ГӀебартойн-Балкхаройчоь

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Российн Федерацин регион

ГӀебартойн-Балкхаройн Республика
Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ
Къабарты-Малкъар Республика

Flag of Kabardino-Balkaria.svg Coat of Arms of Kabardino-Balkaria.svg
Байракх Герб

ГӀебартойн-Балкхаройн Республика на карте России

Коьрта гӀала

Нальчик

Майда

78-гӀа

- Массо
- хина тӀехуле %.

12 470 км²
0,2

Бахархой

59-гӀа

- Массо
- Луьсталла

858 946 (2013)

68,9/км²

ДЧС

73-гӀа

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

76,1 млрд. сом. (2010)

65,7 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилбаседа Кавказан

Экономикан кӀошт

Къилбаседа Кавказан

Пачхьалкхан мотт

гIебартойн-чергазийн,
балкхаройн,
оьрсийн

Республикан корта

Каноков Арсен

Правительствон Председатель

Хасанов Руслан

Парламентан Председатель

Чеченов Ануар

РФ регионан код

07
ISO 3166-2 код RU-KB

Сахьтан аса

Москван хан[d]

ГӀебартойн-Балкхаройчоь (Кабарди́но-Балка́рия; гIебар.-чергаз. Къэбэрдей-Балъкъэр Республикэ; кхарач.-балк. Къабарты-Малкъар Республика) — Российн Федерацин[1] республика[2], Российн Федерацин субъект, Къилбаседа Кавказан федералан гуон юкъа йогӀу. ГIебартойн-Балкхаройн республикан меттанаш гIебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а[3].

Коьрта гӀала Нальчик.

Дозанца лаьтта: малхбузехь — Кхарачой-Чергазийчоь, къилбаседехь — Ставрополан мохк, малхбузехь а, къилба-малхбузехь а — Республика Къилбаседа ХӀирийчоь, къилбехь — Гуьржийчоь.

Кхоьллина 1921 шеран 1 сентябрехь ГIебартойн автономин область аьлла. 1922 шеран 16 январехь — ГIебартойн-Балкхаройн автономин область. 1936 шеран 5 декабрехь йина автономин республика (ГӀебартойн-Балкхаройн АССР).

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Марка «ГӀебартойн-Балкхаройн АССРн 50 шо». Пошта ССРС 1971 ш.
Россин Банкан иэсаллин ахчан агӀо

ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республика ю Кавказан къилба макробасен юккъерчу декъехь. Республика екъна ю кхаа коьрта геоморфологин зонашна — ломан, ломан кӀажан, аренан. Ломан а, ломан кӀажан а зонаш дӀалоцу субъектан доккхаха долу дакъа.

Республикехула вовшенца нисса Йоккхачу Кавказан 5 коьрта рагӀ ю: Дежийлин (я Киран), Хьуьнан, Тархийн, АгӀонтӀиера, Коьрта (я Хидоькъу).

  • Уггар лекха меттиг: Эльбрус лам (5642 м), уггар лекха бу Россехь, Кавказехь, Европехь.
  • Максимум йохалла къилбаседера къилбехьа: 167 км;
  • Максимум йохалла малхбузера малхбалехьа: 123 км.

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Республикера климат тайп-тайпана ю. Лаьмнашкахь хиларна, республикехь вертикалкепара асалла ю. Аренашкахь а, ломан кӀажошкахь а тӀуьна континенталан климат ю, иза лаьмнашкахь хийцало субарктикан климатца. Кхин дӀа лекхачу лаьмнашкахь хийцало альпийн кепара климатца. Январан температуран юккъера барам бу −2°С (аренашкахь), −12 °С (лаьмнашкахь), июлан 25°С а, 5°С а. Йочанийн шеран юккъера барам бу 500 – 2000 мм.

Республикан аренашкахь (масала Прохладнин кӀоштан Прохладни гӀалахь а, Майскин кӀоштахь) бараман континенталан климат ю семиаридан климатан амалашца.

Аренашкахь Ӏа шен абсолютан лахарчу температурашца шийла ду ломан кӀажошкахь йолчу ярташкахь, гӀаланашкахьчул (Нальчик), республикан минимум температурин рекорд хоттийна 2012 шеран 8 февралехь Прохладни гӀалахь, гӀалин метеостанцехь температура охьаелира −29.5 °C, оццу хенахь Нальчикехь температура охьа ца елира −27 °C лаха.

