Филиппинаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Филиппинаш
Republika ng Pilipinas
Republic of the Philippines
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Maka-Diyos, Makatao, Makakalikasan, at Makabansa»
«За Бога, народ, природу и страну»
Филиппинашан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш

 12 июнь 1898 шо (Испанех)

4 июль 1946 шо (АЦШх)
Официалан меттанаш Ингалсан мотт, Филиппинийн мотт
Коьрта гӀала Манила
Йаккхий гӀаланаш Манила (в составе конурбации Метро-Манила), Кесон-Сити
Урхаллин тайпа Унитарни президентан конституцин республика
Президент
Вице-президент
Rodrigo Duterte
Leni Robredo
Латта
 • Шадерг 299 764 км² (72-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 0,6
Бахархой
 • Мах хадор 105 720 644[1] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2008) 317,964 млрд[2] долл. (36-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 3515[2] долл.
АДКИ (2013) 0,654[3] (йукъара; 114-гӀа меттиг)
Ахча 1 филиппинан песо = 100 сентаво (сентимо) (PHP)
Интернет-домен .ph
Код ISO PH
Код МОК PHI
Телефонан код +63
Сахьтан аса +8
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Филиппи́наш (инг. Philippines, тагал. Pilipinas, оьрс. Филиппи́ны), официалан цIе — Респу́блика Филиппи́наш (инг. Republic of the Philippines, тагал. Republika ng Pilipinas, оьрс. Респу́блика Филиппи́ны) — Къилба-Малхбален Азин гIайренан пачхьалкх. 2015 шарахь мах хадорца, бахархой 102 921 200 стаг[4] ву, мохк — 299 764 км² бу. Бахархойн барамца дуьненахь шийтталгIа меттигехь йу, майдан барамца 72-гIа йу.

Коьрта шахьар — Манила, уггаре йоккха гIала — Кесон-Сити. Официалан мотт — ингалсан а, филиппинийн (тагалан).

Унитаран пачхьалкх, президентан республика. 2016 шарахь 30 июнехь дуьйна президентан даржехь ву Дутерте Родриго, вице-президентанРобредо Лени. Йекъало 81 провинцин.

Филиппинаш лаьтта Тийна Ӏапказан малхбузачу декъехь ХӀиндонезин а, Тайванан а йукъахь, цунна чудогIу 7641 гIайре. ГIайренаш декъало кхаа тобане: Лусон, Висайн гIайренаш, Минданао.

Динехь болчеран до́ккхаха долу дакъано католицизм дин леладо.

Динамикаца кхуьуш йолчу экономикийца индустрин мохк бу. 2016 шарахь ДЧС чухоам хилира 310,312 миллиард АЦШ доллар[2] (2978 АЦШ доллар гергга бахархойн цхьаьна синан). Ахча — филиппинийн песо.

1521—1898 шерашкахь ша йукъахь хиллачу Испанех Филиппинийн мохк маьрша балар кхайкхийна 1898 шеран 12 июнехь, цул тIаьхьа, 1898 шеран Парижан машаран бартаца, гIайренаш АЦШн дакъа хилира, хецна маьршо йелира 1946 шеран 4 июлехь.

Мехкан цӀе схьайалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Филиппинашна цӀе тиллина Испанин паччахьан Филипп II-гӀачун (1527—1598) лерамна. Испанин талламхочо Руи Лопес де Вильялобоса шен экспедицехь 1542 шарахь цӀе тиллина гӀайренна «Филиппины Лейте а, Самар а» (испан. Leyte and Samar Felipinas) оцу хенахь хиллачу Астурийн паччахьан кӀента цӀарах. ТӀаьхьа «Филиппинийн гӀайренаш» цӀе лелайора йерриг архипелаган цӀе санна. Цул хьалха царех олура «Малхбузен гӀайренаш» (испан. Islas del Poniente) йа Магеллана йелла цӀе — «Сан-Ласаро».

Архипелаган цӀе заман йохаллехь хийцира масийттаза. Филиппинашкара революци хенахь конгрессо кхайкхийра мохк «Республика Филиппинаш» («República Filipina» йа «Philippine Republic») аьлла. Филиппино-америкин тӀамехь (1899—1902) Америко толам баккхалц а, йуха маьрша мохк кхайкхабаллалц махках олура «Филиппинан гӀайренаш» («Philippine Islands»). 1898 шарахь Парижан барт баллалц архипелагах олура «Филиппинаш» («Philippines»). ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчу хенахь дуьйна архипелаг йу «Республика Филиппинаш».

Физикин-географин амал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Файл:Филиппинские острова.png
Филиппинан гIайренаш

Географин хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Филиппинийн пачхьалкхо дIалоцу Малайн архипелаган дакъа долу Филиппинийн гIайренаш. Филиппинийн долара 7100 сов гIайренех уггаре даккхийнарш: Лусон, Минданао, Самар, Панай, Палаван, Негрос, Миндоро, Лейте, Бохоль, Себу. Филиппинийн архипелаган къилбаседера къилбехьа йохалла 2000 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 900 км. ГIайренан малхбузехьа Къилба-Цийн хIорд бу, малхбалехьа — Филиппинан хIорд бу, къилбехьа — Сулавеси хIорд, къилбаседехьа Филиппинийн гIайренаш Тайвань гIайренах къастийна Баши хидоькъено. Филиппинийн гIайренийн уггаре къилбаседан меттиг — гIайре Батанес йу. Уггаре къилбаниг — гIайре Сибуту. Уггаре малхбузаниг — гIайре Балабак, ткъа уггаре малхбалениг — гIайре Минданао. Бердан асан йохалла 36,3 эз. км. ГIайренийн ерриг майда — 299,7 эз. км².

