Айках, цуо, легендица, вайн эрал 2492 шо хьалха[22] тIамехь иэшийна вавилонан паччахьан Бэлан эскар, ткъа тIаьхьа кхоллаелла хьалхара Эрмалойн паччахь. И шо ду дуьххьарлераниг ламасталлин эрмалойн рузманехь. Кхечу версица и цIе тосу ширачу пачхьалкхах Хайасах[23]. КхоалгIачу версица, Эрмалойчоьнан шен цIе схьаяьлла урартун цIарах Мелитенах — Ḫāti[19][24].


Пачхьалкхан сийлаллаш[нисъе | нисъе чухулара]

Байракх[нисъе | нисъе чухулара]

Эрмалойчоьнан байракх деакIуон кIади ду кхаа цхьатеррачу анасизан асанех лаьтташ: лакхара — цIен, юккъера — сийна, лахара — цӀехо-можа басахь. Шоралла йохаллелла шозза йоца ю. Эрмалойчоьнан байракх тIеэцна Эрмалойн Республикан Лакхарчу Совето 1990 шеран 24 августехь. 2006 шеран 15 июнехь Эрмалойн Республикан Къоман Гуламо тIеэцна «Эрмалойн Республикан пачхьалкхан байракхах» керла закон.

Эрмалойчоьнан правительствос маьIна доккху байракхан бесашна иштта:

« ЦIиечу басо гойту Эрмалойн акъари, эрмалойн къоман дисархьама гуттаренна а болу къийсамаш, керсталлин дин, паргIато, Эрмалойчоьнан маршо. Сийна басо гойту эрмалойн къам матрша стигал кIелахь даха гIертар. ЦIиен-можа басо гойту эрмалойн къоман хьуьнар а, къинхьегам а[25]. »

ХIост[нисъе | нисъе чухулара]

Эрмалойчоьнан хIост тIеэцна 1992 шеран 19 апрелехь[26], нисйина 2006 шеран 15 июнан законаца[27].

ХIост тIехь хIара суьрташ ду: турс — юккъехь — эрмалойн къоман сийлалла Арарат лам, цунна боьххьехь Нохьа пайхIамаран кема وصلة=, хIунда аьлчи, эрмалойн ламастаца, хи хьаьддачул тIаьхьа кема сецна Арарат лам тIехь (Библица — Араратан лаьмнашкахь)[28][29]. Турс декъна 4 декъе, оцу декъаша гойту йиъ маьрша эрмалойн паччахьалла тайп-тайпанчу хенера[27] (сахьтан цамзанца): Аршакидийн, Рубенидийн, Арташесидийн, Багратидийн.

Турсан лахахь лаьтта кхин а пхиъ элемент: хадийна зIе, тур, кIен кенаш, га, аса.

Шатлакхан илли[нисъе | нисъе чухулара]

Эрмалойчоьнан шатлакхан илли — композици «Тхан Даймохк» (эрм. Մեր Հայրենիք, «Мер Айреник», ма-дарра — «Тхан Даймохк»). ТIеэцна 1991 шеран 1 июлехь, юха чIагIдина 2006 шеран 25 декабран законаца[30]. Бух тIехь ю 1918—1920 шерийн Хьалхара Республика Эрмалойчоьн шатлакхан илли. Байтийн автор — Налбандян Микаэл (1829—1866), музыкан автор — Каначян Барсег[hy] (1885—1967). Шатлакхан илли локхуш дукхаха йолчу официалан белхашкахь лелабо хьалхара а, беалгIа строфаш.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Tigran Mets.jpg
Garni Temple 02.JPG
Zvartnots temple1.JPG

Исторел хьалхара мур[нисъе | нисъе чухулара]

Эрмалойчоьнан къилбаседехь, Лорийн акъари тIехь, тIапломан Джавахетан дукъан кIажошкахь карийна 20 сов тайп-тайпана хенахь лаьттина йолу ашелан иэсаш. Царна юкъахь алсама ю тIехула лаьттарш (Благодарни, Даштадем, Норамут, кхин а), царна тIехь карийна эзар сов ашелан гIирсаш меттигерчу гиалодацитан, оцу юкъахь ю 360 куьйган дигарш. Карийна иштта кхоъ стратификаци йина иэс (Мурадово, Карахач, Куртан). Къилбаседа Эрмалойчохь иэсийн ширачу адамийн шира миграцин лар ю Африкан арахьа. Шираашелан Карахачан гIирсаш хенаца гергара ду шира шираашелан Малхбален Африкан индустрийн (1,5-1,8 млн шо сов хьалха)[31].