Аьхке аренашкахь чӀогӀа йовха хуьлу, шолгӀа дакъа тӀех йовха.

Июнь — уггар тӀуьна бутт бу, дукха йочанаш хуьлу, тӀех йовхо июнехь ца хаало (+37°С).

Июлан хьалхара дакъа июнан шолгӀачу декъах тера ду, амма декъо ду. Июлан шолгӀачу декъехь хаало лакхара температураш. Уггар бовха мур — июлан чеккхе — август. Аренашкахь июлан температура сих-сиха хьалайолу +38 °C сов, 2000—2016 шерийн муьрехь июлан температуран максимум хааелла Прохладнехь 2000 шеран 28 июлехь, оцу дийнахь +40.7°С яра. Нальчикехь оцу дийнахь хӀаваъ дохделира +38.3 °C кхаччалц.

Август — аренашкахь дукха хьолахь шеран уггар бовха бутт хуьлу, аренашкахь августехь йочанаш хаъал кӀезиг хуьлу, июлехь я сентябрехьчулла а. Аьхка йочанаш кӀезиг хилар бахьнехь татолийн система лелон езаш хуьлу юьртабахаман латташна хитохархьама. Августехь температурин максимум сих-сиха айало +38…+40 °C бараме. 21 бӀешарахь августан уггар лакхара температура хааелла 2006 шеран 8 августехь Прохладни гӀалахь — оцу дийнахь гӀалин метеостанцин максимум хилира +40.9 °C

Экосистема[нисъе | нисъе чухулара]

Аренашкахь ду Iаьржа латта а, Ӏаьржа-боьмаша латта а, ломан басешкахь — ломан-байн.

Хьаннаш лоцу мехкан 1/10 дакъа. Хишшан тогӀенашкахь гӀадолу хьаннаш ю. 800—1600 м лакхахь — шуьйрагIадолу хьаннаш (алсама попан), 2200 м — баганан (алсама зоьзан). 2000 сов м лакхахь ю лаьмнийн цанаш (тайп-тайпана суланан а, кенийн а).

Екхашйолчех яьржина дийнаташ: цхьогал, чагӀалкх, борз, боьра ча, салор, лу, нал, сай, кавказан масар, дегIастанан хьех. Олхазарех уггар даьржинарш — цӀирцӀирхьоза, пеночка-весничка, акха котам, лекъ.

ГӀебартойн-Балкхаройчохь ю къоман парк «Приэльбрусье», ГIебартойн-Балкхаройчоьнан лекха лаьмнийн заповедник[4] а, 11 пачхьалкхан заказник а.

Хиш[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаьмнаш[нисъе | нисъе чухулара]

Чухчареш[нисъе | нисъе чухулара]

Пхи эзар метр лекха баххьаш[нисъе | нисъе чухулара]

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта: ГIебарта а, Балкаройчоь а

Вайн заманан республик кхоллале, цуьнан латтан тӀехь яра шиъ историн области — ГIебарта а, Балкхаройчоь а. ГӀебарта лаьттара шина олаллех: Йоккха ГӀебарта а, Жима ГӀебарта а, цара лоцуш хилла таханлерчу республикан аренан а, ломан кӀажан а дакъа, ткъа иштта ломан а, лаьмнийн баххьашкара а зонаш Балкх хин а, цуьнан геннийн а лакхенашкара. Балкхаройчоь екъна хилла пхеа ламан тайпанашка, лоцуш хилла, коьртаниг, республикан ломан а, лаьмнийн баххьашкара кӀошташ.

1921 шарахь ГӀебарта а, Балкхаройчоь а Юккъерчу Кавказан кхечу историн областашца юкъаягӀара Ломан АССР. 1921 шеран 1 сентябрехь ГӀебартойн гуо арабаьлла Ломан автономин республикан чуьра, ткъа тӀехьа 1922 шеран 16 январехь цунна тӀехьаягӀара Балкхаройчоь.

ГIебартойн-Балкхаройн автономин область кхоьллира 1922 шарахь, 1936 шарахь цунах йира АССР.