ГIайренийн рельефехь коьртаниг лаьмнаш ду, уггаре лекханиг царех — тIаплам Апо (2954 м) — лаьтта Минданаон гIайрен тIехь. Ломан даккъаш — тIапломан кепара ду, хIунда аьлчи архипелаг лаьтта материкан а, Ӏапказан а литосферан экъанаш хIитталучохь, лаьтта ТийнаӀапказан цIеран хIоз йукъахь, ткъа цигахь лакхара сейсмолла а, тIапломалла а йу. ХинкIорген апариш а, тIапломан гIайренаш а — Филиппинийн башха амал йу. Минданао гIайренашна уллехула чекхйолу 10 830 м кIорга йолу Филиппинийн апари — дуьненан Ӏапказ чохь уггаре кIоргачех.

Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Филиппинашкахь тропикан хӀордан климат, иза йовха а, тӀуьна а йу. Шо кхаа замана доькъу: таг-инит йа таг-арав — йовха, йекъа хан (аьхке), лаьтта мартера май кхаччалц, таг-улан — догӀан зама, лаьтта июнера ноябрь кхаччалц, таг-ламиг — шийла йекъа зама, лаьтта декабрера февраль кхаччалц. Майра октябрь кхаччалц хуьлу къилба-малхбузан муссон, цунах «хагабат» олу, ноябрехь — апрелехь хуьлу «амихан» — къилбаседа-малхбален йекъа муссон. Температура хийцало 21 °C тӀиера 32 °C кхаччалц, амма, иза оцу гуранчура ара а йала тарло йоцучу заманна. Уггаре шийла бутт бу январь, ткъа уггаре бовханиг — май.

Шеран йуккъера температуран барам 26,6 °C бу. Температура меттиге хьаьжина хийца кӀезиг ло. ГӀайренийн къилба дакъа хуьлда иза, йа къилбаседа, йа малхбуза — температура массанхьа тера йогӀу. Боккха Ӏаткъам бо хенан хӀоттаман хӀордан сизал локхалло. ХӀордал 1500 метр лакхахь йолу Багион шеран температуран йуккъера барам — 18,3 °C гергга бу, цуо и меттиг чӀогӀа гӀарайаьккхина.

Июлера октябрь кхаччалц кхузахь догӀнаш оьху, хӀунда аьлчи цигахь тайфунийн асан хан хуьлу. Шеран йочанийн барам хийцало шарахь 5000 мм (200 дюйм) йиллинчу меттигехь, масала, малхбален бердаш, 1000 мм (39 дюйм) ораматаш йолчу атагӀашкахь. Архипелаг тӀиера уггаре тӀуьна циклон хилла 1911 шеран июлехь, оцу хенахь цхьаьна дийнахь деира 1168 мм (46 дюйм) догӀа. Багио — Филиппинашкара тропикан циклонийн мур.

Мехкан къилбаседа кӀошташкахь сих-сиха тайфунаш хуьлу, цунами а хила тарло.

Ораматаш а, дийнаташ а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Филиппинийн ах гергга мохк тIехь тIуьна тропикан хьаннаш йу, алсама ду пальмаш, каучуконосаш, баньян, апитонг, майяпис, лауан, дукха хаало буту эрз, орхидейш, корица. 1200 м хIордал лакхахь кхуьу коьллаш, ду байнаш.

Филиппинийн гIайренаш тIехь деха дийнаташна йукъахь алсама хаало сай, мангуст, нал. Мехкан дийнатийн амалехь ду дукха кепара олхазарш а, текхаргаш а. Хин бердашца дукха кепара чIара а, моллюскаш а йу, тIаьхьарчарна йукъахь чIогIа билгалъевлла жовхIардийриш — моллюскийн таро йу жовхIар дан.

Пачхьалкхан хIоттам а, политика а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Филиппинаш — президентан республика йу шина палатан парламентца а, маьрша суьдан системица а.

Президент хоржу бахархоша 6 шеран, Сенат (24 меттиг) — иштта хоржу 6 шеран, Векалийн палата (240 меттиг) — 3 шеран.

Министраллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Политикин партеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2007 шеран майхь хиллачу харжамийн жамIаш:

  • Лакас/Кампи/Керста а, бусалба а демократаш — центристийн, 4 сенатор, 142 депутат
  • Къоман халкъан коалици — центристийн, 2 сенатор, 28 депутат
  • Либералан парти — аьрруцентристийн, 4 сенатор, 14 депутат
  • Къоман парти — аьтту центристийн, 3 сенатор, 8 депутат
  • Байан — аьрру, 7 депутат
  • Демократин парти/Лабан — аьрруцентристийн, 1 сенатор, 4 депутат
  • Пверса Масан — аьрруцентристийн, 2 сенатор, 3 депутат
  • Цхьаьнатоьхна оппозици — центристийн, 2 сенатор, 3 депутат

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  2. 1 2 3 Philippines. International Monetary Fund. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь.
  3. Human Development Report 2013(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). United Nations Development Programme (2013, 14 март). Теллина 2013 шеран 14 мартехь.
  4. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху popcom2015 тIетовжаран йоза йаздина дац