Шира адам даьхна лараш карийна Эрмалойн акъарин тайп-тайпанчу кIошташкахь: Арзнихь, Нурнусехь, кхечу меттигашкахь карийна нах лаьттина меттигаш тIулгийн белхан гIирсашца, ткъа Разданан Iинехь, Лусакертехь карийна хьехан гIишлош. Уггаре ширачу тIулган белхан гIирсийн хан 800 эзар шо ю. Кхин а карийна неолитан муьран ширачу адамаш лаьттина меттигаш. Лаьмнашкахь карийна шортта тархаш тIиера талларах долу суьрташ. Дуьххьарлера латталело а, даьнийлело а меттигаш хирйолчу Эрмалойчохь ехкина Араратан тогIин чохь а, хIинцалерачу Ширакан областехь[32].

Таханлера Ереванан латта тIехь Шенгавитан кIоштахь, карийра вайн эрал VIII эзар шо хьалхара боьрзанан бIешеран нах хевшина меттиг[33][34].

Археологаш динчу ахкарша гойту, Эрмалойн акъарин бахархоша кIоргарчу шираллехь дуьйна карадерзийна дуккха пхьолаш. Иштта, хууш ду, царна вайн эрал V—IV эзар шо хьалха хууш дара цIеста лало, ткъа вайн эрал II шо хьалхаэчиг[35] а.

Эрмалойчохь 2008 шарахь сентябрехь Арени хьехаш чохь ахкарш деш карийна уггаре шира мача, цуьнан хан ю 5500 шо сов. Кароран терахь энеолитан мур (вайн эрал 3600—3500 шераш хьалха) бу. Уьш кIеда ира боьхигаш йолу чарохи мачаш ю. Карийна мачаш хилира Европера а, Азера а уггаре шира археологин карор. Говзанчашна хетарехь, и мачаш къасталуш яц эрмалойн эвланашкахь лелийначех.

Антикалла[нисъе | нисъе чухулара]

Yervanduni Armenia, IV-II BC.gif
Herodotus, Armenia.jpg

Вайн эрал XII бIешо хьалха Эрмалойн акъарин махка тIехь хилира эрмалойн къам кхолладаларан процесс, иза чекхъелира вайн эрал VI бIешо хьалха[36]. Эрмалойн этногенезан коьрта компоненташ хилира иштта къаьмнаш: хурриташ, урарташ, лувийш, протоэрмалойн мотт лело тайпанаш а. Урарташ эрмалойн къомах тIаьххьара дIаэр чекхделира вайн эрал IV—II бIешо хьалха[37].

Эрмалойн халкъ физикан а, оьздангаллин а когаметта ду берриг акъарин бахархойн, уггаре хьалха хурритийн, урартийн, лувийхойн[38]. Иштта эрмалойн къоман истори нисса охьайогIу тIаьхье ю хурритийн а, урартийн а, лувийхойн а[39].

Вайн эрал хьалхара VI бIешо долалуш Урарту пачхьалкх йоьжначул тIаьхьа Эрмалойн акъари цхьа хан ялалц Мидин куйгакIела лаьттира, ткъа тIаьхьа Ахеменидийн империн дакъа хилла. Ахеменидийн пачхьалкхан юкъахь Эрмалойчоь лаьттина вайн эрал хьалхарчу VI бIешеран шолгIачу декъера IV бIешо юккъе даххалца, шина сатрапин екъна — XIII-гIа (малхбуза дакъа, Мелитенехь коьрта шахьар йолуш), XVIII-гIа (къилбаседа-малхбален дакъа)[40].

Цхьаболчу историкаш, масала И. Дьяконовс[41], гипотеза кхуллу вайн эрал хьалхара VI бIешарахь Урарту махкахь маьрша Эрмалойн паччахьалла хилла Мидийс доладеш[42]. Р. Хьюсена лору Эрмалойн паччахьалла Мидис махкаш бохучу хенахь дуьйна хилар хаъал билгала гIуллакх хилар[43]. Оццу хенахь къобалдина Эрмалойн паччахьаллин зирхI вайн эрал хьалхара VI бIешерал хьалхара хилар[39].

Тигран Сийлахьчун импери, 1883 шеран карта

Вайн эрал 331—220 шераш хьалха хилла эрмалойн пачхьалкх Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь я коьрта гIала Армавирехь (хIинцалерачу Ереванан гергахь) йолчу Айраратан паччахьаллех, вайн эрал 316 шо хьалха маьршаяьллачу[44]. Пачхьалкхах урхаллехь бара Ервандидийн некъий.