Сийлахь Даймехкан тIом болуш ГӀебартойн-Балкхаройчохь кхоьллира Скорохода А. Ф. куьйгаллехь волу 115-гIа ГIебартойн-Балкхаройн дошлойн дивизи, цуо тӀом бира Кавказ яккхаран тӀамехь а, Сталинградан тӀамехь а. 1942 шарахь республикан доккхаха долу дакъа Нальчикца цхьаьна Германин куьйгакӀелахь лаьттира. 1943 шеран январехь ГӀебартойн-Балкхаройчоь шаерг мукъаяьккхира мостагӀчух. 1944 шарахь балкхарой махкахбахар бахьнехь цӀе хийцира ГIебартойн АССР аьлла, 1957 шарахь — юха а ГӀебартойн-Балкхаройн АССР хилира. 1992 шарахь — ГӀебартойн-Балкхаройн Республика.

1950-гIа а, 1960-гIа шерашкахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь йина яккхий промышленни машенашъяран, гӀирсашбаран предприятеш. 1990 шарахь промышленностехь балхахь бара 96,3 эз. стаг[5].

2008 шарахь Россин Банко арахецна ГӀебартойн-Балкхаройчоьн лерина иэсаллин ахча[6].

Символика[нисъе | нисъе чухулара]

Республика ню шен байракх, герб, гимн.

ГӀБР Конституцехь герб дешийн (можа) эрзун сурт ду. Эрзун накхан тӀехь декъна турс ду, лакхахь — детийн (кӀай) шиъ бохь болу лам сийначу аренахь, лахахь — дешийн (можа) кхоъ дехуо гӀа баьццарчу арахь.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикан Пачхьалкхан байракхан кӀади ду цхьатерра доккха ана асанаш: лакхарниг — сийна, юккъерниг — кӀай, лахарниг — баьццара басахь. КӀадин юккъехь — гуо, хадийна сийна а, баьццара а асанца; сийна асан тӀехь — Эльбрус ламан сурт ду кӀайчу басахь.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикан Пачхьалкхан гимн ю гӀебартойн а, балкхаройн а, оьрсийн а къаьмнийн эшарийн интонации а, беснаш а лелош коьллина йолу даккхийдеран музыка. Гимнехь дешнаш дац. Музыкан автор — Карданов Хьасан[7][8].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Росстатан терхьашца республикан бахархойн барам бу 860 709[9] ст. (2015). Бахархойн луьсталла — 69,02 ст./км² (2015). ГӀалийн бахархой — 52,39[10] % (2017).


Бахархой 2010 шеран барам,
стаг[11]
2002 шеран барам,
стаг[12]
1989 шеран барам,
человек[13]
ГӀебартой 490 453 (57,2 %) 498 702 (55,3 %) 363 494 (48,2 %)
Оьрсий 193 155 (22,5 %) 226 620 (25,1 %) 240 750 (31,9 %)
Балкхарой 108 577 (12,7 %) 104 951 (11,6 %) 70 793 (9,4 %)
Туркой 13 965 (1,6 %) 8 770 (1 %) 4 162
ХӀирий 9 129 (1,1 %) 9 845 (1,1 %) 9 996 (1,3 %)
Эрмалой 5 002 5 342 3 512
Украинаш 4 800 7 592 12 826 (1,7 %)
Корейш 4 034 4 722 4 983
Цигонаш 2 874 2 357 2 442
Чергазий 2 475 725 614
ГIезалой 2 375 2 851 3 005
Азербайджанаш 2 063 2 281 2 024
Нохчий 1 965 4 241 736
Гуьржий 545 1 731 2 090
ГӀазгӀумкий 1 462 1 800 1 587
Немцой 1 462 2 525 8 569 (1,1 %)
ГӀалгӀай 1 271 1 236 664
Кхарачой 1 028 1 273 1 202
Шайн къам ца дийцинарш 2 269 15 0

Билгалдаккхар: таблицехь гайтина 2010 шарахь 1000 сов стаг волу къаьмнаш.

Билгалдаккхар2: кхин адыгаш санна дукха а гӀебартоша 2010 шеран дӀаяздаран компанехь гайтира шайн экзоэтноним — «чергази».

