Ингалс

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ингалс
England
Flag of England.svg Royal Arms of England.svg
Байракх ХӀост
Девиз: «(фр.): Dieu et mon droit (Дела а, сан бакъо а
Ингалсан пачхьалкхан шатлакхан илли
Uk map england.png
Кхоьллина 928 ш.
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Лондон
Яккхий гӀаланаш Лондон, Бирмингем, Лидс, Шеффилд, Ливерпуль, Манчестер, Ковентри, Лестер.
Урхаллин тайпа Дуалистийн монархи (Йоккха Британин дакъа)
Монарх
Премьер-министр
Елизавета II
Мэй Тереса
Пачхьалкхан дин Англиканалла
Латта
• Массо

133 396 км²
Бахархой
• Мах хадор (2011)
Луьсталла

53 012 ,456 [1] адам.
396[2] адам./км²
Ахча Стерлингийн фунт
Телефонан код +44
Сахьтан асаш Гринвичца юкъара хан а, Europe/London а

Ингалс я Ингалс пачхьалкх[3] (инг. England [ˈɪŋɡlənd]) — нох. ИнгалсЙоккха Британин чудогӀучу латтанан-гӀайренах уггаре боккха мохк бу Ингалсан мохк. Йоккха Британин къилба-малхбалехьа лаьтта иза инг. mainland. Ингалс мохк хӀоттабелла, кхечу гӀайренаш тӀийра мехкашца 927 шарахь, амма ингалс мохк кхоьллина германхойн тайпанаш 5-гӀа а, 6-гӀа а бӀешарашкахь. Лондон уггаре йоккха шахьар ю Ингалс пачхьалкхехь а, Йоккха Британехь а, ишта Европан барт юкъахь а.

Церах лаьцна[нисъе | нисъе чухулара]

Йоккха Британин картан тӀехь Ингалс

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

Къоман духар[нисъе | нисъе чухулара]

Ингалсан паччахьалла елахь а ехаш къоман ламасташ йолуш, хӀетте а цуьнан дац билгалдаьккхина къоман духар.

Моррис хелхар

Ингалсан къоман духаран масалийн даладо дукха хьолахь моррис хелхарчийн духар. И хелхар до аьхка ярташкахь. Хьалхарчу заманахь иза лорура ламасталлийн хелхар, деш хилла латта самдоккхуш, цунна боозбуунчаллийн маьӀна до. Тайп-тайпана хелхаран тобанаш тарйолуьйту классикан духаран вариацеш. Духар лаьтта Ӏаьржачу доца когаш долчу, голанаш гуонаха горгалиш оьхкинчу хечех, кӀайн кучах, пхьуьйшдоцучух, асанашца а, зезагашца а кечбина бӀегӀаган я чен шляпа. Гарголаш, шляпан тӀиера зезагаш санна, дихкина зуламах ларвайта а, латта хьан дан а. Юьхьанца и хелхар божарша бен ца дора, амма хӀинца зударша а дакъалоцу.

Цул сов, ойланаш ю, цаьрца хьаьжчи ингалсан къоман духаран бух схьаэца беза ингалс-саксонийн тайпанашкара, бехаш хилла болчу хӀинцалерачу Кент графаллехь VII—VIII бӀешерашкахь. Боьршачу наха лелайора охьахецна гӀодаюкъ йихкина сирла гатан кучамаш (накхан тӀехь жима чет хилла кучан, иза озадора чимчаргӀашца) а, Ӏаьржа хечеш а. ХаьнтӀахь шаьлта хилла кхозуш. Зударша лелийна сирла еха кучамаш, цунна тӀехула юхуш хилла доьхка доьхку нуьйдарчий йолу зударийн гӀовтал.

Амма Йоккха Британехь ю цхьайолу профессионалан башхаллаш духарехь а, цуьнан дакъошкахь а. Масала, белхалоша кепканаш лелайо, ткъа портан гӀаланашкара докераш лаг тӀе къорза йовлакх доьхку; дукхах болу баккхий фермераш лелайо дуккха а хьалха модера дӀаевлла костом, хечий, пхьуьшдоцурггий, бӀегӀаган шляпий. ХӀинца а ган таро ю Ситин гӀуллакхан куьпашкахь клеркаш, генарчу ламастаца цхьатерра духар доьхна: готта хеча асанца, Ӏаьржа пиджак, лекха кӀайн кач, коьрта тӀехь гоьрга шляпа, ткъа карахь Ӏаьржа четар.

Хьалха хилла:
Паччахьалла Уэссекс
519927 гергга
Ингалс паччахьалла
927 гергга — 30 апрель 1707
Когаметтаниг:
Йоккха Британин паччахьалла
30 апрель 17071 январь 1801

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 2011 Census, Population and Household Estimates for the United Kingdom: (2011 Census: QS211EW Ethnic group (detailed), wards in England and Wales (ZIP 7239Kb))
  2. Mason, Chris England 'most crowded in Europe' (ингалс.). BBC News (16 September 2008). Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2010 шеран 5 июнехь.
  3. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А. Т. Карасаев, А. Г. Мациев)

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Рапопорт С. И. Англия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.