Йоцачу ханан Селевкидаш схьаяьккхинчул тIаьхьа Эрмалойчоьно юха а маршо яьккхина, вайн эрал 189 шо хьалха Арташес I-чо Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь пачхьалкх кхоьллича[44]. "/>. Арташесан муьрехь, Страбона хоуьйту, Эрмалойчоьнан берриг бахархоша цхьа мотт буьйцура — эрмалойн, хIетте а правительствон а, паччахьан цIийнан а мотт вайн эрал хьалхара 150 шо кхаччалц лаьттира гIажарийчуьнца ийна империйн арамейн мотт[45]. Вайн эрал 163 шо хьалха шен маршо кхайкхийра Коммагена а[46]. Жима Эрмалойчоь маьрша лаьттина 115 шо кхаччалц, цул тIаьхьа дIалаьцна хьалха понтийша, тIаккха румхоша.
Вайн эрал хьалхара 80—70 шерашкахь Тигран II Сийлахь-Воккханиг волуш Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьх йоккха импери хилла[47], простиравшееся от Каспийского моря до Палестины и Египта. После переменных успехов в войнах с Римом в Битве при Артаксате и в Битве при Тигранакерте в 65 году до н. э. Армения была захвачена и объявлена «другом и союзником римского народа». Тигран лишился всех завоеваний, кроме собственно Великой Армении и части земель, захваченных у Парфии[44].

Цул тIаьхьа Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьнах Парфин а, Руман а буферан пачхьалкх хилла, кхин а тIаьхьа (III—IV бIешерашкахь) — Руман а сасанидийн Иранан а. Вайн эран 1-чу шарахь румхоша хIаллакйира эрмалойн пачхьалкх, чекхъелира 200 шеран истори Арташесидийн некъийн.

Вайн эран 1—63 шерашкахь Эрмалойчохь урхалла дира румхоша а, парфянхоша а хIиттийначара. 58—63 шерашкахь хилира Эрмалойчоь къуьйсу Руман-парфянийн тIом. Рум эшча Рандейн машаран барт бира[48], цуьнца парфянийн паччахьан Вологез I-чун ваша Трдат I-ра Эрмалойчоьнан паччахь хилира[49], метахIиттийра иштта Эрмалойн пачхьалкхан дозанаш а[50]. Махкахь урхалле хIоьттира керла эрмалойн некъе Аршакидаш.

Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоь антикан грекийн-руман авторшца. Арахецна 1869 шо

III бIешо доладалале Эрмалойчоьнан дуьхьала кхоъ[49] бен ду боху руман тIелатар ца хилира, амма цхьамма а царах Эрмалойн пачхьалкх йоха ца йира[49]. 225 шо кхаччалц болу мур дикка паргIата бара эрмалойн къоман[49], лору, оцу муьрехь эрмалошна беш цхьан а Iаткъам бацара идеологин агIора а[49].
252 шарахь, Иранехь сасанидийн харцам хиллачул тIаьхьа, Эрмалойчоь дIалецира Шапура I[45]. Эрмалойчоьнан урхалча хIоттийра цуьнан кIант даржаца — Vazurg Šāh Arminān — Эрмалойн Сийлахь-Воккха паччахь[45]. Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьн Аршакидийн паччахьан Iедал метта ца хIоттийра Нисибиссан бартаца 298 шарахь бен.

Ладаме историн хIилам хилира Сийлахь-Йоккха Эрмалойчоьно пачхьалкхан дин дина керсталла тIеэцар [45] Трдате III-гIа паччахь волуш IV бIешеран хьалхарчу декъехь.
Эрмалойчоь — дуьххьара мохк бу, керсталлех пачхьалкхан дин дина[51][52]. Оцу хиламо Эрмалойчоьнан а, Руман а юкъаметтигаш тойо[45].

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Пачхьалкхан доза хIоттало: къилбседехьа — Гуьржийчоьца, малхбузехьа — Туркойчоьца, къилб-малхбузехьа а малхбалехьа — Нахичеван Азербайжанаца, къилбехьа — ГӀажарийчоьца.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Эрмалойчоь ю Маьрша Мехкаши Барт (орс. СНГ) юкъе юдуш.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Административан екъаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Провинци Оригинальни
цӀе
Майда, км² Бахархой Административан центр
АрагацIотIнан провинци Արագածոտնի 2 755 141 800 АштIаракI
АраратIан провинци Արարատի 2 003 279 200 АртIашатI
Армавиран провинци Արմավիրի 1 241 284 500 Армавир
Вайоцдзоран провинци Վայոց Ձորի 2 406 55 800 ЕгIегнадзор
ГегIаркуникан провинци Գեղարքունիքի 3 655 241 600 Гавар
КIотIайкан провинци Կոտայքի 2 100 280 900 ХIраздан
ЛорIийн провинци Լոռու 3 791 281 600 Ванадзор
Суьникан провинци Սյունիքի 4 505 152 800 КIапIан
ТIавушан провинци Տավուշի 3 120 134 400 Иджеван
ШиракIан провинци Շիրակի 2 679 281 500 Гуьмри
ГӀала Оригинальни
цӀе
Майда, км² Бахархой
Ереван Երևան 227 1 119 000