Боьршанаш-стенаш[нисъе | нисъе чухулара]

2010 шеран Российн халкъдагардаран болх[14]:

Хан Божарий,
ст.
Зуларий,
ст.
Барам,
ст.
Дакъа
массо а бахархойх, %
0 — 14 шо 84 068 80 834 164 902 19,2 %
15 — 59 шо 274 148 302 840 576 988 67,1 %
60 шерал баккхийра 43 559 74 490 118 049 13,7 %
Массо а 401 775 458 164 859 939 100,0 %

Божарий — 401 775 ст. (46,7 %). Зударий — 458 164 ст. (53,3 %).

Бахархойн юккъера хан — 35,3 шо. Бахархойн медианан хан — 32,8 шо.

Божарийн юккъера хан — 33,4 шо. Божарийн медианан хан — 30,8 шо.

Зударийн юккъера хан — 36,9 шо. Зударийн медианан хан — 34,9 шо.

Нах беха пункташ[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн барам 10 эзар сов стаг волу нах беха пункташ
Нальчик 238 802[15]
Еха-ГӀала 58 083[16]
Баксан 37 782[16]
Нарткала 30 497[16]
Майски 26 831[16]
Тырныауз 20 551[16]
Дыгулыбгей 20 387[16]
Терк 19 426[16]
Чегем 17 957[16]
Нартан 12 813[17]
Исламей 11 707[16]
Заюково 11 586[16]
Чегем ШолгӀа 11 374[16]
Шалушка 10 989[16]
Хьасанья 10 829[17]

Административан-лаьттан декъадалар[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан административан-лаьттан декъадаларан карта

«ГӀебартойн-Балкхаройн Республикан административан-лаьттан хӀоттамах» цӀе йолчу ГӀБРан Законаца, иза РФ ю шена юкъа хӀара административан-лаьттан дакъош долуш: 3 республикан куьйга кӀелара гӀала, 10 кӀошт.[18]

Республикан муниципалан хӀоттаман гуран чохь, ГӀебартойн-Балкхаройнчоьнан административан-лаьттан дозанчохь кхоьллина муниципалан кхолламаш: 3 гӀалин гуо, 10 муниципалан кӀошт.[19]

Республикан коьрта гӀала — Нальчик, иза иштта йоккха экономикан юкъ ю Къилбаседа Кавказан, пачхьалкхехь коьртачех цхьаъ курорт ю федералан маьӀна долуш.

ЦӀе Административан
юкъ
Бахархой,
ст.
Республикан маьӀна долу гӀаланаш (гӀалийг гуонаш)
1 Нальчик Нальчик 264 924[16]
2 Баксан Баксан 58 169[16]
3 Еха-ГӀала Еха-ГӀала 58 083[16]
КӀошташ (муниципалан кӀошташ)
1 Баксанан кӀошт Баксан 62 634[16]
2 Зольскан кӀошт Залукокоаже 49 460[16]
3 Лескенан кӀошт Анзорей 28 981[16]
4 Майскин кӀошт Майски 38 713[16]
5 Прохладнин кӀошт Прохладни 45 195[16]
6 Теркан кӀошт Терк 50 715[16]
7 Урванан кӀошт Нарткала 72 862[16]
8 Чегеман кӀошт Чегем 68 971[16]
9 Черекан кӀошт Кашхатау 27 637[16]
10 Эльбрусан кӀошт Тырныауз 35 910[16]

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Республикан экономикан бух — юьртабахам (ялташ (кIа, хьаьжкIа, борц), техникан ораматаш (маьлхан хӀуш, к1омал), даьхнийлелор (шуран-жижиган тайпана), ткъа иштта хьунхьакхар.

ГӀебартойн-Балкхаройн Республикан жима а, юккъера а предпринимательствон инфраструктура кхиоран гуран чохь ехкира цхьа маша бизнес-инкубатораш, церан Ӏалашо — ГӀБРан жима а, юккъера а предпринимательствон кечйина офисийн а, производственни а гӀишлош ялар мехах льготашца. Кхоьллина дика болх беш ю кхоъ бизнес-инкубатор: офисийн а, производственни а гӀишлош луш йолу Нальчик гӀалара пачхьалкхан урхалла "ГӀебартойн-Балкхаройн бизнес-инкубатор, шиъ муниципалан офисийн бизнес-инкубаторш ю Прохладнехь а, Баксанан кӀоштахь а. 2012 шеран Республикан ВРП барам хилира 94,2 млрд сом.[хьост?]


Промышленность[нисъе | нисъе чухулара]

Республикехь болх беш ю 200 сов промышленни предприяти[20]. Майски гӀалахь ю Россехь коьртачех рентгенан гӀирс беш йолу ООО «Севкаврентген-Д». Терк гӀалахь «Терекалмаз» заводехь деш ду шайн синтетикан алмазаш а, церан бух тӀехь лакхара нийса болу алмазан гӀирс а. Арахоьцучу продукцин юкъахь бу геолого-талламан а, ломанмаьӀданийн а предприятешна беш болу алмазан бурун гӀирсаш (баттарчий, сто, шорйийрирш); алмаз доьллина гӀирсаш (прецизионан фасонан роликаш, къоламаш, яхканаш, гуран чуьра алмазаш), машенашъяран а, металлтодаран а шаръяран алмазан гӀирс (нийса профилан АЧК гуонаш, кхин а); тӀулгтабаран а, гӀишлошъяран индустрин а алмазан хадоран а, шарбаран а, Ӏаламан тӀулг, бетон, асфальт къагоран (алмазан паста, кхин а) а гӀирс (хадон сегментийн тӀулгаш, фрезаш, аьлханаш, мешнийн херхаш, кхин а). Тырныауз гӀалахь ю йохк-эцаран GIPSELL маркан продукци ешйолу завод «Каббалкгипс», иза гӀишлошъяран гӀирс баран а, бохкаран а бух тӀехь лаьтта.

Кхуьуш ю электроэнергетика, регионехь болх беш ю масех гидроэлектростанци, 2010 шеран нуьцкъалла — 126,6 МВт, ток яккхар 478 млн кВт•с шарахь:

  • Аушигерски ГЭС (60,0 МВт; 222,0 млн кВт•с шарахь),
  • Кашхатау ГЭС (65,1 МВт; 241,0 млн кВт•с шарахь),
  • Баксански ГЭС (27,0 МВт; 125,0 млн кВт•с шарахь),
  • болх беш ю масех кегийра ГЭС (нуьцкъалла 5,5 МВт, ток яккхар 14,9 млн кВт•с шарахь),
  • еш ю Зарагижски (28,8 МВт[21]) а, Верхнебалкарски а ГЭС (15,6 МВт),
  • хьехош ю «Голубые озёра» ГЭС (до 110 МВт) яр, проект еш ю Сармаковскан ГЭС (17,6 МВт, 74,5 млн кВт•с)

Транспорт[нисъе | нисъе чухулара]

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

Наьртийн эпосан оьздангаллин тӀехьено дахьа доккха маьӀна республикан оьздангаллин. XX бӀешеран тӀеххьарчу итт шарахь республикан оьздангаллин политика йина россин, федералан оьздангаллин а, искусствон а концепцех уьйр ца хаддош, тергоеш башхаллашна, дуккха а къаьмнаш долу ГӀебартойн-Балкхаройн къоман оьздангалла кхиаран халонашна. «Росси оьздангалла» цӀе йолчу федералан Ӏалашонан программо хаъал кхетам белла даймехкан оьздангаллин кханен[22].

XX бӀешеран чеккхенгахь ГӀБР айаделла шайн кхоллараллин хьашт, 90-гӀа шераш долалуш къоьлла дӀаяьлла, оьздангалла керлачу рынкан хьолах дола доладелла. Нагахь 1999 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь 1440 кружок хиллехь, 2001 шарахь церан барам совбелира 1560 кхаччалц, хаалора оьздангаллин-садаӀаран меттигаш алсама йовлар. Оьздангаллин-садаӀаран тайпа кхолламийн барамца ГӀБР 78 меттигехь ю Российн Федерацин субъекташлахь. XX бӀешеран 90-гӀа шерийн ГӀБРан этносан музыкан оьздангалла кхиаран башхаллаш[хьост?].