Хьажа ишта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
  2. Հայաստանի Հանրապետության Ազգային վիճակագրության ծառայություն: Հայաստանի Հանրապետության մշտական բնակչության թվաքանակը 2014 թվականի հուլիսի 1-ի դրությամբ — ստուգվում: 1.8.2014
  3. ВВП по расходам (текущий ППС)
  4. ВВП на душу населения по ППС (в тек. межд. долл.)
  5. Экономические показатели Армении на сайте Всемирного Банка
  6. Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 13 августехь.
  7. http://lenta.ru/news/2012/02/09/armenia/
  8. На территории страны действует декретное время
  9. 1 2 http://chartsbin.com/view/edr
  10. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Население 01-01-2016 йоза яздина дац
  11. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран President йоза яздина дац
  12. Избиратели в Армении проголосовали за парламентскую республику. BBC Русская служба. Теллина 2018 шеран 5 январехь.
  13. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Перепись2011 йоза яздина дац
  14. Декларация о независимости Армении
  15. Сергей Маркедонов, Самоопределение по ленинским принципам (оьр.). АПН(Агентство Политических Новостей) (21 сентября 2006). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  16. Страница Армении на официальном сайте Совета Европы
  17. Schmitt R. ARMENIA and IRAN i. Armina, Achaemenid province // Encyclopædia Iranica (ингалс.). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  18. Фасмер М. Этимологический словарь русского языка: Пер. с нем. — М.: Прогресс, 1964. — Т. 1. — С. 87. — 562 с.:"Арме́ния, из грек. Ἀρμενία. Уже др.-перс. Armaniya-, Armina- «Армения»; см. Бартоломэ, Air. Wb. 197; Хюбшман, IF 16, 205. См. армяни́н.
  19. 1 2 Дьяконов И. М. Малая Азия и Армения около 600 г. до н.э. и северные походы вавилонских царей // Вестник древней истории. — Москва: Наука, 1981. — № 2. — С. 34—63.
  20. Мовсес Хоренаци "История Армении". Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  21. Капанцян Г. Академии наук Армянской ССР Хайаса--колыбель армян: этногенез армян и их начальная история. — 1947. — С. 10.
  22. Мовсес Хоренаци "История Армении" Оглавление. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  23. Hrach K. Martirosyan Etymological dictionary of the Armenian inherited lexicon. — Brill Academic Publishers, 2009. — С. 382—385. — ISBN 978-90-04-17337-8
  24. Кеп:Книга:Redgate: Armenians
  25. Об Армении — Общие сведения. Правительство Республики Армения. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь. Теллина 23 декабря 2010.
  26. Закон Республики Армения о Государственном Гербе Республики Армения
  27. 1 2 Закон Республики Армения о Гербе Республики Армения
  28. Armenian Traditions about Mt. Ararat // Journal of the American Oriental Society, Vol. 5 (1855—1856). — Pp. 189—191
  29. Geoffrey W. Bromiley. The International Standard Bible Encyclopedia. Vol. 2. — Wm. B. Eerdmans Publishing, 1979. — P. 319
  30. Закон Республики Армения о Гимне Республики Армения
  31. Открытие древнейших раннепалеолитических памятников на севере армянского нагорья (Армения)
  32. История Цивилизаций Ближнего Востока 2 Г. История Армений "Великая Армения" (оьр.) (11.07.2009). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  33. Shengavit Shengavit a Kura Araxes Culture Site in Yerevan on the Ararat hills, Republic of Armenia (ингалс.). — In those trenches he (Hakop Simonyan) isolated four distinct strata, the earliest from the late fifth millennium and the latest from the early to mid-third millennium BC..
  34. Земледельцы Северного Кавказа и Закавказья (оьр.). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.
  35. История Армении (оьр.). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 2 февралехь.[ ]
  36. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 237.