Дукхахйолчу ярташкахь Оьздангаллин цӀенош бен ца хилира шорта функцеш йолу оьздангаллин центраш, церан хьоло гайтора хӀокха, вукха яртийн оьздангаллин дахаран тегӀа. Таханлера къаьмнийн оьздангалла кхиоран болх — фольклоран этнографин центраш яхкар.

Доккха маьӀна долуш ду шайн кхолларалла лакхарчу тегӀанехь кхиор, 90-гӀа шерашкахь ГӀБРехь ца хеддаш дӀахьуш ю республикан эшарийн а, хелхаран а халкъан ансамблийн, адыгийн а, балкхаройн а халкъан иллиалархойн фестивалаш, къаьмнийн ловзарш, регионашкара говзаллаш хийцаран оьздангаллин фестивалаш, смотраш — хореографин искусствон, халкъан музыкан гӀирсийн оркестрийн къийсамаш, К. Каширгован цӀарахчу къоман пондар лакхархошна кечйира тематикан программа «Музыкан ГӀебартойн-Балкхаройчоь».

Муниципалан оьздангаллин кхолламийн белхашкахь кӀоштан социооьздангаллин специфика лоруш дика тенденцеш хилира мероприятеш ярехь. Баксанан кӀоштан оьздангаллин кхолламашкахь шуьйра даьржира фольклоран фестивалаш, смотраш, конкурсаш яр. Зольскан кӀоштехь хааделла фольклоран тобанаш а, ансамблаш а тӀекхетар. Урванан кӀоштан оьздангаллин отдело жигара баьккхина шайн болх фольклор Ӏалашъярехь а, кхиорехь а. Изза Ӏалашо хӀоттийра фольклоран Центран Псынабо юртахь. Теркан кӀоштахь дика терго йора берашций, кегийрхошций болчу балхана, Черекан кӀоштехь — жигарабаьлла гӀиллакхаш, Ӏадаташ дендарехь а, Ӏалашдарехь а болу болх, Чегеман кӀоштехь — дӀахьо къоман рузманан ловзарш, фольклоран коллективийн смотр-конкурсаш, халкъан эшарш лакхархойн фестивалаш[хьост?].

1980-гӀа шераш дуьйлалуш шуьйра даьржира яртийн, гӀалийн, кӀоштийн деза денош. Уьш ду ГӀалин денош, ГӀебартойн-Балкхаройн яздархойн юбилейш язъяр, хьалхелелорхой базбеш къоман ловзарш дӀадахьар. Гласностан а, демократизацин а керла мур болалуш дезчу деношна юкъадало дуьйлира культан Ӏадатийн юкъараллин гуттар хьалха дицдина долу деза денош. Дукха хьолахь уьш довзийтаран мероприятеш яра, профессионалийн а, шешкхоллаелла а коллективаш хиттош: хьалхара хершан деза де; кхъуейпллъыжькӀэрыщIэ (кхагийна нехча хьалаоллар) спортан ловзаршца, совгӀаташца, уьш хиттадора кӀант вича а, кхечу светан рузман дезчу терхьашца (1 май, 7 ноябрь, кхин а); Навруз даздар. Къоман юкъахь лела гӀиллакхаш, деза денош, Ӏадаташ, уьш дӀадахьаран кепаш дика довзаро аьтту бо гучудаккха оьздангаллин-довзийтаран кхолламаш гулдинарг.

Адыгин вокалан оьздангалла юхакхолларехь йоккха роль ю 1996 шарахь дуьйна дӀахьуш йолу ГӀебартойн-Балкхаройн халкъан артистан Х. Кунижевн цӀарахчу адыгийн халкъан эшарийн Республикан конкурсан[хьост?]. Конкурсан Ӏалашо: меттахӀоттор Ӏадатан эшаран кхолларалла; адыгийн эшар лакхаран оьздангалла Ӏалашъяр; гучубахар говза иллиалархой; кегийрхой а, бераш а кхоллараллин юкъаозор, церан говзалла айар; жанран шуьйра пропаганда; коллективийн а, шеш болу иллиалархойн а репертуар юзар.

ГӀБРан оьздангаллин баккхий векалш бу, ГӀБРан халкъан поэт, ССРСн, РСФСРн Ленинан а, Пачхьалкхан а премийн лауреат Кулиев Кайсын, ССРСн халкъан артист, ССРСн а, РСФСРн а Пачхьалкхан премийн лауреат Темирканов Юрий.

Ӏилма а, дешар а[нисъе | нисъе чухулара]


Дин[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀебартойн-Балкхаройн Республика, Конституцица — светан пачхьалкх ю. Динан гӀуллакхаш пачхалкхачех къастийна ду, законан хьалха цхьатерра а ду[23]. Уггар даьржинарг шиъ дин ду: ислам а, православин керсталла а. Этносан бусулбанаш республикехь 70 % сов бу[24]. Суннитийн кхетаман ислам хӀинцалерчу ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан лаьтта тӀехь ду, ГIебартахь иза чагӀделла XVIII бӀешарахь[25].

ГӀБРан правительствон 2013 шеран терхьашца, республикехь дӀаязбелла бу 176 динан кхоллам[26], оцу юкъахь:

ГӀБРехь болх беш ду 152 маьждиг[27], 20 православин килс, 1 монастырь-килс, 4 часовня-килс, 1 синагога, 27 протестантийн а, 3 риман-католикийнламазан цӀенош. Динан болх бо 137 бусулбаний, 23 православин, 2 риман-католикийн, 30 гергга протестантийн динан белхалоша, 1 жугтийн молла.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  2. Конституция КБР. РАЗДЕЛ I. корта I Основы Конституционного строя.
  3. Конституция КБР
  4. Кабардино-Балкария. Энциклопедия «Отечество»
  5. И. Х. Тхамокова. Русское население Кабардино-Балкарии в XIX — начале XXI в.: динамика этнокультурных границ. Нальчик: Издательский отдел Кабардино-Балкарского института гуманитарных исследований, 2014. С. 108, 117
  6. Сообщение ЦБ Рф от 30 июля 2008 г. «О выпуске в обращение памятных монет»
  7. Конституция Кабардино-Балкарской Республики
  8. Гимн КБР
  9. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2015 года и в среднем за 2014 год (опубликовано 17 марта 2015 год). Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 18 мартехь. Теллина 2015 шеран 18 мартехь.
  10. Численность постоянного населения на 1 января (человек) 1990-2010 года
  11. Всероссийская перепись населения 2010 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации
  12. Всероссийская перепись населения 2002 года. Национальный состав и владение языками, гражданство. Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации
  13. Демоскоп Weekly. Приложение. Справочник статистических показателей. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Национальный состав населения по регионам России. Кабардино-Балкарская АССР
  14. Том 1. Таблица 2.2 Население КБР по возрастным группам и полу.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  16. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  17. 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 21 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 21 сентябрехь.
  18. Закон «Об административно-территориальном устройстве Кабардино-Балкарской Республики»
  19. Закон «О статусе и границах муниципальных образований в Кабардино-Балкарской Республике»
  20. Реестр промышленных предприятий КБР
  21. В КБР к 2013 году планируют построить две малые ГЭС, Информационно-новостной портал КБР (19 октября 2011). Хьаьжна 5 апрелехь 2013.
  22. Особенности развития этнической музыкальной культуры КБР в 90-е годы XX века | Архивы и общество
  23. Конституция Кабардино-Балкарской Республики от 1 сентября 1997 г. N 28-РЗ (принята Парламентом Кабардино-Балкарской Республики 1 сентября 1997 г.) (в редакции, принятой Конституционным Собранием 12 июля 2006 г., республиканских законов от 28 июля 2001 г. / Глава I Основы конституционного строя. constitution.garant.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
  24. Двадцатка самых исламизированных регионов России. Хьаьжна 19 майхь 2017.
  25. ДУМ РФ Кабардино-Балкарская Республика (оьр.). www.dumrf.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
  26. Религия. pravitelstvo.kbr.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.
  27. Хазраталий Дзасежев избран на новый срок | Официальный сайт Кабардино-Балкарской правды. www.kbpravda.ru. Теллина 2017 шеран 19 майхь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Харенко А. А. Горными тропами Кабардино-Балкарии: Спутник туриста. — Нальчик: Эльбрус, 1972. — 104, [16], [24] с. — 30 000 экз. (обл.; карты-схемы)

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]