  37. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 239.
  38. И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 211.
  39. 1 2 И. М. Дьяконов. Предыстория армянского народа. История Армянского нагорья с 1500 по 500 г. до н. э. Хурриты, лувийцы, протоармяне. — Издательство АН Армянской ССР, 1968. — С. 241—242.
  40. Кеп:Книга:История Востока Раздел «Закавказье и сопредельные страны в период эллинизма»
  41. Кеп:Книга:История Востока Глава XXIX, раздел «Закавказье и сопредельные страны в период эллинизма»:

  42. Дьяконов И. М. «История Мидии от древнейших времён до конца IV века до н. э.» М.-Л., Изд. АН СССР, 1956:

  43. Armenia: A Historical Atlas by Robert H. Hewsen. Стр. 29:

  44. 1 2 3 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Всемирная история, т. 2 йоза яздина дац
  45. 1 2 3 4 5 Эрмалойчоь — хьост ю Encyclopædia Iranica. M. L. Chaumont
  46. Энциклопедия Ираника. Статья: Commagene
  47. Encyclopaedia of Islam. — Leiden: BRILL, 1986. — Т. 1. — С. 635.

  48. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Британника йоза яздина дац
  49. 1 2 3 4 5 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран История Древнего мира йоза яздина дац
  50. [{{{хьажораг}}} Эрмалойчоь] — хьост ю Большой советской энциклопедии
  51. The Oxford Dictionary of the Christian Church / Edited by F. L. Cross, E. A. Livingstone. — Oxford University Press, 2005. — P. 107.
  52. John Binns. An introduction to the Christian Orthodox churches. Cambridge University Press, 2002. ISBN 0-521-66738-0, 9780521667388. P. 145 «A new stage in the history of the Church began when not just localised communities but nations became Christian. The stage is associated with the conversion of Constantine and the beginnings of a Christian Empire, but the Byzantine Emperor was not the first ruler to lead his people into Christianity, thus setting up the first Christian state. That honour traditionally goes to the church of Armenia. Armenia (Hayastan, in the Armenian language) is in the Causcasus, between the Black and Caspian Seas, on the borders of the great empires of Rome and Persia»

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Европан пачхьалкхаш
LocationEurope.pngАвстри · Азербайджан¹ · Албани · Андорра · Белорусси · Бельги · Болгари · Босни а, Герцеговина а · Ватикан · Йоккха Британи · Мажарчоь · Германи · Греци · Гуьржийчоь¹ · Дани · Ирланди · Исланди · Испани · Итали · Кхазакхстан² · Латви · Литва · Лихтенштейн · Люксембург · Македони · Мальта · Молдави · Монако · Нидерландаш · Норвеги · Польша · Португали · Росси² · Румыни · Сан-Марино · Серби · Словаки · Словени · Туркойчоь² · Украина · Финлянди · Франци · Хорвати · Ӏаьржаламанчоь · Чехи · Швейцари · Швеци · Эстони

Йозуш йолу мехкаш: Аландийн гӀайренаш · Гернси · Гибралтар · Джерси · ГІайре Мэн · Фарерийн гӀайренаш · Шпицберген · Ян-Майен


Къобалцайина а, ахкъобалйина а пачхьалкхаш: Косово · Приднестровье


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Еррига Азехь.
Азин пачхьалкхаш
LocationAsia.pngАзербайджан¹ · Эрмалойчоь · ОвхӀан · Бангладеш · Бахьрайн · Бруней · Бутан · Малхбален Тимор · Вьетнам · Гуьржийчоь¹ · Мисар² · Израиль · ХӀинди · ХӀиндонези ³ · Урдан · Ӏиракъ · Иран · Йемен² · Кхазакхстан ¹ · Камбоджа · КъатӀар · Кипр¹ · ГӀиргӀазойчоь · Цийн Халкъан Республика · Корейн Халкъан-Демократин Республика · Кувайт · Лаос · Ливан · Малайзи · Мальдиваш · Монголи · Мьянма · Непал · Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ · Ӏоман · Пакистан · Росси4 · СаӀудийн Ӏаьрбийчоь · Сингапур · Шема · Таджикистан · Таиланд · Туркмени · Туркойчоь4 · Узбекистан · Филиппинаш · Шри-Ланка · Къилба Корей · Япон

Къобалцайина а, ахкъобалйина а пачхьалкхаш: Республика Абхази · Азад Кашмир · Ва (пачхьалкх) · Вазиристан · Ӏиракъан Курдистан · Тайвань · Ламанийн-Карабах · Палестина (пачхьалкх) (Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан а латта ) · Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика · Шан Пачхьалкх · Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш: Акротири а, Декелиа а · Британин латта Индин океанехь (арх. Чагос) · Гонконг · Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь. 4 Кхин Европехь.